Берзан доьзал на чеченском языке

    Лаьмнийн когашка йочана х1оьттича дилха стамдора Мичиг-хино. Ший а берд лоций охьахьодура, ша кхийсалуче б1аьрг ца кхуьуьйтуш. Букъа т1ехь охьадовдадора орамашца бухдаьхна поьпнаш а, хишна т1ера т1еш а, хьерийн апареш а, нуьцкъаша хьийзо бежандерг а. Жирга сурт х1оттадора.
    Иштта, шена дагадеъча, дарлуш долу Мичиг т1едолучу берда т1ехь к1орга, горга ор - уьйт1е а йолуш, бердаца хьала йолу рег1е - беш а йолуш, Сибрехара нах ц1абирзинчул т1аьхьа - жима ц1а а дина, тамаше Везарбин доьзал бехаш, тап-аьлла тийна лаьтташ, цхьа акха меттиг яра цхьана нохчийн юьртахь, "берзан ор" олуш.
    Стохка а хьердалар динера Мичиго. Везарбин, шина хьаьвдин беда а д1абаьхьира, зудчун - Аьлбикин, тевнешций къуьрдигаш а, дакъо, ара оьллина мотт-г1айбий а д1адаьхьира, бешара, оьланашкара хьаьжк1аш а д1аяьхьира, доцца аьлча, Везарбис, муьшнаш а лецна, неканца беданара даьккхина етт-эса доцург (цул т1аьхьа берзалоша диъна долу), церан доллу мулкъ - нахана а, шена а д1адаьхьира Мичиго!
    Дуьхьал а дира цо совг1ат: уьйт1арчу ора чу пхи-ялх ворда хиллал дечиг а кхоьссира, хи хьаьъча - дуккха пхьег1аш гучу а ехира.
    Совг1аташца бара - масех ж1аьла цкъа дуззал доьша чухоъал боккха чуьйнан яй, каралаца, доккха ши лерг а долуш! Х1инццалц худар кего, гатталла латтийна жима яй доьзалера ша схьабаьккхинехь а, комаьрша совг1ат дара Мичиго дуьхьал динарг, наха оццул хаза г1иллакх лелор а доцуш.
   

    Ткъа х1инца 1уьйре яра т1ееънарг, Везарбин доьзал набархбалазчу ц1ийнан чуьрчу корах маьлхан з1енарш а ловзуш. Кора к1еларчу аннийн маьнги т1ехь, т1ера яьккхина бедар а йоцуш, п1елгийн ма1арш т1ерг1ан пазатех а гуш, маракъевлина жимахволу доьзалхо Дукхаваха а волуш, мара бекча - бат къежаш, к1оргерачу набархваланза - вижна вара Везарби. Шаьшшинне цхьаъ долу юрг1а, мор бина, шен хаьн к1ел даьхьна дара Везарбис. Гуьйренан 1уьйренан шелонах вегош вара цхьалха бедарца волу Дукхаваха, мера к1ел яьхьначу голех горг а велла.
     Мичиган дехьарчара мелана елла, хьоткъо зарзйина гоьнан тайпа к1ел а йолуш, поппаран ц1аьнкъахула д1асатийсина когаш а болуш, голашна т1е тесна, Везарбис Сибрехара ц1а еъна кетар а йолуш, йижна яра берийн нана Аьлбика а. Везарбис кетар шена т1ера яккхар а, цул совнаха - зудчунна т1етасийтар а - тамашийна х1ума дара: керл-керлачу цхьаццачу жерочунна т1аьхьаваьлла лелаш хуьлуш вара Везарби, юкъа хан ца йуолуьйтуш. Оцунна а - Аьлбика цунна башха хьоме ю, цундела ю цуьнан кетаран йовхонах зовкх хьоьгуш, - алалур а доцуш, и сурт гинчунна. Стохка гурахь, Мичиг хьердалале а, луларчу юьртан йистерчу цхьана ц1ен-керте а дукха лелла вара иза: цига а яьллера керла жеро. Майрачун некъ тусабеллачу Аьлбикас цунна т1аьхьа а яьлла, еттийтинера шена цуьнга. Нах боцчохь елла карайойтур ю ша аьлла, еддера иза цул т1аьхьа. Рег1ан буьххье а яьлла, ж1оммаг1аца коьллаш а хьекхна, юккъе стаг ван, ков ца дуьтуш, ша-шенна гонаха динчу к1охцалийн раг1у чу йоьллера иза. Ша ц1а йига гонаха бевллачу нахе мохь беттара коьллашна юкъера: "Д1адовла, нах, сан кет1ара! Ма хьийза жерочун ц1ийне!" Дехарш дарх, Аьлбика коьллашлара схьа а ца яьлла, цхьана дийнахь баьхкинчу юьртахоша коьллаш гонахара цхьацца д1а а эцна, йигнера иза хала ц1а. Жинийн хьу кхетна цунах цигахь, олура юьртахоша.


     Ткъа х1инца шен чохь йижна йолчу Аьлбикас ха хаьрцира. Б1аьргаш делла а дина, хьабдира. Цунна гинарг - самавалаза, синкъерамера ц1а веъна сахуьллуш, вижна волу воккхахволу доьзалхо Везирхан вара, вуьрх1итта шо кхаьчна жимастаг. Аьчкан маьнганахь, к1айн шаршун к1елахь, хударан бесан шуьйра юьхь а гуш, хьаьжк1ал болу мара лекхаро - стаммий балдаш а дегош, 1аламат еха ч1ениг сурхех а йолуш. Иштта хьалхе цкъа а г1оттуш а воцчу, цу Везирхана, стенна делахь а, б1аьргаш а деллаза, ши пхьарс а булийна, доккха садаьккхира, нана шега хьаьжна хилар хиъча санна.
     - Аьлбика! - б1аьрг ца боьллуш, кхайкхира иза г1уг1ане. Нанна меттахъхьан ца лиира.
     - Х1ай Аьлбика! - юха а кхайкхича иза, б1аьргаш а к1амдина, когаш т1е, ц1аьнкъа охьахиира Аьлбика:
     - Х1ун бах ахь, лекъжиг? - хоттуш.
     - Дадих сийсара дисна хила деза худар мичахь ду? - хаьттира Везирхана. Велча санна, макхвелла, вижна 1ен Везарби а, хударан ц1е йоккху хезна делахь а, ц1ен басе ден а велла, кхайкхира:
     - Мичахь ду и? Схьадахьа, Аьлбика!
     - Йижий 1елахь, гила-борз! - са догуш элира дега Везирхана. - Сайна дог1учух т1аьххьар 1айг тохийтац аса хьоьга!
     - Везирхан! Цхьа 1айг тоьуш дай хьан дадина! Цхьа 1айг! Везарбин 1аьржачу можахара къорза ши б1аьрг хьасталуш хьаьжира, худар чу дан, сени чу йоьдучу Аьлбике. Ден марара ша ваьлча, к1езанчух ц1ен гай парг1атдаьлла Дукхаваха а хецца саде1авелира, хар-хирца. Сеничхула д1асхьа а идда, эххар чуиккхира Аьлбика, т1араш вовшах а детташ:
     - Бац яй! Яй бац! - бохуш.
     - Хила беза хьуна! - т1едожийра Везирхана.
     - Ва-а, шайт1ано баьхьна! Шайт1анан нанас шен к1орнина баьхьна! - елхар а лелхаш, т1араш деттара чухула д1асхьа уьдучу Аьлбикас. Зоьпаршха ша волуш санна, горгаха к1агархиира Дукхаваха а т1аккха:
     - Схьа-де-а-не-ра шайт1а?.. - сацадаккхалуш хаттарца.
     - Хударан яй баьхьна! - элира нанас цуьнга.
     - Худар чохь хилла-м - ца дуьзна хьуна иза!.. - элира нене, кхоччуш самавалазчу Дукхавахас.
     - Сайн к1езашна аса дитина ах яй худар хила деза егахь! - ена теш х1оьттира Везарби.
     - Вай лоьхург - х1ара белахь! - олуш, шен маьнгин к1елара, гу хилла лаьтта, матарйоьлла т1елхигаш кегийра Дукхавахас. Ж1аьлешна доьша дутту, и боккха яй бухара хьалабаьккхира:
     - Кху чохь т1аьххьар со лелла!.. - олуш, чу п1елг а хьаькхна, ц1ена п1елг а гойтуш.
     - Дукха... х1ай сан дукха... дукха ма вахарг! - толкхалелхавелира Везарби. - Сан марахь, ас д1ахоьцуш а воцуш, ахь... ахь... х1арр юьхь1аьржо ярна кхоьруш - ма вара хьо, аса сийсара хьуна обанаш бохуш, хьо меца вуй хьоьжуш... наб йойтуш... - хьо маца вуьзна?! - 1аламат ч1ог1а халахетна, хаьттира дас к1анте.
     - Хьовсийша цаьршинга! - ирхъиккхира Везирхан. - Цаьршимма дечу хударан къамеле! Ас х1ун яа?! Т1аьхьависначуьнан дакъа диъна-кх цаьршимма, берта а вахна! Ж1аьла теша хьох а, дада!
     - Хьайна хьайн дас ямартло йина ма алахьа, сан к1ант! Аса хьуна дуьххьарлера ямартло йинехьара - хьо сан хир вара? Хьайн нене хаттахьа, аса хьуна ямартло йиний. Шун... шун нанас, Аьлбикас... х1окхо даима ма олу бакъдерриг соьга!.. - шен ма-хуьллу, боцчу бехках вуьйлучу Везарбин аьхна хечих дастаделла хуьнжар озийра ц1еххьана т1ехьаьддачу цунна Аьлбикас:
     - Со, Аьлбика йоцург - кхин Бикаг1ар боцуш лелаш ву хьо, ямартчу стечо батийна т1арг1а къажбалазаверг!.. - багатоьхна, г1оддах шена т1еоьзна, борчах даьккхина хуьнжар хьовза а деш.
     - 1ад-да-йита аьхна-хеча! Ваьш-шана ма дац вайша! Со да ма ву х1окхеран! Суна эхь ма ду!.. - ч1е1амаш бира, борчах чу ма1арш а хьоькхуш, худар дицдан а - там хилла, юьхь ч1ичкъашка яхначу Везарбис. Нанна т1екхоссавеллачу Везирхана, катоьхна, схьадаьккхира цуьнгара шедах хьийзо хуьнжар:
     - Х1ара шед, худар ца кхаьчначо етта дог1у кхаьчначунна! Хьан диъна сан худар? - хуьнжар х1инца цуьнан карахь хьийзаделира.
     - Везирхан! Ма тохалахь хьайн дена! Дена тохахь - эхь лаьттар хьуна валлалц! Вешина тохалахь! Кху дукхамавахарго диъна худар! Ца го хьуна - цхьана буса верстина волу! - бехкечу Дукхавахин гех куьйгаш леладира Везарбис.
     - Аса кхин шуьшанна худар хьалха лахь - со Аьлбика ма яц! Вало, Везирхан, ц1е латае арахь. Хьуна худар х1окху сохьта хьовзор ду нанас! - олуш, баьсса яй арабадийра Аьлбикас.
     - Х1инца ший а Абуг1еран ж1аьлешца доьша даа г1уо! - Везирхан а курра аравелира, тоьпан татанах мара а бассийна. Шаьшшиъ висча, бехкбаккхаре къамел дира Везарбис шен хьомен Дукхавахига:
     - Дукхаваха... сарахьлера худар к1еззиг а ахьа Везирханна дитанехьара, 1уьйранлера довханиг а доур ма дара вайша...
     - Ахьа бухахь к1езга ма дитанехь.
     - Мацвинера хьан да - вайна беда бан, т1улгаш лехьадаро... Дийно сарралц Мичиг чохь т1улгийн оьланаш еш 1ийна вара селхана хьан да...
     - Манаша-жерочун кертахь х1ун деш вара хьо? - къежано хаьттира Дукхавахас.
     - Меттах церг йолла! Хьегах даккха! Х1ан, х1ара сом ду хьуна... - кхеравелла, къайлера киса даьстира Везарбис. - Хьайн нанна ма хаийталахь! Бехаш болудела воьду со цаьрга. Беша хьокха тоьхча а сом ло суна цигахь.
     - Ехаш хилча - хьайна яла х1унда яц ахьа иза, дада? Цхьаъ худар к1ордийна суна. Жижиг доур дара аса.
     - Хьо дукхамавахарг - иза ца хууш! Иза ца хаъал 1овдала ву хьан да? Ца йог1у соьга! Со 1овдала а, къен а ву, боху. Аса маж а д1ацайошу, боху. Аса аьхнахеча а, кетар а, аьхка а сайна т1ехь леладо, боху. Сох мара зовзабо, боху. Чухула арахьежа, шуьйра кораш долуш, даккхийра ц1енош дац, боху, сан. Ша арайолуш д1аелла, к1айн сир хьаькхна, шалха не1арш яц, боху, сан. Тхевнна к1ел теттина, "Волга" машен яц, боху, сан, ша базара йига. Абу санна, къаьркъа духкучу искладан хьаькам вац, боху, со. Лачкъалуш, ямарта сом даккхалуш вац, боху. Цундела ша соьга ца йог1у, боху...
     - Ца яг1ахь - цаьрга а ца лелаш, вайна беда бие, дада.
     - Бедане г1ертац са, к1ант, са - куьже г1ерта!
     - Мичахь хуьлу и са, дада?
     - Х1окхметта... суна чухула хуьлу-кх, - кач баьстина, сира чоьш гучудехира Везарбис.
     - Соьга схьалохьа иза, - схьадийхира ден са шега к1анта.
     - Ма дехалахь! Хьоьга а делла, хьо кхерстийта йиш яц хьан дадин. Жима ву хьо, кхиавеза. Юьхь1аьржо йойту х1окхо жимачуьнга. Вуьшта, аса а х1ун дора сайх, х1ара сайгахь ца хилча! Х1ара дацахьара, кхелли т1е хиъна 1ийр вара, котам санна, когаш а хьоькхуш, т1емаш а детташ, чан етташ, мезий а эгош, к1амдарна къакъ-къакъ а деш. Цул суна сайн шичина Абуна лоьйтуш х1окхо хазахета. Х1окхо сох тешаме, шен к1езашна хьанала, церан нанна цхьаъйолу борз йо!
     - Абун дан а дац са, дада?
     - Абун - са дац, четахь ахчанан бонг ю. Сан сино катохуьйтий доккхуьйтург - цуьнан ахчано мах бойтий, оьцуьйту.
     - Цунна х1унда ца оьшу жерой, дада?
     - Садацарна.
     - Х1ора сарахь жижиг доу цара. Хьайн са ахь соьга делча, вайна беда а бина, бежанаш а, уьстаг1ий а кхобуш, дада, вай а доур дара жижиг.
     - Жижиг дукха хьехадо ахьа, Дукхаваха! Аса Абун ка белшахь бохьур бу хьуна тховссехь жен юкъара бадийна! Аса доуьйтур ду хьоьга жижиг! Ахьа ма аьллахь берашка, хьуо жижиг а диъна, ловзавеъна. Вай Абуна гучу ма дахийталахь берашка. Берийн батошкахь соцуш х1анх1а-х1аъ дац хьуна. Соьга Абуна г1уркх ма беттийталахь! Аса ч1ог1а лазор ву хьуна иза!..
     - Деккъа жижиг доур дац - худар а доур ду, дада.
     - Жи-жиг - ц1е ма яккхалахь цхьанхьаъ!
     - Жижигга-м - эр дац: даь1ахкаш соьга ца кхийдичхьана.
     - Дукхаваха! Боьршаниг! Хьан цергаш - к1омсарш я-й, дадас елла! Г1аттаел Дадина бага! Дукхавахас, доьлийн аг1онашна евлла кегийра к1омсарш гучуехира.
     - Ма ю! Дадинаш ма ю! Хьажал-хьажал дадинчаьрга! - Везарбис а гажийра можа ши к1омсар.
     - Г1аг1... - дира Везарбис Дукхавахина.
     - Г1ег1-г1ег1, - аьлла Дукхавахас т1екхетта к1елхьарчийра да. Борз а, цуьнан к1еза а санна, и шиъ ц1ийна чухула керчаш, т1елхигаш д1асакхуьйсуш, беа когахь, вовшашна марахьерчаш, уьдуш лелаш - чоьхьавелира, довхачу хударо кийра бохбина волу Везирхан. Цуьнан карахь, Везарбин аьхнахечех хуьнжар дара.
     - Шуьшиннах хьераяьлларг д1айихкина латтор ю, доьша ца луш ас! Муьлхарниг хьеръяьлла? - хаьттира цо, хуьнжар а хьийзош.
     - Везирхан вуьзна! Везирхан вуьзна! - самукъаделира Везарбин.
     - Довха худар диеза! - хьаьвзира Дукхаваха.
Аьлбикас, ши лерг а лаьцна, чу беъначу яй т1ера 1аь г1уьттура. Ц1аьнкъаюкъе охьах1оттийра яй:
     - Х1ах1, доьша а даий, ши адам хила шаьшшиннах! - аьлла. Борз а, цуьнан к1еза а т1едедира, зорханех муттанаш девлла... Т1елхигашкара схьадаьхначу дечиган 1айгашца, доккха кхоллуш, кийраш ца багош, даа даьккхира худар.
     Иштта, бертахь бехара, "берзан орахь" болчу бенара доьзал, ялто - адамех цкъачунна латто...


     Амма цхьана 1уьйренехь ен чохь хударан метта даь1ахкаш ца карийнехьара...
Юха а яй жижигах кхехко ца болийнехьара. Лачкъийна ка сихха биъна ца баьллехьара. Ка буу къамелаш - ка биъна баьлча а дан догдог1уш хиллехьара.
     - Ладог1ал! - шен доьзале ала ца дезнехь Везарбин. - Кхакха а, даь1ахкаш а хьулйина ор цхьанна а нехан синна хаа хаа йиш йолуш дац шуна! Вайн къайле ваьш ца ларъяхь, Абус кхин цкъа а паргг1ат, чомехь вайниг а, - вайн хилахь, - уьстаг1 баа дуьтур дац вай: нахаладохур ду, къуй ду, аьлла. Орара даь1ахкаш а кхоьхьуш, лар вайга хьажоерг ж1аьла ду! Юьртарчу ж1аьлех цхьа а вайн аг1ора дала цадахьарх а, луларчу ярташкара, билггал, цхьаъ дер ду, шайн юьртахь хикхарзаза араволург а мила ву хаа хьожаерг! Дийнахь вайх ц1ахь волчо лардеш хила деза ор. Буьйсанна ас лардийр ду. Т1едеъна ж1аьла ден а дийна, цу ор чу д1адоьллича, цунах йог1учу хьожанна, ор кхерамза хир ду ж1аьлех вайна. Цунна тоха топ вайн цкъа яц, цундела, иза муха ден деза, - ойлаян еза х1орамма а...
     К1иранах диъначу жижиго хаъал бупп1азе винчу Дукхавахас, вула а луш, хаьттира дега:
     - Дада! Т1екхетта, лаг 1аьвдина ден ца мега ж1аьла аса?
     - Мегар дац, - элира Везарбис, - хьан пхьаьрсаш ж1аьлина цкъа х1инца а доцийра ду: хьан лерга т1е кхочур бу цуьнан беха мотт. Цуьнан багара соьла хьох хьакхалахь, хьох хьожа лаьттар ю вайн ен гонаха.
Везарбин пазаташна маха а бохуш, сонехь хиъна 1ечу Аьлбикас элира т1аккха:
     - Эхь ца хетий хьуна, стаг, берашка г1еранан къамел дан! Цкъа хьарам а кхаьллина, шолг1аниг кхалла г1аьттинчу хьайн бага наха хьокха 1уттур бац моьтту хьуна! Аса Дикавашига д1аэр ду, хьо ца сацахь... Везарби оьг1азвира шен зудчух шена хьуьйчу айкхалло:
     - И, сан шича хьуна дика марваша хетар ву! Т1екхаьчча, 1ехамна, хьуна сом кховдадодера цуо. Амма, суна - дика вац иза! Дика велхьара, - х1ун оьшу? - хоьттуш, шортта шега 1едалан лачкъалучух к1еззиг шен шичина кхуссуш хир вара! Неханиг дац - сайнчуьнгара сайниг ду хьуна аса кхаьллинарг а, кхоллудерг а! Аьлбика... хьуна цулла - тхоьца жижиг даар г1олехь хир дара...
     - Т1ера чопа а-м кхоллур яцара!
     - Цхьана хьаьжк1ех 1аьнах ялалур ю-й техьа хьо, Аьлбика... цхьажимма а кийра хьанбеш ца хилахь? аса дуьманиг а билгалбаьккхинера юха а сайн к1орнешна бадуо...
     - Со - хене ялалур ю хьуна! Чохь вихкина латториг а ву боху цхьанхьа Лакханехьа, з1ех Сибарех а вигна, юха ц1а валийна волу, б1ешере а ваьлла, шен оьмарехь цкъа а жижиг 1аьвшина воцуш.
     Ден-ненан ширачу марзоне а дер долуш, юха д1атасалуш долу гергара къамел хадийра Везирхана:
     - Х1ай гила борз! Ж1аьла муха ден ойлайина ахьа? - хаьттина дега.
     - Дейтийша соьга! - карзахвийлара Дукхаваха. - Ас мотт боккхур бара цуьнан багара!
     - Х1ан-х1а, - резацахилира юха а цунна Везарби, - цхьана куьйга ж1аьла а сецош, вукху куьйга цуьнан мотт схьабаккхалур бац беран пхьаьрсийн ницкъаца.
     - Шинне а куьйга цуьнан бага д1асхьа а г1аттийна, мотт кхоллур бара аса!
     - Суна хаьа х1ун дан деза, - элира Везирхана, - оран гонаха керт ян еза. Цу кертах а иккхина, чоьхьадаьллачунна т1е т1улгаш тоха деза!
     - Мегар дац, - элира т1аккха а Везарбис, - цкъа бен вайга дог1удоцу ж1аьла т1оьхала ца эккхадаллал лекха керт ян къахьега!
     - Дерзинчу куьйгашца тхоьга ж1аьла муха дейта ахьа т1аккха? - хаьттира Везирхана.
     - Ойлаеш ву со, ойла... - хьаьжа к1ел карчийра Везарбис б1аьргаш.
     - Хьиеха дезаш-м дацара хьуна... - элира шен сонера схьа Аьлбикас а, - новкъа ду-кха 1овдалца цхьаьна чекхдаккха дезаш х1ара дуьне! Хьайн девешех - Дикавешин дех - йисна эчигаш ю х1орш, бохуш, айхьа лурчаха тхов т1е яьхна коьчалш дагайог1ий хьуна?
     - Хала дела балица хьалаяьхна хилар дагадог1у...
     - Борзлоцу гура бу хьуна иза. Ж1аьла а дац борз?..
     - Ванах Аьлбика! - аьлча ша т1е а вахна, цунах эсала куьг ца хьакха - чуьра бераш дагахь, - висира Везарби. - Хьоьга мичара кхаьчна вайн чуьра доцу хьекъал?
     - Оцу гуранах кхоьруш 1еш ша ца хилча, буса вайн тхевна т1ехула татанаш дан луург - долуш ду цхьа иблис вайн боьра чохь... - аьлла доккха садаьккхира Аьлбикас.
Берзан гура-м тховра охьабаьккхира сихонца х1окхара.


Сахуьллуш лаьцнера гуранах муьрг тоьхнарг...
     - Стаг! Хьадлахь х1инца! Нажжаз лаьцна хьуна! - Аьлбикас аьлча, марара Дукхаваха а ойбуш, набаран к1оргачу орах хьалаваьлча санна, юьхь т1е хьацар а х1оьттина, ц1аьнкъа х1оьттинчу Везарбис аьлча:
     - Абу лаьцна-а?.. - саб1аьрзе латточу лаамах елаелира цуьнан 1аьржачу можера можа к1омсарш. Пенахара панар серла а яьккхина, кхаьрга схьаелира Аьлбикас:
     - Цкъа бен ма ц1овзаделахь иза, 1овдала стаг! - олуш.
Хьаьмцийн коьллашхула хьийзаш охьадоьдучу тачанца охьабахара х1орш шайн уьйт1арчу ора чу, шада карара Везарби а, панар лаьцна Дукхаваха а. Д1а, шайн къайленна т1е а х1иттина, панар т1елаьцча, цхьа т1од гурано лаьцнарг, аьхкинчу орара хьалабаьккхинчу кхакханах моттхьекхарх 1еш дара, шек а доцуш, Абун коьман букъсуьртан даь1ахкашна т1е шен вож т1од а г1ортийна, шен букъа т1ера п1ендарш а къесташ.
     Кхин а улло панар а оьхьна, Везарби, леррина шега хьаьжча, цуьнга хьаьжнарг дара - х1окхара "Абун дилха" диъначу кхакханна т1е шен корта а биллина, гежна церг-к1омсар а долуш, гурано дамар-дарц динчу шен т1оданах ц1ийзалуш а доцуш, ц1ен-боьмаша ши б1аьрг белабелла а хеталуш, генара схьа Везарбига зуз далош, цуьнга ц1е яккхийтинарг:
     - Борз...
     Х1инца голаш т1ехь улле а хилла, гуранарчу т1одана т1е панар лаьцча, шен уггар доггахчу Дукхавахех меже яьккхича санна хетаделла, тамашена дог 1овжаделира Везарбин. Панар цигга х1оттийна, йистахчу куле а воьлла, цхьа а аз доцуш, ша-шах са дилхира Везарбих. Йоьхна 1уьйре, гурано лаьцначу берзачух сатасар долу - шайна а цкъа хьаьвззина йог1ург хиларо холчу х1оттийра эццигахь Везарби.
     - Барзана гонах керт ян еза х1инца. Юьхь1аьржо йина вай. Ден ван веза вайн ваша... - элира цо, синкъерамера варрах т1евеъначу Везирхане.      
     - Аса аьллачахь йинехь - борз а лазор яцара! - бехкбаккхаре элира Везирхана.
     Бочаб1аран шалгонаца, вортанах, борз а сецош Везирхана, гура баьстира Везарбис. Г1уркхан юьхьиге къовлуш, бина, з1енан х1оз логе а баьккхина, цигга, кулах д1атесира борз. Хьуьнах баха ца оьшуш, кертана хьокха-сара баккха б1аьллингаш а яра кхеран ораха, хьуьнан йистаха санна. Делкъахан хилале з1арийн керт йира х1окхара барзана гонах, оьшучу далахь - т1ехула тхов а балун болчу д1ах1оттамах.
     Аьлбикас дуьххьара барзана худар хьовзийна яй боьттира богана. Чу хих тас а х1оттийра.
     Хударх мотт а ца 1оьттира барзо.
     - Дада, - олуш, цецвелира Дукхаваха, - иза х1ун яа йоллу т1аккха?
     - Вай юъург! - шалха маь1нин хила йиш йоцу жоп делира Везарбис...


     Везарбис шен ардангана шозлаг1а бадийна жий 1аламат боккхачу дуьман бара.
Сатоссуш, кхарна керта иккхира Абу, нипак1ано хурашка а юьзна, дашо цергех къежна бордаха дилхан юьхь йистина а йолуш. Везарби д1авуьжачу корах байн п1елг а тоьхна, манкха лерца, кхайкхира иза:
     - Гала (иштта ц1е йоккхура цо воккхахчу шичех Везарбих)! Хьоьца къамел дара сан!
Оццехь, "цавеза Абу" г1енах шена дуьхьал а тесна, цунна дуьхьал кхойкхуш воллура набарха Везарби, шен "ялсаманера" - цуьнан "жоьжахате": "Абу! Хьоьца юкъахь харцдуьне диъна а вац со, цундела, вай делла долуш а, со ма лехалахь!"
Кора т1е бат та1ош, хаьттира Абус:
     - Шолг1аниг а ка баьхьна сан, Гала! Борз хааеллий хьуна кхузахула?
"Д1аваьллахь берзалойн ялсаманина хьалхара! Хьуо дийна волуш, - берзалошна а хир, - аьлла кхаьбнехь шарчохь хьайн б1е уьстаг1ца иттех уьстаг1! - элира г1енах Везарбис. - Т1аккха хьо а хилла хир вара х1инца тхан кетарахь, газанан ма1ашца, можаца воцуш!"
     - Ладог1ахь соьга, Гала! - Абус а элира. - Сан уьстаг1ий наха лачкъийнехь - новкъадог1ур ду суна! Берзалоша дахьар-м - могуьйтур а дара аса... Билггала, берзалоша даьхьний сан даьхни?
Х1инцца набархваьллачу Везарбина, шега лоь Абу хаавелира корехь, цуьнан хаттар а хезира.
     - Барзо даьхьна! - мохь белира цуьнан. - Шолг1аниг биъна ялаза ю! Хьо схьабаккха лууш вара цуьнгара?
     - Дера вац... Хьо цу барзе вистхилийта лууш вара-кх... Сан кертара кхин корта ма хьуо алахьа цуьнга!
     - Аса олу хьуна х1инцца цуьнга! - аьллачу Везарбис, сихха жоп даийтира барзах:
     - К1орнеш дуккха ю шен, боху! Бахьалуччуьра ца баьхьча ца йолу ша, боху! Шена бен а вац боху Абу а, Мабу а! Ша хьан даьхьна даьхни Дала хьан саг1ийна чуларар - д1аала а боху хьоьга!
     - Ахьа цуьнга кхин а х1ун алахьарий - юха иза суна яг1ахь, топ еттар ю ша, бохура, алахьара!
     - Къа ду - хьуна, сан наб ахь эшаяр!.. - оьг1азе меттара охьаиккхира Везарби, Дукхаваха а марахь.
     - Дика ду. Со воьду. Юха ма йоьллаш суна!.. - аьлла вахара сихонца д1а Абу, х1инца, Везарби аравалахь, шех летарг иза хилар - синкхетамца хиъна. Везарби-м, не1арах т1аьхьа кхайкха кхиавелира цуьнан букъна:
     - Хьо санна харц лоьш бен даалац-кх х1ара харцдуьне! Харцлоьчарах тоха делла ду Дала барзана ка!..


     Амма, ша иза оллушехь, Везарбина даг чу иккхира, шен етт-эса а берзалоша диъна хилар.
     - Остопирлах1! - делира багах. - Со а харц а хилла, тоьхна техьа сох а ка? Борз соьца эг1о, вониг - х1ун динера аса Далла? Хен-хенахь пхи ламаз деш вацара? - Вара. Мархийн беттанаш ца кхаьбнера? - Кхаьбнера. Нехан хьакъ диънера? - Хьакъдоццург бен: сайн ора чу, хица еана бад, г1аз буьйсанаш яхайоьлча. Кхечуьнан долара сте езнера? - Дера езнера!.. Дагаеара Везарбина цхьа маьрк1аже. Луларчу юьртара Ч1оч1ин зуда Буч1а! Наха цунна вон х1ума олу, шена хезнадолу.
    Горгачу дег1ара, кучо хьулъянза дег1ан меже шурула-к1айн а йолуш, бедах йолаялар а долуш.
    Рег1ал т1ехьахь, хьуьнан йистехь, х1ара шиъ т1етт1а1оттаделчахь, бежера ц1а янза, шолг1ачу дийне яьлла, шен тарг1а лоьхуш ю ша, цо а олуш, цхьацца х1ума шаьшшимма дуьйцуш, варшарчу кхура к1еларчу коканийн колл юькъа йолчу а йоьссина, "схьаволахь цкъа, х1ара кхор бегабехьа, хьо дика а вай", - аьлла, х1ара т1е а виехна, цуо мараволлар. Х1ара мараравала мел г1ерта - хьеставар. Х1ара шиъ бацала охьадожар. Х1ара т1аккха хьеравалар. Иза елха моссало - кхин а х1ара хьеравийлар.
    Цул т1аьхьа а караяр кхунна иза циггахь "тарг1а" лоьхуш.
Юьртарчу кхечерийн а иза "хилар" хаадалар х1окхунна: цкъа а хил дехьа ваьлла воцург а рег1ах юм эцна воьдуш гар!
    Чамбалар а кхунна цунах. Кхуо и леларш дитар а. Амма оццу хенахула - цхьана сарахь ц1а ца даррах, 1уррехь "шаьшшиннан" варшахь, шен аттах-эсанах йисна лардаш караяр х1окхунна!
    "Дог1уш тоьхна хилла сох а берзан ка! - къерахилира Везарби. - Амма цу Буч1ина рег1а иддачарах а тоха дог1у - соьгара - берзан ка!" - ойланах самукъаделира: 1у воцуш, рег1ахь дежа церан дохкуна дагахь...


    Иштта Везарбин доьзало жижиг доуш юьсу даь1ахкаш а, ахьаран гала а, худар а - эххар дааяьлла борз, дег1е г1ора а деана, лазийначу т1ода т1е те1аяьлла яра. Букъна т1едевлла п1ендарш а хьуллуш, горгъеллера. Тилла кенаш эгначе луьста чоьш а девлла, къегинчу сирачу басе йирзинера.
    Берзан к1орних - борз кхиалуш яра, кхаьрга массаьргий гергаре куьг хьокхуьйтуш шех.         
    Кху 1аьнан г1ура лацалучу буьйсанашкахь дайн лайн чимаш а эгаш, мокхачу стиглах можачу беттан юьхьиг гучуюьйлучу сатосийлашкахь - уг1а а елира, Везарбин марара Дукхаваха, миллавала сама а вохуш, ден к1елара юрг1а шега а ийзадойтуш. Даимлерачу ц1аьнкъарчу меттахь йижар хуьлучу Аьлбикас т1аккха, лап-олий, б1аьргаш а доьллий, хьаб а дой, "Узум-хьаьжа а уг1у Узум-хьаьжарга", - олуш.
    Везарби - ша берзалойн ардангана хьалхаваьлла лелачу г1енашкахь а хуьлуш. Везирхан, ткъа, Мичиган дехьарчу "декъазчу адамех" шега цкъа "берзах" схьахьаьжна йолчу курачу йо1аца, ша хелхавуьйлучу синкъерамехь а хуьлуш, шайн "дехьарчу" дуьненара ардангара борз шаьшшинна а уг1уш юй хаарна - кестта ша а шен нускалца "оре" вериг хиларх воккхавевеш...
    


               


Рецензии