К1енташна т1ера на чеченском языке

         - Сан хьеший, тишвеллачу сох ца кхаьрдаш,сох хьалхалера стаг а хетта, тахана генара а, гергара а вовшахкхетта, со волчу даьхкина шу. Сох хьаьгар доцуш шаьш, карий шуна сан вахаран чеккхе... 
         Иштта къамел долийра х1усамдас, шен яьссачу стоьлан гонаха охьахевшинчу хьешашка:
         - Х1усамнана пеношна юкъахь цкъа хилла а, нехан йолчу хазачу ц1енойн чоьнашка хьаьжча, са а гатлой, шарахь цкъа цо кир тухуш хилла, яьсса х1усам карий шуна сан. Кху муц1ар-кора т1е - д1о модашъюьзначу не1аргара, когаш1уьйра биллина аса некъ а къаьста хир шуна, - хьербевллачу нехан ц1а чохь хуьлу боху х1арра некъ. Шуна хьалхахь лаьтташ ю - тохара, кху чохь сан х1усамнаналла кхехьначу зудч-бехчалге, качвеллачохь, эцийтина стол. Со соьманна б1арзвелчахь, и хаза дош - «похмель» ян йиш йоцуш, сан оьг1азен б1аьрг яьссачу шена т1е бог1абайта. Шун х1ораннан к1елхьара ж1айн-г1ант а, шена т1ера мотт д1ахьарчоза - лаххар а - цхьа шо хир долу, х1ара дечиган маьнга а, колхозан хьаьвданаш санна, сих-сиха кеглуш а, къуьйлуш а ду. Иштта, накъостий, х1арра бахам а болуш, могашдоцуш – дег1 аьлча а, - ша шолг1адаьлла «ж1аьла» а долуш, шуьца охьахиъна 1ен - валлалц хан йоцург, - доьналлин накъост шуна сох кхин хир воцуш, сан д1абаьлла болх карий шуна, ца моьттуш шу хилла хиллехь а. Харцдерг дуьйцур дац аса – дац соьгахь горга шай а! Шаьшша аша цаеънарг, шуна стоьла т1ейилла юург-мерг а яц. Дуьнен т1ехь х1усамнана – х1усамна тайна хиларх, шу хьаго, шуна гонаха хьийзар яц хаза а, оьзда а стаг, - цунна а оьшур вацара, шуна ма-гарра волчу - сох волу мар… Сан йиша-ваша а, да-нана а ду. Царна к1ант хета а, ваша хета а - ас х1ун некъ битина кийрарчу, дог олучу - боьхачу «ж1аьлийна» т1е! Нахаюкъаваьлча - я лерам бина, я къинхетам хилла - дог эца, - ж1аьлел башха, со тергалвеш стагга вац. Кху шина шарахь дуьххьара, сан къена нана йоцург, сан тховк1ел х1иттинарш шу ду шуна, к1ентий, доха ма дохалаш! Шуна баркалла боху аса, даьхкинчу! Мелла а дика т1еоьцур дара аса шу, сайн таро хилча… - сецира х1усамда.
        - Ванах Хансолта, вай вовшашна  мел девзаш хиллачу хенахь, цу генарчу махкахь, масех шарахь, хьан каракхаьчна хьанал даьхни - нисса ах лерича а, - кху аг1орчу махкахь, хьан хьоле кхача стагга хир ма вацара, - стенга дахна хьан даьхни? – хьешех цхьамма, цеццо, шега хаьттича, х1усамдас, г1еххьа ойлайина а, декъаза вела а къежна, беа пенан цхьана соне а хьаьжна, элира:
        - Бакъдерг - ма-дарра дийца хала делахь а кийранна, - х1ара, сенаш долу, лелинчу ангалина юкъа х1уп бохуш, цхьана къеначу г1азкхичо дина стака гой шуна? – лахлуш, охьа а кхевдина, стоьлак1елхьара схьаийцира цо, ша дуьйцу и тамашийна стака. Иза дара - гобаьккхина цергаша аьгна.
       - Кху чухула, цкъа д1амолчун мах - боккхачу доьзална денна даъал бепиг эццал а болуш, т1урнене, сан корта санна, д1адахна-кх сан мел хилла даьхни!
       - Вай, ткъа х1инца болх бан могашалла цахилар – х1ун лазарш долуш 1аш ву хьо? – шега юха а хаьттича, дерачу дехаре элира цо:
       - Вежарий, хьийза ма вейша со: кийрарчу, дог - олучу меженна ч1ог1а хало хилла-кх шун хеттаршна дуьхьала ц1ога лийзо! Нагахь, шайн арарчу машен чохь малар делахь, со б1арзцавеш, схьа чу дайша иза, шайн делан а дуьхьа! Х1ара сайн, суо дакъазваьккхина стака буьззана, хьалакхиссалучу  кийран т1е д1амер дар-кха цкъа!
       Хьешаша бийла а белла, чехка х1ара стол маларх а, даарх а йоьттира. Царах хьекъална сихачо х1усамден стака а буьзна, иза парг1атвоккху дош а элира:
       – Х1усамда, эрча ма вийла хьо, хийла эланах ялхо вина хьуна вай ваьшша молучо а! Хьайгахь йисинчу маршонна т1ера д1амалахь х1ара!
Х1усамдас дукха чехка д1амелира. Т1аккха, массарна гуш, цуьнан юьхь т1е хьацар туьйхира. Цуьнан къинхетаме хилла г1ийла хьажар – къинхетамзечу, буьрсачу хьажаре делира. Цуьнан дег1ахула тодаларан тохадалар чекхделира. Д1адоладеллачу сакъерарна т1ехь 1иттарше делира цуьнан къамел:
        - Дагадог1ий хьуна, Махьма, Оренбурган цхьан к1оштахь вай цкъа балхахь долчу цхьана шарахь, со а, хьо а – вайшиъ Марусяна – цхьанна т1аьхьаваьлла?.. Хьоьца а, ша чаг1ар бен молуш яц бохуш, чаг1ар молуш хиллера цо, - синкхетамчуьра, хьоьца а йолуш, ца яла: хьанна хаьа хьо х1ун адам ду!.. Ткъа, соьца къаьркъа а молий, соьга ша текхаяйтора цо, цу дала ша д1аэцца хиларо! Делан а дуьнен т1ехь хаза а, онда а меженаш йолуш стаг а ма яра иза! Вайшиннах, милла бахьанехь а, боккъала ша юьгун йолу, и цхьа тайна к1ант - Костик, дог а дохийна, цу шен махкара а д1акхалхийра цо. Пусар дийр долуш стаг яцара хьенн-хьеннан! Цкъа цхьана суьйренца, и шиъ кулубехь хелхадуьйлуш ду аьлла хезна, вайшиннах суна кхаж а баьлла, со вахана дага ма дог1у хьуна?.. – самукъне кеп йолуш, велавелла вара х1усамда:
       - К1ентий, аса и меттиг тхайн, юьйцур ю шуна… Хьеший сан, шу х1ун деш 1а багош а г1аттийна, дала вайна тахана делларг мала а молуш, даа а дууш, д1адуьйлалол! Йоцург - паччахьна а эшна! - и шен цхьа стака рог1анна, цхьанна хьалхахь буьзира х1усамдас. Малар дотта а дуттуш, вукху куьйга, кхечу амалехь, ж1аьлех тера, сихвелла юуш а вара иза:
       - Д1амалал, сан диканиг, сан ваша... К1енташна т1ера! – олуш, шен къамел х1усамдас д1адахдира:
       – К1ентий, д1акхаьчна со, т1аккха, цкъа легашад карчош, легел чоьхьа поллитр а яьккхина. Хелхабийларш ду, вайна ма хаъара, цу куьпара хаза а, товш а мел ерг д1агулъелла. Локхуш вальс а ю, чуччадахана хелхадалун шишша а ду. Вайшиннан Маруся а, маравоьллина шен хир волу майра, Костик а волуш, г1адъяхна яллийца! Суна хаа а луш, со гича букъ ма берзабора боьршачо – соьгахь боцчу безамна! Магнитофонна уллохь лаьтташ вара и ц1ен маж-мекх дерг… Цуьнан ц1е х1ун а яра-а?.. Цхьана юкъехь, хьайн тунваша вина а лелийр-кха ахьа иза, Махьма, вайн «несо» со веза шена аллалц?..
        - Степан.
        - Х1аъ, дала цуьнан ц1е хьуна йиц ма ярг! Степка - харцахьара бер дара, нохчашкахь безам боцуш. Цкъа, цунна х1уьттарена, цуьнан йиша – и хьан Клава а эцна, «Ор» чу, "Баре" ма ваханера со… Шолг1ачу дийнахь, йийн туькан хьалхахь, «Ж1аран» урамехь суна т1е а веана, бохура Степкас: «Хьо нагахь аьшпашца, сан йиша 1ехийна, цуьнца сийсарлера буьйса яьккхина велахь, цунна хьалхахь, иза къинтеряккхаран корта та1он беза ахьа, нагахь, иза боккъал езаш велахь, Загсе доьлху де билгалдаккха деза». Аса шега аьлча:
«Ц1ен маж яьн йолу т1аьхье дагайоьг1на лелаш вац со», - ц1азах декаш, цхьа хаза, т1ара туьйхира цо суна, - «боьха х1ума» - багах дош а оьккхуш. Цхьадика, вайгара шайнаш доьхуш лелла, цхьа Лешка бен, тхойшиъ ган стаг а вацара гонд1а. Девнехь хьалха кадаьлларг - тоьлла лоруш со велахь а, охьа а виллина иза, т1е мийр тоьхна-тоьхна, д1авелира со цигара, Лешкин кисана, йий мала сом а 1оьттина. Х1аъ, дуьйцуш варий со-м… Магнитофоне эшарш лакхийта х1оьттина волчу, цу Степкина т1е а воьдий, локхург саца а йойтий, хелхаршдечу аса мохь тохийца, курра: «Хьан боху со сайн ц1ахь вац? Сан мохк бу-кх - сан Маруся х1инца соьца хелха яьн йоллу чоь!» Цхьаццаболу зударий, шайн майранашна хьалхахь сох 1овдал ван а г1ерташ, вуьш – веххачуьнца г1уллакх хила ца дезий хаийта г1ерташ, со тергал ца вен кеп цара а х1иттош, Марусяна т1е а воьдий, Костик цунах белшца д1а а тоттий, аса иза сайца хелхайоккху. Оцу буса а юьгу ас Маруся… Валлах1и, асачул дукха ма мелира цо къаьркъа! Цундела, иза яха а ехира. Дала божаршна хьарам яриг, хаза стаг яра иза! Вай т1аьххьаре цигара бухдовлуш, суна а йилхира иза, - ша х1ун дан деза хиндолчунна, - бохуш. Пхеа баттачохь ма йитира вайшимма иза… Хьоьга а баьхна хир дара цо изза. Аса элира: «Т1аьхье яларх дала ларвина ву со, галъяьлла хьо, хьайца чаг1ар мийланчунна г1ой, елха». Хьуна а йилхина еанчух, ахьа а аьллачух теро дара: «Хьайца къаьркъа мийланчунна г1ой, елха»! Харц ж1аьла-м хьо а ду-кхе! Суна тохийтира ахьа цуьнга, вайшинне тоха дог1уш долу, вон юьхь ягон т1ара! Иза дагадеъча - х1инца а зуз хьоду сан б1аьштигна! Вайшинна не1алташ кхайкхош, Костин ц1е яхарца, цуьнга - шена къинт1еравалар дехарца, йоьлхучохь иза а йитина, со ваг1ар-кха… Я сом а ма ца кхоьссира аса цунна, дог лезна а… Х1инца, наггахь, иза дагаеъча, цхьа ойлайо аса: «Ванах, цунах и са дуьненчу даьлла хиллехь, шина ц1ийх хуьлийла а дуй техьа иза?» Иза муха а хиъна хир ду цунна, Махьма, шен беран да, вайшиннах муьлха хиллера?.. Ца лелош х1ума ца дитина, к1ентий. К1енташна т1ера д1амала вай? – стака цхьаъ хиларна, йог1уш а раг1 шена т1екхаьчча, ша-шена буьззина а боьттина, д1амала хьалалецира цо стака. Цхьа х1ума дагадан хьийзош, цергашца балда а къуьйлуш, цуьнан хенал хьалха хебаршка ихна, беран шиб1аьрг стаки чу дукха хьежарна г1елъелла юьхь, г1еххьачул кхиссалуш лаьттира. Легех схьаяллал ч1ениг ирах а г1ортийна, элира цо, т1аккха:
         - Москох, Мытищи шех олучу шахьарахь, аса цхьа к1езиг хан йоккхуш, дагадог1у суна, цхьана сайн езарго сайга аьлларг… Куьг ша-шеха хьалаоьхуш, садетталац, д1амолу аса цкъа… К1енташна т1ера! – аьлла стака д1а а мелла, мере буй а оьхьна, цигаьрка а латийна, дийца долийра цо:
         - Нисса ворх1 батте ваьлла, цуьнан да-нана дехачу квартирехь со 1аш волуш, чуьрнаш а, арахьарнаш а, иза айса маре ялаярх тешош, цкъа х1оттийна яьлла стол а йолуш…
         - Ялийна аьлча а - хьуо цуьнга маре вахана волуш, - алал ахьа нийса! – нисдира хьешех цхьамма, вела а луш.
- Х1ай-х1ай! Хийла дин вай, к1ентий, маренаш! Х1инца, дикка, д1алахавоьлча, кху вайн чухула карор ма яцара вайчул сов маренаш дина Райса!.. Дуьйцуш вай со-м. Цкъа иштта, цу Мытищехь, цу йо1е маре а вахна… хан йоккхуш вара со. Дала ша д1аэцарг, куц шен Дала вайна хьарам дариг, хаза йо1 яра иза! Цунчулла мерза шен мар хьаста а, шех 1ехо а хуу сте гина яцара суна йилбазашлахь а!.. Цо х1ун дорий? Сахиллалц бохург санна, бетта к1ел цкъа а цхьана а стена иштта кочалла хьаьдда хин йоцчу кепехь, тхойшиннан хиндолу дахар, со хьоьстуш, дагардора, кепекан биста кхаччалц! Кестталг1а иза институт чекхъяьккхина а йолура, цул хьалха, тхойшинан доьзалхо хила везаш а хуьлура, хьалххе оьцуш, бер хьарчо т1елхиг а хуьлура. К1ант хилахь – цуьнан ц1е - Казбек а яра, йо1 хилахь – Лайла… Шен дешаран говзаллица, ден з1енашца, иза меттигерачу заводе хьаькамалле балха а йоьдуш, со - машенахь иза лело а. Дас-нанас, тхойшинна, шайн берашна, хахка машен а оьцуш. Х1ора аьхка сада1а х1орда т1е а дог1уш, со винчу лаьмнийн махка хьажар а долуш. Доцца аьлча, сан метта а ойлайийриг иза хуьлура! Сахиллалц суна, шен ч1урах со вулуьйту эшар лоькхура цо. Ткъа, со-м, дагахь цунах вела а воьлуш, сайн хан т1е ма-кхеччи, - «1одикайойла», - эр долчу ойланехь ма хуьлура. Дийнахь иза лекцешка йоьдура. Со сайн сакъера воьдура. Къаьркъа мала юкъабоьлхучу кондаршлахь, со сайн, иштта олучу - зудчу магнитофон жерошна а лекхош, мокъалвала 1ара, шишанца аркъал а волий, сайна хазъелла жеро яха а еш… Вайн кхин х1ун дисинера!.. Делора, к1ентий, массо х1ума - цхьа сом а сох тешийна ма дара церан, дас-нанас шайн к1ентах санна! Цуьнан дас мел дог эт1адора сан, шайна хиъча! Ларисина оьцуш йолу аьхкенан коч, пхьуьйшаш деханаш эцча, - хьуна хетий бакъахьа, суна санна, - хоьттуш а. Я цуьнан тупленийн к1ажаш а х1инца лохийра хила дезар – соьга ч1аг1дайта г1ерташ. Я – марехь ма ю иза, кхул хьалхалера беран х1уьмалгаш ма ца оьшу марехь йолчу зудчунна, айхьа а алал ахьа цуьнга, хьо майра ма ву цуьнан, - со ч1аг1ван г1ерташ. Я кхидолу, вай санначу к1енташна аьхса мел дерг хоьттуш… Цунна, 1овдална хууш хиллехьара, суна цхьа а бен доций, цо йо1ана, Ларкина коч - пхьош деханиг эцча а, я некхаваз гург эцча а! Суна - бен доций, со вовзалц а кхечарна хилла йолчу, суна ша йовззалц - боьршанашка балдаш оьхьуш лелла хир йолчу, оьрсин Ларкин тупленаш х1инца а  шаьш хьалха ма хиллара хиларх! Т1аккха, дуьйцуш вай со-м… К1ентий, цхьа г1енахь санна, мерза хан текхи бохург дан а дац! Цкъа тхо охьахевшина 1аш долуш, оьрсаша ма аллара, «доьзална юкъахь», со цигара вадале масех де хьалха, Ларкас со мара а воьллина, ладуг1уш цуьнан да-нана а, йиш-ваша а долуш, аьлла дешнаш х1инца а дицделла дац суна: «Лаьтта т1ехь цхьана а зудчунна шена т1едан лаа кхин доккха ирс хуьлийла дац, шен кийрахь бер тохаделча, шена уллехь куьг схьалаца цу беран да хила лаарал сов». Цуннадайна, к1ентий, сан де доьхначу дийнахь, суна уллехь шу хила лаарал сов, суна хила лаа кхин дика дац шуна! – олуш стака мелира цо. 
       Хьеший цунна стака аьхна а бина, вовшашка цхьацца, къамелашка а бевлла, цкъачунна шайн х1усамден х1ара тиша дахар а дицдина, дикка самукъадаьлла бара. Церан къамелашка ладоьг1ча, я цаьрга хьаьжча, и накъостий шайн шира доттаг1а Хансолта санна, цкъа х1инца а цхьа а шайх, Хансолтичунах, ша-ша воьхкина, шен стака боцчух хеталур дара. Хансолта а шен маларан раг1 чекхъяьллий а хууш, юхакхаччалц г1еххьа хан ер юй хууш, и хан а лаьцна, шен хьеший санна, х1ара шен тиша, дайнадаьлла дахар диц а делла, самукъадаьлла вара, уллерчунна мараветталуш, воьлуш а - воьлхуш а… Хансолтина хазахетар дан дукха х1ума ца оьшура: цунна тоьура, стаг – стаг кхайкхо, цунах бисина ах стака а.
      Кху чохь, Хансолтин дечагмаьнга, цхьана йистера истанг хьалакерчича, ч1ор даккхазчу хьекхийх бина хилар а гучуделира.
      - Могаш вац, ахьа бахахь а, хьо-м хьуьнха а вахалуш ма ву! Х1ара хьекхий-м - кесталг1а даьхна ма ду, Хансолта! - забар ечух, цхьамма маьнгин хьокхи т1е куьг а диллина, элира. Делахь а, цхьа а Хансолтих аьрха вер воцуш, бегашийна беларш а хилла, юкъахдисира иза.
      - Суна-м, Хансолта, хьан ц1ийнан маь11е йина г1ортолаш а ма гира. Ахьа х1уъа дийцахь а, ницкъ-м уьш г1иртийначу хьоьгахь - домкратехь санна бу! – т1ехтуьйхира кхечо.
      Иштта, Хансолта адамийн хорша нисвечух, забарш а еш, сакъоьрура х1инца хьешаша. Цхьана заманахь, Хансолта - куьцана хьалхаваккха а мегар долуш, зоьртала дег1 а долуш, товш къоьнах варий  хааро, - х1орш гулбина бацахь а, Хансолта цхьаннен дагахь доцург олуш а, харцахьара лелла хиларо а, жимма цуьнан самукъадаларо шайна ма-хетта хан токхуьйтур яцар техьа шайга аьлла, вовшахкхетта бара х1орш. Цундела, Хансолтига ша «г1у чу» вожар дуьйцуьйтуш, самукъадер долуш вара х1ора а.
      - Тхан доттаг1а, Хансолта, дийцахьа, хьо муха вуьйжира «г1у чу»? – хаьттира беламе Хансолтига.
      - Дера, к1ентий, - аьлла Хансолта а тохавелира, - кху х1усамна чохь х1ара сан тентаг корта буьззана чухьажа куьзга хилча, цкъа цу куьзгана – г1у чу санна, чу а иккхина, йитина зуда санна, айс-сайха дог лозуш, ах1и-декъехь воьлхур ма вара со. Сайн, генна, цу чуьра хьалахьаьжча, лекхачу гу т1ехь дисина долчу, малх схьа а кхетачу, малх чу а бузучу дахарехь, со наха тоххара коше д1авоьллина хилар а хаийтина, къарцалучу дагна, цкъа а самацавала наб кхетуьйтур ма яра аса сайна. Мел мели а дезаш вала воллуш хуьлу. 1едало массанхьа кемсан хорха хьошуш мел доккхуш долу чаг1ар сайна цхьанна ца тоарна кхоьруш, б1аьрмециг ма ву со. Х1инца, кху сохьта, сан раг1 хьалхаяьккхина, аша суна сан стака ца бузахь, валлах1и, вай г1ондолчу лахьтанора, дегабаам бийр ма бу аса шуна, нанас декхачуьра даккха г1ерточу беро санна! – ша аларций, кхечунна хьалхара стака шена хьалха теттира цо, маларан раг1 а йохош.
      - Гора к1ант я1! – олуш, стаки чу къаьркъа 1анийра цунна. Шен стака сихонца д1а а мелла, балдех буй а хьаькхна, къамел д1адахдира юха а Хансолтас:
      - Дала хаза куц дерг - вайна хьарам йинарг - цхьа езарг яра сан Волгоград-шахьарах - Идалал дехьахь! Хаза стаг яра иза, шега хьаьжча, ша еззал ницкъ боьршачу хьоьгахь тоьар буй техьа, - хьайга хаттийтина, хьох велхар оьккхуьйтур долуш! Ницкъ бинера аса цунна - коьртара пес яьккхинчу шайт1анна санна! И цхьаъ яьлла сан аьшпашна т1аьхьакхуьуш. Вайн цхьа 1едал ду-кхе, д1аевззинчуьнга, хьо цхьаъ бен оццул ч1ог1а езаш хилла вац со, олуш. Аса мел баьхна иза! Хаац, х1инца и зударий цхьаьна а тоьхна, суна хьалхахь д1ах1иттийча, царах эхь хетарна - гилдагаш а девлла, лийр ма вара со, к1ентий! И Любка, ша лаьхьа санна, кхерамна дуьхьалйоьрзуш стаг яра: ахьа бахьа а баьхьна, оцу хазачу б1аьрга к1ел цунна буй тоьхча, 1арждарг а йоккхуш, юхакхетарг хилар хьуна дагчу а дале, схьа ма тохара цо, паста санна, хьан балда а оьккхуьйтуш! Оццул, майраллин са схьаэккха доллуш, харц хьакха дара иза! Цуьнца цхьаьна суо чохь висча, цунна еттий а, цо суна еттий а, летта к1елдисна ж1аьла санна, хьухвулий, сацадаккхалуш ма вуьсура со. Аса цуьнга бохург х1ун дара? Къонахчо санна, веккъа, со цхьаъ бен ма веза бахар дар-кха! Ткъа, цо, - шена со ца веза, даго т1ецалоцу, шен кхин безам бу, 1адйита ша бохура. Маларна бен ахча д1а ца хецалуш, суо кхеташ а, молуш а мел ву, цамгар ю соьца. Цунна ца духку сом эрна доьдуш хеташ. Х1инца а х1ара чоь юзуш деши сайна аша охьадилча, деккъа молчунах бен д1адухкур ма дацара аса иза, делавазлора! Аса цу Любке массо аг1ор ца дуьйцуш дитина х1ума дацара. Кху дуьнент1ехь а, хилахь – эхартахь а, цунна т1аьхьаравервоцуш, цунах хьаьрчина къа суо дуй а хаийтинера. Ша ирчаерг хилча а, хьан пусар ца дечу зудчун дог, хилаза ба1ар санна, к1он и хиларх а, къарцалуш, охьа а дожийна, куьйгаш а маждеш, баттар а даьккхина, т1е ког тоьхна, т1ох – аьлла, дохадарал сов синкъерам кху дуьнен т1ехь кхин безна а вац со! Кхин иза сайна т1ейоьрзург а ца хилла, ахча дохка волавелира со цунна, цхьацца бен карош йоцу, импортни т1елхигаш оьцуш цунна. Оцул сов, иза балхара ялале, зезагийн ц1ов оьций, цунна дуьхьала ма воьдура со х1ора сарахь, вайна, вайнахана иза эхье г1уллакх делахь а… Дукхачу къаьркъанна харж йира аса цу хьакхина! Суо валлалц, дала суна яздинчу рицкъанна луш долу сом дерриге Любкина доьхкина хир ма дара аса, иза сайна т1еерззалц, - оццул хьераваьлла вара со цунна! Эххар, караерзи ас… Хьакхар хьаькхча санна яра соьца т1аккха. Сайн дог 1аббош, цунах кхарда а кхаьрдаш, вай ц1енна, мареяхана зуда санна, д1ах1оттийра аса иза цу ворх1 баттачохь, делах санна, сайх тешнарг… Валлах1и, изза дан г1ерташ, иза сайх хилла моттийтинчу оьрсичунах тешо г1ерташ, со шен к1ажи к1ел ловзон хила ма-веззара ву моттийта г1ерташ, цара кхобучу херсешна диларш оьций ма воьдура со бедана... Оццул суо тхойшинан дахарна тешаме хилар ма гайтира аса!
Иза леяран хан чекх ма-елли, леррина, цуьнан догдохадан, догдоьхна иза сайна яйча - айс-сайх воккхавеван, - эцца, изза хьакхарчий кхобучарах жерочуьнца сакъераволавелира со. Эладитне баккхий зударшна къайле а ца юьтура аса сайн керлачу безамна. Керла кхоллабеллачу безамах дерг, шайн куьпахь, меттабуьхьера дожа а кхиале - д1асахьойца оьрсийн «поштан зударша».
Цхьана буьйсана, со сайн керлачуьнца молуш а, иза хьоьстуш а, - чутийна воллуш, хьераяьлла зуда санна, не1 а кагъеш, тхойшинна чуиккхира, сох берахйолу Любка! К1озарш а лецна, коч а эт1ош, ц1аьнкъахула текхийра сан жеро цо. Цуо циггахь суна ластийна хилла, «бомба» - шех олу чаг1аран, доккха шиша сан коьртах кхетна хиллехь, со, х1инца, к1ентий, шуна юккъехь тахана хир а вацара, х1ара сайн стака мала! Цунна - аса, дог а дог1уш,нуьцкъала туьйхира! Иза, ца тешаш, елхар а лелхаш, соьга а хьоьжуш, пенах гал корта а тухуш, елча санна, юьйжира. Аса иза циггахь галъяккхарх, х1инца тахана сан доккха хиндолу бер а доьш, аса д1адийкхира цу хьакхина, юьхьенца цо соьга мел лайтинарг. Сте хиллехь а - къонах стаг хиллера иза: со суьде ца велира цо. Со-м ала г1ертий, к1ентий, цо соьга аьлла хилларг: «Стиглахь дела велахь а, я вацахь а, айхьа вела а воьлуш,  бер дийначу ненан маьхьаран не1алт а тоьур ду, мохехула хьо лехна, хьох даха!» - элира цо соьга. К1ентий, суна хетарехь, оцу не1алтана карийна со!.. – велхаозийра Хансолта. – Иштта, вуж-вужуш вуьйжира со г1у чу…
      Шайн хилларш дага а дохкуьйтуш, дуккха 1ийра уьш столагонаха. Хансолта массарел хьалха вехира.
      - Омска к1ел… - аьлла юха а д1аволалуш воллура иза, амма, кхин ладуг1уш цхьа а вацара. Стоьла т1е охьаоьху Хансолта кхид1а шайца 1елург ца хилла, айана ваьхьна, шен хьекхийн маьнги т1е виллира хьешаша. Хансолта я наб кхетта а воцуш, я сема а воцуш, цхьа инзаре, баьссачу беа пенан цхьана соне хьажар а долуш, сурт даккха д1анисвича санна, къажаме хьаьжна 1ара. Ткъа, хьеший д1абахан а бетталуш, самукъадаьлла а хоьттуш:
      - Хансолта, юхаъ дийцахьа хьуо г1у чу вожар, - ирахь а хьийзина, эххар, д1абахара.
      Хансолта, 1одикаян г1оьртира, хьала а айалуш. Корехула царна т1аьхьа а хьаьжна, охьавуьйжира юха. Б1аьргаш диллина дара цуьнан. Цуьнан хебаршка ихна мокха, иръелла юьхь къежна яра. Юха а ша-шега, ша «г1у чу» вожар дийца велира иза, шен хьеший д1абахна хилар хууш шена хиллехь а:
      - Со г1у чу вожар дийца боху аша, к1ентий? Къен дахар ду сайниг… Сан, вижа-г1атта, х1усам-м дера ю, ша сан хьолах йина яцахь а, т1е ца кхеташ, ша лулахойн къинхетамца – г1ортолашца ирахь лаьтташ елахь а. Арара хан - боданашка ма-лестти, т1аьххьара синбилгалонаш – гонд1арчу, аса ца дийг1инчу, къеначу дитташна к1елахь, г1аш дегорца д1а ма-яйн, т1ера ч1ор даккхазчу хьекхийх бина маьнга, къаьркъанчанна к1елбаьлча кху чохь - сан а хуьлуш… Нахана - сада1а буьйса йоьлча, суна – къаьркъанах белла, цхьаьна мийлина, сан накъостий дуьхьалтуьйсу къемат-де кхочу, царна евлла ма1аш а, девлла ц1огарчий а гуш… Мукдехкий а, дехкий а, кху чохь пенашца 1ен, буьйсана цхьа хан ма-елли, молчунна хьогий, со самаволуш, мацалла хьердовлий, хьожа бохуш, цхьана пенара аралелхаш, вукху пенан 1уьргашка лелхаш, йоккхачу аренгахь говрийн рема санна, бергийн татанца, хьолхий лела… амма, шайн х1ара къен х1усам, дай баьхна мохк санна, д1атасалац цаьрга а... Кху шайн х1усамна т1е ялтин буьртиг а бохьура цара-м, ткъа, со, кху боданехь, хьожанехь 1уьллушехь. К1ентий, ладуг1уш дуй шу? Пенаца лела машин гезг санна, цкъацкъа, сан къена нана, шен к1ентера хьал-де хаа, чух1утту суна, гезган когаш санна, яхъелла, пхенаш т1едийлла, 1аржъелла куьйгийн меженаш пенах а г1ертош. Со гича, цуьнан юьхь, кху чуьрчу к1уьро а, муьстачу хьожано а кортахьовзаре а йой, вайн делора, к1ентий, яьтт1а мача санна, эрча ма йолу!.. Хьастаха, ша чу яьлча, элира цо: «Маржа, Хансолта я1, ма ца моттар-кха хьан г1ийлачу нанна, ша хьоьца ловриг, нахах кхаьрдина а йоцуш, шена т1едог1ур ду».
       - Баба, ва баба, бакъду - дакъа ду со, т1е к1айн марчо хьарчийчхьана. Амма, баба, аса хуьйцур-м дацара сайн дахар аренаш охучу а, г1аланаш юттучу а адамийчух! Царна х1ун гина, х1ун девзина, баба! Дуьненан марзо ша-ерриге кху сан баьссачу беа пена юкъа, сан даь1ахкаша схьаеъна ю-кха! Дахар х1ун ю! Зезаган хьайре хьожа ма-яьккхи, поллано туху ши т1ам… - ша-шега, и къамел а деш, наб озийра Хансолтина. Нагга-наггахь, цо мохь тухура набарха:
       - К1ентий! Акхтубехь, аса цкъа цхьа мерза хан йоккхуш, Дала хьарам вайна - казахан йо1 а яриг! - цхьа езарг яра сан... Дера яра - екхачу эмкал-к1орнино, нана-эмкалах т1ара ийзош, шина кога т1е хийша ма-ярра, хьох берриг ницкъ д1аозабой, дахлуш, керчачу, шен б1аьргаш чу сийна стигал хьадалой, царначухула хьо т1ома оьций, лазаме хьан т1ам каггабой, маьхьарца, хьо д1ахоьцуш... – ша аьллачо велха волавира Хансолта. Юха, сихха велавалар-м иккхира цунах:
      - Г1уохьа, Хансолта, юха а цкъа маре!..
Кху чохь, стоьла т1ехь, десачу шишанашна юкъахь гуш дара и тамашийна стака а, шена чухула х1ара нохчийн «къоьнах» чекхваьлла…   
            
      


@


Рецензии