Дахаран листара денош
Б1аьргийн сийналла йовра, кеп-куц хийцалора, г1ора д1адолура.
— Неби, мичахь ю хьо? Хин т1адам ло суна, — г1ийла йистхилира Бекисат шен меттара. Иза йистхилаза ши к1ира дара.
Бекисатана наб кхетча, сиха шен белша т1е коьртали тосий, к1удал лестош, шовданан йисте йоьдура йоккхах йолу йиша. Ма ч1ог1а дехар динера нанас, ша елча, жимах йолчу йише хьажа аьлла. Ша яла цхьа-ши де хьалха Маржан кха т1ехь асар деш яра. Цигахь валар нисделлера цуьнан х1усамден. Наха лоруш, сий деш стаг вара иза. Дахаран тайп-тайпана киртигаш хуьлу-кх. Шен рицкъано сиз хьаькхначух бен ца ле адам. Махьмудан онда дег1 карийра зудчунна шийлачу лаьтта т1ехь 1уьллуш. Стигалкъекъарх кхоьруш йолу Маржан ара-м яьллера, шен ц1ийнда чуверза хьевелча, амма цуьнан валар нисделлера-кх. Иза стелахаьштиго вийнера. Маржанна цу хенахь ца хаьара ша шолг1ачу доьзалах хьаьрчина юйла.
Йилбазг1аланаш хьийзайора иза, цкъацкъа тамашийна денош даьхкича. Паспас яьллера иза, дог дукха дуткъаделча. Шурул к1айн мархаш говран ремнех тарлора цунна. Ойланаш цаьрца шен сил дукха везначу Маджудан т1аьхьа йохуьйтура йийсарехь ;аш йолчу зудчо. Попан диттах букъ тоьхна хиъна 1ара Маржан сарралца.
— Нана, со мацъелла, — йоьлхуш хьийзара кхо шо долу Неби. Шен туьйранах тера долчу б1аьрхишца д1асахьоькхура беро.
Шен шийла жималла цкъа а йиц ца лора Маржанна. Йо1 дукха жима йолуш, да-нана бердах чудахана, Шуьйта-г1алан базара даханчохь, йисинера ден вешин зудчун хьалха. Хийла яьшнаш юккъехь йижар нисделлера цуьнан, гомашан к1орнеш дажо яханчохь Йоккха-Атаг1ан аренашкахь. Цхьа жима нехчан дакъа кховдадой, сискал луш-ца луш, арайоккхура осалчу дестечо Маржан. Цунна бехк билла сиха ма ло. Хала лай вовшахбетташ яра иза, дахаран марзо эца ца кхуьуш, х1усамден лард йог;а ца кхуьуш кхелхинера хенал хьалха. Делан къинхетам боккха бу. Дейтта шо кхаьчначу дийнахь маре д1аелира Маржан церан лула хьошалг1а веанчу Итон-Кхаьллара хьерхочун вешин к1анте. Ирча-м вара иза, амма чолакх вацара, онда, товш вара-кх, шуьйра белш, юткъа г1одаюкъ йолуш. Къайленаш йолуш ду-кх вайн дахар, Дала ца делла-кх вайна церан х1улам мичахь бу хаа. Нийсса итт шо делира Аллах1а цу х1усаме доьзал ца луш. Т1аккха, т1ек1ел кхузза дуьнен чу даьлла бер эхарта д1адоьдуш хан еара. Шина дагахь бара Маджидан гергара нах.
— Ма доккха Далатохар дина церан х1усамана, — олура наха, амма: «Далла дика хуур ду», — олий, 1ад1ара, Маржане болу безам дагалоций. Каде, хаза г1иллакхаш долу нус нисъеллера царна.
Даьсса хабар долуш я довне Маджид вацара, диканан-вонан накъост вара г;аддайна я де эшначарна карош.
— Хьайна зуда ялор ахьа, со ара ца йоккхуш, — элира цкъа-шозза Маржанас шен х1усамдега.
Дайна дитира Маджида цуьнан дешнаш. Хаьара уьш даггара доций. Цу шарахь жерочун аьхке хьееллера. Гуьйренна мажделла г1аш хелхар долийча, шен кийрахь детталуш кхин са дуй хиира Маржанна.
Чиркхан серлонехь шен т1ехь ц1ийнденан б1аьрг сецна тосаделча, йоьхна хьаьвзира зуда.
— Соьга ала х1умма дуй хьан? — хаьттира Маджида.
— Цкъачунна дац, — г1ийла жоп делира зудчо.
— Хьо реза елахь, хьажа-х1отта г11ур дара вай тхан ден ваша волчу.
Тийна-таь1на ши хьаьжк1а-г1абакх, цхьа иттех кан 1аьржа кхоьш кечйина, т1ера духар хийца дагахь, не1арера сехьа елира Маржан.
— Карх ца делира-кх сан тхан ден веших йисинарг йолчу яха. Ц1а дог1уш, чудерза мегар дарий вай? — багар дала ца кхиира цуьнан, г1овг1а хезча.
- Ва, Маржан, ков делла. Хьайн шичин нускал т1еэца.
Когаш т1е х1отта хан йолуш вацара Хьамзат, амма ша воккха хеташ хир вара-кх иза. Пхийтта шо долу к1ант кхечуьнга йиллина хан йолуш, шайн кхоъ-диъ ц;а дитина ;еш йолу, шел ялх шо йоккха йо1 ядийна веанера. Шегара иза д1а ца яккхийта йо;ан г;одаюккъера доьхка даьстинера цо.
Бехк-м Хазманан бара. К1анте бегаш бора цо: шен 1овдал бегаш, безам буьйцуш, вола-вала ца вуьтуш.
Нускал когаш берзина дара. Йоьлхуш 1аш яра йо1.
— Вай, Дела! Хазман яц х1ара? — аьлла, нускал марадоьллира Маржана.
— Суна тешнабехк бина. Сан п1елгара ч1уг ю кхечу к1анте караелла.
— Собар де. Иштта хуьлуш меттигаш дукха бу. Шена езаш ялийна хир ю-кх хьо-м, — хьаьвзира Маржан.
Шен кочан ши пхош схьалаозийна, д1а-схьа хьаьжира ц1ийнан нана.
— Каде хьовза. Ка йолуш борз ю Хьамзат, — аьлла, велакъежаш аравелира Маджид.
— Х1инца кирхьа тосур ду, сан хьоме нус. Вон к1анте ца кхаьчна хьо, Хазман.
— Вай, аса динарг! Ма ца сецира сан батт! Бехке мила ву суна? Вай, Дела! — бохуш, тийжара йо1.
— Когабоьххьера охьа а йоссий, т1орк1аз т1е охьахаа, йо1. Сан кечам бан беза. Хаза доккха ловзар дийр ду вай. Кега-мерза х1уманаш йоцург, вайгахь массо а х;ума ю.
— Жима ву иза, х1инца а когаш т1е х1оьттина вац.
— Со лолда хьан, Хазман. Зуда ялош хилча, воккха вай иза-м. Ма хаза-дика доладийр ду аса хьан.
— Аса-м бегаш бора, иза жима ву моьттуш.
— Шина дагахь хила мегар дац. Дала мукъалахь, ирсе дахар хир ду шу шиннан. Х1инца хьо реза йолуш еана алар ду хьуна т1аьхь. Доьвне далийта мегар дац х1ара г1уллакх, — дикане догдохура Маржана. — Цкъа-делахь, вайна дов ца оьшу, гергарло деза. Шолг1а, хьан кучан пхьош бат1ийна бу. Сихаллехь дина хир ду иза. Кхоалг1а...
Геннара тоьпан кхийсарш хезира шина зудчунна. Хье ца луш т1аьхьа-т1аьхьа кхийсарш а йира.
— Хьо хьуо ю хьайн дахар нисдан дезаш ерг. Ас дош ло хьуна там-тешам бан. Тилар-тай кхоор дац аса шуна. Хаз-хазаниг лур ду шу шинна.
— Хьо-м яц-те кху балхана бехке? Сийлахь-воккха Дела, хьо теш ву-кх х1окху г1уллакхна, — мохь бетташ елха йолаелира Хазман.
Хаалуш кир санна к1айелира Маржан, не1арх ши зуда а, кхо боьрша стаг а гича.
— Со реза йолуш, бертахь еана, — аьлча, уьш, хье а ца луш, д1абахара.
Амма ши шо даьлча, Хьамзат талла ваханчохь вайра. Хазман шен ден-ваша волчу г1ала 1ан д1аяхара, шен несарийн когаш к1ел хьийза ца лууш. Хьамзатан доьзал бацара, зуда шозза а доьзалхойх д1акъаьстира.
Йочане дара Небисат дуьнен чу яьлла де. Сарралц стигал йоьлхуш, дог1а дийлира. Иза Делера хаам хилла хир бара-кх, г1ийла, даимна дуьра б1аьрхишца дуьне даа дезар. Бекисат цул кхо шо жима яра. Экам, заь1ап бер дара иза.
— Сол г1аддайнарг сан йиша ю, — олий, г1аранехь егош йоьлхура Небисат. Т1евог1уш хьаша вац, тхан х1усам г1ийла хеташ.
— Нана, суна ч1аба ян 1емина, — аьлла, дуьхьал еара йо1.
— Дала дукха яха йойла хьо. Сиха суна лийча хи кечде. Дика яц со. Собар делахь. Ас весет до хьоьга, Бекисатца дика хила. Дола делахь цуьнан. Хьох тешна юьту ас иза, — аьлла, дай шен дег1ах хи а кхерзина, кхалхар хилира Маржанан.
Дала тоьхна хан д1аяьлча, дахаран сахьт соцу-кх. Дика а, вон а шен-шена дуьсу. Шен ц;е йоцург кхин х1умма а ца дуьсуш, эхарта д1адоьду адам.
Шен ненан хилла ирс бен ца хуьлу йо1ан, олу вай. Декъазчун ден ц1ера бохург ду-кх иза, дуй?
1943-чу шеран гуьйре чуйоьрзуш яра.
— Небисат, х1ара мехкарийн вайн берашна оьрсийн мотт 1амор бу аьлла еана ю вайн юьрта. Шу цуьнан накъостий хилла, я х1ара шун накъост хилла, х1умма хир дацара те? 1аьнан даго дечиг хилийта хьожур дара тхо, — аьлла, юьртда веара кхеран керта.
— Валя, — аьлла, не1саг1ера Небисат д1атоттуш чуелира йо1, карахь цхьа т1оьрмиг а, чамда а йолуш.
— Х1ара-м сан пусар деш а яц. Ша шен ден ц1а кхаьчна моьттуш ю, — элира, ела а елла, Небисата.
Юьртда 1одика ян ца кхиира, оьрсийн эшарш хезча.
Цецъяьллера Небисат, шега хьоьжуш, хьаьрса месаш шарйеш лаьтташ йолу йо1 гича. Елакъежна цо хаийтира, эшар локхуш ерг патефон юйла.
Баш новкъа яцара Валя, шен хеннахь чу яг1а хууш хиллехь. Наггахь буьйса юккъе яхча бен чу ца йог1ура. Амма ша ц;а еача, боккха шекаран к1айн б1елиг бохьура. Цхьана баттахь Небисатана оьрсийн абат 1амийра, шена тоьалла дешнаш вовшахтухуш яздан 1амийра оьрсийн меттан хьехархочо. Цхьа х1ума вон дара Сийнаб1аьргийн (иштта ц1е тиллинера мечкана Небисата). Шена луучу хенахь патефон латайора, Небисат йижина юй хуъушшехь. Берх1итта шо кхаьчначу мискано кхин ког ца баьккхинера, я дег1 ца даьккхинера. Д1абохучух кхетара йо1, дош хала олура-кх.
— Дала седа дуьхьалнисбойла хьуна! — дагара хаийта ца х1уттуш, олура Небисата цхьа вон хьожа йог1уш Валя чу еача.
Сатоссуш г1овг1анаш елира.
— Валя, разбуди хозяйку!
— Тише ты. Она за калекой ухаживает. Ты же обещал не трогать их.
— Ты с ума сошла? Поголовное выселение. Слышишь? По-го-ловное.
— Они же не выживут.
— Тебе не всё равно? Зато дом тебе достанется.
— Юра! Юра, о чем ты говоришь? Пожалей калеку.
— Валя, им поможет только их вера. В качестве компенсации отдай им всё, что ты можешь. И поторапливайся.
Нана-х1уьтал санна лаьттара Небисат, шен дег1ах машаца Бекисат хьарчийна, шега салтийша х1ун боху ца кхеташ.
— Дорогая, я положила все пластинки. Там продашь патефон, а деньги экономь. Только хлеб покупай. Я положила вам ядра ореха и изюм. Если бы я знала, зачем сюда ехала, то,поверь, я предпочла бы умереть под бомбами. Прости, сестра. За всё прости.
Студебекар ясса яра, салтийчо патефон хьалаяьккхича. Бекисат цхьана соне д;а а тарйина, патефон кара а эцна, Небисат охьахиира шен йишина улле.
Хьалха Дела орцахваьлла, Небисат шен йишица д1акхечира Казахстане. Керара ахча кхачийча, патефон х1ума тоьгучу чархах хийцира цо. Шена хаа а ца хууш, Дала цхьа корматалла елла хиллера цунна. Уггар хьалха шайга хьажа веанчу лоьран зудчунна коч тийгира Небисата — Валяс шен коч йоьдуш гинера цунна масийттазза. Цо хала а ца йора и, шен тиша коч а йостий.
Марзделла дахаран лийста денош,
Хиндолчу маркхолан чам баккха сецаш,
Шовданан хиша кийра ца 1абош,
Куцдаьккхина буьйса хьаста ца кхуьуш.
— Бекисатан каш дитина ц1а ца ялора. Кавказе безам лаьтташ, къанъяллалца когаш текхий ас Азехь, — дийцира соьга Небис. — Хазманан дакъа ц1а деара ас. Тхоьца 1ер-дахар нисделлера цуьнан.
Шен хьоме йишин кошан барзан латта д1ахьаьшна, шен ден-ненан кешнаш т1е иза даржийна, 1аббалца шовданан хи мелла, Нохчийчохь ша яларх кхоьруш, цхьа кан латта эцна, б1аьрхиш 1ено кхераш, ц1ерпоштахь новкъа елира-кх Небисат. Мел деха листа деза цо шен дисина дахаран денош?
Свидетельство о публикации №212020500024