Кирхьа на чеченском языке
Кирхьа д1адоьллуш, "Чувелира молла" - дешнашца, тхан классерчу зудаберийн б1аьргаш т1уьна латтадойту - Са1ид Бадуевн "Пет1амат" пьеса 1амо йолийнера оха цхьана генарчу заманан хенан юкъехь...
Х1инца тап-аьлла тийналла х1оьттира - ишколехь а массарачул аьрхачу тхан классана нохчийн меттан литературан урок йолалуш, горгали бекча. Цу урокехь ловза ваьхьаш цхьаъа ваьлла вацара тхох. Чу ван везарг вара хьехархо - Ража! Буто, доккха дег1 долу, даима д1абаьшна хуьлу корта къагаре болу, вон лелачунна - дов даре меттана - самукъане къежий, "дика ву! дика ву!" - там хиларца олий, мангална г1айракх хьокхучух, аьрхачу коьртана т1ета11адой, цхьана метте куьг хьокхург. Шен корта цунна к1ела нисбелларг - зудаберашна хьалхахь ца велха, - ч1ичкъашка эхорг. Ша тхуна везийта, жимма велавелла а - дог деллаза волу буьрса стаг!
Цуьнан 1азап лайначара олура, - коьртах ц1е лета, цуьнгачул - кхечу тхан хьехархочуьнга лергаш хьийзадайтар г1олехь ду.
Ткъа х1инца, тхо, массой Ахьмаде д1ахьаьжна вара: "Х1инца х1унда ловзац хьо?" - хаьттина а шегг-шеггара.
Ахьмад, ткъа, тхуна массарна т1е куй тоьхна, харцахьара ловзарш долуш вара, массо урокехь к1ожа х1оттийна латтавеш, я урокера аравоккхуш, да валаве, олий.
Х1инца Ахьмад а вара г1ийлачу ойлане ваьлла, охьатаь1на, яхначу урокерачу ловзаран хьацар а дакъадалаза шена.
"Ц1аззат! доккхуш, не1 а йиллина, хьехархо Ража чоьхьа ма-велли, класса чухула лела моза а хезарболуш - цхьабосса, тийна, тхо хьалаг1евтича (Ражин даг чохь хазахетар хила а там болуш: х1оразза а тхо иштта карош шена хиларна) - амма ца1авалар дезарийца, ткъа, Ахьмадна! Х1оьттина тийналла йохийра цо:
- Чуве-е-лира мол-ла!.. - аларца, та11ош.
Хьанна моттара - Ражас, ша хьокхуш йолу "г1айракх" а хьаькхна цуьнан тентакчу т1уьсках, - иза 1адвуьтур вац!
Ража - шина маг1арерчу партанашна юкъа, - ц1аьнкъанах д1алетча санна, вог1авелира. Пхьаьрса к1елара тептарш лаьтта ийгира. К1елд1ашхула б1аьргаш леладевлира, 1азап лан кечвеллачу Ахьмадига. Куьйгаш дего долийра. Ч1ог1а вуьйхира аматах. Оццул "д1аьвше" хиллера и ши дош, тхуна ду-дац ца хууш. Цу шина дашна вела мел велларг - кхеравелира х1инца, Ражас - Ахьмадах дендерг ган шайна дезарна.
- Д1ахиллахь, Мерем! - эххар мохь белира Ражин. Парти т1ехь, пенехьа волчу Ахьмадана т1е некъ бара цо Мереме бехнарг. Юьхь т1ера бос а бовш, Мерем йистах а иккхира, Ражас, нуьцкъала схьалаьцна, цициган к1орни санна, айвина, ц1аьнкъа виллира Ахьмад:
- Со ву молла?! Со ву?! Шун дас бохура иза?! - дера мохь бетташ, керчавира Ахьмад, дарвеллачу Ражас.
- Сан дешнаш дац уьш, киншки т1ера дешнаш ду! - цамоьттинчу т1елатаро кхераварна, сихвелла бохура Ахьмада а.
- Хьан бахара хьоьга со молла ву?! Шун дас бахара?! - Ахьмаде ладуг1уш а вацара, моха еана волу Ража.
- Ца бахара, цхьаммо ца бахара! Тхан дена миччара хуур дара вай 1амориг, ишколехь доьшуш а ца хилча! - бехира, велха а ийзош, Ахьмада.
Иштта, Ахьмадан "пес йохйира" цу хенахь Ражас. Шен дега ишколе кхайкха, ц1а вахийтанчу Ахьмадана хаа йиш яцара, урок мел хала д1аяьхьира Ражас. Кхин са метта ца деара Ражин. Кирхьа доьллуш, пьесехь яздина долу "Чувелира молла" 1аморан юкъах а доккхуш, дуьйладелира тхо 1амо и бакъйолу, нохчийн къоман сийлахьчу дакъазаллах лаьцна йолу пьеса...
Дуьххьара, шакарца т1ома хоьцу кхокхарчийн к1орнеш санна, ишколо ара а хецна, дахаран к1урк1мани юкъахь тхо вовшехдевлла - дуккха шераш ихна.
Х1инца ойлайо аса: Ахьмадана - синхьехамо хьехна хиллера техьа, шен метте дар нислуш, Ражина аьлла и ши дош? Цунна муха хиъна хиллера-те - мунекъап-1едалехь, мунепакъаш кхиабен хьехархо - Ража цу луьрачу 1едална къайлаха, бусалба динан дешар шена 1амош а хилар? Пет1амат" пьеса - тхан даге йиллар, - шен даго 1осалла а лоьруш, амма цунах ца кхетачунна "шиъ" дилларал совнаха - дов а деш, "моллин" г1уллакхашна ша резацахилар а, цунах эрг1адваьлла хилар а гайталуш, "бусалба" дог берех а лачкъаделла, шина адамехь муха лелавелла хиллера техьа Ража?
Ахьмад я1! Аьрха бер! Дагах ю 1оьттина хиллера цо Ражина!
Хьехархочо Ражас х1етахь, тхо кегий долуш, Советан 1едал а, цуьнан, делавоцу баьччанаш а хестош, хьоьхура тхуна: "Сийлахь воккхачу нохчийн-советски яздархочо Са1ид Бадуевс шен жайнашна т1ехь гойту вайна - моццал зулам латтош хилла вайн халкъана паччахьан 1едало а, динан векалша а, дино кхоьллинчу 1адаташа а..."
Ткъа х1инца Ража-моллас, тхо даккхий а хилла, Советан 1едал шен г1антах а хаьрцина, паччахьан 1едал юхахьаьвзича, диканехь-вуонехь тхоьга олург ду: "Вайн Дала лардойла вайн бераш мунепакъ-1едалан йоза-дешар царна юхадог1удолчух!" Ткъа, тохара, иза 1амацалучу беранна ша "шиъ" х1оттадарал совнаха - цуьнан т1уьсканах "г1айракх" х1унда хьокхура ша, ца дуьйцу Ражас.
Бадуевс, "кирхьа" д1а а диллина, "чувалийна молла" цхьамма кирхьа д1а а ч1аьг1на, "аравалийтина" велхьара - "нохчехловза" хуучеран спектакль чекхъер яра...
Сан цхьана доттаг1чун багара тилпунхула "сиха дош" а даьлла, пайдабоццу х1ума бахьанехь дец1а яхначу несана т1аьхьаваха дезнера сан, иза "ястаелла" яьллий хьажа. Амма цуьнан дас-нанас, шайн йо1 марерачу х1усаме юхаяийтар хьеха а ца дайтира соьга, иза "юхакхачоран", моллегара кехатан-бакъо соьгахь яцахь. Цара соьга бохура: тешаш а болуш, йитина шайн йо1 яцарх а, даггара шайна дацарх а, нахана юкъадовла юьхь шайн хила - виран санна, даимана цхьаъ болу мах а лой, и кехатан цуьрг язъяйтахьара. Дан х1ума а ца хилла - вахара со т1аккха Ража-моллина...
Тхевнна к1елоннахула, японски машинна уллохула, даккхий ц1енойн шолг1ачу т1ег1анна т1е хьалавелира со. Даим санна, уьрсаца баьшна корта къагаре а болуш, цуьрриг а юьхьа т1ехь хийцаваланза, ножан паркетана т1е тийсинчу, пух санна к1едачу кузийн, яккхийрачу чоьнашна чухула б1аьрг бада - чу диллина х1ума а долуш, к1едачу диванна т1е тевжина, уллорчу журнальни стоьла т1е йиллина китайски фарфоран чайнан пхьег1а а йолуш, газета а доьшуш, чай молуш карийра суна Ража-молла. Ражин де дика дира аса.
- Х1а-а-а... Хьо ву х1ара, селькор, здравствуй, издравствуй... - зовкхе хьолехь ха хаьрцира Ражас. - Охьахаал хьайна, д1ора креслон чкъургаш кху чайнна улло а карчаяй...
Цо бохург а дина, могашалла хаьттира аса.
- Могашалла сан дика ю! Ерриге цамгарш авитаминоза т1ера схьа ю, ткъа, вайн нохчийн пачхьалкхехь х1инца витаминийн къелла йоцийла ма хаьий хьуна а... - элира Ражас, ша молла а воцуш, сан хьалхалерра хьехархо волуш санна.
- Х1ара, газетчик (цкъа мацах, дояркех лаьцна, сан заметка районан газета т1е тоьхнера; иза а ешна хилла-кх Ражас!), чай молуш, дийца кечлол айхьа дуьйцудерг! Х1ара... цхьа х1ума хатта аса хьоьга?.. Хьуна хезний - Иван Минтяк нохчийн маттах кхетаран х1уьла ц1енна долуш хилла бохург?.. - цхьана а нохчийчунна дагадог1удоцург хаьттира Ражас, аса нийса жоп ца лахь, сан "т1уьска йохъян", тохара ишколехь санна, къежна...
- Суна ца хезна, Ража-молла... - бакъдолуш, кхеравелира со.
- "Шиъ" ду хьуна! Аса эр ду хьох! Нохчийн мотт ц1енна хууш волчунна бен гоч лур яцара, цо вайн поэтийн, оьрсийн матте гочйина цхьамог1а стихаш! Уьш айса йоьшуш, вайн декъазчу... халкъан фольклоран колорит басаршка а, хьожанашка а... йолу суна. Иза-м - и дара, ткъа, хьо лаа леларий?
Сайн г1уллакх д1адийцира аса. Собаре ла а доьг1на, хьацар тоьхначу хьаьжана, мерахъхьокху йовлакх а дихкина, шена т1е дан - к1езиг г1уллакх дуй сан г1уллакх хаийттал хаьттира Ражас:
- Т1ах1ир-молла волчохь хилла вац хьо?..
- Ца хилла.
- Ахьа арадаьккхинарг бусалба г1уллакх ду, йитина зуда, мухха иза йитина хиларх а, шар1ан бакъонца бен юхакхачо йиш йоцуш, лелийна а, лелош а. Амма аса лелош г1уллакх дац юхакхачоран кехатдалар! Со вахьац. Ч1ог1а жоьпалле г1уллакх ду иза. Со волчохь хьуо хилар а, шена т1е аса хьо хьажийна хилар а д1ахаийта Т1ах1ир-молле, г1уллакх хьан цуо дан там бу. Цуьнан конъюктури юкъадог1уш ду х1ара саннарш. Хьанна хаьа - аса хьуна и "документ" делча, цо императив х1оттайой а суна!.. - аьлла таза велалуш гира суна дуьххьара Ража...
Бакъ а долуш, со цецвелира кху заманан т1ег1анна т1е даьккхина гайтинчу цо парг1атчу моллаллах! Х1ора молла, шен канцелярин стол йолуш а, шех жоп дала, т1ехула хьаькамаш болуш а хиларах!
Ражин 1одикайира аса...
Т1ах1ир-моллас, Ража-молла волчохь со хиллий а, шена т1е хьажийний а хиъча - боккха кхаъ шена хилларха, сан доттаг1чуьнан зуда кхечанхьа маре яхна хилча бен, юхакхачо магош доцчу шар1ан законна т1ехула оьккхуш, ша вуй а хаийтина, 1арбашха яздина кехат делира сан кара, - "Далла хьалхахь жоп айсса лур аса!" - аьлла.
Иштта, динан канцелярешкахула чекхвийла дийзира сан.
1арбийн йозанан хазаллах, Мисаран иероглифех санна, самукъадолуш вара со, т1е кхаьчна-кхаьчначохь, 1арбийн-оьрсийн а, я оьрсийн-1арбийн а гуларш оьцуш а, йозанийн ши хат1 дуьхь-дуьхьала х1отто хууш муххале а.
Т1ах1ир-моллин "документ" теллича, цо бохург - х1арра хийтира суна: "Иншааллах1, г1азотан туьрана кхоьллина волчу Турпал-1елин дуьхьа, Ешуркъан к1ентан Шакалун к1ант 1алаш, хьаре эмкал-айг1ар санна, хьар магадо Минц1ин к1ентан Г1азийн йо1ана Баянтана, шегарчу хьоле хьаьжжина, хьан лено Т1ах1ира".
Со, и кехат цуьнан нахе а делла, сайн нус Баянт ялош, доттаг1чунна - "айг1ар-эмкална" т1е веара...
Эмкалш хьаран болх, цигахь нисделлачу адамна кхераме буьйцу дела, чай молуш, хьем ца беш, ведира со:
- Вовшийн баганех дезар а, далар а лолда шуьшинна Аллах1а! - сардам-м боьллира аса цаьршинна.
Са1ид Бадуевс теллинчу заманахьлера, наггахьчу юьртахь цхьацца бен хилла воцу молла, ямартлоне кховдавала ваьхьна а, кховдавелча - нахе аьшнаш ца вайта, б1о гуллалуш а хилла хир вацара - х1ора юьртарчу, шорттачу молланийн, кхузаманлера юкъаралла х1етахь хиллехьара. Динан цхьа "канцеляри" а шех ца тешо...
Свидетельство о публикации №212031400562