Бухгалтар-нах на чеченском языке
(бухгалтаран тептар т1ера)
1
Тхан юрт цхьамог1а пох1ме бухгалтарш бевлла ю. Церан леларех наха забарш яьхна. Бух1аночул б1аьрг «терахьашна» т1ера ца боккхуш, церан «ц1огарчий» лоьхуш, карийнарг карара ца хоьцуш, цуьнга хиина хехкалуш, сакъийранарш а дукха бевлла.
«Стоммачуьнгахь» хехкалуш, кураллин дозаллах и «ц1ога» хоьхкург эххар 1едало лаьцча, дагера кхетамах ц1еххьана тохар а хилла, инзаре велавелла, даимна къежна виснарг а хилла, ж1аьлеша аренгахь д1асатекхийна бежан туьта санна. Цул т1аьхьа, миллион ахча шена т1едожарх, шек а вер воцуш.
Кхана кара х1ума кхача долчу буьйсанийн г1енаш тамашенаш гуш хилла бохуш дуьйцу бухгалтаршна. Шена цкъа а веана хиллазчу, ц1оькъалоьман корта болчу КРУ-рчу ревизоро легаш 1аьвдина, садукъдина хиллера Къуршин цхьана бусарчу г1енахь, бисмилла а, къулха дешча а, шайт1анан логге котаман бехалла… аьлча а, д1ацахоьцуш.
«Писчу бухгалтара пес йоккхийла хьан коьртара!» - аьлча д1ахецна хиллера Къурша.
Тхан юьртахошна беламениг болх хеташ бу бухгалтаран болх.
Хьан ц1е Мурша елахь а - хьох «Бухгалтар» олу. Хьан к1антах: «Бухгалтаран к1ант». Иштта – «Бухгалтаран» йо1, да, нана, йиша-ваша, деваша, ворх1ий да а!..
2
Тхан Ахьмад бухгалтар д1аоьцуш, х1арра къамел хилла д1аэцна бохуш дуьйцура:
« Сан ц1е Ахьмад ю. Со а вара бухгалтар ван лууш шун конторе» -
«Мичахь белхаш бина ву хьо?» -
«Багарлурий хаац, – бухгалтаран болх колхозехь болийна ву. Турденийн киншка гойтий?» -
«Ца гойту. Оьшшучу терахьна к1ел проводка хахкалур юй хьоьга?» -
«Езткъе ткъаясна счет такси санна, хехкалур ю вайшинга!» -
«Хьал-бахамца муха ву хьо?» -
«Тоьъна вац: дуьне дезарна, сайх йийр йолчу ледарлонех кхетачу хьаькамна тешаме а хир волуш, шина декъана кадеттаро вузо луучу ойланах» -
«Коьртерчу хьаькамех соз оллаелла а гергарло доллий?» -
«Къайладоккхур дацара: х1уй-жуйн х1ушт-пуштал а дац!» -
«Маларца юкъаметтиг муха лела хьан?» -
«Эвхьазаваьлла вац: хилча - молу, ца хилча – сатохало» -
«Сакъераршца?»
«Юкъкара даь1ахка т1е к1омсар тоха хьоду берзан ка лелаче» -
«Хьо мегар ду… т1аккха. Д1аийци хьо!»
3
Массо хьаькамаллин белхахо шен стол д1ацахеца схьалаьцна хуьлу балхахь. Коьртачу бухгалтаран г1оьнча – х1инца Ахьмад – массарал хьалха волало деха-дуткъийчу шен п1елгашца дечиган чоьташ д1асаетта.
Тахана а цхьана тумбин стоьлаш схьалецна, охьахевшина 1ен тхо. Дауд-хьаьжа, «коьрта бух», тхуна массарна дуьхьала охьахууш, стол йолуш ву. К1орггера бегаш хууш, лан мегар волуш къоьнах а ву. Цунна аьрру аг1ора охьахууш стол шен йолу Ахьмад, т1етаь11ина чот етташ воллу х1инца. Кху некъехь г1елвелла хетало иза. Адаман бос а бац юьхьа т1ехь, юьхь юткъаелла йог1у, коч хийцаза хан яьлла, къажар доглазуьйтуш ду. Цуьнан доьзалан нана кхелхина, йицяллал хан яьлла а яц – кхо шо бен… Ши шо хьалха гергарчара цунна ялийна хилла зуда елла шо а дац… Цул т1аьхьа цуьнга зуда ялорах хьахо ваьхьна вац, цуьнан балаболчарех цхьа а. Зударий лешчу керта ян дог хир дац – «яллалц… яхар хир шена цу кертахь», - дагахь хиндолчу зудчун.
- Т1о дика х1ума ю! - аларан тата оьккхуьйту ц1еххьанша Ахьмада. -Селхана стака т1о меллера аса. Дег1 тодинера сан. Дош дац - х1ора 1уьйран-на мала стака т1о боцург!..
- Т1обоккху машен эца еза катоьххана, - боху Дауд-Хьаьжас.
- Узуш етт буй шун? - хотту аса.
- Дера бу! Уггаре дикачу дохнах берг! - хастабо етт Ахьмада.
- Шура моццал ло? - хотту аса.
- Узуш бац, 1ахарбисна цхьа шо гергга хан ю, - боху Ахьмада.
- 1ахарбуьсуьйту, ткъа, буг1анаш яц бежехь? – хотту Дауд-хьаьжас.
- Х1ара… тхан «чуьрниг» а кхелхина, ша а бисчхьана дуьйна, аса беже лоллуш а бац, чохь кхобуш бу. Къахета суна цу «шиннех» а… - дог таь11аш олу Ахьмада.
- И х1ун къамел ду! Могуш буй иза? - бегашна а доцуш хотту
Дауд-Хьаьжас.
- Могуш а, парг1ат а бу… - адамна аьндолу дош - «парг1ат» - а т1етуху Ахьмада. – Горга г1арт а долуш, б1аьрг хиллал хаза а бу, амма т1аьххьарчу деношкахь моччаг1ал хьадан, нох даккха мало еш бу. Х1ун ду а хаац, со улле веача, суна мийр ластош а бу…
- Дават1арг, хьан дег1ан юкъаметтиг а лаьцна мийр тухур бацар техьа цо хьуна! – доглазадаладезачу меттана - кхардаме олу Дауд-Хьаьжас. - Хьо цунах велча, цуьнга кадам бан, арабоккхуьйтур бара-кх аса иза беданара!..
Иштта, балха т1ехь вовшашна а чот етта бухгалтарнаха…
4
Дауд-хьаьжин махоркин к1уьро муштакхна чохь диннарг динчу, тхан беа пенаюкъара арахьаьжча, къегина малх хьаьжна, баьццара де доьдуш дайча - дохкохволу со айса хударш даарна, бухгалтарийн курсаш йохуш.
Х1ара сан ши накъост, ши бухгалтар санна, пенсе ваххалц 1ен веза техьа со а, даимна охьахиъна, даима терахьийн чот етташ, - даг чу оьккхий.
Х1ара шиъ шек д1а а вац, х1окхаршинна ц1ийх доьлла г1иро макхдина п1елгаш счеташ т1ехь д1асаидадар, дег1ан хьоле хьаьжна ч1ог1а д1асатухуш а, меллаша а. Шаьшшинан стоьлашна хьалхахь хиъна а 1еш, х1ора дийнахь а кегийра комедеш ловзор, чу вогг1у-вог1учуьнца. Ши артист. Коьртачу бухгалтаран роль ловзон Дауд-хьаьжа а, цуьнан г1оьнча – Ахьмад а. Дукха хьалха-хьалха, дуьххьар колхозаш йохкучу заманахь, тхан колхозехь хилла бохуш дуьйцура Къурша ц1е йолуш бухгалтар, шен болх забаршца лелорах г1араваьлла волу. Цуьнан ц1е ю тхан белхалоша Дауд-Хьаьжина тиллинарг а. И дика ц1е ян ца яйта. Ткъа Ахьмадах – Мурша, иштта д1ааьлла ду, «мерах озийна марш» санна, ма-аллара, дег1ана х1ара ург1ала волудела, Къуршинчуьнах ц1е яккхар атта а долудела, нах - хьажжош ц1е тилла хууш а хиларна!
Т1аккха, х1орш: Къурша а, Мурша а…
Х1окхаьршиннах беран самукъа сайн дуолуш ца хилча, «1одикайойла», - эр дара аса кху беа пене!
5
- Ассалам 1алайкум вайн буххе! – аьлла кехаташ кечдан чоьхьавелира амбаран хьаькам волу Арбалу. Салам схьаоьцуш хьалаг1аьвттира тхо. Кхечарна санна, хьалаайавелла ца 1еш, х1окхунна когаш т1е ирах1утту х1ара шиъ, дийнахь х1ара б1озза чу ваг1ахь – б1озза а. Кхуьнан газанах бекхаш бу а хаац…
- Тахана стенга хохку вай? – бегаш бечух хаьттира Къуршас, цунна мара а оьккхуш.
– Акха цициг санна, т1екхетта воллуш, вуса а велла ву тахана хьаькам! Корта эккха боллуш, похмелана лозуш, со а ву. Цхьа «к1айниг» а даийтина, тобер аьлла, хеташ воллура со. Хьаьжа т1е куьг дилла ца кхиаволуьйтуш, Г1ала хьажий цо со-м! - Къуршин марара а ваьлла, Муршига куьг кховдийра Арбалус. Арбалу шена мараэккха ца воллий хиъча – мараэккха дагахь, букар а воьдуш, ша цунна т1етаь1на хиларна, - ша воьхна ца гайта, шен куьг сихха юхадоккхуш, суна хаавеллачу Муршас сихха багах эккхийтира:
- Дера еза туьканна уллохь машен сацаяйта! «Цунна» лозучу коьртана стака боцург кхин молха-м дац!..
- Оцу Шит1а – ц1е тиллинчу виранна соьмаш дита к1орда ма дина! Стака мала безахь а цуьнца бекъа безаш бу! – туьканан махбархочунна хьажжийна элира Арбалус.
- Хьастаха г1опастанал дехьавала дезнера сан а… Доьссинер-кх соьга а!
Вайна алапа деллачу шоллаг1чу 1уьйрехь ду-кх иза. – Къамел шега ийцира Муршас. – Къурша, хьо саца а ца соцуш, дагадог1ий хьуна? Ца молуш цхьа кхо де доккхуш вара-кх хьо х1етахь?..
- Хилла хир ву-кх, - муштакх бага йоьллинчу Къуршас г1одах чу «х1уп» аьлла т1етуьйхира:
- Кхо де соьга даккхаделлехь…
- Со туькана чу ваьлча чохь ву хьуна, - дийца волавелира Мурша, - алун т1оьхула хьовзийнчу вотанах тера, юьхь т1ера чкъор а озаделла, балдех чопа тоссуче байн ши п1елг а 1уьттуш 1еш, вайгара токах ахчадоккхург а, ч1ег1ардиг а хилла, воькуш, суна моттарехь, керла юкъаяьлла кино юьйцуш 1еш, «туохара цо буй – итт метар д1а а кхоссавеш!» - дуьйцуш, даима вайх буьйнаш 1уьтту, вайн кулубехь кинохьовзориг а… Со-м, дера, и ши меъ цу буьнахь дуй хиънехь, цу бун чу т1ам ластор болуш а вацара: цкъа гучуваьлча, юха араэккха ца витира-кх цу шимма… Цхьа шиша мелла 1еш и шиъ а хиллера, - цхьа шиша ас а дастийти… Цхьа стака буьззина мелчахьана тоа ма тоийца суна-м!.. Къурша! Мели аса буьззана цхьаъ! Цаьршимма а мели – сан шишанчуьра… Шишанчохь цхьа стака хиллал къаьркъа диси… Аравели со т1ехьахула ц1ен кехаташ Шит1ега а кховдош. Юхадала дог1у соьмаш Шит1ега хьехадойла а ма дацийца, юхадог1уш а хьайна цу бун чохь т1ам ласто лаахь!.. - велар иккхира Муршех.
Со ца кхеташ деккъа цхьаъ дисира: стака къаьркъа чохь дисна шиша шен, цо четахь арадаьккхина, я цу шина «меана» хьалхахь 1аддитина?..
- Къурша, хьайтал «доверенностан» ц1ена баланк! Чехка Г1ала ца хахкахь! – аьлла стоьлана хьалхарчу г1анта дожийра шен деза дег1, хьаьжт1е куьг а дуьллуш, Арбалус.
- Мурша, яздел х1окхунна, чот чуялаза векалалла кхунна т1ехь лаьттий а хьажа, - элира Къуршас.
- Х1окху сохьта яз а дийр ду, «похмель» ян а вохуьйтур ву… - текхна а далош, тептаран аг1онаш херцавелира Мурша. Суна хаара, Арбалун сакхачош вуйла иза, салам луш, шех а белшан аг1о цо цахьакхаяр д1адоькхуш вуйла.
- Хьостамий деънарг – г1уллакх шен меттехь ду… Цхьа б1е а цхьайтта яьшка ярий уьш?.. – хьала а ца таь1аш, к1еда-мерзо а хаьттира Муршас. Лозучу коьртана са ца детталун Арбалу а т1евог1авелира Муршас д1асадиллинчу тептарна:
- Дара, оццул дара – суна лаахь!.. - шена хеташйолу, шен бакъонан йиш яра кхайкхийнарг Арбалус.
- Цхьа б1е а итт яьшка х1унда хилланца уьш, – терахь горгдан а?..
Цхьа яьшка хьостамий Арбалус селхана маларна доьхкина бохуш, х1окхаршимма къайлах хьахош хезна вара со. Цундела, Арбалу кхеттачуьра аьлла, д1адерзийра и г1уллакх Муршас:
- Шиферан, и конжа болу хьостамий юкъарадевли-кх вайна… Дера, ма дика хуьлура уьш, корта лозуш, гал ж1ов тоьхна-даьлла 1уьрг ца гайта!..
Бос телхира Арбалун шина ч1ениган юьхь т1ера.
«Ж1аьла я1! Хьуна ца хууш цхьа хьостам а бохкийла дац-кх сан сайн искладера!» - Арбалуна дагаиккхина х1инца хир дуйла хаара суна. Гена далаза, юкъахь гергарло долуш а ву бохура Мурший а, Арбалуй а. Амма, Муршас «1овдала» къамелаш шех дуьлуьйтуш, шех акхваьккхинера Арбалу. «Миллионийн соьмийн ахчанан оборот леллачу Республикан сурсатийн йохк-эцаран базехь нисса исс шарахь болх бина ву со, бухгалтаран! Дехьий-сехьий, суна уллехь ховшуш 1ийначу бухгалтаршна итт-итт шераш хенаш кхайкхаеш, пуркуроро суна баркаллаш а бохуш, суьдхой цец а буьйлуш, цу г1урта юкъара цхьа а ц1ена чекхвалаваларх. Иштта болх бина бухгалтар вай со-м!» - хийла олу хезна вара Арбалу Муршас, тхо массо санна.
- Валахь лелий, Мурша, хан д1аоьху! – Пхьаьрсахара сахьт б1аьргаш т1е даьхьира Арбалус. - Хьайн тептарна т1ехьоьжуш, со араваьлча 1ер хьо!
- Сих ма луо, - хьо д1а ма-ваххи тхуна ревизи яг1ахь? Бухгалтаран болх-м ревизорана беш бай. Хьажал! Мичахь ю хьан чот х1оккхузара еанчу х1оккху х1уманна? – мог1анна т1е п1елг туьйхира Муршас. - К1ира хьалха?
- Сайна луъучохь ю! Хьо-м суна халонаш яр леха кечвелла ма ву! - Арбалус оллушехь не1 а йиллина, оьг1азе чухьаьжира хьаькам:
- Хьо х1инца а г1улкхе ваханза ву?! - к1оршаме хаьттира цо.
- Со муха воьду – кехатан т1елхиг соьга схьалуш ца хилча х1ара Мурша!
- Къурша! Мосазза ала деза аса: хьалххе кечдай латтаде, сиха г1уллакхаш дечу тхан хан ца яйъа! Хала ду иза? Шун кехаташ бахьанехь палан кхочушъян йиш йоцуш ву-кх со! Библиотеки чохь санна ма 1ейша киншканашна т1е охьа а эгий! - барт а тоьхна, ч1огг1а не1 т1етуьйхира хьаькамо.
- Валал, Мурша! - оьг1азвахара т1аккха Къурша а.
- Виели… Х1окхуметта куьг диллал, амбархо… Кхана 1уьйранна ерриг отчет чулолахь тхойшинна!
- Сайна лаахь! - аьлла балха т1е вахара Арбалу. Тхо тхаьш дисира чохь.
- Хьажахь, цу к1анта шен ден хеннарчу соьга доху бехкаш! Цуьнга бехкаш ца дахийта - со ву хьуна заявлени а яздина, балхара д1авер! - халахетарца, оьг1аздаханчу берах, балда а хабош, хьаькамна дегабааме, элира Къуршас.
- Жима ву. Болх бовзаза ву. – Масла1ате элира Муршас. - Дагадеънарг д1аала деза моьттуш ву.
- Х1ара, сайн, нисса болх бан витац-кх цо со! Искладийн учетах жоплург а со воллушехь. Цуьнан х1ун бала бу сан белхан, «т1еэца – д1ахеца» - куьг та1ош 1ийчхьана! Хаьнт1а ши куьг а диллина, д1ах1уттур ма веца, сан цхьа х1ума 1едална хьалхахь галдаьлла д1ах1оттахь, «суна хаац, цу белхан бухгалтар ву сан, алапа а оьцуш», - аьлла. Ас шен болх юхаийзош бен, хета а хетац цунна. Х1ан-х1а-ка! Иштта д1аг1ойла яц! Лакхахь д1аэр ду аса х1ара г1уллакх цкъа… - латкъам бира Къуршас. Муршас а тесира туьха:
- Ц1енна, искладашна чохь х1ун ю-яц вайшан б1аьргашна гина а дац! Кху чуьра ара ца валуьйтуш, чекхъяккхийтира вайшинга цо инвентаризаци а!..
Д1адаьллачу шеран инвентаризаци яра Муршас хьехорг. Суо балха х1оьттинчу юкъехь, суна дуьйцу хезнера, и инвентаризаци цаьршима ярах лаьцна. Хьаькама Къуршина т1едиллина хиллера, шина денчохь инвентаризаци чекхъяккхар. Къуршас дош делла а хиллера, шен кийра ца бевзаш…
Иза д1айуолочу 1уьйранна, яьшка къаьркъа а, уьстаг1 а эцна хиллера Арбалус, цаьршинга сакъерийта… Дийно сарралц жижиг кхехкош-кхорзуш, шелделларг дохдеш, къаьркъа мийлинера цу шимма, «х1ара вай сакъерар хьаькамна хаа йиш яц: хьаькам командировкехь ву», - бохуш Арбалус. И шиъ вехна хиллера. Къуршина саца ца делла хиллера, Мурша мелла а мала лууш хьаьвзина хиллера. Х1иллане Арбалус инвентаризаци д1айоло езар шаьшшинга къадийча, кеп йолчу Къуршас: « И-вен-т1ара-ц1и-ц1ац1и… - бохурий ахьаъ? Д1айолаел, Мурша…маьрша вог1ийла! К1еззиг чу доттий
бузал берриг стака», - иштта д1а кхин, шен самукъадоллург дийцина хиллера. Дуткъа-лекха дег1, кхехкачу ена т1е а сеттош, дерст-дерстана жижиг а доуш, Арбалуна кхерамаш тийса - т1ехсакъерадала мийлина хиллера Муршас а: «Инвентаризаци х1ун ю хаьий хьуна, Арбалу? Суьде веллий хьо нийсачу накъосто цкъа а? Т1аьххьар дош алийтаний хьоьга суьдхочо цкъа а? Итт шо хан кхайкхийний хьуна суьдхочо цкъа а? Тхойша и вон болх хьуна байта йиш йолуш ву-кха!» - бохуш.
И буьйса, охьавоьжна, исклада чохь яьккхина хиллера цаьршима. Цаьршанна т1оьхула дог1а а тоьхна, д1авахна хиллера Арбалу. Шоллаг1чу 1уьйранна, шаьшшиннан кортош тодан, Арбалус къаьркъа х1отта ма-даррах, и де а хьалхарниг санна, текхна хиллера.
Кхоллаг1чу дийнахь хьаькамо хаза нехасанна шаьшшинна барт тоьхча, бухгалтери чу а воьлла, вовшашка шаьшшима сакъоьруш дайина ши де ца хьахош, Къуршас аьлча: «Арбалу болх д1акхехьа хууш ву, отчет а ц1ена лелайо цо», - Муршас олуш: «Бакъ ду иза…», - инвентаризацин баланкаш х1иттийна ваьллера и шиъ, шаьшшиннан тептарна т1ехь бухахь юьсуш хилаеззарг – искладехь йолуш хилар а ч1аг1деш. И болх хьаькамна ца хиъна хуьлийла дацара. Изза г1уллакх цо магийна хиларна, цунна бехке хьаькам веш аьлла дара Муршас хьаькамна ша хьалхо аьлларг а.
- … Цу инвентаризацина бехке-м вайшиъ ваьшша вара, Мурша. Копастан хеса хецча шина газано дендерг дира вайшимма, - шенначул бехк Муршина а буьтуш, боккхахберг шена т1елецира Къуршас, - дирша-газа со а йолуш…
6
«Вахана-вар дайтийтахь вайшинга…» - баттачохь цкъа соьга олуш 1едал ду Къуршин.
К1орда а ца до сакъерарш! Сакъерарш а ма хуьлу сонтачу стеган а цхьана хенан, цхьа барам болуш, хан т1ехтилча, шегахь товш хир доций а ***й, 1аддуьтуш. Миччара товр дара къанделлачу къезехь, т1урт1узваллалц къаьркъа дег1ах а тоьхна, ша хьошалг1а веъначу, хийрачу х1усамехь, ша цхьалха 1еш елахь а, амма шен берийн хеннарчу х1усамнене къерзо болийна шиб1аьрг а ц1ийбина, велха а ийзош, «лублу-у» бахар.
Бакъ долуш, суна эхь хета иза сайца хьошалг1а вига.
7
Сан доттаг1а, къаьркъанан х1ордахь деха къаьркъанан кит, ц1ахь хьал тоьъна а, х1уъа ша лелийча а, - иза дика валлалуш хиларна,- чоьхьарчу наха шена бехк буьллур боцуш, доьзал шенна баьккхина, баха а хаийна, дийнахь нуй хьаькхна ца яьн йолчу х1усамашкахь шен йоккха стаг а кхобуш (дума баийча – т1е мерза чай а малош), парг1ат ехаш борз ю, шен алапа а, йоккха стеган пенси а логгец шаьшшина тоьу а олуш.
Буто лоха дег1 а, мерцана уьстаг1ан корта санна, къаьркъано чахчийна юьхь а йолуш, чхьаьвриго 1уьргаш даьхначу картолах терачу мерк1ел сирделла, полла-шимекх а долуш, хиш оьхуш, ц1ийбелла жима шиб1аьрг а болуш, кхема кечбечу кестталг1а т1едахьа дезаш доьлаш а долуш.
Маларо, велхаран къурдашца безам д1а а къадабайтина, шега хьажа дезча мехкарех цхьанна, цунна ша товш хетар варий – вацарий – Къуршин дагахь хир доций хууш ву со, - «ирчашна юкъахь а ирча сте, жима волуш, са д1ахьаьддачехь сайна ялийначу суна бара раз а бохуш, хьокха бетта безаш!» - олура цо юкъкара, тхан бухгалтери чуьрчу пенаха кхозучу куьзгана а хьожий, ч1ишталш а юсайой.
8
Къуршин Соьлжа-г1алахь кооперативан квартирехь ехаш ю, цо дийцарехь, дукха хьалха-хьалхалера заманлера гергара стаг, Г1алин суьдан чоьнашна нуй хьокхучехь, х1инца пенсе яхча, балхахь а йолуш. Ханна иза ю Къуршел а пхи-ялх шо йоккха. Цуьнан ц1е ю Аполинария, хьасталуш Къуршас хаз а еш: «Поляна» - олий. Нагга-наггахь шеца со вуьгу Къуршас цаьрга хьошалг1а.
Карахь кулёкаш а ловзош, Къурша чоьхьаволуш, ч1ог1а хазахета, иза мосса го цунна.
« Ко-ля!» - олий, б1аьргех хи хьодуьйту самукъадолуш, дуьхьала йог1у иза Къуршина. Къуршас кулёкаш д1а а лой, шен коьртара бух1аран холхаза куй, иза парг1ата йоккхуш, цуьнан хьаьрса-къоьжачу месашна а туьллий, «Поля! - олу, - нохчийн ши бухгалтар т1еэцал тховса!» Полла лаца санна, шен мекхаш т1е ка а хьо.
Цу хьошалг1ахь а молу Къуршас б1аьрг белххал. Керла баханчу безамо ца велхаво иза цигахь. Цхьацца, харц амалан, шен дег1 кхуьуш, леларийн дагалецамаша а, ша цхьаъ везаш, «чуьра маймал» бен, басарна-подарна сте, маьлхан дуьнент1е цхьана а нанас, цхьана а дена хаза йо1 а йина, ша виеза кхиъна цахиларна оьккху цунах велхар сецон нуьцкъала къурд.
Йоккхачу стага Къуршин б1аьргех эсала йовлакх хьокху, «Коля, милой, не плачь…» - аларца. Ша а ца елха, боьршачо санна сатуху. Цо Къуршега кхийдадечу, мерах хьокхучу йовлакхашна т1ехь, х1ораза со нислуш а цаьрга, бес-бесара тираца яздина цхьа йоза хуьлу: « Люби меня как я тебя». Гуо къарзош, ц1ен тиран зезагаш а, барт олу к1айн ши кхокха а…
Къуршас оьрсашха буьйцу мотт шинне аг1ор кхета йиш йолуш хиларна, цунах дика аг1о лоьцучу, ц1ена дог долчу йоккхастагах къинхетаме б1аьрг бузу сан, Къуршас ша меттавеъча, чордо а: « Нал-ливай пол-ний!» - олуш цуьнга хиларна муххале а.
Сан, шеца, цу х1усаме вар дуьххьар доццушехь, со шен амалах хила ца луучух, х1оразза а, со йоккхастагца къамеле мосса волу - сан куьг 1овду Къуршас, стоьла т1оьхула т1е а ийзавеш шена:
«Поляна - сан уггаре тоьлла езарг-стаг ю хьуна! Невцалг1ахь туннене санна, хьайн зудчунна хазаниг цо х1ун делла шех, лоьхуш, ма хьежалахь…»
Тхойшиннан самукъадаккха лиъна цкъа, - «оццул дег1 шуьйрачу кийрара дуткъа аз муха долу техьа», айс-сайга хатта, со цецвоккхуш, - йоккхастага эшар лекхира, «ва-ленки, ва-лен-ки» олучехь аз дегаделча, Къуршас: «Хьи-ийтт!» - аьлла ц1азарца стоьла т1е г1оддах буй тоьхна, селедка чуьра бошхап а отуш: «Муха локхуш хета хьуна, к1ант, сан Полянас! Сибаре ю хьуна эшаро юьйцург!..» - Къуршас хецца д1адохуьйтуш т1аккха шен велхаран къурдаш.
Махкахбаьхначарна халачу муьрехь, ц1ерпоштнекъан станцера ведар к1ора лачкъош гучуваьлча, набахти чу воьллина пхи шо даьккхина ша, генарчу Къилбаседерачу цхьана г1айре т1е вигна, - олуш вара Къурша.
Стоьла гонаха тхан хевшина 1ер т1аьххьалц д1адахдо Къуршас. Буьйса яккха тхойша сецаварх г1иллакхечу х1усамнанас, 1уьйренга ца волу цу хьошалг1ахь Къурша: «Бух1аран холхаза куй, са а, бода а гихь, г1алин буьххьера охьабуссуш товр бац заводе оьхчу х1урашканашна юкъахь» - аларца ч1аг1ло иза. Амма, соьца хьошалг1а веъначохь - и дика г1иллакх д1адолу цунах: денош – буьйсанаш даха реза хир вара иза, шена хьошалла лелош жима зуда хьалха хьийзаш хилчхьана, цуьнга ша тамаше мосса хьожу - дагахьбалламан къурд а оьккхуш шех…
9
Кхин а ю Къуршин самукъадолуш цхьа меттиг: Г1алаюкъара колхозхойн базар.
П1ераскан делкъалт1аьхьенца волу иза цу базара. Базаран кертан йистахо лаьттачу тховк1елонийн г1опастанашна т1евоьду иза, цу кертарчу буфета чохь къаьхьа стака «перцовка», шен кийрарчу мусталлах а тухий.
Суна х1инца а девзина дац - цу базарахь цуьнан тамашийна лелар, яйна х1ума лоьхуш санна, цхьана мог1ара д1асхьа лелар. Балдех сирла-ц1ен басарш хьекхна хуьлучу, оцу мог1арерчу зударша юхкуш я мегаш х1ума а хуьлуш елара: кехатах дина зезагаш а, кхаьрзина х1уш а, зударийн пазаташ а, вовшехтесна ши пес санна йолу, зударшна оьшу х1уманаш а…
Къурша цигара валаре сатуьйсуш, дуккха лаьтта со йистахо. Даго вуьтур вацара со, цу г1опастанийн хьалхахула волавала! Ткъа, сан доттаг1а шек д1а воцуш, цу юкъахула лела. Тилавелла вог1учух, цу юкъавог1у милла а воккха стаг, шегахь санна, лекха холхазан куй а тиллина, юьхьт1ахь ц1ен бос а богуш, суьлхьанаш а хьийзош, шена гича, цуьнга салам-маршаллийн куьг ша делча, дуккха латтаво д1а ца хоьцуш Къуршас, цуьнан лере цхьаъ-м дуьйцуш. Сайна т1евеъча, аса цкъа хаьттира Къуршига:
«Хьуна вевзаш вара и воккха стаг?» - аьлла.
«Вевзаш вацара, - элира Къуршас, - цхьанчу балхахь ву тхойшиъ…»
«Муьлхачу?» - цецвелира со.
«Хьожабахаран…»
«Вай, х1ун болх бу иза?!»
Къежира т1аккха Къурша:
«Ж1аьлийн…» - аьлла.
«Х1ун ю аша лоьхург?»
«Хьуна хаа йиш йолуш дац, хьожа т1екхуьур яц хьайниг…»
Къурша цу юкъахь лелаш, цкъа самукъадолуш хилар хаало, юхкучу пайдабоццу х1уманна хьалха а х1оьттина, шен даг т1е п1елг а бетташ, йохкархочунна къиежаш иза хилча. Т1аккхахула – дог доьхна а: т1ехьа ши куьг а дуьллий, букара лелавоьлча, д1асалелачу зударийн когаш к1ел а хьоьжуш, цара когаш мичхьа бохкур хьоьжуш санна. Цкъа суна т1е а веана, деро дарц туьйхира цо, базарахь цхьана «х1уманан» лелачу механа: «Ткъаясна соммий, езткъе ткъаясна кепек елчий а резахуьлий, хьажахь, суьлхьанаш хьийзочара хьалабаьккхинчу мехе! Нисса ши туьма охьадилла боху-кх! Къанделла алмазаш я1, цхьа кепек тохийтал делахь соьга т1е!..»
«Х1ун ю хьо эца г1ертарг цубесса, дакъаза хьо ма валарг?! Цу мог1ара-м ма яц хьан хенарчу стагана эца эхь доцу х1ума!»
Догдуьллуш, г1опастанашка корта-аг1ор а хьаьжна:
«Бакъ боху ахьа… Х1ах1, д1аволу вайша питокашна юкъара», - шена там бан ша аьлча, «перцовка» духкучу буфетехьа дег1 доладира цо.
Хьераваьллачо а лелор дуй, цу базарахь цо лелориг!..
10
Г1антех д1алетча санна, когаш т1е ца х1уьттуш, чоьтийн ж1аккеш д1асаетташ дохку тхо - Арбалун инвентаризаци хьалхарниг санна… чекх а яьлла, шо чекхдолуш «хьалаяла» еза балансан отчет Къуршас х1оттош. Муршин дуткъачу дег1ан дог долу аг1о лаккхалц гучурйоккхуш, т1ек1ел хьаладоьттина ду тхан бахаман луьра мел долу журнал-книга. Царна т1ехула хьуьйсуш кегийра цуьнан б1аьргаш а ду. Тептарна т1ех1оьттина дерг Къуршига д1алуш ву иза. Юкъкара шок а локху цо, балдаш пирожнин ц1ен зезагах а тарлуш. Шакаран композици, дукхахьолахь, «ц1ен к1архаш» хуьлу. Книги т1ехь «ц1ен» х1уьтту терахь шена карийча, - «Къурша!» - олий, чуо ягийча санна, мохь болу цунах: «Х1ара ц1ен х1уьттург мукъне дуьсий техьа цуьнан гихь?»
Къуршас цуьнгара книга чехка шега схьа а эцна, ж1аккеш д1асатоьхна – тоьхна, ондда догдиллира х1инца а: «Х1оккхера – эцца даккха дицдина ахьа х1ара терахь!» - элира.
«Дамават1а кхуьнан дела1! - г1елвелира т1аккха Мурша. - Т1аьхьакхуьий цунна, хьажахь!»
Арбалуна т1аьхьаваьлла ву иза… Лаахь, шен «к1елхьарчо» йиш, шен юй д1ахаийтархьама цунна. Цхьана мог1анна т1е охьавахана дуккха 1ийра иза, п1елгаш дегорца ж1акки меллаш а тоттуш. Иза хьалахьаьжча – некъахь доьжна туьма карийча санна яра муц1ар… Юха а охьавахана 1ийра иза. Эххара, ша-шех тешарца, мохь белира цунах:
«Къурршш!.. Леци асс!»
Со санна, Къурша а партала хьалаиккхина, т1ех1оьттира.
«Х1ара гой хьуна? Х1оккху хьажахьа!» - Арбалун отчет яра Муршас т1е п1елг беттарг.
«Х1ун го хьуна, Мурша?»
«Суна дера го: кхузткъе пхиъ кубометар, лаьмнех баьккхина т1улг барий Арбалуна т1ехь буьсург, х1ара отчет цо чу ялале?»
«Ишта хилла хир бу».
«Цо хорже баьккхинарг кхузткъе пхи кийла бен бацийца, х1ай!»
Къуршас мара к1амбира:
«Сонто болх бу… - элира цо, - «кубометар» яздан дезачу - «кийла» яздина-кх цо».
«Т1е сиз а хьаькхна, нисдичхьана далац иза? Технически г1алат ма ду иза?» - 1ецавелла, юкъаг1оьртира со а.
«Т1ета1алахь тхуна хьо а! Тхойшинна дика девза хьал, хьо 1адда1ел, к1ант, хьо х1инцца бен цаволавелла къонахошна юкъа охьахийша! И т1улг кхин а хьенан г1ишлошна к1ел бахана хууш 1еш ву тхойша, са а детташ, цхьа де дог1ур-кх бохуш! И де деи х1инца, х1ара ду иза!» - сох а г1еххьачул дегазло йолийра Арбалун г1уллакхех Муршас.
«Кийла» аьлла 1аддитача, аса проводка а муха лур цунна?» - хаьттира ша-шега санна, Къуршас.
«Кубометар чу маса кийла т1улг боьду - справочникца хьожур ву вайша. Кхузткъе пхи кийла кубометре боккхур бу…» - хьийхира Муршас. Мекха т1е ка а даьхьна, резахуьлу балда къевлира Къуршас, цхьана кхерамах ша хьалхаваьлчхьана:
«Хьаькамна д1ахаахь – дика хир дац: акти т1е цо куьг та1ийна...»
«Вай сийсаздаха йиш йолуш х1умма дац: чуелларг – т1еяьлла! Кхеташ вуй хьо а?..» - соьга а хьаьжна хаьттира Муршас, - «хьайн ши п1елг биллал бат д1асацаелахь!» - сайга бохий хаьара суна цо.
Цу т1улгах тхан бахамехь г1ишлошна чир йоьттинера, берригенах ца йоьттинехь а. Амма кхузткъе пхи кийла т1улг – кубометран уьтталг1а дакъа а дацара. Ган а гуш харцо яра иза. Г1ишлонна к1елара т1улг а Арбалун гихь биса - йоккха ямартло йира оха. «Юкъарчу газанах» Арбалус ца вокхуьйту куц дара х1ара шиъ х1инца а. Арбалуна меза бан тесна сеглий хилира тхох: къурша-муршаг1ар…
11
Февралан бутт чекхболуш, чиллин денош а дассалуш, шеран белхан жам1 деш, боккха гулам бу тхан организацехь.
Арбалус а коьрта х1урашка тилла йолийна, кема санна, ирхъяхана лаба йолу. Кхин а хаза аьлча: кестта паланан ревизи йог1уйолу денош ду т1ег1ертарш, бухгалтаршна кхерамен г1енаш гун буьйсанаш юлурш…
Тхан организацино даима организацеш декхаршка юхку болх бо, банкица лелачу г1уллакхашца. Оха, тухий, цхьана пекъарчу колхозана «декхар» банке дохьуьйту, ткъа, банко т1е «ж1ар» а х1оттайой, юхадоуьйту. И г1уллакх къасто т1аьхьаваьлла хуьлучу Къуршас, к1оштарчу буфета чохь «перцовка» а муьйлуш, банкехь – х1ара бахий, колхозан хье нийса болх беш баций, - бохучух галморзахаллийн уьйриг хуьлу.
Цу кеппара, тхан декхарш схьа ца луш (оха - тхаьш бинчу белхашна доьхуш ду-дац ца хьехийча), шеран баланс х1отточу муьрехь, оха банке охьайохку счеташ цхьа гали дуззий хуьлу. «Коьртаниг, - олу Къуршас, - баланси т1ехь ахча некъадаьлла гайта йиш хилчхьана…»
Баланс хьалаелча са а даьккхина, самукъне жам1аш дан дуьйладелла дара тхо, массо белхало а, хьаькам а схьа а гулвина, нахана делла дош доллушехь, стохка чекхцабаьхна белхаш (оха ахча кхаьллина болу!) чекхбаххалц, цхьана а минотана садо1ур дац аьлла...
Куьг та1ийна «1овдал» валлалц - дашо г1аланаш х1иттор ю аьлла, - дош дала хууш «хьекъалчаш» ду тхо.
«Болх – хайр доцуш, дипломатин бу вайниг, - олу хьаькамо тхоьга. - Вайн ницкъ бацахь а дан дезарг дан, амма хьалххе ахча схьаэцархьама, буру хьийзо Теркехь санна, вайгахь ницкъ бу моттийта деза! Кхачамбацарш метта а ца х1иттаделла, белхалой хуьйцучул, организаци д1аяккхар 1едална пайдехьа хиндолу болх бан хаа деза вайна!..»
Муьлххачу юьртабахамехь, цхьана тракторца лаьттах саьнгар а яьккхина, кийчча эчиг-бетонан пилтанаш пеношна ирах1итточу силосан ор чохь аннаш а, хьостамий а, эчиган ч1ораш а, цемент а харже йохуш, шайна а, хьаькамна а ц1ахь ц1енош даллал, говза отчеташ ян хууш бу тхан кегийра а хьаькамаш.
Кхид1а дийца а х1унда дуьйцу!
Хьаькамо тийналла а ехна, д1аболийра гулам:
« Накъостий! Вайна ма-хаъара…баккхийчу кхиамашца чекхдаьккхина д1адахана шо вай! Бухгалтарша дийнахь-бусий сада1ар х1ун ду ца хууш, х1отта а йина, хьалаеллачу балансехь вайна хоуьйту, вайн белхан жам1аш. Самукъадоккху цара!.. Шайн хьуьнарш ца кхоош, массар а хьегна хьанала къа. Баркалла аьр вай вайн накъосташна! Вайна хууш ма-хиллара, 1аламат хала адамаш ду вайн заказчикаш! Г1утакх санна, беда шайна д1ах1оттийча а резабоцуш цу беданна, куьг ца та1о, баккъаш вайна бетта, варрийн амалехь!..»
«Кху чохь вай хилар санна бакъ ма ду иза! – аьлла юкъаиккхира оцу балийна «г1елвелла» лела прораб а. - Ваьш бина беда - ваьш харццол-м б1арздо!»
«Букъ г1ортийна – бохий ахь?» – мохь туху кхечо.
«Ладог1ал, накъостий, бегаш битий, - д1адахдо хьаькамо. - Со х1инца шуьга ала воллург кхин ду: шеран премеш д1асадекъа дезаш ду вайн, дагахьбалламца цхьа а вуьтур воцуш… Кху сохьта аса шуна сайн пирказ доьшур ду, профсоюзин къобаллица, т1аккха х1ора а луург дош ала йиш йолуш а хир ву…»
Тхан хьаькамо д1адийшира шен пирказ, ца хууш, к1еда хьаьрк секретара-йо1а юкъаяхийтина дош езарг санна хьостуш.
Премин марзоле чено ца хьакхош цхьа а шен к1орни ца йитинера. Арбалу а-м дера вог1ура цу юкъа, 1едалан даьхни дика лардеш а, т1аламбеш а ву аьлла.
«Т1аккха, накъостий, реза дуй вай? – Со-м реза ву!» - хаттаран а, айдаран а ши хьаьрк туьйхира улл-улле хьаькамо, «думин цуьрг елахь а – х1ора балдина» - боху цавеша х1ума делахь а, дуьненан болх иштта буй хоуьйтуш ечу ишарца.
«Сан ду цхьа хаттар», - аьлла хьалаг1аьттира, «букъ г1ортийна», беда харцо ницкъ берг.
«Ладуг1уш ду тхо, къонах».
«Преми дала белхаш вайн х1инца а чекхбовлаза белахь а, белхалойн цхьа а бехк бац, цкъа цхьанхьа кхуьйсуш, т1аккха вукхузхьа бохуш, ворданахь цигонийн бераш санна лелийнчу. Царна дог1у хир преми. Ткъа, шашлик ятта бен, кондаршлахь ч1еш лахьийна бен, ницкъ ца бинчу Арбалуна стенна дог1уш ду преми? Къуршина-Муршина – кир тоха ца оьшуш, биъ пен к1уьран басехь, мокха латтабо аьлла, луш ду иза?» - хаьттира цо.
Къуршас тийна корта лестабора, Мурша г1ийла къежна вара. Арбалу вара алсам г1овг1а яьккхинарг:
«Хьо хандарг! - боху цо. - Стаж ма кхаьчна, деша яха кечъелларг, тхо дитал 1адда! Шун тайпанчара бохийна лелош тоьлла нах дуккха го вайна!»
«Ладог1ал, накъостий! - аьлла г1овг1а саций хьаькамо. - Оцу к1анта ша кхеттарг бен ца хоьтту… Кино а гина хир цунна… Бехк бац цхьана а аг1ора. Амма цунна хаахьара премеш даларан а, декъаран а экономикан положенеш… Дешча хуур ду. Дуьнент1ерачу къинхьегамхойн вайн баьччас Ленина а аьлла: «Дешалаш!» Цкъа аьлла а ца 1аш – кхузза!.. Вешан ахчанах деша хьажор ву вай х1ара к1ант, инженер-экономист хила, юха вайна схьаваийта… Амма, х1инца, шайн хеннахь дешначеран г1уллакхаш т1ехь совцур вай! Профкомана дош лур ду вай: мехала совг1аташ а, курорташка путевкаш а…»
Х1илланна оьшучохь - шегарчу собаречу хьекъалах цецбехира хьаькамо Къуршаг1ар, Муршаг1ар, Арбалуг1ар…
Къурша а къежира х1инца, Мурша санна. Арбалу цаьршинга хьаьжча - «шина пекъарна» велаиккхира, шен ги боьттина «т1улг» буй ца хууш…
12
Х1инца хьаькамо беккъа хьаькамаш кхайкхинера шен кабинете. Пен къарзбеш девллачу зезагашкахула хьоьжура иза корах ара г1опе. Цигахь ков ларден хехо а гуш, «Чапай» куй а коьртахь, суьлхьанаш хьийзон, сих-сиха еттачу йовхаршна т1е буй а те1ош, амма кхуаг1ора ирах корта а берзабой шат ластош волу, шуьйрачу, к1едачу, хьаьвзачу г1анта хиъна волу хьаькам велавелира цу суртах:
«Пагонаш белшаш т1е латийчахьана, веккъа г1алг1азкхи ма ву иза!» - аларца.
«Вайн баккхийчу нахах ма вац! Цахиларх а шек д1а а ма вац!» - ч1аг1дира Арбалус.
«Хаац, - элира кхечо, - кертахь цул дера 1у воцийла-м хаара суна! Ж1аьлина-м цкъа юхк теснарг а вовзара - цунна вовзац шена доьша дуттург а!»
Эххар балхах долийра къамел:
«Накъостий, вайна ма-хаъара, шо чекхдаьлла вайн. Шун план кхочуш хилаза ю… Х1оккхул йол т1еоьшу кепа туоха… - терахьах яздина кехатан цуьрг кхоьссира цо стоьлахошна хьалха. - Х1ун дагахь х1инца?..»
Тхуна массарна хаара иза х1ун «йол» ю, хьанна хьалха тосуш ю.
«Аса лур дац! Сан болх ц1ена бу! Со кхоьруш вац ревизих!» - майрра элира бахаман кхачанан сурсатийн базин хьаькамо, Вахас.
Хьаькамо элира: «Хьоьца дерг аса къастор ду! Къурша, ревизи таххане д1айолаел х1окхунна! Пирказ тоьхна лара, х1ара д1аса а ма валийта!»
«Кханадуьйна мегар дац? Со тахана цхьа г1уллакх долуш ву-кх!» - ала сихвелира Ваха.
«Х1ун г1уллакх долуш ву хьо?»
«Цхьа, зударийн г1уллакх дара иза-м… Эцца, чохьъерг яра лоьрех яккха йига езаш…» - дуткъачу озан хьесий а ийзош, кхеравелла, элира х1инца Вахас.
«Х1ун хилла цунна?»
«Муха эр дара иза-а. Ца хуьлу цхьа… зударийн г1уллакх, зударшка зударийн лор хьожуш?..»
«Боьршачу стага бага г1аттон йолу х1ума дуй цо аьлларг!» - кхардаме элира Арбалус.
«Ахьа юьгур яцара хьайниг?» - цецвелира Ваха.
«Юьгур яцар-кха - иза даб-аьлла оьккхург хилча а-м!»
«Сайчуьнца берийн хунаш ду…»
«Д1авала! Д1авала! Вай доцчохь ма аьллахь иза саннарг: туьйнаш тухур ду хьуна, хьо ма-варра цавевзачара!»
«Туьйнаш – йовлакхца д1ахьокхур дара, вуьшта, баккъала ма чам бовр бу-кха Розина… Соьга хьоьжуш 1еш хир ма ю иза. Х1ун де те?»
«Дитал айхьа хьийзон ц1ога!» - цавашаре куьг ластийра хьаькамо.
«Х1ун дийр дара?..» - д1асецира Ваха.
13
Тахана ревизи ян йолийра оха Вахин базехь. Искладан к1оргене д1аоьхура тхо. Яхкаелла хьожа ян юьйлира. «Ваха, делла мукадехкий долчух тера ду кху чохь».
«Дукха боккханиг бийра аса хьастаха. Цицигал а боккха бара иза! Шу тешар - ца тешар хаац, цицигах ц1ийзаш белир-кха иза, сан кибарчиг кхетча. Цунах йог1у хьожа хир ю шуна еънарг. Х1оккхерачу т1оьрмигашла буьйлира иза…» - Т1оьрмигаш д1аэцчахь – бан а бара белла, боккха «мукадахка» - цициг!
«Х1ара-м цициг ду. Цициг дийна-кх ахьа, Ваха!»
«Дитал! Х1ун бен ю церан, – цициг а, мукадахка а! Ма лела-кхе сан искладчухула!»
«Ванах, Ваха, къинхетаман цхьа чо а ца хиллийца хьоьца! Цициг дедалар боккха болх бу-кх! Цо х1ун динера хьуна, кху чохь цо яа х1умма а яц, ша дехкий доцург?» - холчах1оьттира Къурша.
« Стоьмаш баа марзделла дара иза. Суна хийлаза гинера цо гараш 1уьйшуш…»
Вахега кхардаме д1ахьаьжначу Къуршас кхин х1умма ца элира. Белаца схьаэцна, ц1ока араяккхийтира цхьаьнга.
«Иза к1ел 1иллина т1оьрмиг ша а къастийна, йистах буьллий, – хаьттира белхалочо. - Цунах ц1унйоьлла хир ю гараш?»
«Йистах буьллу дера-кх. Компот ян гараш яц уьш х1инца, цицигашна яо бен…»
«Терзан т1ехула чекхбаьккхичхьана - шайна луъуче а билла! Вуьшта, х1умма хилла хир дац гарашна». Цу т1оьрмигара, буххара гар а эцна, ч1ичкъаша ца воьдуш кхаьллира Вахас. Цициг д1ахуьйдина, цхьа аг1о хьанбеллачу т1оьрмигара гар цо кхаллар – цхьанне аг1ор цуьнга цицигах лаьцна кхин дош олучуьра д1адоккхуш дара: цу тайпа стага-м шена т1ех1оьттича шен ден дакъа а дуур ду!
Зударийн белхан халаташ ягаръеш дара тхо х1инца. Цхьана халатах цец а бевлла, буьйлура цхьаццаберш: 1аламат йоккха тегна яра и халат, иза мегайолу зуда дуьнент1ехь хир а юй техьа аллал. Оцу халато х1ораннан д1аяьхьначу ойланашна юккъехула Муршас олу а хезира: «Х1ара халат лелийна а яц, кхоам бу-кх х1окху хазачу, 1аьржачу лаьстиган. Х1ара меганъерг цхьаъ бен хир яц вайн чухула. Ваха, ц1а х1унда ца хьо ахьа х1ара хьайн зудчунна?..»
«Сан Роза - ц1ен бесах лепарг ду… Цул хьайга дог1удолчу нускална д1ахьохьа х1ара 1аьржа халат…» - 1оттар йира цунна Вахас.
«Цаэшарх а т1ех1утту 1аьржачу бесан де а…» - элира Къуршас а.
14
Тхо тхайн балхана букар дахна дохкуш, хецна не1 а йиллина, цхьа лоха дег1 чоьхьаделира.
«Ассалом 1алейкум кху шуьне!» - элира цу дег1о.
Говраниг санна, беха бара цуьнан корта. Йоьза варкъ ч1ичкъашдахначу юьхь т1ера мара разбаьлла, оллабелла бара. К1оргера бела къедда ши б1аьрг ц1ен бара. Аьртачу херхаца хедийча санна долу балдаш хьадича гучуболура говран кхема. Шаршол т1ехула яьллачух ч1опа дег1 - букар, я аркъал а доцуш, - цхьа дег1ах бина шед бара и воккха стаг!
Салам кховдийнчу куьйгаца тхох чекхвелира иза, цхьа п1елг а ца хьабеш, хоьттуш цхьаъ а долуш:
«Керла х1ун ду? Яхнарг юй, еънарг юй?»
«Шира мел дерг керла-керла дог1у, жим-жима ц1ена а, боьха – алссам а! - элира Къуршас. – Маре баха хьоьгурш а бу, ц1абахка карзахбевлларш а бу!»
«Хьахь-хьахь-хье… - велаваларо дег1 лестош, элира веъначо. – Х1инца жоьрабуьйлурш дукха хуьлу! Зударий совбевлла кегийрчашна! Со 1ачу куьпахь пхи-ялх ю жеро. Ян а ю, амма цхьа со воцург боьрша шайга вистхилахь: «Хьоьга д1акъадо х1ума дара сан», - аьлла, шаьш а цунна хан юьллур йолуш-м бу! Кхин г1уллакх дан а дац – хи т1е идарал сов!»
«Дера бара цаьрга рег1ара шахьарна хи лун яй бузийта безаш, буьзна баьлча захалонаш хир ду а аьлла», - элира Къуршас.
«Бузур бацара моьтту хьуна, ва Къурша! Бузур бара - буьзна ца бовлуш къанлуш хилча а, - иза бузуш лийр бара-кх уьш! – элира веъначо, шен г1уллакх дийца волавала. – Х1ара, Къурша, к1езиг г1уллакх дара сан кху чохь, - четара кехат даьккхира цо, – дукха хьем а бийр бац, кху документе хьажийтал хьуо цкъа…» - Къуршийна хьалха диллира цхьа кехат. Къурша хьаьжира. Муршига кховдийра. Чувеънарг дийца велира:
«Амал доцчу даьлча, бохка стом лахьабайта шайга бохуш, вайн чуьра бераш ненаца хьуьнчу хецнера аса, акхадовла шайна аьлла...»
«Цара дика болх бина…» - элира Муршас.
«Суна эхь а долуш, валлалц къахьегча аса оьцу долчу алапана-м бин!..» - олуш, суьлхьанаш а даьхна, хьийзо велира иза, хаззош мела а боккхуш.
«Х1ара квитанци Вахас яздина хьуна?»
«Х1аъ, Мурша, иллалах1…»
«Хьаькамо ч1аг1 а дина?»
«Дера ву дика к1ант… волчу дена а… вирдана а… Дика г1уллакх хуьлуш доллу. Берашна хазахетуьйтур ду… Х1оттош вуй хьо?» - суьлхьа даккхар сацийра цкъа чувеъначо.
«Хоттарш лозучуьра севцций хьан?» - хаттарна кхин хаттар дира Муршас.
«Г1одаюккъалц ван а вац, Мурша… Ламаз хала эцало… 1ункар та1алац. Лоьрера бакъо а яьккхина, ц1ахь-м дера 1ийр вара, дарбанан хит1а а кхехьуьйтуш, кху кертахь хьаькамна тешаме 1у кхин цхьаъ вуьсуш велхьара… Массо лачкъо кечвелла вог1у балха вог1ург! Лаиллах1…» - т1еда тоьхна йовхарш кхаьллира цо.
«Ахьа схьа бахарехь, вирда-партехь ву-кх хьо а?..» - цуьнга хьаьжира Мурша.
«Аллох1 окбар!» - аьлла суьлхьанаш сихха кисана а та1ийна, юьхьах ши куьг а хьаькхна элира т1аккха чувеъначо:
«И х1ун 1осалалла ю хьуна т1ера г1уьттург, жима а ца хилча, д1аволла везаш а хилча! Моллас т1аьхьа еса деша а ца деза? Вирд-м цхьан денна даций - шун парти яций!» - толаме хьаьжира иза Муршига, куьг хаьнт1ахь хьала-охьа а лелош.
«Моццал стоьмаш бу боьхкинарш хьан аьшпаша?» - т1е б1аьргаш х1иттийра Муршас цунна.
«Со лаца ма г1ерта! Хьайна хьалха хьажа док1умент1е! Деша ца хаахь - д1алуо хуучуьнга! Х1ара буг1алтар х1унда вуьтуш ву хьан, д1а ца воккхуш, Къурша? Х1окхуьнан к1айн п1елгаш деха хиларна латтош-м вац хьан х1ара?..»
«Куьйгаш ц1ена ду х1окхуьнан, документаш бехдац цара…» - парг1ата элира Къуршас.
«Хьайн «берийн къа» - «пуьтийн стоьмаш» моццал бу а хаац хьуна?» - юха а хаьттира цуьнга Муршас.
«Х1унда ца хууш ду иза…» - цкъа воьхна хьаьвзира вож.
«Къурша, ц1ена болх буй те х1ара, милице телефон тоьхча бакъахьа хетий хьуна?..» - хаьттира Къуршига х1инца Муршас.
«Со чуволлийта, делахь… Хьайн ницкъ кхачахь! Дела воцу мунепакъ! Тайпа ду шун моттуху! Хьайн зударий иштта хьийзош, кхалхийна хир бу ахь!.. Ахьа кхид1а болх ца бо-кх стоьла хьалхахь! Буьйр д1атохуьйту х1инццехь пена т1е!» - г1овг1ане иза не1аре волавелча, сацийра т1аьхьа мохь тоьхначу Къуршас:
«Собардел цкъа! Бегаш бан а магац, - ахьа х1ун до ара г1ерташ?»
«Бегаш бо иштта? Сох къу ван ма г1ертий х1ара-м! - меттавеара важа. - Х1ара 1едал т1едале а, х1окху куьйгашца къахьоьгуш ву-кх со, кху куьйгаша болх бича яьккхинарг а йоуш!» - ж1онкаш санна долу п1елгаш д1алецира цо.
Х1окхуьнан документ-м х1отто ма-деззара х1оттийна дара, хьанна ахчанна х1оттийна ду а хууш тхуна, амма х1ара санначу г1уллакхан нах дукха хьежабора тхуна чу, т1елоцуш герз а доцуш, банк яхьа…
«Хьо къинхьегамча ца хилла – Муршас а ца бах, иштта болх бу тхайниг, бухгалтарийниг, 1едалан кепек а стенга йоьду хаа дезаш, цунах тхоьга жоп доьхуш», - масла1ате къамел дира Къуршас. Чувеъначо элира:
«Я х1ара ахча дагардийр долуш а ма вац со, делавазлора! Хастам хиларг ву дерриг гуш! Кхелъяр - цуьнгахь долуш дика ду!»
Муршас х1отта а дина, Къуршига куьгта1адайта д1аделира ахча д1ахоьцу кехат. Къуршас жиммал чоттохар а лелийна, вела а къежна, Муршига хаьттира:
«Мурша, кхунах бани а йина, къуйшна т1ера мода охьа х1унда яккхийти ахьа х1окхуьнга, тесахь лийчабойтуш?.. Х1ан, делахь, касси чу а г1ой, х1ара герз т1елаца… - Куьгта1ийна д1аделира кехат. - Дала беркат ма дойла х1окхунах, х1ара цадог1учарна!..»
«Амин! – элира кехат каракхаьчначо. - Со шул къена ву, хьарамниг-хьарамзниг дика сайна хаа! Дегабаам – мербуьхьиг ю сан, даим к1амлуш йолу. Къинт1ера довлалаш - шуна со ваьлла хилларах!» - шен г1одаюкъ «лозуш хилар» дагар даьлла хиллехь а, я х1инца товелла… - шуьйра тосучу г1улчашца касси чу хьаьдира иза, Муршас мисарболато санна, т1еуьйзучуьра хеца ма велли. Иза вара тхан кертара хехо. Вахех д1адала ревизи ян бог1уболчарна ахча, цунна т1еяздайтинера хьаькамо…
«Къурша! – хаьттира, юьртара библиотека ерриг ешна ваьллачу Муршас, – Мольер вешний ахь?..»
«Моллига ладег1на…» - жоп делира Къуршас.
«Аса цхьа киншка лур ю хьоьга еша, «х1ан, х1ун дай, кху минотехь схьайтал ахча!» - боху дешнаш т1ехь дукха долу… И миноташ ма дукха 1аь1аш ю-кха! Делкъаюккъехь талораш ду-кх вайна дийраш! Х1ун хир техьа х1окхунах, Къурша?»
«Х1уммаъ хир дац – даим хилларг бен: эхьдоцчу къуйшка бен маре г1ац доккха ахча. Дог1-дог1уш, жиманиг а лахьош, марера юхадог1ур ду, жеро а даьлла, вайн баьрчче… Вайн, бухгалтарийн болх, ахчанна маре ларт1ахьдоцург лехар ю, марера сихха юхадог1удерриг!..»
Тхан белхан иштта жам1 дира Къуршас. Тхайн чотийн ж1аккеш д1асаетта, самукъне дуьйладелира тхо т1аккха…
15
И, премеш далале, - «вахана-вар дайтийтахь вайшинга», - Къуршин соьга ала б1обуллуш, хенал хьалха ревизи еара тхуна, ж1аккеш ловзо п1елгийн дайн кийрашка кхерам боссош!
Ревизи тахана а д1аялаза ю тхуна. Кхин-м х1ума дацара - «кхема биллийтарх г1уллакх хирий хаац сайчуннах», - бепиг дао г1ертийна, дистанчу доьлашца Къуршас соьга г1ийла олуш дацахьара.
Луьра хьовзийна ву иза, хьаькамца цхьаьна ша чекхбийлийтинчу г1урташна а, харц х1иттийна кехаташ юкъарадаьхча –Арбалун исклад ах карорна а!
Кестта тхо а довлий-те моьтту суна тхан юьртан беламийн бухгалтаршка…
16
Х1инца а цкъа кегийрачу «каеттарех» хилла тхо: тхуна ревизи – тхуна дика чекхъели…
Тамашийна г1енаш гинчарна хетта ма хиллара хала нах а ца хилла ревизораш: цхьа «коллегаш» хилла тхо-м, йоучунна-молучунна дика а лелаш, дагарадовлу забарш ян хууш хилчхьана…
Мазала хьакхийна саьрамсекх а-м боу оха! Даь1ахкийн т1ассашкара т1амарш мел дукхаезаш ц1убйо алийша оха! Ц1ен ч1ара, «уха» санна а кхехкийна, цуьнан дарбане ч1ерадаьтта т1емалош малийтал делахь тхоьга оха моллург!
Д1адовла, г1арадовла луучарах ца хилла тхо! Цара х1ун бохурий, ревизораша: адамийн исторехь шайн ц1ерш ца юьтуш, пачхьалкхаш д1акхехьнарш а, кхоьхьурш а бухгалтарш бу! Бухгалтарна цхьанна памятник х1оттийна хиллехьара а, сонтачарна ларамаза хетна хир бацара и болх, цара а бина хир бара, хьекъалчаьрга кхачийтина а хир бацара. Ткъа х1инца, бу-бац цахуучеран бу-кх х1ара бу-бац ца хуу дика болх!
Шен хьолах бухгалтаро нах а хьегийтина, юха цара, - «жолам!» - шена эр доцуш, ду-кх дика, я везандела!..
Свидетельство о публикации №212033002361