Шина кога т1ера ж1аьла на чеченском языке
Саратовн мехкан жен боьлакашкахь, жеца чекхяьллера ерриге цуьнан жималла. Иза лелла г1ала – жен туп яра, 1амийна 1илма – жерчашка 1ахарш дайтар, диъна дуьне – г1ийн хьожанехь зуда езнарг, цуьнан халкъ – жа1уй, 1едал – сом яздийрриг, дела – бежанлор…
Цухенарлера, шена хеттачу «стогаллин» х1уманаш дуьйцу 1усмана, сакъоьрурш вовшах кхетчахь.
Масала, жен ж1аьлан х1уьнан ши к1еза эцнера цо, цу 1едалера пхийтта-пхийтта туьманаш - дуккха а ахча делла. Т1арма1анхула шура мелийра 1усмана царна. Цхьаъ бен ца дисира к1езех. Цхьамма ца лайра ненан йоцу шура. 1усман дукха велхийра ц1еххьана к1езадаларо. Шен дийцар к1еза даларна т1екхаьчча, б1аьргех хиш а девлла, юьхьах х1урашка хьаькхира цо.
«Х1ун ц1е тиллинера?» - доглазарца хаьттира оха а.
«1айна - тиллинера…» - аьлла, къурд иккхира цунах.
«Х1унда?» -
«Сайн зудчун ц1ерах…»
Цунна санна, шен зуда дукхаезачу майрачо тилла а мегаш хийтира тхуна, дукхадезачу ж1аьлина зудчун ц1е.
Нанас динарг цхьаъ лаьттах доьллича, вукхуьнах доккха ж1аьла хиллера. 1аламат инзаречу «жа1уьнан» кхетамах ж1аьла кхиънера «Лом» - ц1е тиллинчу к1езах.
«И х1ун ц1е ю?» - хаьттира оха.
Велавелира 1усман… Ца соцуш, к1ежъоьхуш вийлира, «тхан ден» - бохуш, юх-юха а. Х1аъ, тхо а 1овдалш: цуьнан да - Лом хилар хуъушехь, и хаьттина долу, тхайх сакъерийтина долу «жа1уьне»!.. Ткъа цунна хаа а ца хаьа тера-мера цхьаннах велавала: шен са а ийзош, дахдо велар, б1аьргех суьйнаш а детташ, доцийчу пхьаьрсашца, буьрканах тера ге а ловзош. К1еда чоьйн хьаьрса шимекх андлой 1аржло. Волчут1е а… хазло велавелча 1усман. Тохара, ша жа1у волуш, шен ма-хилларчу мекарлонан ц1ечу сибате вухавоьрзу, амма сихха кийрано вухакхуссу-кх 1онт1аза дилханан басе!..
Т1аккха 1усмана дийцарехь, жа1уьйша вовшашна къоладар стогалла
лоруш зама хиллера цераниг, лулахочун уьстаг1ий алсам лачкъийнарг стаг хеташ. Ткъаях чакхарма генара жа1у Жоьлп1арс вуьззана стаг лоруш хиллера цара: цо уьстаг1ий лачкъоза цхьаъа жа1уьн дарже ваьлла «боьршавоцу» стаг Саратовн махкахь висана а ца хиллера!
«Тхуна а дира цо къола!» - иза ваьхьна хиларах цецвалар х1инца а шех д1адалаза, элира 1усмана.
«Ткъа шу муьлш дара – вуьйш боцурш?»- хаьттира оха.
«Тхой?! Вай, тхо ца девза шуна?! Виъ ваша! Б1аьргаш аралелхха дохкуш! Нехан жеш цистина къонахой! Тхан туьпан да Лом тоьар вара, шен ц1е яьккхича жа1уй кхерабала!»
Цхьана сарахь бахнера 1усманг1ар Жоьлп1арсан туьпе. Шайх цхьаъ къайлаха, гоьлашкахь, беданхула чекх а валуьйтуш, ткъа шаьш Жоьлп1арца чай молуш, цуьнан х1усамехь хьошалг1ахь 1ийнера. Лоьхучунна карийнера шайн лачкъийна бож. Хьаьвданах д1атесна латтош хиллера мажокка…
Цу сарахь, шайн дагара ца хоуьйтуш, ц1а баьхкинера х1орш: къола юхадоьхуш 1едал дацара царна юкъахь – дуьхьал деш дара.
Вукху буса бахна, Жоьлп1арсан кхо говр йигнера х1окхара. Оцу буссехь бойни чу ирхъохкийнера …
«Хьожайог1учу цхьанна божана дуьхьал кхо говр йог1ура?» - хаьттира оха.
«Оцу т1ехь а чекхдалийта ойла яцара тхан: къола - тхуна дан вахьар иза, иштта дуьту х1ума дацара! Сан ж1аьлина «Лоьмана» а новкъадеъна хиллера Жоьлп1арса тхуна дина къола: цаьрга а дахна, лиеттера цуьнан ж1аьлех. Жоьлп1арса топ тоьхна, дийнера. И бара тхуна шийла кхаъ! Тхайн да вийначух кхохкийра тхо! Амма сатоха дийзира, тхайн дагара ца хаийта.
И шо, эххар, 1аьнга лестира. Жа1уьйн белхаш шайн-шайн туьпашка берзалуш, чубоьлла, къаьркъа молу хан яра дежийлаш г1орориг.
Саратове вахна, юха а сайна ши к1еза далийра аса, хьалха эцначу стагера эцна. Керла «Лом» а, «1айна» а т1арма1ах а дохуш, д1атебба 1ара 1аьнна к1ел со а. Кхелан шура мелийча, к1езий сиха кхуьу олуш хезнера суна цхьана казахера. Бокъах яьккхина йолу кхела ийцира аса. Аша оьзний кхела?.. - дозалладарах хаьттича, юха а д1адахдира 1усмана дийцар. - Аьттан санна, нуьцкъала ийзо дезаш ца хилла кхелан т1ераш, дайн лестийтичхьана шура тухуш хилла. Сайн кхела а узий, к1езашна шура малайора аса, туьппалгех дуьзна, церан «г1алх» доладаллалц. Мел эсала там хьоду дег1е - шайна хиъча! - жима к1еза декхаш. Сайн йиш хилча, валлалц гилдигаш дийла, юха-юха волалур вара, керла-керлачу к1езашна шура мело со! Х1инца х1окху вайн ц1ахь ж1аьла ган а гац нагга бен! Х1ораннан кертахь хила дезара ж1аьла! Шен зудчунна сахьаьвзина а ц1а ца вог1уш, акхаваьлла сакъоьрург а ц1авалор вара, шен ж1аьло са а хьовзийна! Хьайн ж1аьле безам бахча – нехан ж1аьлеш а гергара хета. Амма нохчашна ца дезна ж1аьлеш: массарначул дика - вайна хаьа хир ду, адаман доцу х1уманаш къайлах лело адаман а моццал йиш ю… Сайнаш д1аса а декъна ц1аван а дезна, ж1аьла доцуш, сингаттаме висина ву со. Шун доглозур дац, сайн хиллачу ж1аьлешна со велхарах. Сан зудчунна бен хезна дац сан велхар. Цунна санна, ж1аьлеш ца дезаш адам гина а дац суна! Жат1ахь, хийла, даь1ахкех дуьзна боганаш ж1аьлешна ца дахьа, нехашка кхийсина ю иза. Суна хаьа х1инца, иза ж1аьлех 1еттор - со цавезар хиллийла... Х1ун ду а хаац, валлал еза а езаш, дуккха т1ехьийзаш а лелла, цунна со а веза моьттуш, ялийна а ма яра аса иза, - ткъа шо даьлча а, соьга безам ца бахи-кх цуьнан! Соьга ян а х1унда еана?.. Шуна ма-хаъара, шенна баьлла доьзал хиларх, х1умма а къенадоцуш 1аш а ма дара тхойша: цуьнца цхьаьна меттахь дуьйшучу берийн берашна набарш кхета хан а ларйой, ц1аьнкъахула текхаш, со шен метта т1е кхочуш, сан боьршаллин г1айг1а ца беш, хьалаоьккхий, чиркх латабой, мохь хьокхий, нехан стаг волуш санна, ах верзана гучувуьху берашна цо со… Цхьа к1ира хьалха, тхаьшшинан дахарехь дуьххьара йитина, д1аяхийтина аса иза, цо лелориг к1ордорна…» - аьлла аз г1елделира 1усманан.
«И «х1ума» даима луучух буоза хьайн бен. Рег1ал дехьахь шахьарахь, нохчийн мотт мичахь 1амийна, схьабаьхкина ца хаа, шортта жерой бу ханна бало! Леца петарш а ю, мах бан молланаш а бу…» - хьийхира хуучо.
«Зудчуьнга маревахна боху ц1е яйта ца лаьа суна, цхьаццаболчу, вайна бевзачара санна. Зуда шен юьрта яло еза…»
«Х1ета, 1е делахь, хьайн 1айнаана т1е а текхаш…» - хиира тхуна, цунна шен зуда дукхаезий, цунна яппарш цо яхь а.
«Иза хаац… - Элира 1усмана. - Иза яллац вай массо вехийла, - тхан нана д1акхелхинчул т1аьхьа, тхан дас ткъаях зуда ялийна! Т1аьххьара ялийна зуда – сайн езарг - аса ялийна ю сайн дена… Аша юьйцучу шахьарахь, цхьана «Кафехь» евзина, безаме а хетта, сайна юьгу а аьлла, ялийна, ден чу д1ах1оттийна ю, х1ах1, Лом, аьлла, х1окхуьнах хьайна зуда е, хьо а, дела а тешаш болуш, сайна хьараме а еш, хьуна хьанала а еш, исс ц1е а тесна йитина, д1аели-кх хьуна аса х1ара, аьлла…
Волалур вара сайн да санна, со а, керл-керла дуоладан дахарш, - х1ара «чуьраниг» лелла ялахьара кху дуьненан г1уллакхаш шен кегийна!.. Ден кхолламах к1ант а лелаш, схьаоьхуш бара-кх нохчий. К1анте - дена ямартло йойтур йолуш вацара-кх сайга со а!..»
«Хьайна луург хила лаахь – ж1аьлеш кхаба…» - хьийхира тхох хьекъалчо.
«Изза дагадеъна со а ву: цхьа ши к1еза ца далийча ца даьр моьттуш, тохара санна, айса кхела а узуш, шура мело царна волавелча х1ун дара техьа аьлла, хеташ…
Иза-м – и дара, т1аккха, дуьйцуш варий со-м. Сан «Лом» а, «1айна» а кхаа бетта чохь андадира кхелан шуро! Жена юкъаделира ши к1еза. Хи мало, чу-ара лоллучу жех галболург ц1оганна т1ера ластабой, жех тухура цаьршимма. Доккхачу жен юкъахь, ахь т1е п1елг хьажжийнарг, т1екхетий, юккъе буьллура шаьшшиннан. Хьо, т1е а веана, схьаэцчхьана волуш, хьан болх бора. Керта саг1адеха оьхурш а д1алоьхкура. Доцца аьлча, соьгара болх ах шаьшшинга схьаийцира цаьршимма!
Иштта, и 1а чекхдолучу муьрехь, луларчу туьпарчу жа1унна суьлийчунна – суьйли ялийначу ловзаргахь хиладийзира сан.
Берриге жа1уй д1агулбинера цига. Кхехкаш еш а, мала къаьркъа а, лоькхуш зурма а, лелаш пхатесна хечийн когашца 1аьржа чухтанаш а, - суьлийн ц1акхаьчнера оьрсиверг а, казахверг а, нохчоверг а жа1у!
Сан мостаг1а Жоьлп1арс а вара ц1арул-ц1е г1абакхах тера к1унзалца, шен ж1аьлин когаш т1е сетташ, халхардеш. Мехкарий х1уьтт-х1уьттучу вуьйлуш, стаммий, доций пхьаьрсашца 1овда сте лоьхуш, б1аьргаш а къарзийна, вехна лелаш. Иза гича луралла хьайра соьга! Цо дуьххьара тхуна дина къола а, ца доьш ца дитина доттаг1а сан ж1аьла а, - цабезамо ч1иръекхар хьовзийра соьга!
«Ахьа кхин а к1езий кхиийна ца боху?» - ца вешаш, х1уьттаренна хаттарца, доккха ге сох а тоьхна, цо хелхар дечу юкъана, жоьжахатин къемат-денна кхоьллина боьха х1ума циггахь цу чу хьажочу ойланна ницкъ белира даго! Боьха х1ума яйча ницкъ г1отту сох цигарара х1инцаъ!
Аса лерина ларвира иза цу буса ц1еношна гонд1арчу эрзашла г1уллакхна воьду… Чуьра ара эрзашла бен волийла дацара цу туьпахь. Хьаштаг1ан г1аларт лаьттара терхенийн лошлахула генна. Хьун санна, эрз бара, лайн тхевнашна к1елахь сенеш а йийлина.
Цуьнан лорах т1аьхьавахара со. Алан кепех т1ергаш хедо лелош, генаш кходу гома урс хуьлура даима сан кисанахь.
Шена ц1еххьаншха т1ехьашхула «г1абакхах» т1ара кхетча, кхеравелла бог1учу ницкъаца вухавирзина, куьйга шарбал а лаьцна, т1екхоссийра цо суна доккха, дерзина т1ингар. Аса дуьхьала гома урс тесча, бежан чокон хьожа кхийтира сох… Габ-аьлла охьа а йоьжна, д1акерчина, сецира и х1ума. Багара мотт оллабира. Ца 1ебаш туьйхира аса цуо маждина луо когашца цунна. Цул т1аьхьа чувеъна, коьрта чухта а йихкина, божарий а белош, зударех хелхавийлира со: зуда санна суо лелар даг чу дижийта царна. Сайн мачаш хийцира пурхенехь когех яьхначу нехачарца, сайнчеран лараш – когаюхуйолчу дена яла… Цхьаьннан цхьаьнцца а балабоцчу ма-делли ловзар, ц1ехьа хаьхкира кхела сайн.
1едало дуккха т1екхийлира со а, ловзаргахь хилла массо санна. Куьг- бехкениг а ца карийна, г1уллакх дисира…
Шуьга бен ца хьахийна аса х1ара. 1айнаана х1ара д1ахаахь, ткъа шо даьллашехь а, суьде лур ву цо, цига, 1едале а яздина, деккъа, сан буьйсанан ницкъах парг1атаялархьама…»
Иштта, 1усмана дийцича, цецдевлира тхо: х1инццалца, тхуна юкъахь, шина кога т1ера, хьерадаьлла ж1аьла лелла хиларх…
Цо дийцинарг бакъ ца хета йиш ца йора - цо дийцинарг бакъхила ма-деззара дийцарна. Оцу адамах – адам цалаттар - генара схьахила дезара: т1аьхьенан цамгар яра иза…
Т1ехула-т1е, лера а лоьруш, милицехь балхахь а вара х1ара масех шарахь, маьршачу стагана т1ехь, шена лаахь, харцо лело йиш хила а, къайла даьр аьлла хетахь – стаг эрзашла воьду ларван а… Х1ета, масех шарахь милцо лелла х1ара - муха, маца, мичхьа лелла хьанна хуур, - кху ж1аьлин дена а я?..
«Уьш-м пуьташ бара...» - элира оха, стенна делахь а.
«Стенна?!» - оьг1азвахара 1усман.
«Оьшчудаьлча ч1иръекха стаг хьо воцудела!»
«Суна - муха элира аша-а?!.»
«Хьо хандарг ю, элира-кх!»
«Суна – аша-й?!.»
Четара тапча яьккхира 1усмана. Уллерчо, куьг а хьовзийна, схьаяьккхира цуьнгара. Ц1аьнкъа юккъе а х1оьттина, буйнаш къуьйлуш, кхерамаш тийсавелира т1аккха.
«Шу санна, боьха х1уманаш яйа догдог1у-кх сан, Жоьлп1арс санна!..» - кхайкхийра.
Тхох хьалхе яьккхинчо бакъо йийхира, шега листадайта х1ара г1уллакх. Оха елира бакъо. Хаац, оха эххар тхайн накъост д1аваьккхина ца хиллехь, 1усман а эрзашла вожа… «мадвира»!
«Тапча сан схьалуо!» - мохь беттаваьлча иза, т1етохийтира кхин а цунна. Кхетамчохь ву-вац ца хууш воьжна вара иза, сирлачуьра – бодане готтачу беданан 1уьрга чу худуш хин болчу томаца хила а…
Там бара, иза саннарш даимна хьош хилча цу 1уьргахула, бес-бесарчу зезагийн а, сийначу 1аьмнийн а, баьццарчу диттийн а 1аламе охьацакхуьйсуш…
Цул т1аьхьа 1усман-ц1е йолу ж1аьла тхуна ганза г1еххьа хан яьллера. «1ен хир шена, - элира тхох цхьамма, - к1езий дакхо кхела лоьхуш…»
«Балхара д1аваьккхина, - элира кхечо. – Вай х1унда йиттинера цунна - д1ахаийтинчух тера ду хьаькаме цуьнан цхьамма вайх…»
«Газель-конка а эцна, са яккха хахкавелла ву массанхьахула. Конкин гатан т1е тоьхна тилпун лоьмар а ю. Тоха луучунна - соьгахь ю…»
«Схьалол, аса тохий… - тилпу д1атуьйхира тхох цхьамма. - Салам 1аликум… 1усман-ц1е йолу ж1аьла дуй хьо?..» - хаьттича, схьаден къамел хазо яьккхира тилпу.
«Ва1аликум… Х1ун бах ахь?..» - озах вевзира цунна тхохверг.
«Схьаван йиш хир ярий хьан, жимма сакъоьрур дара вай?»
«Со цкъа Г1изларахь ву».
«Хьаьнца? Обарг Зеламхица? Терминаторца?»
«Цара Г1изларахь динарг х1уммаъ дац - аса динчуьнца дуьстича! Аса дуьйцур шуна, ц1акхаьчча. Сиха ву со. Ведда волуш ву со Г1изларчуьра».
«Г1изларан кемсийн мутта далахь».
«Хьан ж1аьло г1алх алале».
«Ц1ен ч1ара а».
«Хьан к1езо г1им алале».
«Тховса охьаховша бина барт бу хьуна вайн».
«Суна етта дохку хир дара шу».
«Аьлларш яхь - еттар яц».
«Кхин хаза х1ума дуьйцур аса: айса тахана базарахь жугтичун догъэккхийтар».
Сарахь схьакхечира 1усман, тхан сакъераран напг1ина т1е ца тоьу сурсаташ а дохьуш.
«Хьо кхеравелла хилларе хьаьжча, х1орш эца, машен сацо муха ваьхьира хьо?» - хаьттира оха.
«Шу сох ца тешаш хир ду…Ц1енна бакъ ма ду аса шуьга дуьйцудерг!»
«Хьайна тоьхча бен, бакъдерг дуьйцуш вац хьо?..»
«Аша хьастах эрна тоьхнера суна. Самукъано галваьккхина хиллера со… Шен 1ожаллах ца веллехь х1инццалц Жоьлп1арс, вуьшта, вен йиттина яцара цунна цу буса оха. Дала лардойла адам ден ойланах а вай!»
«Пуьтийн лежиг! – элира оха. - Къуръанора яра оха хьуна х1инций а йоьттуьйтур, хьо-хьуо гучуцаваьллехь! Схьадийцал, муха нисделира хьуна х1инца стаг вер?..»
«Вийна вац – сайн дагахь лору иза велла… Иза муха дарий, - доттийша цкъа кемсийн мутта!»
Боданера серло етта б1аьргаш тхуна т1е а хьежош, дийцаран некъа велира 1усман:
«Селхана буьйсанна т1аьххьа чукхачавелира со Г1излар-г1али…
Машен йоьттина хьош яьсса яьшканаш яра аса. 1урралц машенчохь вижна а 1ийна, базар д1ах1оьттича, йорахо помидораш а эцна, делккъехь Гуьмсе-г1алин базара кхача ойла яра сан. Со, Г1излара кхаьчча, милцойн постехь сацийра. Яьшканаш охьа а яьхна, бухахь х1ун доллу ца хиъча, шаьш кхин д1а вахийтац, элира соьга. Х1ун дер аьлла, со а хилла-кх цкъа милцо аьлла, са а тоьхна, яьшканаш охьа а яьхна, юха т1еехира аса. Цигара д1а цхьа километар а вахале, т1аьхьайог1учу милицин машено сацаяйтира соьга машен. Х1окхара а боху, яьшканаш охьаяха. Х1инца х1окхаьрца къийса волалахь, сан кехаташ схьа а даьхна, помидорех т1еяьнйолу са шайна д1аелча а - вилхича бен схьалур ма даций сан кехаташ! Хьалха машен яссош-йоттаро к1адвинаволчу, хьалхарчул хьемца охьайоху аса яьшканаш. Уьш д1абоьлху. Х1инца яьшканаш юха т1е а яхахь, юха кхечара охьа а яхийтахь – х1ара-м дош ма дац олий, цу метте, яьшканашна т1е машен к1агара а та1айой, сада1а соцу со. Дукха хан ялале т1ейог1у милицин кхин машен. Боккхачу некъаца машенаш д1асаяхар дохийна штраф яккха буьйлабала, сан кехаташ схьадоху. Къовссий, царна сом а лой, яьшканаш т1е а юттий, йистаха д1ах1отта йохуьйту аса машен. Миччара! Ца кхиаво боккхачу некъара д1ахьовза: милцой герзаца схьалелхий, ши пхьарс т1ехьа а хьовзабой, цкъа хьалха кисанашка а хьовсий, юха кабини чухула хьовсарш до. Цул т1аьхьа, сиха лела бохуш, чеха а веш, яьшканаш охьаяхуьйту соьга. Х1уммаъ шайна ца карийча, цхьамма шен кисанара шед а боккхий, и «х1ума» соьгахь ца карайойту г1уллакх меланах оьцу аса, олу. Велха а ийзош, олу аса, суо а милцо хилар, кхетаман цхьавежарий тхаьш хетар, пенсе вахча доьзал кхаба амалдоцуш араваьлла лелар, доцца аьлча, доглозуьйту къамел даладо аса. Миччара, соьгара къинхетам а ца хиллера церан! Жоьлп1арсал а боьха х1уманаш хиллера уьш!..
Помидораш эца арадаьккхина ахча, бензин дотта а, кхин а жим-к1ам а дитина, д1адаькхира соьгара цара. Со висира ойлаян: «Яьшканаш т1еяхахь – кхечара охьаяхуьйтур ю, цулла яьшканаш йолччехь йитина, яьссачу машенахь вадар г1олейолуш дац, ткъа, суна?»
Ша хирриг хир яьшканех, дагахь, царах воду со.
Машенаш х1итточу а воьдий, д1авуьжу. Сатосуш ойланашца самаволу:
«Д1а муха декха? – кийра хьаьвза бекхаман ун. - Х1ун дича декхалур дара?»
Чехка машен а хохкий, айса яьшканаш йитинче вог1у со. Д1алаьтташ ю!
Машенна т1е яха волавалале, шайт1анна бен дагадог1удоцург коьрте хьаьвза: «А-х1а-а, къанделла шайт1а - некъа боьлхучарна мачаш чу т1улгаш кхийсина а, - куьйгаш а хецна, садо1уш ца1ар лаа дац х1окху ямартчу адамашна! Оцу шайт1анан т1улг а ца кхуссуш Г1изларан заддарчийн мачаш чу – ца воьду хьаха 1усман-м д1а!»
Яьшканаш новкъахьовзаме евриг хилар хьоьху суна шайт1ано: уьш ловзо хан хир яц зулам дина водучунна! Базарна дуьхьала машен д1а а х1оттайой, цу хенна д1ах1уттучу базара юкъаволу со.
Помидораш а ю, йохка чукхоьхьуш, т1аьхьайисна хиларх терра, телхина а, к1езга а. Цхьанна т1евоьдий мах хоттий, вукхузхьарниг хаьий, – эца ахча долчух волало со. Йохк-эцархойн мог1аршкахь т1ах-аьлла хьийзаш, хьехамаш беш, куьйгалла деш цхьа бохь хаало суна, шен коьртаца, куьйнаца - ц1еста к1удал бертал йиллича санна волу. Нисса, шайт1ано суна лехнарг!
Хьоккхий, цунна т1е а воьдий, мотт ца карчалуш, хьекъална аьрта хетийта олу ас цуьнга: «Дуруг1! П1амаг1и! Г1орым! Т1амат1 нада!»
«Х1ун томат хьехадо ахь хасстом бухкучаьрга?» – цецволу иза. «Изнаеш? - олу ас. – Т1ак1ий мулла изнаеш?» Вуьйцу хезна шена, - стенна 1уьтту ц1унна юккъе лераме стаг! - боху цо.
«Эт1а мулла мине суда п1ирсилал, - олу ас. – Он маг1азин т1амат не к1ушайт1, мут1алим т1амат1 к1ушайт, г1аззел п1амидор нада, цена лубой!»
«Х1ай-х1ай! Иштта кхетавел ахьа: хьуьжарна томат даккха помидораш эца веана хьуо, бохий ахьа?» - цуо хоттий, сихха мах бийца волу тхойша. Базарахь дикачу помидорел лекхара мах телхиначарах х1оттош барт а бой, «Газель» йотта, кечъйе, олу аса, кечмайиннехь, «Газелахь» чувог1ур ву со, хьоьгара эца, олий.
Хаац, цулла сиха хьаьвзина йохка-эцар гина хир дац цхьанна а: доккха терза а х1оттийна, хержа ца хоьржуш, мутта даьллачу помидорашна а «пойдет на томат» бохуш, кучкане яьшканаш йохкуьйтуш, Миклин паччахьан хенарчу буьмаьштигара ахча хьаладохуш, можа туй т1едеттачу п1елга дагардеш, т1аьхьа хин долчун ойлайина со валале хьаьвзина, жугтичун буьмаьштиг яссийра сан «декъашхочо», сиха лелачарна мах т1е а бетташ!
Машен т1е ян некъ а бастийтина, базаран г1епаш шуьйрра еллийтина, сайн машенна т1евалийра цо со, «чехкка чуяийта!» - аьлла. Цкъа айса машен латийча, дуьххьалчу, цуьнга арахьаьжча, эг1ийча санна, велар иккхира сан. Кхин цуьнга ца хьожуш, ц1ехьанехьа машен хьовзош, ког та1ийра аса, т1аьхьа бетта мохь а хезаш! Ц1а мел кхочу велар лелхаш, массо уьнах ц1анвелла, тхан нанас дена ма-варра могашаллах вуьзна, ц1акхечира со…» - иштта, дийцича, 1усмана хаьттира:
«Х1инца алал шаьш, делахь, вийна аса иза я ца вийна?»
«Онда дог долуш хила-м веза иза, шена вала ца лаахь! – элира оха. - Ша-шен динчу зенна велла хир вац иза, веллехь а, махкахь а ц1ейоккху моллин ц1ерах шена еанчу адамийн к1орних 1ехаваларх ца лахь, шен помидорийн оьланна к1елара ц1уне д1ахьаьжжинчахь».
«Юха Г1излара ваха ваьхьар ву хьо?»
«Со х1унда ца ваьхьа? - элира 1усмана. - Х1ун, соьга куьг та1адойтуш, договор дайтинера цо?»
«Иза нахехула дерзо волалахь – т1аьхьакхочур ма бу хьуна? Нах т1ебаг1ахь, цхьана а моллас нийса вийр вац хьо шар1ахула».
«Молле - гамде х1ара! – бохур долуш вац Лом! Лом дера 1едалан законашка вер ма ву! Лаккхара жа1у лелла сийлаллин грамоташ шен пенаца кхозуш волу, керл-керлачу нускалца, царна к1ела охьавуьжуш волу коьма-Лом вог1ур вара, ткъа, ц1а, моллас х1ара де боху вайга, аьлла, гора вожа! Лоьмо-м г1азкхийн човхочу маттахь эр ма деца: «Матку вашу бирцулезную!..»
«Т1аккха, 1усман, масла1ат дан, бакъволчунна буьтуш некъ ма ца хуьлу? Хьо ма вац бакъ! Делах кхерац хьо?»
«Далла т1е г1уллакхаш массернаш цхьатерра дахка деза вай! Со Г1изларахь хьийзийнчу милцойн нахах цхьа а ву-вац жимма а ц1ийца вог1уш - аса хьовзийнчуьнца, - хаттий вай? Царах а ца ваг1ахь, церан зударех вог1уш ву-вац, сан сом хьарамна шайга а г1ондолу? Соьга ала вахьа веза-кх, т1аккха, делах кхоьрург: «Дала боху: хьо хьийзийнчаьргара ц1ий, мискъалан зарратал а ца доьду - ахьа хьовзийнчуьнга». Вуй соьга иза ала вахьа, делах кхоьрург?»
«Х1ай ж1аьла, х1ай, - элира тхох цхьамма цуьнга, цо беанчу ч1еран даьттано хьандинчу п1елгийн буйнах нана-п1елг а хьажийна, - ахьа вуьйцург жугтийн дела ву! «Церг – цергана, б1аьрг – б1аьргана дуьхьала» кхайкхийнарг! Ч1иръекхар «тхан дала» а магош ду моттахь – к1езий дакхо г1уо! Ч1иръекхар магийна дац - масла1ат бен. Иза а ца хезна хьуна дешнанехан къамелашкара?..»
«Ладог1ийша соьга, - элира 1усмана, - со-м вац айса динарг нийса лоьруш! Шайт1ано нийсаниг дойтур дара, - нохчий дац вай?.. Со х1уммаъ ца деш ц1а- веъна хиллехьара доьлур дарий шу, хьуна дан деззарг дина бохуш, хьайна иштаниг а дайтина, х1уъа дина а, д1ацадоькхуш ц1авеъна волу хьо, нохчи а вац, бохур дарий-ца аша!»
«Цхьанне аг1ора 1усмане ала х1умма дац сан-м, - къарвелира тхох цхьаъ. – Хьайна бинчу ницкъах, хьо г1ийла ваг1ахьара – бусалба вара хьо, д1адоькхуш варна – нохчо ву хьо… Вайна т1аккха хиънарг х1ун хуьлу: нохчийн 1адат жугтийн динера хилар хуьлу?..»
«Нуьцкъаша бусалба дин юха диллийта цхьаъ вала везар-кх вайна!» - кхайкхам бира кхечо.
«Бусалба динах лаьтта пачхьалкхаш а йоха герга кху т1аьхьарчу заманахь, стигалара воьссинчух бен, хьанах кхералур дара х1инца адам!» - шена хеттарг далийра вукхо.
«1еламнах бен, коьртера охьа хьаькамийн белхашка ца эцчахьана, дилланий ду маьршша вай дин! - юкъадалийра кхечо. - Халкъан дерриг 1ер-дахар хьаькамех доьзна ду. 1еламнах харцлен йиш яц. Бусалба 1илманах а баьхьар бацара уьш къилахьдолу сом кисана та1о. Нахана хьоьхучух тера латто дезар ду цара шайн 1ер-дахар, бекхам бар долчу Аллах1ах бухабовла ца бахьа кхетам сов болчу. Царах а вала там бу, нохчашна ч1ог1а оьшу эвлаяъ. Эвлаяашкара бен, нохчаша юьхьенцара а ца эцна т1е дин…»
«Д1адовла! – элира кхечо. - Шу а галдевлла! Лело луучунна - тоъал долуш ду нохчашкахь бусалба дин! Оцул а кхин ала вай, - х1ара ж1аьла массо аг1оне саба хьаькхна, дила ма дили вай-м! Кхуьнан шайт1анан мусталло х1ара воьзуьйту жайна ма даьккхи вайна-м! Вай-м, х1инцца туьнкалгахула а девлла, кхуьнций шайт1анийн леларшка ара лелха кийчча ма хили! Буьйсанна берийн берашца д1аюьжчу шен зудчунна т1етиекха ц1аьнкъахула х1ара ж1аьла ма ч1ог1а хьоьсту вай! Шун болх хаац суна – аса кхана Г1излара а вахна, кхуо ямартло йинчу пекъарна д1адуьйцур ду х1ара ж1аьла ма-дарра! Х1ара санна ямарта нохчо суна х1инццалц вевзина а вац! Д1акегийча – ц1ий нохчашха ца хила а мега кхуьнан!» - кхоччуш оьг1азвахна элира х1инца цо.
«Соьга ладог1ахьа цкъа, - т1евирзира цунна 1усман, - хьуна лаахь, вайшиъ ший а воьду кхана Г1излара! Нагахь, сан помидораш цигахь йиснехь - суна т1еюттур ю! Ца йиснехь – царах х1ун хилла а хиъна, зен хиллачунна меттах1оттор ду. Цу г1уллакхна дайа ахча суна карор ду. Ву хьуна со нохчо! Цхьангге кегалур боцчу, сайн хьечохь ву со нохчо!»
«Иза – ша ду, т1аккха, ж1аьла хьуо ма-дарра! - очваларх вухавелира тхох верг. - Вай кхана цу стагаца цхьаьний доьлур ду! Хьуо ахча дан Нохчийчу ваханера аьллахь цуьнга. Т1аккха боккъал самукъадер ду хьуна цуьнан».
«Ишта ца аьлча ца долу иза-м, - т1етайра 1усман, - соьга хьан лур дара сом цигара цавевзачо?»
«Вевзачуьнгара доккхур дара-кх…» - бегашбира цхьамма.
«Мила вара суна вевзарг?»
«Хьо а ца вевзаш, машен помидораш хьуна эцнарг!»
Иштта барт а хилла, кхин къамелаш юкъадевлира. Х1инца къамелаш жеройх лаьцна дара.
Божарша хандарг-нах бузо, шайн зударий жера бохуш бацахьара, яхь йолчу къонахошна беккъа т1ом бара х1ара 1уьт1ийн мохк!
Дуьйцу-уш, юха а 1усмане хьаьвзира раг1. Шена, г1алахь, цхьана кафехь жеро муха евзира а, ша иза шен дена ялор муха хилира а, - шен дестечух дара цуьнан дийцар х1инца.
«Тахана делкъехь, - аьлла доладелира цуьнан дийцар, - тхайн керта а кхаьчна, машенара со охьавоссале т1ехьаьвддачу вежарийн бераша шийла кхаъ баьккхира соьга: «Лом-дадин нускал д1адоьдуш ду, ваши!» - аьлла. «Вай, жа1уйн ц1ейожа вайн!.. Х1ун хилла хаьий шуна?» - «Хьоьга - маре деънера ша, бохура нускало… Лом-дадас букъах шед йиттира нускална!»
Шуна ма-хаъара, сайн берийн нана йитина-яханчуьра юхаялийна яц-кх аса х1инца а. Ойлаян со цо витина а вац: сох галдаьлларш шен дец1ера схьахозуьйтуш. Х1инца, сан дениг а ц1а г1ахь – зударий боцчу къанойн керт хуьлура тхайчух. Эхь хьаьдира суна т1екхуьъчу тхайн чкъурах…»
«Дуккха а х1уманаш дицдала хан а ма яьлла цул т1аьхьа, - хьайн берийн нана ц1а х1унда ца ялийна ахьа?» - хаа лира тхуна.
«Со сайн ц1енош чуьра араваккха боху бах-кха берашка цо, уьш сан а бераш хиларан чот ца еш. Шена йистахо, бешан когашкахь суна ц1а дог1ахь, шен берашна т1е ц1а йог1ур ю ша, аьлла. Юха соьца мах а бийр бац ша аьлла. Шуна хууш ду-кх майра моццал цо лоьру... Ж1аьлин бун х1оттаяйта йоллу хир-кх даккхий хиллачу берашка дена! Ца хила дара иза-м! Иэккха меттиг бацара цунна-м: х1ора кхаа баттахь цкъа эшна а оьшуш со хилла яра иза-м…
Т1аккха, дуьйцуш варий со-м… И кхаъ, бераша соьга баьккхича, догвон хилира со. Тхаьш т1ехь 1ен дакъа доькъуш йина, дечуьнца лекха керт ю сан. Цкъа цуьнан цхьана нускало ши мостаг1 а вина тхойшиннах, вовший ца гайта яйтина. Керт йина яьлча, дукха ца 1ийра иза тхан дегахь, делан ницкъах цу кертах эккхаеллера Лоьман 1азапах.
Хала дела балийца дехьавели со цу керта т1ехула Лом вехачу: чухула дог1а тухуш дийнахь а хуьлуш ма еца г1ап. Сеничоь шийла, муьстачу хьожанха ю, ц1аьнкъа нуй хьакхаза ю, нехех а юьзна. И шиъ чохь долчу чуьра хезаш ч1ог1о къамелаш а ду. Цкъа царна не1 а ца тухуш, уьш х1ун дуьйцуш бу хаа луий, не1аран хероне лерг дуьллу аса. Схьахезарг сан дестечун аз ду:
«…Тхо т1амах девдича, Сочехь даьхна ду, нах Г1алг1айчохь вагонашкахь декъаза бохкуш. Деа шарахь шеф-повар болх бина я-й со-м уггаре курачу курортехь! «Оливье» салат йоуш! Со мегар ю моьтту хьуна хьан к1олда-морзи т1ехь!..»
Т1аккха тхан ден аз хеза:
«Етт оза! Т1уо баккха! Даьтта даккха! Ч1епалгаш де! Котам, бад, г1аз, москал кхаба! Хьаьжк1а, кхоь, г1апакх, хастом кхиабе! Жижиг-гала де! Кхоьш кхехкае! Хингалш де! Кхарзарш яха! Бешара стом хичуболла! Наьрс, помидор, копаста туьхалайолла! Хьо повар елахь, аса дагардинарш - элан стунна даарш дан беркат, - хьан а долуш ду-кх!»
«Къанъелчхьана цхьаъ дийр ду аса… Сайн йишин хьал-де хаа а яхийтац ахьа!»
«Тоьаш ду тилпучхула ало аьлча».
«Сайн йиша елалуш ган а ма лаьа суна!..»
«Тилпучхула сурт даийта ала».
«Лаьцна стаг санна, бедана а йоьллина латтош ю ахь со! К1ордийна! К1ордийна!»
«Кху кертал ара ког боккхур бац! Хьо мел дукха терсарх юьтур а яц! Цкъа карара сте - хьо а йолуш, хьол т1аьхьа карайог1уйолчуьнга сатийссал 1овдал а вац со!»
«Со юьйш ву хьо! Лазар иккхина, со елла карор ю хьуна! Со 1елур яц кхин хьоьгахь!»
«Аса юха а, кхелан гаьънех санна, шед лоьлхуьйтур ю хьох, дар ма ве со, к1еллар ма лелха!»
Ладег1ар тоьира суна. Акхацициг лоьмана санна, т1елестина, г1иг1 дира аса дена… Чуваларций, чорда лен велира цкъа хьалха дестечунна:
«Хьо нана ю?! Нана хьо санна хуьлу?! Хьайн цхьалха висинчу «к1ентан» ойла-м яц хьан: меца лела теша, бедар йиттаза лела теша, нахах хьоьгуш лела теша?! Сан дегахь хилча – суна нана хила езаш яцара хьо? Ша винчу нанас дуьненчохь г1ийла лела ша а витинчу сох къа а хетна, доглезний хьан?!» - олуш, дог1а санна велхийра айса-суо. Х1ун дара а хаац, мелла а велхалур хиллера со, айса лара стаг уллехь ца хилчахьана...
«Баба яла хьан, 1усман!.. – аьлла елхаран къурдашца т1е а еана, дестечо сатедан маравоьллина, коьртах довха, к1еда куьг хьаькхира суна. - Суна дагахь а ма дацара - нана кхелхина буо хьо хилар… Шекмавала сан, бабиниг!.. Со ю хьуна хьан ненан метта куьг хьоькхуш, хьан жимачу кийрара боккха бала х1инцадуьйна хьоьстуерг! Сайн нус а ц1аялор ю, даламукъалахь, хьан да а - ший а тхойша т1аьхьадахна. Велха ма велха хьо. Къинт1ераволий хьо бабина х1инца?..»
Сайн велхаийзор къурдаш т1е а далийна, б1аьргех куьг а хьоькхуш, лаамаза ца велавала г1оьрттина элира аса:
«Хьо д1аяхнехь, нанна т1аьхьа бер санна, хьуна т1аьхьавеъна хир вара-кх со, хьо ц1аяллац, хьан т1ома к1елла 1ен…»
«Хьан дуьхьа, со кхин г1ертар яц хьуна д1аяха! Хезаш вуй хьо, 1овдал стаг, х1ара сан к1ант… теш а волуш бах хьуна ас...»
«Д1аяха ца г1ертачу стечунна, догдог1уш яха меттиг болуш бу-кх соьца…» - къовзош а элира Лоьмо. Суна дика вевза сайн да: дегах оллалун орам т1ера х1уйн стом охьабужур бара цунах догк1едаллах…
Доггах т1евирзина дов дира аса т1аккха дена а:
«Ахьа х1ун дийр дай!.. Хьайн зуда ю бохуш, нана хила суна кхочург хьийзор яц ахьа! Валлах1и-биллах1и-таллах1и – боккха дуй бу-кха, Лом, - х1окху сан дестечух а хьо валахь, кхул т1аьхьа хьуна зудчунна сайн езарг д1алур ма яц аса! Хьуна мотта а х1ун моьтту! Хьуо даим вуьтур ву моьтту хьуна аса, тохара жат1ахь айхьа кхелашна йиттина шед етташ, хьайн зударех маьхьарий эхийтарах ловза!»
«Нехан айг1арна к1ел хьан додучуьра, сан шедо сацийна дай х1ара нускал-м!» - элира тхан дас.
«Схьалохьа и шед соьга! Хьуна кхин эшацара иза, хьан арахь рема а, жа а дацара тохара санна!» - схьайийхира аса шед цуьнгара.
«Шед ца ло! Грамоташна т1ехула д1ауллуш ю х1ара!»
«Хьерамавийлахь, ахьа х1ун до д1ауллучу шедах? Шайт1анан окхло ю хьан иза?»
«Шед ма ехалахь, - тухуш бен луш яц аса х1ара!»
«Шен к1ант - со теш а лаьцна, дош делла хьуна сан нанас, йитана-яха кхин луур доцуш…»
«Жийн баь-ъ дара цуьнан багах даьлларг-м! Айг1аре еъначул т1аьхьа х1ун еъна хьаьжна бен, сайн туьпах кхела ялийтина вац со! Лакхарчу 1уьнна ма хьехал жимачу 1уьно! Д1авало, хьайн баьссачу бедана д1аг1уо! Сайн беданахь къепе айса ер аса!»
«Дика ду т1аккха, шуьша бертахь даьхчхьана, боккха там бу суна. Мерза даар-малар кхоамаделаш, соьмана б1аьрмециг а лелаш. Ахча аса латтор ду шуна. Дегара а сов ахча доккхудолу совдегар ву шуна со х1инца!»
«Тхан г1айг1а бан эшац! Беда буьззина даьхни ду: бетта етт бу, цуьнан эса ду, дехкар долу шинар ду, юстош тарг1а ю, дуьман уьстаг1ий ду, пух баккха гезарий ю. З1аькар-даьхни х1окху зудчунна шена доло лаахь – стохкалерчух а пенсин ахча ду хьадаза лаьтташ. Хьайна кхин зуда яло г1айг1абе ахь цул а! Хьо х1ун деш 1а беда а хецна! Беда лело стаг а ялаяй, беда буза! И хьоьгара яхнарг беда лелош цкъа а яцара! Со резавацара цкъа а цунна!»
Иштта юкъарло лелийра аса, кхуза схьа суо кхачале…» - дийцар чекхдаьккхира 1усмана. Делахь а, цхьана х1уманах тхо ца кхеташ чекхдала ца лиира тхуна дийцар:
«Айхьа куьг тоьхнарг хьайн дена яло муха мегна хьуна?»
«Шуна ма-хаъара, - аьлла, тхо кхето г1оьртира 1усман, - тхан дас ша а балийна зударий дукха ца 1ийна цуьнгахь. Хенара зуда бен ца йог1у воккхачуьнга, нагахь иза хьолах вукъвелла вацахь. Шен ойлайича: къена зуда яло луур дарий, ша къена хиларх а? Ткъа цуьнан хенара зударий бовдуш хилар цхьа бахьана доцуш хуьлийла дацара. Сайна и бахьана хаарна дина аса х1инцалера захало. Милцочун духарца, герзаца волуш, суна хала дацара муьлххачу жимачу жерочунна т1ехьовза. Ткъа х1ара - цуьнан белхан кафехь кхузза я доьазза йоуш-молуш, бегашца хан а яьхьна, цу чохь иза ша а нисло меттиг а ларйина, сайн лааман хьокъе ялийча куьг тоьхна ю. Ц1ийелла, сох юьйллушехь д1ацахоьцуш, хьо сан ю, х1инцца соьца д1аян еза хьо, аса баьхча, сан ц1ахь зуда елахь а, х1инца ца еъча ца йолу ша аьлла, шен белхан накъосташка, ша маре яхар йишега д1ахаийталаш аьлла, сан машена а хиъна, схьаеъна ю. Иштта сайгахула, сайн дена иза яло дагахь цунах куьг тохар – дена ямартло ца хета суна к1антера…»
Вайн чухула иштаниг лелла бохуш - дуьйцуш хезна доцург тамашийна хеташ, къобалцадира оха х1ара хилла даьлларг. Дений, к1антаний юкъехь йоккха эвхьазло лерира оха иштаниг, нохчийн 1адатан г1иллакхца цадог1ург.
«Хьуо тахана цо хьаьстича, х1умма дагадеарий хьуна?..» - хаьттира 1усманига совнахо цхьамма.
«Спектаклехь воьлхучунна - велхар доцург х1умма дагахь ца хуьлий хиира суна». - Элира 1усмана.
«Лом шек волчух тера ду хьох?..»
«Ма дукхавеза цунна со х1инца! Ша ялсамане аса вигча санна! Ткъа шеквийла – тхойша улл-улло х1оьттина ца гина ву иза?.. Говран гаьънаш санна, хенаш а долуш, доккхачу дег1ара сте ю цуьнан нускал…»
Тхуна цкъа х1инций гина дацара Лоьман нускал. 1усмана дийцарехь, кхуо юьхьенца цуьнан г1одаюкъ мараюллуш, цуьнан хенашна т1е бен ца кхечира кхуьнан куьйгаш. Лакхаллийца - юкъанакъарчу говран ц1оганан бухе кхочуш ву ша, бохуш 1усман хилча, ткъа буьхьара х1оьттича, цу шен хиллачу езарган ч1енги к1ел мотт 1оттабелла, - т1аккха а б1аьргашна хьалхахь сурт х1отта йиш яра кхуьнан «езаргах хиллачу дестечун» дег1ан локхаллин.
1усманан да Лом, шен к1антал шозза лекха хеташ, бирг1а санна, нийсачу дег1ан стаг вара, шишша метарш хиллал дехий пхьаьрсаш долуш. Хенаца лерича - 1усманал ткъаях шо бен воккха а воцуш. Тайп-тайпана, беламе эладиташ дуьйцура цунах лаьцна, шега маре баьхкина-баханчу зударшца хиллачу цуьнан юкъаметтигех. Юьртара цхьаццадолу, дастаме лела бераш, цуьнан ц1енойн т1ехьарчу корашна чухула леллачуьнга хьийсина а, ладийг1ина а, буьйсанаш ларъеш 1ийна долчух дуьйцура. Боьршаллин 1аламатах вуьйцура Лом!..
К1ентан цхьаьнца зудчуьнца лелачу беламе ледарчу х1умане диллича – ден зударшца леларг инзаре жех1ала дара!
Нохчийн йозане даха оьзда дац уьш саннарш. Цомгушчийн цамгарех лаьцна яздина хила дезарш ду, лоьрийн латинийн йозанца.
Иштта, 1усманега дукхахдолу ладоьг1уш, т1аьххьалц буьйса яйира оха тховса а. Кхид1адерш дийцийта тхайна цуьнга лаахь – кханенаш яхкуьйтур ю цунна цкъа оха…
Свидетельство о публикации №212033002289