Хьайбанан трагеди я хьайба-яздархо
Яздархо – иза воккха ву… Ахб1ешо белхан хан йолуш. Цунах ткъеитт шо, х1ора минот, дахарх вуза, муьлхха а яздина а, цхьа дош ца яздича ца мегаш, дешнийн д1адахна цуьнан хилча, цуьнан 1аь1на хуьлу шовзткъе итт эзар киншканан аг1о! Киншканийн ц1ерш - 1ехамашна къайленаш юьтуш а, хаза яхка а, сих-сиха а лууш хиларна, цуьнан ю х1инцале б1е гергга киншка. Шолг1аваьлла Бальзак!..
Уггаре адамашна язйина цуьнан киншка лара мегар ду «Буг1анан аре».
Бажа бежаш а, бажа бежаш а, бежо нох дохуш йола а лой, нох дохуш, чекхйолу и дика киншка. Цуьнгарчу коьртачу турпахочо, Ма1а йойначу Буг1ано аьлла дешнаш дагчу дуьйшуш ду: « Атто эса дарах - сан х1ун лозура!..»
Кхузахь ялийна ю корреспондента оцу яздархочуьнгара эцна жима интервью:
«Корр. Исбаьхьаллин литературехь коьрта жанр муьлхарниг лору ахьа? Хаттар сан совнахо-м ду: хууш ду, хьан киншканашъешархошна, иштта алар ахьа магадахь, хьан цамгар «роман-эпопей» хилар...
Язд. 1аламат нийса х1оттийна диагноз ю… Эпопейхь бен, исбаьхьаллехь, бажа бежийлах язлур ду моьттуш вац со. Жен раьг1нех-м язлур ду-кхе кхечу жанрашкахь а. Пайда буй, ткъа, юьрта-бахамехь шозлаг1чу сурсатийн лоруш уьш хилча! Вайн пачхьалкхана алссам х1ун сурсаташ оьшуш ду? Жоп лур аса: маша а, лахьа а. Со цецвериг х1ун дай, х1инца, вайн т1екхуьуш бу бохучу, «яздарчаша», балдаш шурех а долуш, т1еман аренан къохьах яздар ду-кх! Наполеон цара моццал ц1армата ваьккхина хууш ма деца вайна. Корсикехь, гезарийн махкахь, иза вина хилчахь, цхьалха жа1у волуш санна, луъ-луъучо озабо цуьнан мара. Хьажар а муха хилла бохуш яздо цара: корсамна т1е ког уьйучу газанан. Бакъду, жимма къинош сох а летна: со а, жималлехь, х1инцалера корматалла сайгахь ца хиларна, сайн цхьана эпопейгахь г1оьртинера буг1анна - «Наполеон» ц1е а тиллина, иза хьалхаяьлла лелачу бежах мостаг1чун эскар дан. Хьа-хьа! Хаза ду сан «Наполеонан эскаро» колхозан куп яккхарх, ас яздина сурт! Ватерлоо т1ом а язбелла бац Стендале оццул таза! Колхозан пирздатал – Мутушов - веккъа Кутузов ву сан! Иза санна, шех д1адаккха х1ума доцуш, бисна б1аьрг боцург, заь1апе а ву, пекъар… Исторехь бакъдерг – иза а гайтина ду: куп йиъна а яьлла, сарахь бажа малхбузехьа юхаберззалц сатуху Мутушовг1ара… Сатоьхна ваьлча-м, хьаха, к1елхиъна волчу, йоккхачу стратегин, сан Кутузовс-Мутушовс, шен хехой Давыдовг1ар - Г1азаловг1ар т1аьхьа а бохий, бежанех талорш ма дойтий! Т1аккха, колхозана г1уда а токхуьйтий, талорш д1ахоьцу, долчу дайшна. Иштта, Толам боккху «вайчара». Еша дог дог1ур долуш, историн бакъдолчух ю киншка…
Корр. Хууш ма хиллара, революцеш дуккха а хилла вайн махкахь. Яздархочун хьалхара декхар муьлхарниг лору ахьа, - т1аьхьарчун юкъехь х1орамма лаца дог1учу декъехь? Х1инццалц, шена гонаха лелла, дуьххьалд1а ала дог1у бакъдерг а ма ду исбаьхьаллин литературан 1иллина?
Язд. Хаттар шен метта дина ду… Шу, журналисташ, къийзоргел а къовзош дан а ду!.. Цу хаттарна сан х1ун жоп хир дара? Дагадог1у суна, йозанна кхерамечу 1едалехь, айса язъян йолийначу цхьана эпопейхь… районан хьаькамна т1екхевдина суо. Цу хенахь, со кестталг1а доьзал болийна, ваха волавала, таро сайн хилийта езаш а вара. Бальзакан а, декхарш такха, язъян дезаш хилла-кхе… Цу заманахь, нахана юкъахь дуьйцуш-лелаш долу бакъдерг ца хьулдеш язъеш яра аса и киншка. Цу т1ехь районан хьаькам вара аса емалвеш, суо вехачу районан дахарера ма-варра схьаэцна волу а. Со а вара болх беш, - директор а вацара, завуч а вацара, юккъера, меттан хьехархо вара. Тхан ишколан директор яра, марера йоьхна, жима зуда-стаг… Иззачуьнга безам болуш вара сан киншканара, районан ишколийн декъан хьаькам а, – дахарераниг а дера вара… соьца 1оттавелла а волуш-м… Сан, ишколехь, мужалтан пенах кечдинчу 1уьргах, къайлаха ладег1а йиш хуьлура цаьршиннан къамеле… Шен гергара стаг обкомехь хьаькамалла долуш хилар гучудаьккхира суна боьршачун къамело: ша-шех тешна хуьлура къамел цуьнниг, мужалтан оганах, шега ладоьг1уш дуй ца хууш х1ара тешамбоцу дахар… Х1ай-х1ай! - ойлайира аса. Районан ишколийн алапаний кескаш йоуш иза хилар бакъ хуьлий, т1аккха, - цхьаъ! Кхаъ оьцуш а, шенаш дикачу белхашка д1анисбеш хилар а бакъ хуьлий, - шиъ! Т1ехула т1е, шен белхан хенахь кхечуьнан балха т1е а веана дагара дийцар - аморальни лелар хуьлий, - кхоъ! Район йиъна ваьлча, областе балха – хьала, иза вуьгург хилар а ма ду юьхьдуьххьал! Цунах лаьцна язъеш яра сан киншка… Со язйина воллушехь - районо областехь хьалхара меттиг яьккхина а карайо! Областе, ша лаккхарчу балха д1авехча, реза ца хилла а караво суна сайн эмгар!.. Суна а езарг, сан директор цуьнга маре а йоьду. Сан, т1аккха, дан дезаш хилир-кха «районах» - «колхоз» а йина, «районан хьаькамах» - «колхозан кладовщик» ван. Кладовщикана ги хиъна ма варийца яздархо а т1ехь, х1етахь! Иштта, яздархочунна тешамбоцуш хан яра аьлла хета суна - цу революцица д1аяхначу цу заманан. Х1инца ша ду! К1оштан хьаькам волчух-м хьовха, министр волчух 1уттуш а дош, яздан ваьхьар ву х1инцалерачу революцин хенахь. Цхьа харц доцуш, дерриг бакъ хуьлийла дац ге йолу х1ума, боху вайга кху замано. Сайна иза дика хаьа моьттуш ву со: хьехархочух яздархо хиллалц, дуккха бажа бажийна ву со…
Корр. Хьан белхан карарчу хенан къайле елла мегар дарий ешархошна?
Язд. Цхьаццаволу яздархо санна, кула дина хьулдеш, цкъа а вац со, айса яздийриг… Х1окху деношкахь арайолуш ю сан эпопей-трилоги… Иза ю мемуарийн маттаца язйина, дахарехь сайна уллера вевзина хиллачу, цхьана дикачу стагах лаьцна… Киншканийн ц1ерш ю: «Беж1у», «Хьехархо», «Яздархо». Гротескца язйина а ю. Масала, цхьана дийнахь бежехь х1окхутайпанара хиламаш хуьлу: цхьа беж1у вов; беж1уйшна т1ейог1у 1аьржа «Волга»; цу чуьра охьавуссу даьхнийлелоран министр. Иза мила хуьлу? – Вайна- волу беж1у… Минот хьалха цуьнца цхьаьна хох биъна хилла болу беж1уй – цабовззал хийцало цунна хьалхахь х1инца, цуьнца цкъа а хох биъна шаьш ца хилча санна… Х1унда? Х1инца иза министр волудела! Я х1арра: ишколан директор езаелла ву цхьана меттан хьехархо… И безам, шен зудчунна къайлаха лелош а бу цуьнан… Безам шега д1акъадийча, езашерг шех кхаьрдар юй а хаьа, х1унда аьлча, и езаш кхин а ву – районан хьаькам!.. Х1арра сурт х1утту цхьана дийнахь: серлонан министерстве хьалакхойкху районан хьаькам а, ишколан директор а. Бухахь охьахиъна 1ен министр мила хуьлу – цаьршимма ца лийрина волу хьехархо!.. Районан хьаькам, «бурч а бухкий», чуьра ара- воккху цо, важа-м, дера, чохь саца ма йойца! Безам, х1инца, д1акъадабо… Х1окхунна дог доьлхуш, даима х1ара везаш хилла карайо иза а…
Т1аьхьара киншка ю кхутайпанара чулацам болуш: воккха яздархо ву, масала, критикашна а вевзаш. Цуьнан киншканех, мах бан чу охьаехкина йоцуш, цхьаъа киншканийн туька латтац. Амма, мужалт вон ю-кх церан… Цунна лаьа шен «хаьржинарш» арахеца. Бежанан т1аьрсиган мужалт а йолуш, французийн кехат а долуш. Т1аьрсиг а дац. Кехатах дала деши а кхоадо пачхьалкхо, дуьненнна а евзаш, центральни прессехь араяьлла некролог шен ца хилча… Иза ле-кха, т1аккха… Лерг лезна а, сиркхолла хилла а воцу, иштта, цхьа х1ума шен дага а оьккхий, ле-кха. Цигарчу х1уьрла1ийн мехкарех, шен цхьа секартар, кхоллараллин командировка а язйой, Лаьтта хьажайо цо, муха хьехош висна, хьажал, хьайн патрон Нана-Лаьтта т1ехь, олий. Язъян ма-йогг1ура, некролог а дика язйина карайо, «сийлахь-воккха…» - олий. Т1аьрсиг а карийна хуьлу. Кехат а эцна хуьлу. Цуьнан «хаьржинаршка» язбала луурш, чот йина цаваллал дукха хуьлу. Бальзакан «Адамийн комедин» маг1ара а бен йиллац х1инца цуьнан «Хьайбанан трагеди»! Амма, «ге йолчаша» шайн даиманлера харцо янза хилац цу т1ехь а: «мужалт вон хиларна», йохка а ца елла, макалатурана д1аяьхьначу ширачу цуьнан киншканийн чоьтах чулаьрра хуьлу «хаьржинчеран» гонорар… Цуьнан доьзална х1уьпп1алг а ца елла хуьлу…
Еша дог дог1ур долуш, трилоги ю иза… Карарчу хенахь аса язъен киншка – б1еалг1а ноьмар ю. Цкъачунна цхьана прологах лаьтташ хир ю ерриг эпопей. Х1инца суна, нисса, ала хуур дац, сан коьртачу турпалхочо х1ун дер кхин д1а. Цкъа кху сохьта, коча шена мача олларна резайоцуш ю сан Берг еха Буг1а: эхь хета-кхе шайт1анан к1орнина Испай ч1амарчу Шинарх! Цуьнан хеначохь коча оллар-м, хьовха, кога 1отта а мача йоцуш, 1ай а т1ехь лелла-кх со когаш1уьйра мехкаршна т1аьхьаваьлла! Цхьабакъду, т1ера 1аь г1уьттуш, некъахь довхо кхо карийча, бохбан ког-м буьллура цу юкъа…
Корр. Х1ун хьехар дийр дара ахьа т1екхуьъчу вайн къоначу яздархошна?
Язд. Х1инццалц схьа шайл хьалхарчаша яьхначу сийлахь-езачу киншканийн к1елахь - ручканах гоьмукъ яй, шайн тетрадашца журналашка цаидар! Къоначу яздархочуьнгара г1иллакх муьлхарниг ду оха лоьрург? Тхохчу, баккхийчу яздархойн белхашна инсценировкаш а х1иттош, шайн «эстрадах» шайна а, тхуна а бахар…
Корр. Баркалла, хьайн мехала миноташ т1елеттачу «къийзоргана» садетташ, ахь яхарна… Хьан киншканашъешархошна боккха кхаъ хир бара: «шекъа кхачаделла дац хьан х1инца а?..»
Язд. Шекъа кхачадала йиш яц х1окху «т1ингаран», хьа-хьа! (Бегашийна, шен горгачу гех эсала куьг туху цо…)»
@
Свидетельство о публикации №212033002357