Ши Пет1амат на чеченском языке
Ишколан шекъанца,
Нохч-меттан урок г1уш,
Бадуевн пьеса хьуш,
"Моллина" езалуш
"Пет1амат" - эхь долуш...
Исбаьхьчу шираллин
Суьрташца туьйранийн,
Дюреран сурт хьожуш
Класса чу - къа хьажош,
Йо1аршна "1аж" кхалло,
К1енташна моз тарлуо...
Рафаэла дуьненчу,
Къоламца деъначу
Безаман суьрта чохь,
Ямарта б1аьргаш чохь,
Ямарта ойланна -
Ямартхо воцчу чохь...
Бусалба-керстана
Дин цхьаъ дан лестина,
И Мона Лиза ша
Шел1анах хьаьжна схьа,
Йиллира хьо хишах,
Пет1амат, - хьо а ша-х...
1амоза-кх и пьеса,
Дешаза-кх и еса,
Хих, ц1ерх дин даккха дош -
Хин бесних урок г1ош,
Ахь кийрах даьхна са
Ца хила суьртахь сан!..
Свидетельство о публикации №212011300600