Т1ехьийза к1ентий на чеченском языке
Мусреилан яра дукхахьалхалерчу юкъаяларах йолу «Запорожец» машен. Цу чу а хиъна вахале хьалха цкъа щетка хьокхий, цициган чо а, чан-к1ур а эккхабой, верриг ша чу волуш, 1аьржачу бостонан, шарделла костом-хеча а дара цуьнан, мацах цхьана заманахь Сибарех дигна долуш, Карагандахь немцочуьнга тегийтина ду, олуш.
Цхьана заманахь, т1еоьгучу шахьтин бухахь з1окбергаца к1ора а боккхуш, и к1ора цу бухара, вагонеткашкахь, говрашка хьалаийзабайтина ша хилар хоуьйтуш, кегийрашна ша дуьйцуш д1агойтуш яра цуьнан шира каска, т1елатийна чиркх а болуш. И каска яра х1инца х1ора шарахь чу тойна дуьллуш даима а Мусреилеран берозачу къуьрдигашна. Шен мукъа хан йолчу дийнахь, зудчун а, берийн а кара ца луш, цара шегара схьадоьхуш хуьллушехьа, ша а костом-хечех щетка а тухий, самукъадаьлла ша хилар – багахь туьйсу йир хуьлуш, чухулара 1аьржачу жимачу шишанара насвай балди к1ел та1айой, машенахь кертах оьккхуш 1едал дара Мусреилан. Цуьнан йилланча хуьлура пхьоьхана.
Мусреилан машен яра ша д1ах1отточу цхьана кертан маь1игехь лаьтташ гуш таханлерчу дийнахь а. Хасапхоша жижиг духкучу, кхало йолчу к1елонна хьалхахь луьйш-олуш берш а бара, мел генара а, костом-хечанха вевзаш волу юьртахошна Мусреил а къаьсташ юкъахь. Къамел деш верг а Мусреил вара. Мусреил пенсехь воллушехь садо1уш вацара: совхозехь дечиган пхьола лелош вара.
- …Иншаллах1! - дуьйцура цо. - Хаза г1ан а дайнера суна цу юккъехь, ва Бажг1а: к1айн кхокха айса лаьцна! И г1ан тидийтинера аса цу 1уьйррехь. К1айн заза а, к1айн кхокха а, ша д1асадаьржа а, т1омадолу а к1айн х1ума хьан кхетамехь а дуьсуш, хьо самавалар – диканна хилла-кх хьуна, самаха цхьа х1ума хьан караян. Шолг1ачу дийнахь, ц1ийелла йог1учу сарахь, колхозан бешахь нисвала дезарийца ткъа сан! Со вахнера хьуна… - х1аъ, тоьпана керла бух бан бочаб1аран коржам оьшуш. Лоьхуш а д1а тог1и чу к1оргге д1акхаьчча со, - маржа дуьне я1!.. - туьйранахь санна нисдала дезарийца: шен, и горга дег1ан меженаш а ловзуш, ц1ийеллачу суьйренан нур юьхьа т1е а кхетта, дуьхьала йог1ура и вайн жеро (муххаделахь а, баккхийрачу наха шега бегаш беш а, и могуьйтуш а, юьртара Кхокха яра Мусреила юьйцург. Цунах «вайн жеро» олура Мусреилан дагера забарш йолчу баккхийрачара)! Валла1азамора, Бажг1а, суо цхьанна гарна кхеравелла д1аса ма ца хьаьжира со! Сай санна айаелла йог1уш йолу иза ца къахко, маьрша-могашаллин къамел а аьлла, ша-верриг кийрарчу даге а ваьлла, цунах тешаш, дуьхьалволавелира со. «Дала дукхаяхае хьо дела1, Кхокха!.. Хьоьга болчу безамо дог эккхийтале д1аала меттиг, делера сайна бехнарг, х1ара беш а яцахь, ялсамани а эшац-кха суна!» - элира аса, сайна циггахь тоьпаш тухург хиллехь а ва Бажг1а!..
- Остог1пирлах1! - цхьатерра ца беллалун ши б1аьрг серлабелира ладоьгг1ина 1ачу, кхузткъеитт шерашкарчу, ондачу дег1ерчу Бажг1ан. -Хьозас дуьхьал безам ца бели т1аккха а?! - г1еххьа ша къоро хиларна, шен стомма, доккха лерг мелла а хезачу аг1ор нисдира Бажг1ас, Мусреил-м шена къемата гург ца хилча а…
- «Хьай 1овдал я1! - йистаха г1оьртира Кхокха. - Х1ун оьшу хьуна?» -«Дуьненна т1е сан кийрахь марзо яго яьлла, хаза йолу хьо цхьаъ!» -т1ег1оьртира со, ва Бажг1а!..
- Хьи-и-ийтт! – делира Бажг1ан чуьра.
- «Хьайн ц1ерачу йоккхачу стаге ишттаниг ахьа олуш хилчаххьий – даимана кхерзана х1оаш дуур дара хьан хазачу бето!» - олуш, цхьа хаза, шайн жеройх
елаелира иза, ва Бажг1а!..
- О-х1о-х1о-х1оъ… - Догдоьлхуш хилар - веларца гайта г1оьртира Бажг1а. -Белин безам, белин безам?!
- Лур болуш яра… - со хьалхе ца вешнехь, х1окхутайпа дешнаш а аьлла: «Х1ай везахволу дела, ладог1ахьа соьга, сан теш хилахьа, - со да вериг дерриге Кхокхина д1а ма дели аса! Йийсар дехьа сох, Кхокха, ницкъ бехьа суна, Кхокха, х1аллаквехьа со, Кхокха, нахаюкъа волучуьра ваккхахьа со – йолахьа соьга!» - иштта айса аьлла хир дуй хаьа суна. Сан меттехь нисвеллачо хьан эр дацара иззаниг?..
- Жугтичо листинчу Т1орора эр дар-кха! – ши буй а бина, ластийра Бажг1ана.
- «Суна къена ву хьо» - цо аьлча, цунна ца хуучу х1уманна б1арзвелира со, ва
Бажг1а, - меллиша а аьлла, къежано, шен хаьнт1а ши куьг х1оттийра Мусреила. - Со къонаха а, шурих ц1ий иэделла беснийн бос богуш, эхье а хилла, Кхокхин соьга хьовсийна б1аьргаш хьамкхаже хир доцийла, цу меттехь даг чу тасийра суна Дала. Т1ег1ерта куьг а сацийна, богу кийра а лакъийна, метта а вог1уш, элира аса: «Кхокха, кху бешахь вайша ваьшшиъ нисдина ду вайн дала, орцахвала цхьа стаг а воцуш. Гой хьуна, Кхокха, т1екхетна, хьох куьг тоьхна, т1аьхьа хиндолчунна – «иза бакъ ма дара» - баха, валар а т1е эца, суо-сайн кечван йиш йолуш ву со. Ца воьш хьан наха вуьсурий – сунна юьсура хьо. Вайн махкахь 1асанашна т1е 1асанаш яхча, х1окхул ц1армата х1ума а д1адерзош ду. Хьо суна дукхаезаш а ца хилла, деккъа, б1аьрзонна со хьаьвзича, 1ожа к1ел 1аж а ма бужура аьлла, хьагвеллачу некъахочо шовданна т1е кхаьчча хин къурд а ма бора аьлла, хьан марзонах мерза къурд бан а, хьан сий дайа йиш ян а - сайна лаахь, - хьуна т1екхачийна ву со дала, цкъа хьалха к1айн кхокха соьга лацуьйтуш, г1ан а суна гайтина… Дуьнент1ехь аса х1ора доккху шерах цхьа буьйса а тарлуш, х1ора к1иранах, хьо базара ялийта, к1иранчуьра массой де-буьйса аса воттана карахь а доккхуш, хьан лаамийн сутара лай хилла, шена дукхаеза сте шех кхетча ламаз духу боху молла сайн б1аьрга ван ца везаш, хьайна деза-дезарг доуш, т1едухуш, ирсе дехар дара вайша, Кхокха, йолахьа соьга маре, сан шерашка ма хьежахьа, дала цкъа ирс хьехначу хьуна дашо дахийта делла шераш дай сайнаш-м!» - элира ас, ва Бажг1а…
- Эх1!.. Ма хаза аьлла хилла ахь! К1ант я1, к1ант я1… - тийна велавелла а волуш, лергинчу, боккхачу коьртаца ц1ен пес лестира хазахеттачу Бажг1ан. Ша жижиг духкучу тховк1елхьара схьа мохь туьйхира Бухадис а:
- Х1ай ц1онтарой («ц1онтарой» - лераме олуш дара юьртахь)! Шу мила хьехош, г1адъоьхуш ду те? Тешна а, «вайн жеро-м» яц аша хьехориг?
Цхьатерра самукъне болу и баккхий нах, дегнаш жимий дисна бан а бара,
кху юьртахь жеро хьахош дош олуш хезчахь терсаш…
- Оцу ц1онтарочо а х1ун хоьтту? - жижиг духкучу аг1орхьа ша хьажийначу
п1елгана т1аьхьа букар а вахна, хаьттира нахе Бажг1ана.
- «Вайн жеро-м» яц аша хьехориг бохуш, хоьтту-кха цо а…
- Цунна муха хии иза? – цецволуш, хаьттира Бажг1ана.
- Университет чекхъяьккхина ма ву иза, - поштин хьаькамо Хумп1арс аьлча, Бажг1а сихвелира шена хьахош хезначу керлачу дешан маь1на хаа:
- Умин вирах садеттар… - иза х1ун ду а? – хаьттира цо.
- Иза – д1о гена Г1алахь, жеройн амалш 1амо дешар ду-кха, - жоп делира Хумп1арс.
- Остог1пирлах1! Я остог1пирлах1, суна хиъна дац хьуна иза! И дешар а хилла-кх вайн! – тешавелира дагахь х1ума доцу Бажг1а, цутайпанара дешар а
хиларх. Амма, Бухадис и ца дешна хилар - Хумп1арна хаьий а, цо иштта, шенна д1а бохуш хилар хууш волу Бажг1а юха а Мусреилна т1еверза лууш хилира, Хьозех лаьцна кхид1а а цуьнга дийцийта:
- 1адвиталаш шайна и ц1онтаро: зудчуьнга б1араш байта чоко йисийта г1ерташ воллу иза… Мусреил, йоьхна хьаьвзин Кхокха? Дог дашийн хьан къамело?..
Мусреил - Бухадига д1а вист а хилла:
- Т1аьнах даккхий, ши кийла жижиг диталахь суна, ц1онтаро, декхар хьеда-
луьйтур дац хьуна аса, - аьлла, схьавирзина, бага насвай а тесна, балди буха те1о мотт арабаьккхина саца а бина, туй кхоьссина, дийца д1аволавала воллура - оцу меттигехь т1ейог1у Кхокха шена ца яйнехь!
Хасапхочунна т1ееара Кхокха. Схьанехьа аг1ор б1аьрг а кхарстийна, массарна хазо санна кхайкхош, элира цо:
- Сан «т1ехьийза к1ентий» ма бу кхузахь лаьттарш-м! Х1инца хуур ду-кх со дукха хьанна еза! Бухади, тоьллачуьра жижиг даккхал суна! - ша олу хезча, шайна т1ех1оьттинчу 1аьржачу дийнах кхетта, самукъдалар доьхначу «к1енташна» айаелла, схьахьаьжира иза:
- Схьадахал ахчанаш! - элира цо. - Ша-ша хьалха д1адала къовсавелла ма гац цхьа а! Бажг1а, х1ун деш 1а хьо а, хьайн вортанах кхозавелча санна? Хьо ма вара хьастах соьга баьхнарг: «Мусреил-пиллиге хьо маре г1ахь, Делах дуй ма боу аса, йоссинчуьра хьо лачкъо!» Мусреил, хьо а х1ун деш 1а къошкари санна, костом-хечи чохь гучур а ваьлла? Бажг1анца лелош сайн некъ хилар,
хьастаха бешахь хьайна д1ахаийтача, хьо вац соьга аьлларг: «Цу къорлаьн-диге маре г1ахь дера ю хьо, цуьнга сом доьхуш мохь бетташехь, цунна хаза ца лууш къанлур»!
Ишта хьовзийра Кхокхас шен «т1ехьийза к1ентий». Боккъал къорвала лиъначу Бажг1ана, шена уллерчуьнга хаьттира:
- Х1ун бох цо?.. - аьлла.
- Цо дера боху – ша озийтанчу жижигах ахча хьоьга д1алуо! - лере а таь1аш, ч1ог1о элира цуьнга Хумп1арс.
- Хаззуьйтуш алахьа… - ца хезна кеп х1оттийра Бажг1ана.
- Хьан лергаш чохь эккха йоккхатоп! Делор вац хьо ца хезаш 1еш! «Х1ара» д1алуо хьайн т1ехьийзачу йо1ах! – соьман п1елгаш ловзийна, Кхокхехьа п1елг хьажийра Хумп1арс. Шена хезаш делахь а, т1ех1оьттинчунна б1аьрмецигвьлла, лергашка къоралла хьада бахьана хиллал, ца хаза ч1аг1велира Бажг1а.
- Хезий хьуна, Бухади, сан чоьтах шишша кийла жижиг озал оцу шина пекъарна! Жижиг диъча мукъне чу са дог1ур дацара теша цаьршинна, - аьлла,
ахча а луш, шаьшшина жижиг озуьйтуш дайча, «т1ехьийзачу к1енташка»
ц1еххьашха са деара. Цхьатерра маьхьарий девлира цаьршиннан, юккъехь
стомма аз Бажг1анниг долуш:
- Х1ай ц1онтаро! Вортанан даь1ахк т1е ма яийталахь!
- Вортанан даь1ахкаш дера ю шуьшиъ!.. - шен жижиг эцна, д1айолаелира, ела а йоьлуш, Кхокха.
- Жолам! Хаза т1аьхьараваьккхи Кхокхас шуьшиъ! - шен дог 1абийра Бухадис. - Х1инца ашашимма цунна декхар д1а ца луш, Кхокха - аьлла, ц1е
йоккху шаьшшинна хезча а, мостаг1чу ц1ерал и ц1е къахьлуш, къаналлин «къикъ» чекхдолучу коша кхаччалц къехкаш лелар ву шуьшиъ цунах! Оьздачу зудчунна т1аьхьара пис яккха цул тоьлашха жайна доккхур дацара цхьана а моллас! Бакъонца суна ма йиси х1инца Кхокха!.. - аьлла, хьена ши куьг вовшахъхьаькхира кхоалг1а ваьллачу «т1ехьийзачу к1анта»…
2
Ша боккъал ц1онтаро хиларах теша ца ваьхьаш, ву ша, ала, нахах ца ваьхьна волу юьртахо, аьчкапхьар 1елам-Сонта кхечира, Кхокха гучуьра ма-елли кху пхьоьхане, г1айракх хьоькхуш, ша мекхах йохучу нехан «Жигулехь».
Махкал арахь, шен юьртахошка бораха поппарш хьоьйтуш, беданашна д1ахьоьхуьйтуш, царна т1ехула пелхьо санна, церан хьацаран соьмаш шен кисанахь а хьоьстуш, лелла вара иза, шегарчу пуьтийн язалло цкъа лаьтта вожийтина, лазацавойтуш, нехан рицкъанах сакъоьруш яйина, зоьртала дег1 хуьлучу хенарлара хьагамен могашалла яйна, кху т1аьхьарлерчу шерашца ша а виса. Х1инца, г1еххьалчу къаналле ша г1оьртина-кх хеташ, шен зудчунна ч1ог1а резахилла, ша къайлах леллачу сакъераршка кхин цунах ца уьдуш, шайн кертахь пхьалг1а а х1оттийна, нехан т1етт1аетталуш сеттало машенаш,
г1утакхаш санна, пистиг-ж1аьвнаца горга нисъеш, сираш детташ, могашаллийна кхераме хьожа кийра уьйзуш, тишлуш воллура иза, ша-шех къинхетам боцуш... Четара ца доккху малар бахьанийна хуьлийла иза, я ша-шех бетталучу, нахана кхуьйсучу сонтачу бегашна, цунна ма-лаъара наха ларацара иза! Ша вуьззана къонах ву, - цхьанхьа цкъа аьлла дош накъосташа-малархоша - т1е ца кхачадора цунна, цкъа бина а, шен оьмарехь боьрша къурд шех бан. Нехан аларера шех «боьрша дош» хазийна делхьара зудчунна куравер волуш а вара иза… Ткъа х1инца вогура цунна хьалхахь, шен ц1е йоккхуш, хийла боьрша ларамаза дош зудчо аларах, г1аддайна велавалар бен ца далуш.
Цу баланехь де-буьйса токхуш схьаоьхура иза, ша дуьнент1ехь баккха бисинчу х1инца къаналлин къаьхьачу муьрехь.
Хебначу дилхан юьхьмарш ира а йолуш, четар санна шуьйрачу, 1аьржачу ишляпана к1елахь, юккъехула иккхина, сеттинчу сарагна т1еоьллина хеталуш, даь1ахк юткъаеллачу дег1ара т1е веара иза кху пхьоьханна.
- Ассалам 1алейкум, ц1онтарой! - салам-маршаллица чекхвелира иза массеран марахула, ишляпина к1елла мара кхеториг а хьош, дехьо а, Кхокхас шайна эцначу жижигашка хьоьжун г1опастанара Мусреил а, Бажг1а а боцчарна.
- Кхузара йоьдучу Кхокхех морзахвеларий те моьтту суна суо… - ша т1екхуьъург - аьлла, «т1ехьийзарш» хьовзо элира цо.
- Д1огера ши пис шена т1аьхьара яьккхи Кхокхас, шишша кийлахчу жижигах цаьршингара боьршаллин бакъонаш а эцна! – мохь туххуш, Бажг1анна хазо элира т1аккха Хумп1арс.
- Вайъ! дера, ц1онтарой, бакъхуьлийла ма дац ишттаниг иштта-м! –цецваьлла, вистхилира 1елам-Сонта т1аккха. - Бажг1а! Хьо ма вара цкъа Кура-Закрис стаг ван хьийзийна: оццул к1езгачух вохкавала 1аьмма хилла хьо?..
Дуьйцура, Бажг1ан дас, шен доттаг1а волчу Кура-Закрига д1авелла хиллера бохуш х1ара, шен к1ант, цунна улле ваьккхича, иза санна доьналле
хиларе сатесна. Хьошалг1ахь текха т1е дукха хийшар дезаш а хаавелла, шен б1ах д1аваьккхинера Кура-Закрис Бажг1а, стаг валур вац шега, ж1аьлин гуй чу мотт хьокхучух, аьлла.
- И къийган бен ма1ах бахнарг хьенан газа ю-а? - юха а хьаьжна, хаьттира т1аккха Бажг1ас.
- Курачу нехан ишляпа яй кхуьнгарниг-м, х1ай къоршкъали! – Бажг1а хьовзо элира Хумп1арс. - Кхуьнан цхьаьннан ишляпин механ хьан когарчех итт маьхьси а хир яц!..
Амма Бажг1анна хазацара: Мусреилан жижиган дакъа т1ек1елдеттара цо:
- Хуьйций ахь, х1ах1, хуьйций ахь? – чопанца багах дийларца.
- Ца хуьйцу! Кхокхин совг1ат хийцац! - насвайн туйнан дерз туьйхира Мусреила Бажг1анна когашка, Бажг1ига шена шех цхьа ледарло т1ех а тохуьйтуш:
- Хьоьга шахьтин бухахь к1ора бахуьйтуш 1едало, та1зарна з1окберг еттуьйтучу хенахь, колхозехь «к1айн баьпкан биргадир» лелла вай со-м, кхазахийн зудабераша кхелийн шуреш а мийлош! Ма хууш вац хьо х1инца а, Мусреил, х1ара жижиг хьайна а Кхокхас, сан когаш к1ел хьийзаш хьо нисваларна кхоьссина дуйла! – шиб1аьрг 1аламат инзаре кура бела а луш, дезо 1оьттира Мусреилна Бажг1ас.
- Шаьшшиннан чуте1на меттигаш нисъян, соьгара пхьола оьшуш цхьаъа вуй шуьшиннах? - юкъаиккхира цаьршинна, питана доцчехь 1енцалун 1елам-Сонта.
- Оцу «кудлочо» х1ун хоьтту х1инца а? - шен лерга т1е куьг даьхьира цуьнгахьа схьавирзинчу Бажг1ас.
- Х1ай ц1онтаро, «кудло» бохург муьлхачу маь1нина лерина аьлла ду ахьа суна? - алу т1е берзина ког ша биллича санна, ша лаьттачохь галъиккхира т1аккха 1елам-Сонта.
- 1аьндара, Кудлара-юьртара ваьллачу Махьаммин т1аьхьенах хьо тарвалар дара сан хаттаран маь1на… Цуьнан, шеца охьаялийначу суьлийн зудчо биначарех ву те хьо, я ц1онтароша, шайна моллалла дарна, цуьнга маре еллачу ц1онтарочун кийрара бевллачу суьйлех нохчо ву те хьо? Хьоьгара 1илма-м дуьххьарчарах теро хетта суна… - жоп делира Бажг1ас, ши ц1онтаро кху юьртара вовшашна 1оттар ян цкъа а ваьхьна воцчу х1уманах х1ара пхьоьха цец а йоккхуш.
1елам-Сонтин девне вала йиш цкъа а яцара… Шена, кхоччуш, ца хуучунна велалуш амал яра цуьнан ц1ийца леларг. Цунна хаза-м хезнера, «кудло» - цхьаццачара шайн некъахойх къададо олуш, амма ца кхиънера цуьнан дуьхье. Резавацара иза цу дешан ц1арна. «Кудло», к1удал - ц1естапхьерийн ц1ерш хуьлура кху обаргийн юьртарчу къонахойн ц1ершна юкъахь. Цундела дара х1инца иза тишачу машенан басе вахар а…
- Пес кхошъюьзна ю хьан, Бажг1а,- аладелира цуьнга, - цундела лаьтта хьоьгахь бежан хьекъал! - Т1аккха, ша аьллачунах, ша-шех, велар иккхира цунах.
- Оцу «кудлочо» х1инца х1ун элира? - хаьттира лата т1еволавеллачу Бажг1ас, 1елам-Сонта велавалар - шена йина куралла хетта. Хумп1арс сихха дуьхьал а иккхина, ца яккхийтира цуьнга шолг1а г1улч:
- Песан т1уьска къанъелла ю хьан, - элира цо-м, х1ай къоршкъали, цундела ду хьоьгахь Бажг1ан хьекъал!
- Х1ай пошта лечкъорг! И бохург - со Кхокхина къена ву бохург дац ткъа? - кхин а оьг1азе хаьттира Бажг1ас, ша ца кхетавечунна деккъа дов ша долчу.
… Ткъеуьтталг1ачу шерашкахь, шена ц1е йина вара Бажг1а: НКВД-н белхалошна а, обаргашна а юкъахь з1е лелийна. Чекисташна муьлхха а вен бахьана, цхьанна т1ехьажийна п1елг тоьучу, ц1ехъюьзначу заманахь, шинне аг1орчашха, т1ера мас ца южуш, чекхвийлина вара иза, хьуьнчохь бойъучу обаргийн декъий лембаккхарна юьрта охьакхоьхьург, шен ворданахь, ша а хуьлуш, хьаькамийн накъост а хилла. Шен воккхахволу ваша обаргийн тобанан баьчча а воллушехь, чекисташа цунна т1е лела а, шайна т1е ван а бакъонехь иза витар, вен ца вуьйш - нехан хаттар кхолладала бахьана дара: НКВД-н болх беш вуй те Бажг1а? Амма, ваша а вийра, х1ара а хьийзийра Соьлжа-хин йистерчу, адамийн синойн маьхьарий ца хозуьйту чарх хьийзочу набахтехь. 1ожалла цу чохь ца хиларна дийна виснера, амма та1зарах къорвалар диснера. Т1аккха нехан цкъа хиллачу хаттарна, хан-заманца, ша-шех жоп хилира: «Лелалуш доьналле стаг хилла хьаха Бажг1а!»
Бажг1ан боккъалдерг а, забаре дерг а довза хала дара, цундела юьртахоша шайна атталийна, цо мел олург забаре лорура.
…Оццу хенахь, лахахьарчу ишколан меташканаш-учиталш чохь1айлин ц1ийнера – лакхахьарчу шен доьзалан ц1онтаройн ц1ийне г1аш хьалавог1уш волу «Хуьлда-хьуна-хьайна» - олий, накъосташа ц1е йоккхуш волу, учитар кхечира некъан юккъе – нисса кху пхьоьхане, дехначу адаман боларахь даима волу.
Шен шовзткъачу шеро (жима хетачу дег1ахь ша висна а волуш, х1инца а буьрканах ловзуш, жимахьлера хан т1урнене д1аяхаза ю моьттучу кхетамехь) меттахдаккхаза дара цуьнгара берарчу хенера хьекъал. Цундела дара - иза х1ора дийнахь д1асавоьдуш ловзош карахь футболан буьрка цуьнгахь гар нахана.
Шен 1аьржа палашан шит1ам д1асхьа а кхоьссина, аьрру куьйга лаьцначу буьрканна т1е тоха аьтту куьйган буй а буьйлина, техкаш, нахана хьалха а х1оьттина, бехкбаккхаре къамел долийра цо, балдаш а сеттош:
- Салам-калам, буьркане хьажархой! Г1аш юкъа гол тохийта ца лууш цхьаъа вуй шена?.. Лаа хьийзий шу гезарийн гонехь, доуш-молуш а доцуш? Шашлик-жижигна уллехь Бухади а волуш, букътоьхна лаьтташ, т1ехьашха мийр тоьхна, пен ластийчхьана - Асвадан туька а йолуш юьзна маларх, хьозарчаша шакарш етташ, к1енташка д1акхойкхуш колхозан беш а хилчахь буьрканах ловза, цига довла дезар-кха вай! Соьгахь а карор ю соьме кхоччуш нахарташ. Т1е ца тоьург схьадаккхал хьайн нах лебечу кисанара, 1елам-Сонта!..
- Сан кисанах чекх хьаьжжина эли-кх ахьа: соьгахь а ду-кх нийсса сом!.. -г1ийла аьллачу 1елам-Сонтица цхьаьний Бажг1ас хаьттира к1оршаме:
- Х1ун дуьйцу оцу меташкан майрачо?!
- Хьо, къоршкъалина, ша т1ехьашхула мийр бетта, шеца буьрканах ловза ян яьхьар ярий боху, Мусреилца хьан Кхокха левзинчу беша?.. - юкъалер даьккхира Хумп1арс.
- Кхузахь шена мийр кхетча там хир барий, хаттал цуьнга!
- Д1адовла! - элира «Хуьлда-хьуна-хьайна». - Шух команда хир яц суна! Шайн зударех а, молланех а даьхьар дацара шу дуьненах самукъадолий шайн хаийта! Шух, 1овдалчу нахах лаьтташ, кхоам бу-кх юьртан! Разъяхна буьрка схьаян ваха ца дезахьара, аса буьрка еттар яра шух, г1уркхах санна!
- Хьаьнга лоь и муьжги?! - Бажг1ан бетах чопа кхоьссира.
- Айхьа доьша чуьра доу буька-яй жижиг-галнех баккхийта г1уо боху хьоьга! Т1аьххье ша а т1е вог1у боху, «Вермутца»! - элира Хумп1арс.
- Остог1пирлах1! - кхоччуш цецвелира х1инца Бажг1а. - Цхьаьна мала доладелла Вера а, Мута а, бах цуо? Бакъдуй те и?..
- Д1адовла! - юха а элира «Хуьлда-хьуна-хьайна». - Бертигхула къаьркъан шиша д1амелчо а эр дацара Бажг1ас х1инца аьлларг! Иза цецваллал х1ума дан а дара Бажг1ас аьлларг: Вера – оьрсийн йо1, кху юьртан ишколехь болх бан хьажийна Россера учитал яра, мар-зудчаллица цуьнца хилар хууш а нахана, ткъа Мута – къано вара, маларх кхеташ иза хиларх а, юьртахошна дукхавезаш шегарчу оьздаллийна а, метт-метте олучу нийсачу дашна а. Бажг1ас шена йинарг 1оттар йоцучух, ишттачу маларан ц1е ца хаарна, цуьнгара яьлла 1овдалалла хиларх тешна вара иза, цундела, эрначу къамелашкара вуха а ваьлла, шена пайдехьа хиндолчуьнга велира иза:
- Схьалол хьайгара сом! - луьро элира цо 1елам-Сонте.
- К1езиг ма ду хьан-сан а ши сом… - Воьхна хьаьвзира 1елам-Сонта, иза а, ша а, - шена дика вевзан.
- Т1еоьшучунна г1айг1а ас-айсс бийр бу! - т1ечевхира важа.
- Туьканчу вайша вахча д1акховдор ду аса-айса сайгарниг…
- Г1одаюккъе буьрка тоьхна, букъ иккханчхула кагвалле хьуо аса, схьа луо хьайгара сом, ца боху аса хьоьга?!
«Хуьлда-хьуна-хьайнин» нуц ларалуш а вара 1елам-Сонта, церан тукхамах яра цуьнгара зуда, цундела, иштта забарш цо шеца - невцаца яр, шех нехан кхардар т1ехь дуьсудерг ца хетара цунна, белам а бен. Цунах велавалархьама г1одаьккхира цуьнгахьара Хумп1арс а:
- Х1ай «кудло», д1алуохьа хьайн тунвеше, шен йишин кхаа соьман кехат! Кхин сов хьоьга зудчух лачкъаделла а хир дацара, хьайн кисанахь хьоьга иза соьмашка а даккхалур дацара!..
Шех ц1инц1олгал бохамаш т1ехлелхан, минц1олгал ирсаш т1елесташ вара 1елам-Сонта, чу «х1уп» аьлча чуьра шок ца яьн йолчу сацкъарах вина велахь а… Цунна а бен хуьлийла дацара, цунна т1ех1оьттина х1ара хала киртиг х1инца хийцаялар а: немцошца т1емах лаьцна йолчу киношкахь санна, матцикалахь, ша мичара схьа хахкавелла кхаьчна х1окхарна хуур доцуш, тоьпаш юьйлучух татанаш а дохьуш, 1аьржачу матциклахь схьаиккхира кхуза Селиман к1ентан к1ант, вуочу амалера волу, цхьа а бахьна доцуш леташ нахах йолчу хьог1ан вуьйцуш волу юьртахоша, Селиму – ц1е шех йоккхург. Буьхьиг-к1ажане борзанан эчиг тоьхна испанхойн мачаш а, хечица куртка а, хураьшкица каранаш а 1аьржачу т1аьрсиган дара цуьнан. Ханна - 1елам-Сонтаг1арах вара иза.
- Салам 1алейкум пис йоцчуьнга! - нах лерамазчу озехь элира цо.
- Ва1алейкум салам! Ма дика ду-кх оьшшучохь хьо схьакхаьчна: сом-ком яцар-кха цхьаьнггехь цхьа шишанан пислиг эца а! - олуш, хьалхе яккхарца маракхийтира цунна 1елам-Сонта.
- Хир яра - шу боьрша делхьара! - олуш, цо д1атеттира, шех марахьарча г1оьртина 1елам-Сонта. - Боьршавоцучуьнца гергарло леладац ахчано а!
- Цхьацца сом-м ду-кхе тхоьгахь… - боьршахила г1оьртира 1елам-Сонта…
- Делахь – схьалол соьга! - Селимус ма-элли, вистцахуьлуш, д1акховдийра цу шимма цуьнга шаьшшинан кисанашкара ахча, цхьамма – сом, вукхо – кхо сом, цхьана кехатан бен шегахь доцу:
- Бехк ма биллалахь, тунваша, галваьлла ма хилла со-м шина соьмана… - олуш ша.
Пхьоьханарчу нахалара, жимачу хенарлара и кхоъ д1ахахкавелира шайн самукъненна, цу татанечу матциклахь шиъ а, машенахь - 1елам-Сонта а.
Цу кхааннах яьлча, г1еххьа ц1анъелира х1ара пхьоьха…
- «Ц1еяххана» волу и кхо ц1онтаро - ц1онтаройн ц1е йожийта-м ца хахкавели те? – хаьттира х1инцца шен жижигна ша парг1ата вуьтуш, Бажг1анах вухахьажавеллачу Мусреила.
- Шишан-г1али буьххьера, ц1ен-горгачу дуьнене охьа а юссий, Кхокха суьйренца, к1айн г1ург1аз санна, кура йолалучу беша сада1а бахара уьзаш-м, хийла г1азкхи велхийнчу баьццарчу шишано белабан! Уьш ма бу Ц1оьнтаран к1ентий! Ткъа шуьшиъ х1ун ю? Х1инцца ц1а а яхна, шайн къеначу стешка, «саьрамсекх алссам аталахь», бохуш, жижиг-галан 1аьнар т1е сийна мозий санна, гонах хьийзар йолу ши пашбукъ! Кхокха къевсина, вовшашна муьшка йина а, цхьа а шуьшиннах цуьнца яхье а ца вели, курачу йоь1ан дог - доьналчу къонахчух да'га- далан! Шаьшшинна т1ера шира ц1ерш охьаяхийти ашашимма тахана, к1илловаьллачу эпсарах пагон санна! – дохийна д1адахийтира пхьоьханан таханлера «ц1онт1аралла» Хумп1арс…
Свидетельство о публикации №212033002204