Тилпунан тайнигаш на чеченском языке

Хьо, тилпу, лазорна кхоьруш,
Меллаша йоьллу ас.
"Яийти жимачо..." - бохуш,
"Эс-эм-эс" йоьшу ас.

Ц1е летий, южу хьо карах,
П1елгаш сан дагадой,
П1елг бетташ, оьху мехкарех
1аба ца 1абавой.

Шин Невре малх лахлу арахь
Сийна буц мажъялле,
Бухаран холхазан куйнахь,
Хахка бах 1аьржмаше.

Боху цо, сатуьйсуш хене,
Тайнигаш ловзайо,
Нанасчух баха агане:
"Олилой-болилой".

Шиъ кхаба стаг суо вац моьттий,
Тилпунах кхерало,
Суна т1е и кхетча хуьлий -
"Безам" ган кхиало.

Еънарг а соьга ма еъна
Тилпун сурт даийтна:
Кхокханан к1орних, стигална
Сатийсар гайтина.

И к1орни - кхокха сан, х1инца
Гарул-горгбеллийца,
Ца ловзу дагца стиглаца -
Боккху ког г1алица.

Х1ун дар-те туька йиллича,
Тайнигаш чохь ловзуш,
Тайниго тайниг техкийча,
Г1ож т1ера метта хьуш?..


Рецензии