Борг1анера Кура Закри на чеченском языке

     - …Вахар-1ер дика хир ду хьан… Хьан дагара дерриге дика ду… Хьан дахаран хьалхахь лаьттарг хьагаме ду. Набъе хьайна, наб ма йог1у хьуна, на-аб… - саб1аьрзалаза дечу лоьро б1аьргашна куьг ловзош, хьамкхаже набтасаре вохура «хьераваьлларг».
     - Эла санна вехар вуй со? – хаьттира самалхадаьллачо.
     - Эланашна юкъахь а кура эла санна! – дезза элира цуьнга говзанчо. Бат1алс, т1аккха, беранна санна, велар а лелхаш, дикка наб «туьйхира». Ша самаваьлча, уггар хьалха гонахарчаьрга цо хаьттинарг дара:
     - Мичахь ду и лор боху, «Борг1анан малик»? Аса меан санна, шен т1емаш кегдалле, схьадола ала цуьнга суна т1е!..
     «Керстдинернаш а г1ур бу ялсамане а, жоьжахате а», - баьхнарш а озабелира оцу 1есачу дешнех. Бат1ална уллера д1ахьаьлхира уьш, вовшашка кхайкхамаш а беш:  «Довдалаш шайна, вежарий! Вайн телхинчу вешин дешнаш д1а а хезна, маха тоха чуэккхале везахинверг!» Аннийн ц1енкъа лесто яьккхира мехах а кхерабелла, д1ахьаьлхинчу, х1инца,  «ялсаманин наха». Уьш кхин совццане ца севцича,  лергашка боьллина ши п1елг а болуш, ч1уг хьовзош,  юкъаиккхира царна Бат1ал:
    - 1уь11аре-1уь! 1уь11аре-1уь! – н1аьна йоькуш санна. Цуьнан кхайкхарах цхьанна «1уьлли» тарделлехь а, г1еххьа парг1атбевллачу бухарчара, кешнийн бай т1ехь санна, ч1уг тесира:
    - 1уьллилахь! 1уьллилахь! – айана.
    - Мила велла вайн? – хаьттира хьалха меттавеанчо.
    - Кура Закри д1акхелхина. Тайна къоьнах а вара! – хаийтира кхечо.
    - Сан нанас, Хьуьлимата накха белла, сан ваша вара иза! – хаьн т1е ши куьг х1оттийра цхьамма. – Т1ехьаверзийна, маха тохуьйтур болуш а вацара шена Б1ачиюьртахошка! (Б1ачиюьртахой бара диспансаран лоьраш).
    - Кадам хьаьнга бо вай? Валал верас! – Кура Закрица «накха» биъначунна т1ебирзира нах.
    - Сан метта – иза хуьлу велара суна тахана верас… - корта оллийра «верасо».
    - Молла мичахь ву? Молла ма вац тезетахь гуш?..
Массой Бат1алига д1ахьаьвсира. Бат1ал т1аьхьа чувалийна, ца вевзаш царна, хийра стаг вара. Шайн тобанах шайна молла а волуьйтур волуш, барт цхьаъ хилла, дегнаш ц1анделла бацара кху чохь а нах. Бат1ална хиира шех молла винийла. Цхьацца, шишша т1е вог1уш, «тезета» эха буьйлира нах.
    - Ассалам 1алейкум! До1а дехьа, молла!..
Бат1алс, цаваьлла д1алецира куьйгаш:
    - 1овжабиллах1и шайт1анна не1алт! – долийра до1а. – Я везандела, ма-хьеххара дахалурий те адамаш? Цкъа хьалха гейн т1оьрмигаш дузо, езткъе ткъоясна хьожаян марошна 1уьргаш а делла, хьожа – шайн зударех а, церан берех а йохуш, церан т1оьрмигаш дуьзча – шайнаш а дузуш, хьанала къахьегарца рицкъа а доккхуш, дахалаш даллалц, х1ай лайш, - бохург нийса дуй-техьа? Хьанала къахьегча цадаккхалург – къа а ца хьоьгуш т1е дан деллачу хьарамечу  дуьненахь, доккха хьар дог1машка деллачарна - хьалхара х1ун делла техьа ахьа: хьанала кхабабаллал к1езиг доьзал бар, я хьарамах кхаба - дуккха а бар? Дистина лечу бежане а, далале д1акхевдина кхаллийта сийна буц  т1еялийтина хилчахь, гуьра месийн жерочунна зезаган хьожан 1ат1ар делла хилчахь, цергех хи дийла хьожа - кхерзинчу 1ахаран жижигах ян елчахь, кемс мустлун хьожа -
корта хьовзо елчахь, 1елурий техьа мерийн 1уьргаш хьаналчу дахаран къонзин ч1аь1ачу хьожанехь? Хьайн йиш елахь, 1еса ма лорийла ахьа, дела, леш дерш хьуна дала луу, хьан адамаш дац хьуна, гейн т1оьрмигашна т1елетийна мер1уьргаш ю хьуна! Ма-дажжало даьжна а, сий мел доцучунна сийсаздевллачу адамашна гечделахь, хьайн хьекъалца, х1ай везандела! Пат1ихьа… - аьлла ши куьг хьаькхира юьхьах Бат1алс.
     - Дала гечдойла цунна!
     - Лахьта кечдойла цуьнан!
     - Массо а веза-кх д1аваха!
     - Дуьсур ду-кх вайх харц дуьне!
Кадамаш бира наха, верасанна т1ера д1а куьйгаш луш, мог1арх чекхбийларца. Мара а бетталуш, б1аьргех хиш д1а а хьоькхуш.
     - Эх1, нах, Нана-Нохчийчохь а шел тоьлла къонах кхин хир воцуш, оьзда а, майра а вара сан ваша Кура Закри! – велхаийзош дийцавелира «верас». – Б1ачиюьртахула тхойша чекхволуш, шен яь1на д1а-м ца хьовзайора цхьанне аг1ора! Цкъа т1аьхьий-хьалхий х1оьттина, тхойша Б1ачиюьртахула чекхволуш, - ша аьлча, х1инца велар иккхира «верасах», - дагадог1у, айса цуьнга хаьттина: « Хьи-ийт Закри я1, кху юьртарчу Г1аибах а кхерац хьо?» Къежира сан ваша: « Котамашна мехий детташ, шайн ворх1ий да леллачу ц1ийнера мера1уьрг яц ахьа суна юьйцург? Ца кхоьрур-кха, я вазлора, суна цо мехий 1итта - ялайоллу котам-х яций-ца хьан ваша!» Цкъа Закрис сайга хаьттина дагадог1у суна:  «Ярабби Жамболат, т1ехьа а ерзийна, шена Г1аиба маха тухуш, эхьхетий техьа котамна?» Сайна хетарг аьллера-кх аса а: « Эхь ца хета – котамна», - аьлла. «Меана?» - хаьттинера цо. «Меана эхь ма хета!» -  Хета а хета-кх, нах!.. Цул т1аьхьа, шена меъ гича ц1ийлуш, цунна букъ берзош вара сан ваша…
     - И-и… эхьхетачу меашна т1е бат а йиллина, уьш тилийна цхьогал ду-кх со! Со муха к1ант хета хьуна т1аккха?! – ца аьлча ца 1евелира Бат1ал-«молла».
     - Бакъ дац иза! – чуг1оьртира вож. – Шу, наха лоьру нах, шайн кураллаш ца кхуьйсуш 1елуш дац, оха дала а дина, тхайна юккъе шаьш охьаховшийча! Ахьа вийцал делахь суна цхьа а, шен бетаца месаш ийзош, меъ тилийна ву, бохуш, 1еламнаха вийцинарг? Ма вац хьан!
     - Х1арра хьуна гунн, - хьажжий-хьажалахь бете сан! – со ву хьуна и « бат ерг», инжило вийцинарг, шина балдица мас оззийна, схьаэккхийтинарг! Со-со тоьий хьуна, - Кура Закри а, хьо а, шуьша ши к1илло?! – бетах чопатосуш т1ег1оьртира цунна Бат1ал.
     Иштта, «толуш» доллура «тезет», к1айн халат йоьхна Г1аиб-лор… чоьхьаваьлча, цхьа «молла» воцург, «тезетахь» стаг ца вуьсуш, шайн-шайн чоьнашка д1аса ца хьаьлхинехьара нах.
     - Хьуна ницкъ-м ца бинера цара? – хаьттира Г1аиб-лоьро Бат1алига.
     - Кура Закри д1акхелхина вайн, до1анна куьйгаш д1алацалахь, - аьлла цуьнга, шен ши куьг хьалалецира Бат1алс.
      - Хьан бохура хьоьга Кура Закри д1акхелхина? Кура Закриг1ар д1акхелхина хилча-м  тхо а тхайн балхах мукъадевлла хир дара. Хьажал, д1а вог1ург вевзий хьуна?.. – не1арехьа д1ахьажийтира иза цо.
      Санитаро хьалхаваьккхина валош керланиг вара. Инзаре лекха дег1 дара цуьнан. Хаьнт1а х1оттийна цхьа куьг а долуш, вукху куьйга б1оржамаш санна долу мекхаш ирах а хьийзош, аркъалсеттина вог1ура иза. Сих-сиха,  цергашна юкъашхула «ц1ист» олий, тхевнна туй кхуссий, и дакъадаларе хьажа санна, ц1ийбелла шиб1аьрг хьалахьажжийначехь, ц1аьнкъанах ши ког д1алетча санна, вог1алой, ласталора иза. Ша валавеш вог1у лор а белшт1ера схьалоций, шеца ластавора цо. Лоьранна т1ехула охьахьаьжна, туй кхоьссина, элира цо:
     - Дела вайх кхаьрддина дог1а тухур долуш ду кестта! Лахара Кхошкелда 1овраша д1ахьур йолуш ю. Дукхе-дукха маса, Лакхарчу Кхошкелде хьалахьовда боху нахе - Кура Закрис, - алий, цхьа бер хьажадел цига кху делан минотехь! Шайн амантан мел долу
туьканан даьхни – чай алссам! – хьалада а ала. К1омал парг1атонна оза-м дера деза   хьинкъашна чудотта чай алссам!..
    - Х1инцале хьалабаьхкина, хьоьга хьоьжуш 1еш бу! Схьавало, Кура Закри хьо нагахь велахь! – кхайкхира цуьнга Бат1ална уллора Г1аиб-лор.
    - Кура Закри ву дера-кх! Чифир кечдина дуй хаттал цаьрга!
    - Уьш-м х1инцале го а бина бохку! Гуо бохуьйтуш узуш «Чуй-станцинарниг» а ю!..
    - Дера хирг хир яц-кх - Кура Закрис хьалха ягийна бен-м! Шайн зударшна кхехь мижаргаш хьебе цара! Со т1екхачийта ахь царна цкъа! – аьлла хьалхахьа кхиссалуш, схьаволавелира иза…
    Цул т1аьхьа, цхьа хан яьлча, Бат1ал хаза «парг1ат а ваьлла», ц1авеара, психика галъяьллачу адамна дарбанаш лело деллачу лоьрийн кехатаца.
    Хьалха, з1акардаьхнин фабрикехь, х1оъ тосчу балхара (шегара, ша лачкъийна, тилийна котамаш ма-еххи, н1аьнах а кхийкхаш, меашна т1еветтавелча), син1аткъаман больнице  вилла дезна хилла волу иза, х1инца а, бершлойн фермехь йол тосучехь балхахь воллушехь а, н1аьнах кхийкхавалар дицдаланза ву…
    « 1уь11аре-1уь» - кхайкхича иза, цуьнан дагара ца хуу бершлой, эссала б1аьргаш а керчош, цуьнан бага хьовссе 1а…
    « Бат1ал, цецвала х1ун дара Борг1анехь?» - бегаш бечух, шега цхьамма хаьттича, Бат1алс баккъалла, забар а йоцуш, олу: « Цецвала х1ума дера дара - ша д1авихкина латтош воцург, шен метте схьавалийна стаг цу чохь цхьаъа хилла ца хилар! Даккхийрачу къоланийн - 1едалан наха, со санна болу курхалчаш хьийзо йиллина хийтира суна и меттиг…»
    Амма цунах цхьа а тешац: цкъа хьерадаьллачу ж1аьлина топ тохар дезна ву массой…   


Рецензии