Жерочун 1а на чеченском языке

Жерочун 1а дог1уш,
Хотто лайн чим худуш,
Стигалан кур-б1аьргех
Ца болуш т1адам,
Ахь стенна, сан езар,
Ц1е йира мерзудчу,
1аьржачу б1агоран
Балош сингаттам?


1аьржа к1а лехьадеш,
Лайнхьоза ц1алг лелхаш,
Зудчун т1е маре деш
Ирс хилар доцуш,
Ахь стенна - ела к1ант
Лехира - кхин елха,
Хьуо езна дог буйнахь,
Хьозанах 1овдуш?


Жерочун 1а доьдуш
Езначу езарах,
Стигалан кур-б1аьргаш
Кхолош т1одаллах,
Ахь х1инца, жеро,
Гонаха хьийзарах,
Къерзадо хьайн б1аьргаш
Г1уллакх тодала.


Сел хаза седа бов
Седалган сизалгахь,
Стигалан кур-б1аьргех
Сорсу хазалла,
Мел хаза аз д1адов
Зарзаран - кхалла лахь, -
Дика йо1 ю доцург
Хьоьгара жеролла!


Рецензии