Езарган мара на чеченском языке

       Москох, Калининан проспект т1ехь ирхъяхначу «Хазаллин институтан» г1али чу велира со, деккъа, цу чохь дерг хаа лууш.
       Лерина сан юьхь т1е лор а хьаьжна, консультацин мах а белла, музей чохь санна, хьежавелира со не1аршна т1ерачу кабинетийн ц1ерашка а, царах чу-ара лелачу пациенташка а.
       Вол-волуш, шолг1ачу т1ег1ана т1е хьалавелира со.
Шуьйрачу, сирла-сийначу фое чохь охьахевшина, чубаха раг1 ларъеш 1ара зударий, гуобаьккхина пеношца долчу яххьийн рекламан суьрташка «кхечудуьненан» б1аьргашца а хьоьжуш.
      Дег1е зуз деара суна - берриг зударий, леррина, сан юьхь т1е  хьовсарна а, б1аьргашна дуьхьал 1аьржа йомеш лецна даьхна долу зуда-стеган ши сурт пенах дайча, кхартматтане хилла юьхь ц1анъйина.
Ма йоккха майралла йолуш зуда хила еза-кх оцу операцина йижа яьхьнарг! Суна цхьамма дуьйцуш хезнера, наркоз а ца йо, бохуш, кху чуьра кийланаш эшайой араволу, бохуш.
     Со, суьрташка хьоьжуш, дехьарчу ваьлча, ша а хиъна 1еш, жима стаг вайра суна. Со чу ваьлча, леррина, сан юьхь т1е а хьаьжна, эхьхетта делахь а, д1авирзира иза. Кху чохь хиларна, эхьхета х1ума дан а дара - цунна т1ехь. Арахь иза гича, аса терго а ен йоцу: балди т1е х1отталц охьабеана, шаьлтанан санна, дукъ ира, юьхьиг - са боккхуш хадийна, инзар беха мара бара цуьнан. Х1ун дара а хаац, я пеношна юкъахь ша тайпанара х1аваъ дара а, - дег1ана хьамкхаж а хуьлуш, д1абирзинчу цу мере хьежа лууш хилира со. Мелла иштта лаьттар вара со, дагна там а хилла, и мара шен болчо юкъах ца ваьккхинехь:
     - Х1ун гина хьуна? Мара гина хьуна? Хаза буй? Хьан хила безаш бара х1ара! – аьлла.
     Кавказера акцент йолуш хийтира суна лер. Кавказера бен болийла а дацара цутайпанара нисбелла мара. Бехк ца биллар а дехна, муьлхачу къомах ву хаьттира аса.
     - Муьлхачу къомах хир вара х1ара мара болу стаг – Кавказера Бен! – суна дагадеънарг элира цо а.
     - Кавказера – со а ву, муьлхачу къомах ву хьо?
Г1еххьа парг1атволу гира суна иза.
     - Нохчех…
     - Ассалам 1алейкум, г1айракх! – мара бицбелира.- Хьо лаа леларий?
     - Ва1алейкум салам…
Мар-мара кхетта, цкъа а гина а, вевзаш воцу, вовшийн ц1ерш хиъна, чуьра-кара велира тхойша.
     - Делдахь, эхь а ма хета хьох, - бохура цо, - дукха жима волуш дуьйна, х1ара мара юьхь т1ехь кхуьуш буй хаа кхетам хилчахьана дуьйна, цхьана а х1уманах самукъа ца долуш, пхьор а – т1ом сецча арахь дечух деш, кху сайн ткъе деа шарчу схьа ма веъна со! Айхьа ойлаехьа - ловзуш долуш, цхьана а беран кхутайпанара мара бацара, доьшуш долуш – цхьана а ишколерчу ден а, х1инца вайн унивирситетехь, лаьмнийн хотешкара, 1аннийн к1отаршкара, массой бохург санна, доьшучу цхьана а студентан буй алахь наха тидам бан мара! Дуьненан массо маь11ера адам т1едог1учу кху Москох а гиний алахь суна, к1иранах хьоьжуш леларх, сайчул ц1армата мара болу адам! Лаьтта т1ехь со цхьаъ хилла-кх ирчачу меран экземпляр! – карзахваьллера сан накъост.
     Парг1атвалар дийхира аса, цунна ма моьтту - «д1оггера» мара а бац, аьлла. Мара-м, стигланаш т1ейоьлхийла, бара тхойшиннан, иза карзах мосса волу бахлу а хеташ!
     - Парг1атволу – ткъаях шарчохь, хи чу бижначу саьрмако лакъийна хи санна, дуьненан массо самукъадолу аг1о х1окхо суна лакъийна хилчахь! Х1ара гинчу кассиро кеманна билет а духкий алахь атта, моьтта ду, сайн мерах, со эккха хьалаволу!
     - Лоьраша х1ун боху? – юкъахваьккхира аса иза.
     - Т1елела со, х1ара к1ира хан ю, ца хадош, дуьхьалбевлла-м бу х1орш, Кавказан калоритца юьхь т1ехь бог1у, бохуш. Амма аса д1ахаийтина, кху бертера д1авериг ца хилар, массо инстанце арз дийриг хилар, Ц1ечу Ж1аранний, Ц1ечу Беттасанний Окъаралла т1е хьалакхаччалц! Дуьненаюкъара цхьаъа бакъо юй, адаман уггаре воккха мостаг1 - шен мара а болуш, цу мостаг1чо дийнахь-бусий цунна т1елетта, иза хьийзош хилча, иза хьовззийна д1а ца баккха?!.
      Цу аг1ора цуьнан кхетам лакхара хила йиш яра, х1унда аьлча, ткъаях шарчохь дукха ойланаш йина а, шен «мостаг1чун» ерриг къизаллаш 1аьмма а хила езара цунна.
      Шен «мостаг1чун» цхьана къизаллах лаьцна дийцира цо:
      - Сол жимха ши ваша ву сан. Воккхахверг со ву, «мараберг»… Иштта олий хаьа суна сайх т1ехьашхула. Я бехк а бац нехан аьлча а, - х1ора х1уманан шен-шен бакъйолу ц1е ю. И ший ваша а зударий балийна ву, воккхахволчу сол хьалха. Соьга хьоьжийла дац шайн хенаш т1ех1иттинчу кегийчу нехан. Аса зуда ялаяре уьш хьежнехь-м – х1ара мара со а эцна коше баххалц хьоьжур бара уьш: мила йог1ур яра соьга маре, аса шега безам хьахош дош эриг ца хилча, х1ара мара цунна мел гун, сан эхьах къа а хетна, ша а ца еънарг? Я иштаниг яьлча а - х1ун дахар хир дара тхойшинчух? Со сайн дег1ехь даим т1амехь – т1емало ву… Хьуна хуур дац сан эт1а дог. Цунна сох къахетадоьлча, боккъал со б1арзлур ву, дуьнент1а валарна а. Сайн дакъа цо мел лоьцу, мел дукха иза сайн мерах со вицван г1ертарх, дан х1ума доцчу х1уманна кхетамах вала а там бу. Цундела, сайнна садетта 1емина суна. Мила жимстаг ца хилла дуьнент1ехь езаелла цхьаъ! Адамийн исторехь хезна дац цхьанна а дуьйцу,  кицанна, Джульетте безам ца буьйцуш 1ийна ву миллаъ цхьа Ромео, шен ц1армата мара бахьанехь. Со ву-кх иза!.. Иза гича дог тохало сан, иштта тохалой техьа иза хила ма-деззара марош долчеран а? – хоьтту аса сайга. Цуьнга хьаьжна велавала а кхерра со, цхьа х1ума даг чу деъна, иза кхераяларна. Иза университете лекцешка йог1у хан ларъеш, хьалххе вог1ий, паркехь, дитташна к1ел хьоьжуш 1а со, цунна со а ца гуш, сайн мерах эхь а ца хеташ, велавелла цуьнга хьажа. Лекцеш д1аевлча, т1аьххьара ара со волу, иза охьахиъна 1ийначу меттиге охьахиъна а 1ей, цуьнан меттигах а марзо хеташ. Иза кхечу к1енташна йоьлуш, самукъдолуш гича, новкъадог1ий дог эккха-м ца эккха! Со воцчуьнан - массеран йиш х1унда йина дала цуьнга дагара дийца, лаахь, иза ело а, лаахь, елхо а, сан дагах леттачуьра, орамаш а дуьтуш, оззийна бухъяккха!
      Иштта дагара ваьлла волу соьца, цхьаьнга шегара бала д1абалхо лууш, хетарехь, хьегна хилла, ц1аьххьана кабинета чу кхайкхира иза. Иза чувигна яьлла хан – аса ойланаш еш яьккхира:
       «Куьг доцуш хилча а, ког боцуш хилча а дог1ац стеган сибат. Шен дуьненан суьрта чуьра, шенна дахаро диллина долчу, вохалац иза. Ткъа, мара хийцича? Дуккха нах бу аьрзуйн з1акарех хьийзина, даккъаш т1едийлла марош долуш а, мехкаршна, шайга хьаьжча, товш ца хеташ а хила мегаш. Амма, шайн г1уллакхашца а, г1иллакхашца а, шайгара хазалла йоккхур йоцуш - хазбелла, шайна т1ехь доллу марош бен, кхин марош а оьшур доцуш. Мара – сурх яц. Генна д1а, шен болччу мераца вовзарчу вахна стаг – керла мара а эцна, нахаюкъа муха а вер ву?..»
      Сан ойланаш а йохош, кабинета чуьра араваьлча, верриг векхавелла, дуьненна къинт1ераваьлла, хийцавелла вара сан накъост. Юьхь т1ехь товш, х1уммаъ ирча боцуш, д1ах1оьттинера цкъа кхусохьта болуш болу мара. «Кхоам я1 хьан, мара, - къахийтира суна, - кестталг1а цхьана адаман юьхь а эцна, дуьненчуьра хеназа д1абаха деза-кх хьан…»
      Сан накъосто шегара кхаъ хаийтира суна:
      - Мара харжа чукхайкхина хиллера со!..
Вела а ца луш, хатта т1едуьйжира суна цу киртигехь:
      - Х1ун тайпа мара хаьржи ахь?..
Керла мара хастийра хинволчу дас:
      - Стоммо болуш, боцо болуш, юьхьиг жимма хьалакхетна – горго йолуш, беккъа, сан езарган мара бу-кх! Лоьраша а магийна суна иза…
       Бехк буьллийла а дацара цунна. Со къинт1еравелира цунна, сан б1аьргаш т1аддол…
       «Хастам хиларг, хьох тешаш буй-те нохчех боцу лоьраш? Шайн самукъадоллург т1ехь лелон хир-кх царна, ахьа могашчу нохчичунна белла мара, хьуна хаьа нохчолла…цхьа цуьрриг а шайна хаа а ца лууш!..»
       Со цуьнан 1одика а йина, «хазаллин чуьра» - Москохан ирчачу ара велира, леррина сан юьхь т1е хьежначара, шайт1анах, соьга баийтанчу баланах жайна ца доккхуьйтуш валалур вацар техьа аьлла, дуьххьара   т1е1оттавеллачу нохчичунна, салам-маршаллица мара а кхетна, цуьнан мерах тидам ца баккхалуш валалахь – ларт1ахь нохчий - хьалхалерраниг сайх висаний хаа…         
       
   


Рецензии