Синан з1енар на чеченском языке

Т1аьххьа бен кхеталац шен ирсах:
Жималлехь, мехкарш т1е хьийзалуш,
Мархих, хьаьрчинчу сийнчу х1ордах,
Ийадерш - мехкарех б1аьрхиш гуш...

Шен Некъе уьйриг д1абаьстича,
Жимачу х1усмера - пана д1а,
Тилича, лела ша вицвича,
Ле1а тай эххара хаьддача.

Ирсан мехкарий генахь бисча,
Шен синна ца кхетна з1енар цхьа,
Хийла, ши ч1ег1ардиг ц1а ихча,
Шаьшшинна ца елла не1арш д1а...

К1аранехь, Г1алих летна висча,
Бартбеттан муьжгешца кад мала,
Дот1ана дог лоцуш дахача,
Дур даьхьча, йисначе шен зама...

Шен ирсан чам хаьа т1аккха-ма,
Хьеран х1урх, шех тесча к1айн маша:
Шен хир бац юха цкъа Безам-ма,
Вехар вац!лелар ву цхьаъдеш ша...


Рецензии