Берзан безам на чеченском языке

Вайн дайха мерзпондарх п1елг дашца лела,
Ойлано карзахбеш лазам,
Дег1 дайдеш пиллигах, шерашна хенан,
Балане болуш цхьа безам.


Наноша беш хилла сиха шаьш кхиа
Мехкарий ширачех керла,
Ялоза велара къанъелларг сиха -
Хин варий к1антстаг хенарла!


Мехкарий кхиалуш, къанлуш со - йоьду хан,
Собаран ца деш ша пусар,
Цхьажимма со къонвеш, жиманиг "лор" лехан,
Соьгара лан шена узар.


Вайн дайха пондаро дог дожий стенна,
Мерза хьо дуьне ца дуьйцуш?
Х1ун хала хилла борз мохк кхехьарх сецна,
Нана-борз жимчух ца хуьйцуш?


Рецензии