Чаг1алкхаш на чеченском языке

       - Хасавюрт-г1алин йистерчу аьккхийн кевн-кертех, цхьана тхайн хьешан х1усамехь сакъоьруш 1ара тхо, - дийцавелира, шаьш т1аьххьар сакъерарх, сан цхьа накъост. – Тхан х1усамда Аркадий а цхьаьна -  виъ нохчо вара тхо…
      - «Аркадий» - бакъц1е ю цу аьккхичун? – хаьттира аса.
      - Ю, дера-кх, паспорта т1ехь-м, Москох оха доьшуш - студент волуш а-м, - аьлла, «Аркадий» яхана ц1е цахилар билгалдира сан накъоста. – Цуьнан тховк1ело муха яра хьуна, аьлча, - ц1енкъа тийсинчу кузашна юкъахь г1у яра. И г1у конканахь дохьчу хих юзуш яра. З1е т1е оьллинчу ведарахь оьцура чуьра хи. Г1у т1ера нег1ар айдича, шелонан х1уо а кхеташ, деккъа, Юккъерчу Азира х1усаман хьашташ кхочуш дан йинчух тера яра. Оха, тхаьш дог1уш деана уьстаг1ан г1ог1 кожалх а даьккхина, г1у чу оьллира Аркадийс. Кхин кожал хьала а баьккхина, цу т1ера можачу дуьман таь11ин-ц1ен бос болу жижиг, тхуна хьалхарчу шуьйрачу стоьла т1е а кхоьссина, барзакъах яьллачу ширачу, дайн шаьлтанца дара а, туьханца кечдан а велира иза. Бокъан жижиг хиллера иза. Оццу тховк1ел, дукха чехка, товханан шуьйрачу туьнкалга к1елахь латийнчу ц1ера т1е дечкан к1ора тесира цо, «х1инца вай алу т1ехь жижиг доттур ду, доттаг1ий», - аьлла.    Тхо 1уьйренца а даьхкина, «кхайкхаза» хьеший дара, цундела х1усамнана тхуна гонах хьийза - ц1ахь яцара: Хасавюртан базарахь мехала дешин х1уманаш юхкучохь балхахь хиллера Лайлаъ. Амма даима ц1ахь йолчу Аркадийн нанас – бабас сийна а, ц1ен а мел хуьлу хасстом биллира - шовран к1олдаца тхуна хьалха, 1аламат т1ахъаьлла а хьийзаш. Дезткъа шаре г1оьртина, эг1азе дег1ара, товш, шера юьхь а йолуш, жимахойн дагера къамел а долуш, къона йисна, оьзда яьхна стаг йолчух тера яра - дукха жима йолуш ц1ийнда а кхелхина, берашна цхьа а яьхна, Хьулимат - ц1е йолу баба. Т1ерачу духарца а яра жимачу зудчуьнгахь санна, к1айчу тиран эхангца тегначу кочо лаг гучуьрдоккхуш юьйхинчу 1аьржачу атласан кучахь, когаюьйханчу 1аьржачу лепаран туплешкахь, г1одаюкъ къовлуш дихкинчу, ц1ечу т1аьрсиган доьхкарахь, чекх сагучу, шекъан бесан дарин йовлакхахь.
     - Хьулимат, - аьлла, шен нене хаьттира х1инца Аркадийс, - х1ара вайн хьеший бевзий хьуна?
Нурдина т1е а еана, маравоьллира бабас иза, ша маравуллуш, цо охьата1ийначу коьртах куьг а хьаькхна, юьхь а елалуш, элира:
    - Х1ара сан к1ант ву! Айса вича санна хета суна х1ара…
    - Хьулимат, бакъделара иза, кхуьнан да - сайн да хирг вацарх а, ахьа вина хуьлуьйтур вара аса х1ара, моллас мах банза дуьнен чу ваьлла хилча а! – элира т1аккха Аркадийс.
    - Иза а хууш, жима хилла елара!.. – бегаш бира бабас.
    - Хьулимат, х1ара мила ву хаьий хьуна? – олуш, Хьамзатан белшах куьг кхозийра Аркадийс, шена а дуьххьара гучу. Хьамзате хьаьжча, баба елакъежна хилар ша-шех дайра. Тамаш а бацара, - тхуна юкъахь лаьттарг шовзткъе итт шере ваьлла велахь а, могашаллин ц1ен бос а богуш, шуьйрачу белшийн ондачу дег1а т1ерачу бедарца берах кечвелла вара, буьрканах ловза араваьлча санна, амма т1едиллинчу дилхан стоммачу вортанан хьаьрсачу коьрта тиллинчу бухарун холхазан лекхачу куйнахь!
    - Х1ара адамийн къайленаш юьйцучу нахах, - х1умахуу стаг, Хьамзат ву, - вовзийтира иза Нурдис.
    - «Эвлаяъ» ву? – беламе 1оттар йира тхуна юкъарчу Курчалойн эвларчу суьлийн куьпарчу Са1ида.
    - Гайш т1е г1айбеш а дехкина, 1арбийн йоза 1амийнчарех вац со, баба, - велавелира Хьамзат, - тойнийн стоьлашка а хиъна, адамаш а, къаьмнаш а девзина, кхоб1е шовзткъе ялхийттачу эвлаяэх, - даимана дуьненахь  хуьлучарех хила лиънарг ву, делера салам-маршалла вайн элчане кхочуш, цунна уллехь г1амаршлахь сайн синан а буьртиг  хилла хиларх, - г1енаша тешийнарг а ву…
    -1еламчу нехан хаза къамел ду хьоьгахь! - хьастаелира т1аккха баба.
    - Хьулимат, ткъа х1ара «суьлий» виц-м ца велла хьуна? – хоттуш, Са1идана т1евирзира х1инца Аркадий.
    - Соьлий ма алахь кхунах, - олуш маравоьллира бабас Са1ид. – Соьлий хуьлу - соьлийчух а, нохчашна юкъехь шен ага техкийнчух?
    - Х1аъ, х1окхо х1инца эр ду сох суьлий! – элира дегабааме, сискалан бесара юьхь лепачу, лекхачу дег1арчу Са1ида. – Тохара оха Москох доьшучу хенахь, суьлашца тхан дар-дацар нислучохь-м - нохчо вара со х1окхунна!
    - Цу хенахь вай бераш дара, - къаьмнех а доцуш. Къанвелча - шен къоман адаман сибате йолу беран юьхь… - аьлла, ша доттаг1чун куьцан тидам боккхучух хьовзаварах велавелира Аркадий.
    - Бакъбоху! Хьенан х1ун дара тхуна ала? – цуьнца бегаш бан велира х1инца Са1ид а.
    - Шуна ала х1ума дац сан-м! Шуна юкъехь дехар дарий тхо, аьккхий, шух дешаш ца хилча… – х1иллане хьовзийра Аркадийс.
    Иштта, сакъера охьахевшира тхо шуьйрачу стоьлан гонаха. Бабас а тхо парг1ата дитира, тхуна оьшучунна - ша цакхоаяр а дехна.
    - Дуй хьуна, - воккхавеваре элира Хьамзата, - х1инца мер ду-кх вай б1аьргашчухула дегнашна чу а лелаш, хьошаллаш а лелош!
    - Вовшашна совг1аташ а кхоьхьуш, бохий ахь? – хаьттира сатасаме самукъадаьллачу Са1ида а.
    Шайн к1оштан юьрта-бахаман администрацехь секартаран г1уллакхъхо волчу Аркадийна - юкъараллин белхийн г1уллакхаш дийца лаар хьалхадаьллера. Иштта, хиира, Дагестанан чуьрчу масийтта къоман адам дехачу, церан к1оштехь суьлийн хьаькамалла лелаш хилар а, депутаташ а, цу къомах воцург, харжа, хьаькамашна лууш цахилар а, вукху къаьмнийн барт цахиларна - нийсо лело цатигар а.
     - Ткъа аьккхех доглеташ цхьаъа къам дац Дагестанехь, - дуьйцура Аркадийс, - Нохчийчуьра - бен тхан хиларна, Москохана хьалхахь террорхой  тхо латто аьтто баьлла х1окхеран. Шайн тигача - Конституцера харжамхойн бакъо а тхоьгара йохор яра х1окхара! Иштта 1иттабелла бу тхоьца суьлий кхузахь.
    - Дера, жаш ма дажадайти шун дайша тхан дайшка дуккха, - юкъадалийра Са1ида, - саг1адоьхургаш бен, тхох нах а ца хеташ!
    - Тхан дайшна-м хууш хиллера шух нах дича, аша кхана дендерг! – элира бабина дукхавезачу Нурдис. – Имам Шемал а, шех паччахь винчарна ямарта чекхваьллачахь, иза а ца тешначарах - муха тешар дара тхо!
    - К1ентий, дика к1ентий а дукха бу шуна суьлашна юкъахь! – къамел шега ийцира Хьамзата. – Сан доттаг1ий дукха бу кхузахь, 1аламат комаьрша к1ентий! Т1арг1анах йоьттина церан «фуранаш» хийла Тамбов-г1ала чу еттийтина аса цаьрга, х1инца а сом д1адаланза!.. Динан мух1аран томмаг1ах кхоьручу валлалц - ас а лелийна Аллах1а бусалбанашна лело цамагийнарш. Амма, хьалх-хьалхалара балахошка сайна гечдойтуш, вог1у т1аьххьар…
   - Нохчочунна-м гечдийр дацара хьаха цара! – кийрах иккхира Нурдин, Аркадий а, Са1ид а цецвоккхуш. - Х1ара-м ч1ебарло вай. Х1окхо Тамбов лаа хьехайо моьтту шуна. Шен буха т1е а вахна, оьрси а ялийна, цунах т1аьхье а йолийна, ц1а веана вай х1ара нохчийн оьрси-м! Кхуьнан хьаьрсачу бесе а, сийначу б1аьргашка а хьаьжча ца хаьа шуна х1окхуьнан дай мичхьара лам чу веъначу дех схьабевлла бу?..
   - Наношка ма дахна тхан х1у: нана – шуьниг ма ю тхан… - бозбуунчалле п1елгаш а ловзош, элира Хьамзата.
   - Цундела шу тхуна дукхадезна-кх, шайн наной бен - тхо ца лоруш шу хилча а!..
   - Войъ! Тхан зударий а ма бу нохчий! Тхо-м ма ца деза шуна! – къежира Са1ид т1аккха.
   - Шуьга баьхкинчарах - суьлий хуьлу! - аьлла конъяках къурд а бина, дашон з1ен метта оьхкина - дашон туьтийн суьлхьанаш кочара а даьхна, уьш ловзо велира Хьамзат.
   Даа дог ден чам хуьлуш деттина бокъан жижиг а хиллера Аркадийс алу т1ехь, юкъара ц1ийн мутта а дуьйлуш. «Субхьана рабби…» - далочу Хьамзатан бат ц1ехюьзнера даттадалазчу жижиго. «Ма мерза ю-кх х1ара бокъаш!» - олура, цергаш  тесначу жижигах даь1ахк ша озийча цо.
   - Х1ара даа х1инца соьца воцу - Алма-атара маьждиган имам, сан доттаг1а Кхапан!..                               
    - Хьо санна «йоккхуш» ву изаъ? – хаьттира Са1ида. 
 - Тхойша ший а вац - кемсийн мутта вахавала мала бакъо йина, - шеквоцуш элира Хьамзата. – Дала муха лорур те, - хеттахь а, - эхартахь къаьхьалла хир йолу къурд ца беш-м ца1а тхойша, мунепакъаш вовшахкхетачехь, кхоччуш, делах а бевлла, циггахь жоьжахате ца бовло уьш, царах а нисвелла, царна дехкарш дан цхьаъ хилавезар-кх? – вовшашна хьоьхий…
   - Къаьркъа – кийрахь, суьлхьанаш – карахь, шайт1анан х1ума дац иза? – 1оттар йира Са1ида.
   - Шайт1а массаьрций ду вайца. Адамаш а хилла леларш а ду. Адамо шех шайт1а ца дойтуш, 1ехош, кийра доьллина лелориг а ду. Масала, - аса санна:
   «Арадала суна чуьра!» - мохь туьйхира Хьамзата. Зударийн кочачу озанах, кийрарчу шайт1анах, дуьхьал вистхилар хилира т1аккха Хьамзатан:      «Арадалалац со, нана… везнаверг ас  малавезчух, малар к1ел сан оба йоцчу!» Хьамзат  хьаставелира:
   «Къаьркъан х1ордах 1ебар-кха хьо, Аркадийн хьаькамах дахча…»
   «Хьожа йог1у-кх ма1ачух!» - элира «шайт1ано».
  «Хасавюрта г1охьа – къуьнах - коьрта хьаькам воккхуш дуьйнах!» - т1ечевхира Хьамзат.
   «Бахкабелла-кх и кийра а…» - дилхира «шайт1а».
Буьрса вегавелира Хьамзат: «Хьо - хилла долу сийлахь-деза, делан цкъа маликел мерза, кураллах - хьайх Иблис дина, лаьллинарг стиглашна к1елла, дала не1алт кхайкхадина, хьайна еллачу к1елахь хьалдолуш ма1аверг каравина, вацо суна - ца ло ахь х1илла?..»
   «Хастам цунна, - вара сан цхьаъ, цунна т1аьххье вахарг хьан во1!» - къаро йира «шайт1ано».
   « Мича вахарг?»
«Цунна хьо ца велхачу 1уьрга!»
   «Цунна велхаверг - мила?..»
«Хьан т1уз бала - хьуна кехат тосудоцург, хьо веловоцург - хьан к1ентан доттаг1а хир воцург, хьан йо1 йигна - хьан нуц хир воцург, воьлуш хьох бен, - и ловзонйоцург…»
   «Д1асаца, йилбаз! – т1ечевхира Хьамзат. – Суна-сайнна каронволчу ма1ачунна кийра дуола дош ма лолахь суна!..»
   «Г1умкийн мерзудчу, суьлийн везаргчух – сан дош…»
«Иззаниг караваллац сакъера хьайна сох. Дукха-м ца мийлора хьуна, даламукъалахь!» - аьлла конъяках къурд бира, вегор сацазчу Хьамзата. Бешахь ж1аьла а летира эцца…
    - Х1инца кхийтин хьо, шайт1а сох а хиларх? – хаьттира Са1иде Хьамзата. – Вайн Аллах1 – дела цхьаъ вайн хилар санна, бакъдолуш, долуш ма ду иза соьца! Шуьца бегаш бан лиъна, «цуьнца» долийна къамел сихха чекхдоккхур долуш вара со, - цуо витанехь… Иза х1ун ж1аьла дара леттарг, ва Аркадий?
    - Иза-м бешара, сан ж1аьла дара, буьнах д1атесна долу.
    Тхо беша девлира ж1аьле хьовса. Бутолаган дег1ара, берстана, боккхачу коьртан ч1ишталгаш охкаелла а йолуш, хьаьрса бардал гира тхуна буьнан буьххье а даьлла, хьаькаман г1антахь санна, дуладелла, хиъна 1аш. Луьрачу 1азапехь доллучу б1аьргийн к1оргера хьажар дара цуьнан. Хьамзата жижиган цахцар кхоьссира цунна. Ца1овшуш д1акхаьллира цо иза. Тховк1елхьара схьаеана, тхох йисна даь1ахкаш хьалха ехкира ж1аьлина. Ж1аьло тергал а ца йира…
    - Суна вевзи хьо! – элира т1аккха, г1айг1ане корта а хьовзош, ж1аьле Хьамзата. - Коьрта холхазан куй тилличхьана, ма-варра, оцу сан шайт1ано кошан 1уьрга вахна бохург ву-кх хьо!.. Цунна чуьра шайт1а хьох ду-кх! Хьалдолу суьлий а дуьнен чохь хуьлий хиъна дацара суна, Са1ид, - хьо а суьлий вуй хуудоцчул башха! – велар а оьккхуш, Са1иде а хьаьжна, мукъамечу озан айамца, имам Шемалах назам элира цо:

                «Я рабби, д1аэца дог к1езгнаш ма-барра,
                Нохчаша сий дина имам со воллушехь,
                Йоккхачу диване шаьш ховшош воллушехь, -
                Вохка со ойланца хьежнийца уьш б1аьра!

                Я рабби я дела, суьлашха вечулла -
                Велар-кха вина ахь со жуьгтихула:
                Инарлина велавеш, имамна къажавеш,
                Ц1ен деши гулладан, кепекан доладеш!

                Сайн даьхни кхачадеш кепекан кхаччалц бист,
                Сулиман шахьарах доттадан Делан килс,
                Ма беза ямартхой – яхь ераш безалаш! -
                Весете дахка сан хин дарий бакъдешнаш».

                И до1а ша дича Мединан г1амаршкахь,
                «Некъ бац хьан шайхачух, - аьллера 1аршашкахь, -
                Хьо вог1у нохчийн къам майраллах дейтина,
                Сан жуьгтий беркъбина - хьайн суьлий хьистина!»

    Тхуна т1аьхьара ала лаа ойуш, назма ерзийча, ц1еххьашха «Адидас» кроссовкаш т1е буьхьар а х1оьттина, ша-шена хелхаран т1араш тухуш, хелхасеттира Хьамзат, «х1оррастоъ-х1оррастоъ» даьккхина. Тхан суьлий Са1ид а велира гоне. Дага т1ей а, букъа т1ей а буйнаш х1иттийна, дуткъа, лекха дег1 аркъаласаттийна, Хьамзатан гоне ваьлла, хелхавелира иза. Ший а вара дика самукъадаьлла. Нурди вара-кх цаьршиннах цавашарна корта раз- баьккхина, къежана хьаьжна, тата доццург тухуш ши куьг, цаьршинна т1есеттина вог1авелла:
     - Хьаяхь, - цаьршинна вовший везавеллачу! – аьлла Аркадийга.
      К1озаршка хьийзинчу къоьжачу месашна т1ера туркойн къорза пес-куй, ворталчу шершинчу к1унзална т1е а тоьттуш, ч1ог1а т1араш тоьхначу Аркадийна хьалхахь хьовзаре бохь а боьг1на, багахь «б1ов-б1ов» аьлла,  когаш к1ел тапча тухучух п1елгаш ловзийча - хелхар сацийначу Хьамзата, тхан а дагахь хин дерг хаьттира:
     - Цхьанхьахь, жерой а хир болуш, сакъера меттиг яц хьан, х1ай сийлахь Аркадий-паша?
     Шен меттабуьхьехь хилча санна, ю, - элира вукхо, - Бабаюртахь. Тхоьца кхаанца Москох дешна, тхан доттаг1а ву цигарчу 1едалан къайлерчу урхаллехь доккхачу даржаца!..
     Иштта к1урк1мани а хьаьвзина, Бабаюрта хаьхкира оха, нохчашна езна, церан къайленаш евзинчу Хьамзатан 1аьржа «Мерседес»…




     Де делкъалт1аьхьене лестича, Терка т1ера схьадиллинчу татола т1ерачу садо1ийле кхечира тхо. Хин т1оьхула хьоькху мох чухулабийла йиллина яра Бабаюртан йистера и кафе. Хьалхахь д1ах1иттийна дуккха машенаш яра, милцойнаш а т1ехь.
     Тхоьга чу г1о а аьлла, Аркадий, ша нацкъара лаьттачу кухничу вахара, кхачабийраш шена бевзаш бу, юург диканиг кечйойту ша, аьлла.
     «Ассалам 1алейкум!» - аьлла Хьамзат хьалха волуш, стоьлаш т1етт1аоьзна сакъоьручу боьршан а, стен а тобанна т1ех1иттира тхо. Вовшашка къамел, цалаарх, х1инца юкъарчу оьрсийн матте дала дезара. Тхуна хьалхаваьлларг, 1еламстеган дан деза сий бахьанехь,  Хьамзат хиларна, оьрсийн мотт цунна дика ца хууш хиларе кхерам бара тхоьгахь. Цундела, галстукаш йихкинчу а, милцойн эпсарийн духарш доьхначу а, товш х1ума т1едоьхна болчу зударшка а, - шена т1ерачу буьрканах ловзаран духарца, лекхачу холхазан куйнахь волчу цо ала а элира тхо кхоьррург:
    - Хорош отдыхать, мужики, угощайте теперь голодных соседей!
Оцу къамелах цецбевлла къоьнахий, цкъа бистцахуьлуш, тхоьга хьаьвссина бисира, 1айг-ма1арца куьйгаш а сецна. Царна юкъарчу, шега хьаьжначунна бакъахьара, къонахчалле хетачу стага – хьалха вастлуш, хаьттира:
    - Ребята, вы чеченцы?..
    - Ичкерийцы мы, - элира Хьамзата, – на газавате… Но, теперь мы не в Кизляр направляемся, - это Бабаюрт?..
    - Добро пожаловать, тогда! – аьлла забарна тхан, и къоьнахча хьалаг1аьттира. – Вот сюда, со мной рядом распологайтесь, - аьлча, цуьнан мог1арнаш тхуна шайн меттигаш бала, вукху аг1орабевлира стоьлан.
    - Спасибо за приглашение, но мы за свободным столом устроимся, - аьллачу са1ида тхо юхаг1ортийра. Амма тхан Хьамзат церан тхьамдега куьг а делла, цунна улле охьахиира. Тхан а т1аккха изза дан дийзира. Шаьш тхуна юург х1инцца т1ейоуьйтур ю, цкъачунна, стоьла т1ера луъург т1екхоллуш, довзарна т1ера кедаш мала беза вай, элира тхоьга. Хьамзата довзийта дехира тхо, маларан кад а лаьцна:
    - Вот этот, - элира Са1идах лаьцна, - чеченский аварец…
    - Он шутит, - всё наоборот! – сихонца билгалдаьккхира Са1ида. Амма Хьамзата д1адахдира цунах:
    - Имя ему дал мулла по рождении – Саид, а шайтан выманивает его к себе именем «Душитель»…
    Т1аккха Нурдина т1евирзира Хьамзат.
    - А этот – Нурдин, «луч веры» и заодно «тьма неверия», - Нужда!..
     Оцу меттехь чоьхьаваьлла Аркадий куьйгаэшара саца а вина, к1озарш т1еяьхкинчу юьхь т1ера буткъа-беха мара ц1ий а белла, дуткъийрачу балдех цергаш а хьекхош, ц1аьнкъа юккъехь латта, цунах а вовзийтаран дош ала велира Хьамзат:
    - А этот – наш друг Аркадий. Аккинец. Скучает по исторической родине. Ненавидит любую власть. По натуре – революционер маниакального ума… - Хьамзата аьлча, кхин ладег1а са а ца тохаделла т1евеанчу Аркадийс стоьлан тхьамда салам-маршаллийца маравоьллира. И шиъ хиллера - дукха хьалха дуьйна вовший вевзаш а, депутаташ харжаран кампани цхьаьна хуьлуш а. Тхан тхьамда хиллера Бабаюртан к1оштанара «хьаштонийн юкъараллин» куьйгалхо. Х1ара кафе а хиллера цуьнан долара. Везза, шена вукхуза аг1ор охьахаийра цо Аркадий. Х1инца дош Аркадийс шега ийцира:
      - А вот этот, - элира Хьамзатах, - очень уважаемый и страшный «там» человек: инквизитор от ислама по ваххабизму! Большой знаток оккультных наук: толкователь книги-звезды Абдурзукка «Седажайна». Изгоняет из больных людей нечистых духов. Зовут его просто: Хамзат. Кому непривычно простое – он шейх-Хамзат…
     - А разве «уважаемый» собирается с нами пить? – цецволуш хаьттира милцойн подполковникан хорманахь волчу къонахчо.
     - Делай что говорит мулла, а не то, что - он делает! – кица далийра тхьамдас шен накъостана.
     - Ах, да! – аьлла велакъежира вож.
Т1аккха тхьамдас шеца берш бовзийтира тхуна. Цуьнца берш - церан к1оштан 1едалан белхахой хиллера. Церан юкъ шина суьлийчух йоцург - г1умкех хиллера. Суьлех хиллера «хьаштонийн юкъараллин» шолг1а куьйгалхо а, милцойн хьаькам а. Кхучохь хиллера цара белхан делкъееш. Иза ша-дерриге доцца хаийтинчу тхьамдас - Шамсуддис т1аьххьар дош иштта дерзийра:
     - Оказывается, вы все кунаки моего хорошего кунака, и по нашим кавказским обычаям - вы и мои хорошие кунаки!
     Иштта довзарна т1ера кедаш а мелла, тхуна т1едеъначу керлачу дааршна т1едирзира тхо. Буткъачу бедан чомечу жижиган мантеш - етшурий а, ниттий а муттанан къонзане 1отта а, уьстаг1а ког-корта саьримсекхан бераме 1уттуш даа а - йиш яра стоьла т1ехь. Амма Хьамзата «къарс-къирссехь», цергашца кегдеш, деккъа уьстаг1а лергаш доура. Жижигах яьжна туьта, чуьра хье баккхийта, кухне яхьийтира цо, «юкъараллехь» болх бечу суьлийн Нуц1але:
     - По глазам вижу, - аьлла, - кому доверять. – Какие мозги мне принесешь, настолько я стану твоим другом…
     - Но как теперь обстановка у вас? – хаттар дира милцойн хьаькамо.
     - Власть и контроль в надежных руках, - аьллачу Хьамзата парг1атабехира кху мехкан дай. Х1орамма а царех дийца даьккхира - т1ом боьдуш, шайн-шайн аьттоне хьаьжна, шайн-шайн керташкахь д1атарбина хиллачу мух1ажарех лаьцна. Пекъарчу берех а, зударех а доглезна хилар - дуьйцучун б1аьргаш кхохкадаларх а гучудолура. Шаьш т1елецна хиллачу нехан ц1ерш а йохуш, бевзий, хоьттуш, кхид1а царах хилларг хаа лууш хилира уьш. «Нохчийн къомах» баркалла элира оха царна. Цул т1аьхьа, тхан г1уллакхе хьовса кийча шаьш хилар а хаийтира цара тхоьга. Амма, тхан цхаъа г1уллакх цахилар д1ахаийтира Аркадийс, иштта д1а, ганза дуккха хан а яларна, доттаг1чунна сагатделла даьхкина хиларх кхетийра. Ткъа, «тхан» доттаг1а, коьртачу конторе вахна, ц1ахь воций а хиира тхуна цаьргара, иза кхана ц1а вог1ур вуйла а. «Иза ц1а валлац сада1а йиш ю тхан», - элира Аркадийс а.
     Иштта, тхо дагарадевлла дохкуш, Нуц1ал а чоьхьавелира, бошхапахь  хье а бохьуш:
     - Скушай, шейх-Хамзат, на здоровье! – элира цо.
     Нуц1ал - лекхочу дег1ахь, тайна сибат хеташ, шовзткъа шерера  жимастаг вара. Сийна бос беттабаллал яьшна юьхь-марш - к1оргерачу сирачу б1аьргийн товш а йолуш, ц1ечу балдийн дуткъачу, сирачу шимекхо а, шина декъе екъаеллачу ц1ечу ч1енго а хьекъален а, шен дег1ана там лоьхуш хиларе а хоьтуьйтуш. Т1едуьйхина вара буьйранан бесан костюмах - сирачу кучах, боьмашчу галстуках. Лоьман санна, айаелла, 1аьржа къес сих-сиха куьг тухий, т1ехьакхуссура цо:
     - Ну, как мозги, шейх-Хамзат? – хаттаза ца1авелира иза, хье боучу Хьамзате.
     - Инша-Аллах, хорошие мозги! – хастаме цкъа аьллачу Хьамзата - т1ечевхаш санна, хаьттира юха. – Сам откуда баран?!.
Нуц1ал сихвелира цкъа хьалха доьхна жоп а делла:
     - Я? из Имам-Кули-Кента… - юха нисвала, - барашек для райпо закупаю. Очень вкусная баранина!
     - Для жертвоприношения в Чечне - пойдет? – хаьттира сихха цуьнга Хьамзата.
     - Очень, даже, пойдет!
     - Для Грозного мечети тринадцать штук достанешь?
     - Какой разговор, шейх-Хамзат! Когда и сколько скажешь!
     - Тогда любовные твои грехи на себя возьму... - б1аьрг а та1ош цуьнга, тамашийна къажар зударшка а деш, элира Хьамзата. Нуц1ална мокха бос беара. Дегочу куьйга доьттира цо шишанчуьра тхан кедаш чу. Тхо кху чу даьхкичхьана йистхилла а йоцчу шина зудчунна хьалхара лимонад дуттуш долу кедаш къаьркъанах дуьзира цо, и шиъ цец а йоккхуш:
     - Что ты делаешь? – йоьхна хьаьвзира Шамсуддин сте.
     - Извини меня, Беке, я нечаянно…
     - Дай, лучше, «Шампанского»! Грех не выпить с такими гостями! – меттахъелира х1инца Беке а. Нуц1алс «Шампански» шиша даьстира тапчанан татанха. Цо и д1асадуттучу хенан юкъанна - оьрсийн маттара Шамхалех илли ала долийра Хьамзата, дог-ойла иракарах1отточу нохчийн назманан мукъамехь:
               
                Степей отары твои – ковры в цветах, Адиль-Гирей.
                Твой род Шамхалов любит царей - как своих детей.
                Петру Великому в поход, к Дербенту стелешь коней.
                Зато награда твоим ногам – тренога лошадей!..

                Степей отары стали похлебкою драгунов.
                Обернулся друг врагом - осквернив род Шевкалов.
                Петру Великому с тобой и не вспомнился пиров.
                Умри ты, поганенный, плененный в крае снегов!

                Инша-Аллах, Адиль-Гирей, на бога уповай!
                Легендой станет Хасбулат – твой сын - твой примет бой.
                Отомстит царю Петру он навеки веков.
                Станет Валия Дагестана вновь он Шевкалов!..

Тхан тойнан дайша хьала а г1евттина д1амелира т1аккха кедаш, вовшах а ца тухуш: доттаг1ий ямарта хилар цалало цхьана а къоман стагана. Амма Хьамзатан иллигара ямартло – паччахьан ямартло яра, мохкд1алацаран т1еман законаша хьекъале лаьрра йолу, т1омбаран мекарлонах. Делахь а, тхан тойн дайн дегнаш тохадалийтинера цу иллино. Беке а яра самукъадалар гучу ца даккха, ц1ен беснех нур а догуш, жимачу, к1айчу куьйга - жаг1а санна, к1айн, цхьатерчу цергаш к1ел шоколад а кхоьхьуш, 1уьйшуш 1аш. Цуьнан боьмаша б1аьргаш Хьамзатига хьовсура х1инца сих-сиха, цунах йоккхаееш йолчух къегина. Тхан накъостийн, ткъа, бала ца кхочура цу- тайпанара цаьршиннан леларан тидам баккха. Церан дагахь кхин долчух тера дара - Хьамзатана мелла а дика там бан лаар, «х1ун йоур яра ахьа?» - хоттура цара ша-ша. Ткъа йоурйолуш Хьамзат а хиллера, схьахетарехь, сацадо1уьйтуш шен гене!
     - Мы, алимы, - элира цо, шех тхо кхетча санна, - всеровно все как гурманы, но хорошо разбираться во вкусах начинаем как только желудки набиваем чем попало. По настоящему теперь, вот, мне хочется поесть шашлык из свежей осетрины. – Тхуна х1уьттаренна, ша аьлча, хьаладаьккхинчу шен гена куьг хьаькхира цо.
   Шамсуддис кухни чу вахийтира, ч1ара буй хатта цхьа жимха. Шира туьхан шовралахь бен ч1ара ца хиллера. Ишттаниг Хьамзатана кхарзийта резаца- хилира дай. Милцойн хьаькамо мобильни тилпу туьйхира цхьаьнга. Х1инцца схьабохьу сийсарлера ч1ара, - элира.
    Т1аккха Аркадийс Шамсуддин лере а таь1на цхьаъ дийцира, вукхо корта та1ийра. Суьйранна, белхан хан чекхъяьлча, кху кафен йистерчу, хьун юькъа- чуьрчу, ц1а чохь сада1а барт бинера Аркадийс, синкъерамна мехкарий а балор болуш. Тхан 1одика а йина, шайн белхашка д1асабахара уьш. Уьш арабевлча, ши сте хиъна 1ийначехь - Бекен г1антахь йисна зударийн буьмаьштиг карийра тхуна.
     - Бисмиллах1! Схьалолаш иза соьга! – когаш т1е кхоссавелира Хьамзат. – Дала вайн самукъадаккха делла кху мехкан даьхни хир ду х1ара!
Хьамзата цу чуьра схьадаьккхинарг нийсса итт эзар сом дара. Кхин чуьра х1уммаъ ца юьйжира, бертал а лаьцна, егорах.
    - Х1инца кхийтин шу? – хаьттира Хьамзата. – Х1ара йицъелла йисна хиллехьара - зударийн ма1ар хилла а, цхьа х1ума хилла хир ярий кху чохь? Х1ара совг1атна дитина ахча ду г1умкийн зудчо…
    - Х1ан-х1а, вай к1езга нах ду-дац хьовса, к1езга делахь - 1орадаха дайтина х1ума ду х1ара суьлийн Нуц1алс, - элира Нурдис.
    - Буьмаьштиг д1аялаеза кхучуьрчу белхалочуьнга, - элира Аркадийс.
    - Д1авалийша, деладуьхьа, 1едалх кхеравала кийчча ву-кх шуьшиъ Москохдуьйна а! – т1ечевхира Са1ид. – Буьмаьштиг - чу т1улг а биллина, вайна к1елд1ахула доьдучу хичу кхоьссичхьана, ахча – кисанашка дилличхьана д1а ца долу, ткъа, х1ара г1уллакх!
    - Д1адолу те, - буьмаьштигал хьалха шуьша ши жуьйлиг хичу  кхоьссичхьана! – Са1идана чуг1оьртира Нурди.
    - Т1аккха а д1а ца долу: юьхь1аьржо вайшанна т1ехь юьсур ю, - элира Аркадийс.
    - Х1ай ч1ебарло! Охьайиллал ша ма-хиллара буьмаьштиг г1анта т1е! – Хьамзатана оьг1азвахара х1инца Нурди.
    - Х1ай ц1азам къахьбен Нурди! – олуш, буьмаьштиг чета та1ийра Хьамзата. – Суна т1е диллий дитахьа х1ара г1уллакх! Нагахь, буьмаьштиган дай т1аьхьабаг1ахь – аса сайн четара схьайоккхур ю хьуна х1ара! Уьш юьхь1аьржа а х1иттор бу: тхо берзалой цахеташ юкъакхоьссинера аша тхуна х1ара «коьман 1ахар» аьлла! Цара жоп даллалц карара д1а а хоьцур яц. Йицъелла йисна ю шайн, цара алахь, аса меллиша дагар а дина, карийнчунна догг1учул ахча сайн кисана а та1ийна, д1акховдор ю. Нагахь цара, шу зоьш дара шаьш, алахь, со Жора-Жабий т1аьхьенах, хьан ден маьхчас вина Хьамзат вац хьуна - аса яьссачу буьмаьштиг чу Нуц1алге мотт хьоькхуьйтур бацахь!..
     - Со – накъост ву хьан! – б1аьрмецигачу б1аьргашца кхайкхийра Са1ида.
     - Накъост эшац суна айса жоп лучу г1уллакхна! – резацахилира цунна Хьамзат.
     - Вай массара жоп луш, массарна  карийна ю буьмаьштиг! – элира Са1ида.
     - Шина кисана йиллалур яц моллица карийна буьмаьштиг! – ч1аг1дира Хьамзата.
     - Соьга схьалуо делахь! – т1евирзира цунна Са1ид.
     - Ахьа схьаяккха соьгара делахь! – дуьхьалвирзира цунна Хьамзат а.
     - Дера, хаац суна-м, моллих муха тийсалур ву бусулба… - юхавелира Са1ид. – Хаза-м хезнера суна шайт1ано аьлла бохург…
     - Х1ай-х1ай! – элира Хьамзата. – Дела резахуьлда цу шайт1анна! Шен хенна цо, и аьлла ца хиллехьара, моллийн г1уллакхех хьуна хаийта дезнарг со хилла хир вара-кх х1оккху меттехь!..
Са1ид къарвелира шена а лиъначунна:
     - Вайна-м бен дац ахча хьеннан кисанара схьадохург хилча а: сакъера ахча ду иза вайна, - ца элира ахьа? – хатта-м хаьттира цо.
     - Ца элира делавазлора! Вайн - самукъадаккха даьхни ду элир-кха!
     - Х1ун башхалла ю цаьршинна юкъехь?
     - Башхалла - йоккха ю: сакъерадерг – дохка ду, самукъадаккхадерг – деган аг1о йохъеш латториг ду!
     - Войъ, сан самукъадер дуй, ахьа кисанахь латточу ахчанна?
     - Хьан цадаларх – вайн даьлчхьана тоьаш ду.
     - Вайн - муха хуьлу, вайх веанна юкъара цхьаъ ахьа д1авоккхуш хилча, шиъ - шаьшша д1аваьлла хилчахь, вуьсург хьо цхьаъ а хилчахь? Лууш вуьсу вайша ший а ца хуьлу, т1аккха, "вайн" юкъахь?
     - Аса, цундела, моллица карийна буьмаьштиг шина кисана йиллалур яц, ца аьлла хьоьга? Кхаанна а - ца аьлла, веанна а - ца аьлла, шинна - аьлла. Ша ницкъаца моллегара даьккхина, шен кисана дилла луушволчо – схьадаккха цуьнгара!
     - Х1ара инзаре къамел дийриг хьо ву, я хьан кийрара шайт1а ду? – цец а ваьлла, юьхь т1ера бос а хьош, хаьттира Са1ида.
     - Собарделахь цкъа, Са1ид… Сан ши куьг – х1ара шиъ дарийъ?.. – аьлла, шен ши куьг а дегийна, шинне а нана-п1елгех цергаш а йоьхкина, шен ши лерг а озийра Хьамзата:
     - Лаза а цаво, оза а цаво… «Чуг1уо, йилбаз!» – ша-шега берзош, мохь туьйхира цо. – Са1ид, къинт1ераваьллахь суна. Со ца хиллера хьуна и къамел динарг... Маь11ангора юьхь1аьржо яйтора-кх х1окхо соьга! Йоккхучу х1уманна, аса кийрара арадалуьйтуш дара х1ара. Малар т1ехдаьлла, х1ета, х1окхунна! Оцу суьлийн Нуц1алан кийра оьккхуш-м гира суна х1ара цкъа. Юха схьадеана хилла-кх х1ара… «Х1унда ца 1ийра хьо Нуц1алгехь?» - хаьттира шен шайт1ане Хьамзата. – «Цуьнан дагна-пахна т1е кхачале - кхойтта уьстаг1 хьуна ца баьккхира аса?» - кхераделлачу озаца, дуьхьал хаттар дира «шайт1ано». Кхин а охьа - кийрара ткъе цхьаъ уьстаг1 х1унда ца баьккхира ахьа суна?! - човхийра иза Хьамзата. - «Марша дог1ийла, Мункъаз! - элира соьга бухара хьала, кхузткъе ялх уьстаг1 бежачуьра». - Мила дара иза? - «Муннакъ». - Хьенаниг ду иза? - «Аркадийн ж1аьлина чу доьссинарг». - Иза х1унда кхаьчна хьол хьалха Нуц1ална чу? - «Моллас доккхундолу саг1а хезна» - Остог1пирлах1! – элира, х1инца кхеравеллачу Хьамзата. - Хьуна т1аьхьадаьлла лела дукха хан ю иза! Пачхьалкхан балхахь ду иза... Оцо эххар хьайн ц1оганах кадеттуьйтур ду хьоьга, нагахь хьан цуьнца гергарло ца тасалахь! - Х1ах1, д1аялийта, делахь, х1ара буьмаьштиг кху чуьрчу «шевкъалийн» соьмашций… - буьмаьштиг г1анте кхоьссира Хьамзата.
     Аркадийс, кухни чуьра белхало-зуда а кхайкхина, тхо теш а х1иттийна, буьмаьштиг а еллийтина, дагардайтира цуьнга ахча. Оцу зудчо тхан сий ойу къамел а аьлла, шен дега д1акхачо д1аяьхьира буьмаьштиг.
      Массийтта б1ешо хьалха, шайн мехкаш т1е лаьмнашна дехьара йовссарш т1елиеташ хиллачу заманахь, Шамхалийн зенех к1елхьардахар шаьш  доьхуш гуьржийн элаша, оьрсин паччахье яздинчу кехатахь Шамхалех -«Шевкъалаш» яздина хиллерий хиира тхуна Хьамзатигара, цуьнан иллера дерг.
      - «Шакал» бохург ма ду иза-м? – хаьттира, массо а, ша воцург, чаг1алкх лоручу Нурдис. – «Шакалийн тхьамда юха д1ах1оьттира Хасбулат» - ахьа аьллачу дешнаша дегнаш курадехира-кх вайца хевшина 1ийначу тодакхийн! Иза муха хуьлу, т1аккха, цивилизацин массой къаьмнийн чаг1алкх лахара экха лерина а долуш, ткъа, вайн стоьлан дайшна - лакхара экха хеташ ду иза?! – Хьамзате а хаьттина, накха бусийна кхокха санна, т1евирзира, малар совдаьлча дов лохуш волу Нурди. Цуьнан, и амал, шена дика йовзарна, Са1иде хьажийра цо Нурдин хаттар:
     - Шу цхьаьний дешна а дара: хьуна хаа там бара, Са1ид, Нурдин хаттарна маь1не жоп дала, - аьлла.
     - Дера, ма суна хьаштдоцуш, сан коча воьлли ахьа х1ара! - корта аг1ор а баьккхина, х1инца шена т1е вог1авеллачу Нурдин буьрсачу б1аьргийн хьажарах вухакхоссавелира Са1ид.
     - Жоп лол суна! – т1ечевхира цунна Нурди.
     - Хьуна борз муха экха хета?.. – цаваьлла хаьттира цуьнга, т1аккха, Са1ида.
     - Борз а, чаг1алкх а - цхьаъ лору ахьа?!
     - Ойт, цхьана варшара ши экха дац и шиъ?
     - Хьуо соьца д1анисвина ахьа?! – буй бегийра Нурдис.
     - Собардел, х1ай ши к1еза! - барт бан хьаьжира Аркадий. – Борз лелачохь т1аьхьалелаш чаг1алкх а ю! Нурди, хьо борз хилча, Са1ид – чаг1алкх а: барзо ца хеттий чаг1алкхе шена т1ехьаяьлла х1унда лела! Хьан доттаг1а вац, ткъа, Са1ид а?..
     Нурдис ойлайира – оццунна, шен багах даллалц:
     - Хила дезна-кх…
     - Иштта хила дезна-кх, т1аккха, барзана а чаг1алкх накъост хила…
Корта халла нис а бина, девнах вухавелира Нурди. Хьамзата а доккха садаьккхира:
     - Дика ду-кх шуьша ши экха берта дахна… - олуш.




     «Зударшна генахь вай сакъерарг!» - ц1е тилла магехь, тхо санначарна сакъера ехкинчу цу меттигийн белхахойх хиллера цу сарахь эрзийн а, акхтаргийн а боьрахь, 1аьмнашна юкъахь сакъераршна диллинчу ц1а чу ялийна тхуна кхо сте. Нуц1алс балийра тхан садо1ийле уьш, - дух1ийн хьожанийн зезагаш тхан чу…
      Ч1ог1а хаза яра царах шиъ. Цхьаъ – алссам! Хаза-хазачунна т1ера ц1ерш а яра хаза а, атта а яхалуш церан: Малия, Газия, Ишая.
       Хьостамийн к1ажийн туплешца - гоьлел лаккхалц яра царна т1ера яйн бедар. Малиян хьаьрсачу месийн ши ч1аба, гоьлийн саттаршна т1екхоччуш йолу, ц1енкъа баржийначу куза т1е йижира, иза охьахиъча, цо гоьла т1е баьккхинчу коган туплин ира буьхьиг стоьла к1елхула Аркадийх а хьакхалуш. Амма Аркадийс цу «мачин» доладан доладалале, Хьамзата – хоттаргехь, шен куьйга къевлина, и ког шена берзийра, даггара хиларан дехарца:
     - Этой ноги рабом добровольно становлюсь я, - ты согласна, Малия?
     - На какое время – смотря… - мекаръелира йо1 а.
Аркадийна лан ца делира: шена а, Хьамзатана а юкъе хилийра цо йо1ан ког:
     - Сначала жребий кидать надо, мулла! – аьлла.
     Ша-шегара б1оболаре, кхин юкъадиллира Са1ида:
     - Не обижайте слабый пол: пусть девушки сами выберут любовь!
     - Здесь места нет шакалам! – массар аьлларг а дохийра Нурдис. – Один из нас лишний и шакал!
     - А кто из вас лишний и шакал? Шакал – это хорошо… - къамелана юкъаелира - яьшна, йоций, гомий настарийн чоьш керла т1едевлла хаалу, чуьйнан бесан беснех  подарах йолу шуьйра дег1ара Ишая.
     - Инша-Аллах, Ишай, не спеши узнавать, - он сам покажет себя! – кхерамца элира Хьамзата, холхазан лекха куй б1аьштига т1е а тоттуш. – А пока мы будем пить и гулять! Где мой Нуцал? Нуцал! – йиллинчу не1арехула аракхайкхира иза. Арахь, тховк1елонехь юургаш вовшахъетташ, к1уьра юкъахь хьийзаш ши къоьнах вара, Нуц1ал а юкъехь. Чоьхьаваьллачу Нуц1алига - г1азкхин моллин низамахь вистхилира Хьамзат:
     - «Сын мой», не медли. Запахи идут, а кушать не подано.
     - Сейчас, шейх-Хамзат. Салаты несут, красная рыба на шампурах жарится, уха на костре варится, а «Шампанское» и фрукты – вот они!
    Чоьхьаваьллачо стол х1оттийра. Т1аккха Нуц1алс малар доьттира ангали кедаш чу.
    Ша-ша кад Малиячух хьалха тоха сихвелира стоьла т1ехула боьрша. И новкъадеанчух тера дара Газияна: цхьа Нурди бен вацара цуьнан ховхачу п1елгаша лаьцначу бокалах кад – кедах тохаран хьалхеяккха лиъна хьаьвзинарг. Ткъа, йо1а иза тергалцавора, шен кад Са1идачунна т1еоьхьура, Малияс санна.
     Ишаян бокал Хьамзатан кеданна т1ехьаяьлла лелара, вукхо шен кад цуьнчух кхета ч1ог1а лар а беш.
     Х1инца боьрша хууш хилира, шайна юкъахь стечийн безамаш д1асабахар  муха нисделла. Цундела Нурдис, иштта нисделлачохь г1уллакх цадита, Газиян пхьаьрсах чекхбаьккхира шен пхьарс, доттаг1аллин кад маларан х1азарах:
      - А с тобой, девочка, мы выпьем на брудершафт! – олуш.
      - Нет-нет! – элира, цхьаммо тергал ца винчу Аркадийс а, Нурдис ницкъбаре хоржучунна д1амаладале. – Бокалы на место! Игра нечестная!
      - Этот еврейчик не понимает с кем за одним столом сидит! Так выпили, Гази! – Нурдис д1а ца хоьцура йо1ан пхьарс, массара малар охьах1оттийнашехь.
      - Нурди, цкъачунна д1ахецахь оцу йо1ан пхьарс, юха д1алоцур ахьа, вайн барт ма-хилли! – ала дийзира цуьнга Хьамзатан.
      - Х1ара аса сайна д1алаьцна! -  бохура Нурдис.
      - Ахьа муха д1алоцу иза хьайна, - цкъа делахь, хьо цунна оьшуш а ца хилча, шозлаг1а делахь, - цхьа нийсо яллац вай вовшах кад тохар юхадаьккхина а хилча, кхузлаг1а делахь, - зудаялоран бартан шар1ан мах бан безарг а со хилча?..
      - Эшац суна хьан шар1ан барт!.. -
Д1ацахоьцура Нурдис йо1ан пхьарс. Хьамзата юха а дийхира цуьнга:                -    Нурди! Оцу йо1а шена хьо эшац алахь - д1ахоьций ахьа и йо1? Цо хьо шена оьшу алахь – аса х1инцца до1а до-кха шуьшинна!
      - Аса-айсса хотту кхуьнга!
      - Хатта!
Кхеро санна йо1е а хьаьжна, шена т1еозийра иза Нурдис:
      - Ну что, коза, - выпей со мной!
      - Ты принуждаешь меня, так я не могу. – Элира йо1а.
      - Д1ахеца х1инца мукъна а! - Хьамзата х1инца аьлча, халла д1ахийцира Нурдис йо1ан пхьарс.
      Чуьра сацадаккхалуш, кхераелла, балдаш дегадора Газиян. Синкъерам бохо тамехь вара, кхоччуш вехаш воллу Нурди. Г1айг1ане ваьлла вара Хьамзат а. Нурди д1асацо, цуьнгара жайна я молха оьшура… Иза яздийриг, я кечдийриг дара цуьнан ойлано лоьху 1илма а. Оцунна хир дара цо х1инца долийна кхин къамел а:
      - Вот эти ребята, - олуш, шен накъосташна т1ехула куьг даьхьира цо, - друзья со студенческих лет. Вместе окончили академию. Ученые-агрономы! А Нурди окончил с красным дипломом!..
      Нурдина т1е керла тидам бахийтира х1инца мехкарша. Нурди а резавар х1оттийра Хьамзатан жайно: кураллица велаиккхира иза, шен шина доттаг1чунна мерк1елхула куьг ловзо а велира:
      - А эти разве учёные! Шпаргалочники!
      - Зато у нас был ты, кто за нас учился, а нам давал свободу гулять! –дуьхьалвирзира цунна Са1ид.
      - Ты скажи, ты с кем мог гулять?! – х1инца шен кийрахь 1аь1начу оьг1азлонан марш  хецабелира Нурдина. Хьамзата даьккхина жайна - ишттаниг цуьнга дайта даьккхина  дара. «Ты-ты» - бохуш, и шиъ воллучу юкъана, Хьамзата шена дуьхьал охьахиъна йолчу Ишаян лере а те1аш, дайн къамел дира, шега хьоьжучу Нурдина, и йо1 шена езаелла ю а моьттуьйтуш, йо1е безам бахаран кеп а х1иттош. Ишаяс, Хьамзатана корта те1ош гуш, боккъал самукъадаьлла дара Нурдин схьадирзина ах юьхь-сибат, ткъа вож - Са1идаца къовсадаьлла, буьрсе а.
      - Как, красавицы, решим наш вопрос? – хаттарца юкъадиллира х1инца къастоза г1уллакх Хьамзата.
      Къамелаш а севцира. Мехкарий вовшашка хьаьвсира. Газияна т1ехь сацаделира шинненнан йо1ан хьажарш: ларарниг иза йолчух тера дара церан.
      - Мы вас ставим в известность, - элира Газияс, - мы не продажные девки, а обслуживаем заведения…
      - «Мамки» что ли? – хаьттира Са1ида.
      - Нет, - администрация… Поэтому, мы не за деньги здесь. Нуцал очень попросил нас. И будет справедливо, если мы решим вопрос полюбовно…
      - Хозяин – барин! – элира Аркадийс.
      - Ишай, - хаьттира т1аккха Хьамзата, - ты очень образованной кажешься мне… А можно задавать тебе нескромный вопрос?
      - Почему нельзя – задавай. – Хьамзатегахьа йирзира Ишая.
      - Какой институт ты окончила?
      - Махачкалинский сельхоз…
      - А факультет?
      - Такой же, как у ваших друзей…
      - Агрономический?! – мор баржийна хьалаиккхира, стака а карахь Нурди.   
      - А что здесь удивительного?.. – хаьттира Ишаяс.
      - Да ты, оказывается, моя коллега!.. Давай с тобой выпьем за это на брудершафт! – чуьраваьлла хьаьвзира воккхавевина Нурди. Хьамзатас, ша иштта меттиг ларйина хиларна, сихха Газияца г1антан меттиг хийцийтира х1инца Ишаяга.
     - Вот так справедливо! – шен стака айира т1аккха ша а. Самукъне бийлабелла, х1инца массар д1амелира Нурдис керла бинчу х1азарна т1аьхьа.
     - Теперь ты, Нурди, мой! Никому тебя не отдам! – бохуш, Нурди къевллина дага к1ел кхаччалц, шен маравоьллира шуьйрачу Ишаяс. Цунна т1ехула раз корта а баьккхина охьахьоьжура хиллачух кхетацалуу Нурди:
     - Х1ара сан-м яц шуна! Шуна моьттург бакъ дац шуна! Агрономо – агрономаца санна мелла аса кхуьнца! – Хьамзате б1аьргаш а къерзош, кхайкхамаш бора цо, б1аьргашна т1аьхьа дег1 а г1ертош, Ишаян мараравала а  г1ерташ.
    - Тхуна-м эшац ахьа куьйгаш тоьхнарг! – яппарш йира цунна Са1ида.
    Х1инца Газия - Са1идана дуьхьал хиъна хилира, Малия – Аркадийна а, Хьамзатана а. Хууш дара Газиян Са1иде безам бахнийла, Малияс и харжам лоьруш буй а, шена дуьтург – Хьамзатега сакъерар дуй а. Шех даьллачу г1алатна нисделлачунна к1ел Ишаяца цкъачунна сецна висинера Нурди а. Ша Газияс харжар бахьанехь, Малияга бахна шен безам бицбан безаш вара Са1ид а. Хьамзат – Малияга сакъера бахьна даьлла: Аркадийл безаме хеташ вуйла ша цунна - шена хууш…
       Аркадийх хуьлура совнахверг… Хиллачунна юьхьдагалла ваьллера иза, х1унда аьлча, совнахваьлларг - чаг1алкх ю - Нурдис аьлла а хилладела, шех иза ярна кхеравелла эххар Нурдис… Хазадоцуш д1анислора цуьнан г1уллакх, нагахь накъосташна хилла къамел дага а деана, ша цхьалха 1аш гучуваьлчахь… И хан т1е ца х1оттийта дагахь дара цо х1инца алар а:
       - Малия, красавиц на свете повидал и я нимало, такую, как ты и среди депутатов не встречал! Хочешь баллотироваться? Я могу! Я Шамсуддина в районный муниципалитет проташшил!..
       - В Госсовет - можешь?.. – цаяшаре хаьттира цуьнга Малияс.
       - Могу – если уделишь мне нужное время!
       - Не могу, Аркаша, всё моё время занято деньгами…
       - Согласен чтоб я платил!..
       - Сын мой, - олуш т1аккха, къамелана юкъаг1орта дийзира Хьамзатан, - молись Аллаху, что жена твоя Лейла, которая - золото, не слышит теперь коварные слова мужа, а дети твои малые, которые на школьных партах сидят, не узнают, как их отец вне дома себя ведёт. Ты сначала подумай о близких своих несчастных…
       - А у вас жён нет, детей нет?! А вам сначала думать не надо о близких своих?! – кхехкавелира Аркадий.
       - У нас тоже есть о ком думать, но наши средства позволяют нам не думать ни о ком.
       - А я бедней тебя, по-твоему? Кто недавно хотел десять тысяч несчастных рублей украсть?!
       - Шайтан Мунказ хотел.
       - А чей он шайтан Мунказ?!
       - А собака твоя – твоя собака?
       - Ну, моя собака!
       - А её нутро – тоже твоё?
       - Я думаю, да!
       - А тогда Муннак внутри в ней, тоже твой шайтан?
       - Если он есть, значит, мой!
       - А друга своего друга своим другом считаешь?
       - Все считают.
       - А тогда друг твоего Муннака - мой Мунказ – не твой друг?
       - Пусть так будет, - но он мне только друг! А тебе твой Мунказ как сын или дочь!
       - Правильно. А ты не знаешь, что друзья более расположены вступать в преступные сговоры, чем родители со своими детьми?
       - Выходит, я хотел укрыть чужие деньги?
       - А ты спроси это у своего друга, сын мой, а не меня…
Мехкарий тхан, кхоччуш, цецбаьхнера оцу къамело. Вовшашка хьуьйсура уьш, Мункъаз а, Муннакъ а тхан накъостий болчух, уьш х1инцца чубахка дезарна кхерабелча санна. Амма Аркадий а вацара к1езиг кхеравелла:
       - Са1ид! – кхайкхира иза. – Х1ара «молла» муха къарвийр вара техьа? Кху мехкаршна хьалхахь суна шех лаца х1ума ца дуьтуш, х1орш балабайтинарг а со воллушехь, соьга цхьаьнгге са ца къерийта, со б1арзвина-кх х1окхо?
       - Д1аваьллахь д1а, хьеха а ма делахь иза, х1окхо и шен Мункъаз Газиян кийра хьажорна кхоьруш, вега а веш, сайна кхаьчначунна ашх1ода а бохуш, хастам беш, самукъадолу аг1о лоьхуш 1аш ву со, сох накъост ма лецалахь! – элира Газиях а самукъадаьлла 1ачу х1инца Са1ида.
       - Аса Нурдина т1е дуьллу сайн г1уллакх, делахь, - хьаьвзира Аркадий, - цо и шайн самукъа шайгара мича дог1уьйтур хуур шуна х1инцца!
       Амма х1илланан хьалхе яккха кхиавелира Хьамзат: агрономаца – агрономан г1уллакхаш дуьйцуш, 1илманан к1оргене г1ерташ, Ишаян сумки чуьра тилпунан блокнот - химин формулашца язйина, чекхъяьккхина воллуш, хьераваьлча санна къахьоьгуш волчу Нурдига хаьттира цо:
      - Нурди! Цкъа схьа а верзий, бакъдерг алахь Аркадийга: Мункъаз а, Муннакъ а дарий буьмаьштиг къайлаяккха г1оьртинарш?
      - Что-что? Вашу мать!.. -  Хьамзат кхин тергал а ца вира, шен колхозан трактористал башха Нурдис.
     - Колхозе агрономан балха Шахаг1ат д1аоьцуш воллу хир иза… Хьуна а цхьа болх бала там бара цо, хьо шена гонах ваьлча… - элира Хьамзата Аркадийга. Аркадийн, шен сатийсамна парг1атвала дийзира т1аккха. Оццу хенахь Нуц1алс а чоьхьадахийтира даарш, 1аьвна н1аьна кхетча йог1у хьожа кхетош. Ткъа, ша-м, Хьамзатан аг1оне а ваьлла, д1акховдийра цуьнга тхуна карийна хилла йолу и буьмаьштиг…
    - Беке спасибо передает и подарок за песню про Шамхалов делает, - олуш.
    - Сколько здесь? – буьмаьштиге а ца хьожуш хаьттира Хьамзата.
    - Штука зелёных.
    - А почему лищние?
    - Сказала: «Сам узнает…»
    - Инша-Аллах, Нуцал! – ч1ог1о делира Хьамзатан кийрара. – Мунказом доволен я за гонорар, и что нашёл он  мне друга из маарулал!.. - Т1аьххье йилбазмохь а кхечира. - Нуцал! Скоро барашек раздавать тебе Грозненским сиротам!..
    - Шейх-Хамзат! – дуьхьал кхайкхира Нуц1ална чуьра Муннакъ а. – Жертвую сиротам войны!..
    Боьлхучохь – боьлучу, боьлучохь – боьлхучу б1аьргашца, чоьйх даьлла куьг делира Муннакъа  Мункъазе…
    - Моллин ирс ца дан-кх къаьркъа молучарах д1акхетча а! – цеццашха корта ластийра Са1ида.
    - Х1окхунна т1аьхьа-м яьлла х1ара буьмаьштиг! – резавоцуш элира Аркадийс а.
    - Д1алол юха иза дукхе-дукха чехкка! – Хьалаиккхира ша волчуьра Нурди а. – Со юххехь а волуш-м бийр бац соьцарчу накъостана зуьдан кхаъ! Хьох терра ву моьттур ду со а! Дитал заддарчийн х1уманаш! - Девне ваьллачу Нурдех къаьхкира Ишая а. Аркадийна дуьхьала х1оттийра цо шен г1ант. Нуц1ал а цецваьлла вара х1оьттинчу хьолах.
    - Кто тебя обидел, дорогой Нурди? – хаьттира цо.
    - Я сам обижу вас шакалов! – г1овг1а йора Нурдис, шена дуьхьал ч1ог1о вистхиллачуннах лата а дагахь, ирахь а хьийзаш. Аркадийс 1ад1е бахарх а лацадог1ара. Са1ида а элира:
    - Нурди, сацахьа, вайн синкъерам ма бохабехьа!
    - Х1ай ц1азам къахьбийриг! – олуш, къамела юкъа велира Хьамзат а. – Хьол бакъоне къонах кху г1умкийн эрзашла а веана охьахиъна хир вац цкъа а цхьаьнцца а! Хьо-хьуо охьахиъна велхьара кхузахь бакъахьа дара, хьуна улло охьахаа дезна со санна долу зуд а доцуш! Ахьа х1ун дора со санначуьнан: цо эшарш а локху, бегашаш а бо, нехан яхь а ца йоху, шена тесначу соьманна, зуд кхалларан юьхка т1е санна, т1е а кхета! Цунна г1умки а, суьлий а, ч1ебарло а шеца хиларх бен а дац, шех самукъадолуш уьш хилчахьана! Шех самукъадолучух шена доттаг1а а цо во! Хаьа суна хьан дагара: ахча-м дукха а хеташ ца деллий кху мехкан дайша, царна - бераша ловзо соьмаш дай х1орш-м! Хьуна иза дукхахетар гучу ма даккхий вай? Хьан г1овг1анан бахьана лачкъадай вай? Хьуна луъург д1анисдан, цецах санна, Нуц1алах юханехьа д1алийза вай х1ара г1уллакх?
    - Д1алиста: соьмаш юха а лой!
    - Цецах санна д1алийзархьама, Нуц1алгах 1уьргаш дахий вай, лазаршна ца велхо, цкъа хьалха шиша а маладай?
    - Д1алуо зуьде шиша!..
«Ахьа тхох терра, стоьла т1ехь молуш дацарна, шена гергахь и нийса ца хеташ, оьг1азвахна ву тхуна Нурди. Цуьнца бертигехула, са а ца доккхуш, чаг1аран шиша д1амала къовсавала веза хьо», - Хьамзата аьлла, Г1изларан ч1ог1ачу чаг1аран ши шиша хьалхах1оттадайтира цаьршинна.
    - Варийлахь, Нурди, эша ма дайталахь вай! Шиша мала къовса йиш юй хьоьгарчу хьолан?
    - Мала къовса йиш хила хьал - сан дег1ехь даима ду!..
    - Ну что-ж, дорогой Нурди, выпью я за тебя, чтоб с тобой никогда не встретился тот самый негодяй шайтан!.. – олу Нуц1ал къамел чекхдаккха ца витира Нурдис:
    - Не люблю шакалий шалтай-болтай! Выпей, давай!
Шимме д1амелира сацадоккхуш дерриге а. Леста а лесташ хиира Нурди охьа. Дукха сиха кийрахь болх бан даьллера бухарчу ялтин къаьркъанна т1е мелла кемсийн чаг1ар. Шиб1аьрг т1етт1а а боьдуш, шина пхьаьрсах бинчу х1азарна юкъа, стоьла т1е корта баг1ара цуьнан. Кхоччуш вехира Нурди х1инца.
     - Теперь ему будет милее во власти сновидений, чем оставался бы у провидения… - парг1атвелира Хьамзат. – Нуцал, веди его уложить на диван. Ишай, проводила бы своего…
     - Ему я не нужна буду теперь. А сам он говорил: один здесь лишний и шакал. А я поверила ему… - халахетна яра Ишая.
     - А кто он тогда? – догделаделла хаьттира Аркадийс, х1ара шена а кхаьчна, чаг1алкх – ц1е шена т1ераяларе сатесна хиллачу.
     - Кто-кто? Медведь! – жоп делира Ишаяс.
     - А тебе родней шакал?
     - Я его, как ребенка жалею.
     - За что?
     - Он верит сильным зверям, что они поделятся с ним.
     - Тем, которые сами добывают своей кровью?
     - Он их никогда не просил бы делать так.
     - Тогда, пусть отстанет от них!
     - Ему нельзя: все мы завистливы.
     - Ну что за зверь этот шакал, сам не даёт, а чужого хочет? – Хьамзатега а хьаьжна, Хьамзатана 1оттар яр хиллал, ша-шаха хаттар делира Аркадийгара.
     - Шакал унижается сам, - жоп делира цунна Хьамзата, - а меня, лису, унижает унизившийся шакал, как ты.
     - А я сначала подумала, что вы волки и боялась. – Хаийтира Малияс а. Амма, тхан сий чаг1алкхе «хьаладаьккхира» Хьамзата, Малиян басар диллина, ехачу м1арийн п1елгаш шен буйнашка а къовлуш:
     - Повадки наши волчьи, а так мы из трусливых шакалов!   
     - Хамзик, давай потанцуем джаз! – хьалаг1аьттира Малия.
     - Люблю я джаз! – т1аьххье хьалаг1аьттира Хьамзат а. Каде хьаьвзинчу Нуц1алс магнитофоне эшар хьовзаяйтира. «Цоццу-каре, бори-бори» - йолаелира эшар. Буьрканах ловзучу бедарара дег1 - холхазан лекхачу куйнаца сеттадан велира Хьамзат, шен езаран ши куьг а лаьцна: «Баба яла хьан, Бабаюрт, хьан мехкаршна – со ву-кх мурд!..» – бохуш, йир а етташ.
     Иштта синкъерам бара иза. Сакъийрира оха сахиллалц а, сахилча - юха бода боларх а, сатасарх а бала боцуш, гергарчу синошна сацахьовзалуш, хьекъална тиларчу а дахна. Ц1авалош бен, Нурди когаш т1е а ца х1оттийтира!
     Шаьшша т1аьххьар сакъерарах дийцина велира сан накъост. Ша царех муьлхарчуьнах леллера-м ца дийцира цо. Амма, аса сайн кху яздарехь, цигахь иза лелла хила ма-веззара - яз-м дина цунах.
     - Ткъа, и Хьамзат, боккъал, 1арбашха дешна стаг ву?  – хаьттинера аса, кху заманах цец а ваьлла.
     - Казахашна мегар дара цуьнгара 1илма а… - аьлла сан накъосто, нохчийн дуьне иштта «молланаш» а буьйлабелла, доха доладала - т1ета1а хинболчу баланна к1елхьара схьаваьккхира цо со.
     Ма кхоьру-кх нохчо, шен дайх ма-диссарчу динна цхьа «нун» далош а тохар дарах!..
               
      
       
               


   
 
   


      
   
 


Рецензии