Хьешан лай на чеченском языке

Хьаша, мела ахь баьккхи:
Хьоь сатуьйсуш г1елвели!
Лацал ши куьг г1умг1и к1ел,
Валол, делхьа, вайн тхов к1ел.


Хьал-де дийцал х1инца шайн,
Могаш-парг1ат? – Хастам х1ай!
Кертахь, юьртахь, махкахь шайн
Дахалой шу? – Хастам х1ай!


Делахь, хьаша, г1овлаел,
Некъо-м, дера, ма во г1ел,
Меттахваккха пурбалол,
Вовшахтоьхча пхьоран лол.


Садаь1ин ахь?- Бос а тайн…
Х1инца хьоьга хьоьжу-кх той.
Тховса ч1ано ахьар да-й,
Цуьнца лахьа дуьман ка-й.


Шайн-шайн малар къаьмнийн ду,
Мемсан молха хирг а ду,
Х1ун мер ахьа? - Хастам бу,
Мала муьжхи вайн а ду!


Тхан юьртарчу мехкарех
Хьоьга хьоьжу-кх цхьаъ корех,
Хазъйе х1инца и баьрче,
Даккхахь, хьаша, дог даре!


Сакъийрин ахь? -Дехар вай!
Буьйса дикаяле хьайн
Схьаалалахь г1уллакх вайн –
Хьоь ладоьг1на ву-кх хьан лай! -


Ладог1алахь, г1илкхан да…
Дай цхьаъ бу вайн: нохч-г1алг1а!
Ваг1ахь Несаре-эвла,
Хьайн ц1ахь санна хир г1овла.


Махкал арахь лелчех цхьаъ
Нохчк1енташца – ву со во1,
Мерза йоккхуш цхьаьна хан,
Тешнабехк дага ца бан…


Х1ирийн г1алг1айх ц1ерш тийсна,
Къуьйн 1едал деш Ельцина,
Болабича т1ом – дара:
Соьца церан хьал дайра…


Хийла г1алг1ай вийн т1амо:
Бераш, зударий, къаной,
Сан а ког бин хубарах
Кийра эти хударах.


Шуна т1е а т1ом хилий…
Вай цу дала цадалий,
Эвлаяаш леларо,
Церан до1а кхачаро.


Амма тешнабехк бина,
Къола вежаршна дина,
Ц1авирзина - шераш ду, -
Соьца лелаш декхар ду!


Хастам Далла - кхана са
Стага санна даккха-кха:
Схьакхайкхалахь, 1уьйрре г1ой,
Т1аьхьдеъначу даьхнин дай…

            @


Рецензии