Хир хьан каш - вир чу кхуссу варш

Хьан г1уллакхан г1анта со охьахиъча,
Юкъалелаш хир вацара сан шича,
Некъ боьхкуш, т1евог1чу хьуна, хьох кхоьруш,
Кхаъ оьцучу, суо б1аьрга ца гойтуш, -
Хир вара со аг1о хьакхош хьайчух,
Молуш чай хьоьцинна, доттаг1ачух.

Хала оьцу ахь сан "хьацар" хьайга д1а.
"Вуьзна ву-те?" - бечух хета сайна б1о.
Хаьа, дезий, хьайн багарчу туйнах хьуна -
Ахча, мезийн бон а саг1а доучунна.
Кхаъ бу хьуна - пир1ункашал а хьайн каш
Хир ду моьттург - хир хьан вир чу кхуссу варш!


Рецензии