1ожалле некъ

Дагт1ера лазамаш юха керлабокхуш
Кхоьллинчу балано хьийзойо со.
Мостаг1чун лар ю теш соьл хьалха йиллуш
Шерачу новкъаца шен 1ожалла хьош?

Ахьаран мижирга х1акхо йиш йоцуш
Лайн б1аьрхиш лоьцуш лаьттира со.
Милох бу теша дахаран  аьтто,
Маца ду теша Къематан ден?

Бераллахь гулдина зезаган барташ
Жималлахь кегийна безаман чалх
Дахаран сихало сизхьекха хан йоцуш
Къематан ден дицдеш лийстира болх.

Шо1аран киртигаш ков-керте дерзуш
Кийтарло  йоьцаш амалац шен.
Мульха а дикаллахь хьоьгара хьегуш
Сан яллар хиллий хаалахь хьун.


 
 


Рецензии
Зураъ! Хьан лирически турпалхочун лазамаш
гергара бу хийла нохчичунна!
Баркалла!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   10.01.2017 22:18     Заявить о нарушении
Прошу прощения за запоздалый ответ. В последнее время слишком загружена работой.
Дела реза хуьлда.

Зура Итсмиолорд   28.01.2017 21:03   Заявить о нарушении