Нохчийчоь ю самайолуш

Нохчийчоь,  ца  кхиъна
хьо Йолчу  кхача,
Цхьабакъду, ма лиъна,
хила  хьан  Хьаша!

                Марк Шехтер


Нохчийчоь ю самайолуш,
Шоръеш шен  беркате з1е,
Дуьненна а г1арайолуш,
Ц1инъеш шира Къоман Ц1е.

Массо маь11ехь- нохчийн аьзнаш,
Белгехь,Францехь,Австрехь-уьш!
Нохчийчоь,хьо шайна езнарш,
Ирсе хуьлда,вуо ца гуш!

Хьан ирсах дог даим тешна,
Яьхна цунах йоккхаеш,
Дукха хьох ас жайнеш дешна,
Цара ойла  токхе еш.

               


Рецензии