Ткъес на чеченском языке

Лелхаяьлча стигал ткъесо эт1ош,
Бода бог1уш малхлоцу кхерамах,
Генаш лестош махо, 1ежаш эгош,
Дог1а кховсуш Нохчийчу - хьан дагах:
Хьал-бахам бац догтедерг - бу Даймохк,
Дика-вон хьан дерзо таро тоош,
Хилар сий – хьан ц1ена дисар куьг-ког,
Нехан доцуш ала хьуна вон дош!




Маржа я1, хьо ца лоьру жималла,
Хууш хилчахь къаналлин г1ур муьре,
Дицлур доцу къинош цахилалла,
Даа хин-кха къонахчо х1ар дуьне!


               @


Рецензии