Джанаралиев 1имран дагалоцуш
1имран ван а вара Бексултанов Мусас "Стела1ад" журналехь махканна тоьшалла ма-дарра(№1 2007шо) ц1ена,оьзда,эхьбехке Мехкан к1ант.Цунна санна Нохчийчоь цхьанна а езарий те,аьлла хьан дагна хоьтуйтуш.
Дуккха а хир ду цунах ала диканиг, де-дийне мел дели а,амма тахана,мовлад баттахь ,суна а т1еч1аг1дан лаьа Мусан дешнаш: и ван а вара "Эхьбехкан хехо а,г1иллакхан ч1аг1о,массеран а дика доттаг1 а!". Мичча а хенахь хьо йог1у -йоьдуш яйча,цхьа лерина вист хуьлий:"Хьенех,хьо д1анехьа а ма ца йог1у, х1уммаъ ца язйина ахь берашна керла,эр дара,цхьа хаза,к1еда...
Дуьххьара 2003-чу шарахь вевзира суна 1имран,аьлча а Лечас вовзийтира...
Ч1ог1а кхаъ хилла т1еийцира цуо со,дукха воккхавеш зорбане а йохура говзарш.
Дог доуьйтура 1имрана болх бан хьеннан а,довха дош кхоор долуш а вацара,Дала мелехь дуьллийла цунна иза.
Ша д1акхалхале хьалха цкъа соьга элира 1имрана,новкъахь вовшех кхетча:"Пет1мат,т1амах лаьцна берашна мегар долуш дийцар дахьа тхуна,конкурс яра "Минех ларло,бераш!" ц1е йолуш"...Шен кхоллам бевзаш хилла те цунна ,олий а хета х1инца...
Ас х1ета яздира сайн "1ай.б1аьстей къаьсташ"(2006 №11) дийцар.
Тхан школехь боккъал а мини т1е а ваьлла иккхинчу к1антах,Тарханах,лаьцна дара иза.
"Хьан дийцаро хьалхара меттиг яьккхина хьуна", -элира соьга 1имрана,дийцар ара даьллачул т1аьхьа.Амма и тхан т1аьххьара къамел хиллера,кхин ца гира суна 1имран.
Къаьхьа кхаъ хезначул т1аьхьа,дуккха а 1ийр метта ца йог1уш...
Дала декъал войла-кх 1имран,Дала Эхартан веза хьаша войла-кх иза!
Цуо махкана буха йитина ша шерашкахь гулйина "Назманаш".Бусулба Дин дукхадезаш хиларан билгало ю иза!Дала т1аьхье беркате йолда церан!
Свидетельство о публикации №212020102116
Адам Ахматукаев 12.05.2012 23:29 Заявить о нарушении