Вай к1ентий на чеченском языке

Вай к1ентий ма довла дакъаза,
Цкъа Терках рема схьалаллаза,
Цкъа дог1у хьал наха дийцаза, -
К1ант лела хууш ву! - алаза.

Цу Нана-Чечанах, Эвтарах,
Цу Дадин Ц1онтарах йиллалца
Юрт, вайна баьвр болчу невцарех,
Хуьл-хуьлуш хин болчу мостг1ашца.

Пхьу хьалхадаьлла цкъа, айалон
Йовссарех, хьаьлхинчу вовшехъэн -
Гуьланах, питанчаш "г1алх" дан г1он, -
Вайн юьрто махкана даккхаз зен.

Хьовзаза йовссарийн де, 1аьржо,
Вайн дайх, вай г1азотна юкъ къовла,
Де эшча вайн - цара б1окъажо
Де данза дакъаза ма довла.

Вай к1ентий ма довла дакъаза,
Махкахь вайн, махкаха сий дайъа
Хан х1инций юха а хьовзаза,
И нах мел лела - хир вайн яйъа.

Дакъаза ма яларг, Дег1аста,
Ямартло йолаха кхехьначийн
Декъах ца даккхахь хьан П1ераска -
Дакъаза довла ду вай к1ентий!


Рецензии