Ц1ип-поэт на чеченском языке
«Дукха хан яра макулатурана д1аяладеза кху т1ег1анара киншканаш, авторийн цхьаъаллаш лах ца лахьара», - бохуш белхахочо, схьаяьккхира аса цхьана туьпара караеана цхьа жима киншка, куьг ченаша а дузуш.
Иттанаш шераш хьалха арабаьлла байтийн гулам хиллера иза, де а бехк гуьнахь доцчу цхьана авторан…
1едал ду сан, нохчийн киншка иза елахь, цкъа хьалха редактор мила ву хьожуш. Редактор майра стаг хилчахь(суна бевзачарех), бакъ къовса дезахь - буй-т1ара а дийр долуш, киншка а «майра» хуьлура… Ткъа сан буьйнаеъна киншка, байтех, уьш мел «шийла» хиларх, цхьана суйнца ц1е лато хуучун яра, дагахьдоццу ши дош вовшах а хьакхадой, киншкана ц1е тилла хуучун, масала: «Шийла ц1ераш»…
Чулацаме хьаьжира со цкъа хьалха байтийн ц1ершца авторан цамгаран диагноз х1отто. Хьанна хаьа!..
«Т1ееъча, карзахваьлча, буй тохале д1айолу моха» - диагноз яра х1уьттург, чулацамна юкъара цхьаццайолчу байтийн ц1ерш байте ехкича, шаьш:
«Со бехкевеш, соьга боху»:
«Г1атта, г1атта!» -
«Со вара х1ара-м! – бохуш…»,
«1овдалш шортта бу дуьненахь».
«Ницкъо ницкъ эшабо…» -
«Собарде»… и. д1. кх.
Ц1а кхаьчча, юург-мергал хьалхар киншка ешар даьккхира аса, цкъа хьалха авторна дахарах мохайогг1учу аг1ора, йоьш-йоьшшучу байтаца, сайн карзахалла а нисъеш…
«Седарчаша безамаш кхуьйсу Батте, Батто – Лаьтте…» - бешн-бешна мог1а дагахь а 1емаш, йоьшура аса, сайнна маь1на а деш: (Лаьтта т1ехь марабухку и Безамаш… Марара цабийлийтинчух, цунна дан амал доцуш, буриме-байташ язъян 1ама - байтанча хуьлу, т1аккха цунах, ма аллара, гражданин а ца вуьсу…)
Автор ша, я цуьнан хеталу лирически турпалхо, безам буьту 1уьйре сиха т1ех1отта - кхечарна а лууш, сахуьлуседа (цуьнан безаман эпитет) шена д1а ца бан лууш ву, цкъа а 1уьйре ца хилийтина а (схьахетарехь, дуьххьарлера киншка йоцчух тера ду х1ара авторан буьйсанийн)…
Шен заманан адамаллин - цхьаэшшара д1аоьху иза, нахана мотт - шен езаре а бен ца бетташ: «Хьо ирча ю, боху»…
Дов-м, дера, ца долуш хилац цаьршиннан а, дукхадезачу шиннан дов - безам ч1аг1беш хуьлу олу, - даг т1е шена буй тоха луучарех ву лирикан турпалхо: «Со вара х1ара-м!»; «Хийца-кхе хьомечо шен амал!» Амма, Безам: «…шина ц1окъ-болатах терра бу», цхьатерайоцуш дезачийн амалш: «т1етохар, д1адаккхар дуьхь-дуьхьал нисдеш, ши ц1окъ-болат юх-юххе нисдахь, - д1алоцу» - цуьнниг «д1адаккхарца» д1алоцуш…
Авторна карийначу говзачу метафораца, цуьнан турпалхочунна тиллира аса къонахчун ц1е – Ц1окъболат(гечдер суна автора!).
Аса киншка йоьшушехь Ц1окъболатан Безам а ч1аг1лора, кийра богуш, т1оьхалаяьлла йоьдура цунна ц1е: «Марцаран хьожа сох яг1ац-те хьуна?» Вага а вой, Ц1окъболат ца гуш, чов-да1 цуьнан д1адерззалц хан д1айолу: «Хьуна моьтта хир ду, хан яларна, хьуо йицъелла». Дуккха ойланаш ян кхиъвалларх Ц1окъболат - шен хьекъална т1аьхьакхуьу: Безаман ц1ераца ловзац иза кхин. Цундела лирикан ц1е Парнас-лома т1ехь яга а юьтий, охьа- волий, лаьттахула лелаволу иза: «Хьан да-нана ц1ерадаьлча(!)кест-кеста шуьга кхочу»; «Ма моттийла цу шинне а хьан сий(?) дайа шайга лела»; «Дика 1ийн со шуьгахь тахна – марша 1ойла!»…
Лаьттара «шийла ц1е» хьакхало Ц1окъболатах. Безамах - хорша хуьлу: «Эвххьаза хьаьжна, т1ехь б1аьрг сацо ца х1утту». Х1инца, шена ма лаъара, иза шен хила - эвхьазвалар лоьху. Ц1окъболат, хетарехь, тешаш а вац шена и меттиг т1ех1уттург хиларах. Хийла, седарчийн хаза буьйсанаш эрна арахь йойу, иза шайн чуьра араяларе сатуьйсуш, я Джульеттас санна, цо кор д1аделларе. Эххар къежа ирсан юьхь.
Дагахь цецваьллера Ц1окъболат, нагахь, ишта ала мегаш делахь – воккхавевар а дара иза: дуьхьало ца йора «вукхо», Ц1окъболата шена ма-хетта барташ бохуш, Ц1окъболатан сте а йоцуш, Ц1окъболат иза зен а ца г1ерташ, доцца аьлча, юьхьк1еда хуьлуш: «Магцара ца хиллехь г1енах и сийсара? – Маьлхан барт ца хиллехь 1уьйранна, дависарг?» - х1ара кхера а веш, 1уьйренга волуш…
«Маьлхан барт…» Бере, дуьненах доккхадедайта (Ц1окъболат цунах ца кхиийта), ц1еначу маь1нийца нанас олуш долу, ткъа, муьлхачу адамийн хьекъалан бакъонца бехдо берийн долара сий Ц1окъболата, шен сте йоцчунна ма-хеттара барт бахар – иза дустар далочу: «Ша санна волчу цу кхечунна-м хьовха, шенна ирс кхолла а цуьрриг дац атта! – хенахой, и хууш, лаьцначу новкъахь воьду со…» - бохуш, воьдучу издательстве?.. Ца кхийтира со цунах… Авторна бехказвала цхьаъ дуьсура (Ц1окъболат цуьрриг а бехке ца хилар): «Барт баккха суна(!) хьо т1екхевддаш, сан дег1ах кхерстташехь эвнаш…»…
Кхид1а, лелаш а, кхоччуш нахалавалийца, ткъа, Ц1окъболат.
Нах кхаьрда - оьзда цахилар гучудаьллачух. Ца кхаьрда - г1иллакхе безаман шиннах-м цкъа а! Цунах а кхетац Ц1окъболат. Цо боху: «Вайшинан дегнаш а девзина, кхаьрдаш(?) уьш белар-кха вайшиннах, сан хьоьга санна, и хьан безам суна а бевзина!» Дукхадезачу шиннах цхьана а заманахь, цхьана а къоман нах кхаьрдаш хилла бац. Цхьана къизачу ницкъо, диеза шиъ вовшахдаьккхича - доглозуш-м дера хилла. Дуьненна а дарвелла волчу Ц1окъболатан дахар цхьанаэшшара д1аоьху. Дитташа шерашкахь генаш хоьцуш а го цунна, х1ора шарахь генаш т1е зазанаш тосуш а го, - б1аьстенаш юьйлу цуьнан кийрарчу а дуьненчу. Беш кхуьу цуьнан. Бешлелархо хуьлу цунах, шен бешахь - (безамашлелархо)… «Совнаха…» - муьлхачу аг1ора кхета? - генаш хедадо цо, уьш дуткъий я стаммий хилар ца лоьруш. Шена экаме хетта синтар стоммачу дитте дерза кхуьуш (рог1ера идилли), цуьнан совнаха генаш, юккъехь стом ледаш… къацахеташ, хедош, схьаоьху иза. Шен бешахь воккха философ хуьлу цунах: «Шо хьалха стом белла, оьшшучул дитинарш… х1инца а ду суна безаман стом луш». Эццехь вухаваьлла караво вайна, цхьана меттехь саца а сецна, инзаре и леларш, шен хилла волу, хьомсара Ц1окъболат.
Т1аьххьара а дог1у - цхьана байтаца «нун» дог1у дош алар: «Х1оьа чуьра схьаваьлла» - хеташ, д1ах1оьттина поэзин дахарехь Ц1окъболат (цу т1е, поэт ма хилла иза!..).
Цуьнга боху: «Со бехке веш, соьга боху, х1оьа чуьра схьа ца ваьлла х1инцаъ, х1оьан чкъуьйриг йохош, - х1етте хезаш ас «ц1ип» аьлла». Цуьнга и аьлларг-м схьа а ваьлла, деса х1оаш деш хета цунна поэзехь… Ц1окъболат - шега и дешнаш аьллачу «мео» карзахваьккхина ву, шех х1оьа чуьра схьа- ваьлча, «н1аьна» ца хиларна кхеравелла… «Хаац: н1аьна хир, схьавалахь? Я и санна, меъ хир со а?» - боху цо.
Коьртаниг – Ц1окъболата «ц1ип» аьлла шен! Цо аьлла «ц1ип» санна, цуьнан цхьайолу байташ а ю.
Иштта, «ц1ип» баьхча хуьлу-кх поэзех «ц1иппилг»! – карзахе вира со кху киншканан редакторо…
Мацах цкъа, «ц1ип-поэто» кху киншки т1ехь ма-яздарра - «Дош доцург – дош дац», - уьстаг1а, газа бен 1аха йиш йоцчу ц1ера ша ваьлла волуш язбиний ца хоуьйтуш - мог1а х1ара: «Буьйсанна юккъехь, херсенан мохь хьоькхура…» - нохчийн маттара беша х1ара балар а дац-кх дош!
Дика ду-кх, х1етахь, и херси тхайниг, я тхан лулахойниг ца хилла а, я нохчийн маттахь язъяр бен, нохчийн поэзех хьакхалуш х1ара байташ йоцуш а, - цхьадика, Ц1окъболат а, цо (сийсазяьккхинарг) а, кхечу, херсеш кхобучу махкара хилла болуш а, Сахуьлуседане цкъа вахна ша волуш, кхечу х1аваах хьаьвзинчу б1агорна йоьссина хиларна х1ара «поэзи» а цунна - воккхаве! Вайн махках, вайн г1иллакхех х1орш язйина хиллехьара – массарна эхь дара нохчашна… Х1ара киншка ешнехь - ешначунна а хиъна хир-кх: х1ара байташ язъеш, кхечу меттан кхетамца ойлаеш хиллий автор, вайн маттана ша «ц1ип-поэзи» йохьуш хиллехь а.
Амма, дависарг, оьрсийн маттара язйина хиллехьара цо х1орш шен хенна! Мел тамехь дог1ур дара: «барт баккха суна хьо т1екхевддаш…» - цунна т1аьххье: «буьйсанна юккъехь, херсенан мохь хьоькхура…» - мог1анаш оьрсийн маттахь: «Поцелуй как ты мне подарила - в полночь и свинья опоросилась…»
Х1аъ, оьрсийн матте гочъян езара х1ара байташ: цу меттан поэзин диттан генаш дакъадалийта йиш яцара - шайн зазанза…
Свидетельство о публикации №212033002325