Нохчийн тхов на чеченском языке

Тхов поьпнийн варкхалех сеттинчу б1ешарла,
Довш-хезаш, ч1об декаш бошмашкахь буса,
Т1ехьийзчу г1енаха х1уьрла1ийн мехкаршла,
Нохчашна йоккхатоп оьрсаша кхуссу.

Цу оьрсин хьекъале нохчийн стаг ца вуссуш,
Д1алела шенна, хуьсигех 1ехалуш,
Цхьаъ долу хьекъал - вайн дай хилар ка юссуш,
Ша леладолу, борз б1ана кхайкхалуш.

Мунданал башха шаьш цахилларш т1ом лелаш,
Маьхьсеш калойх яхар – тарикъат хилларш,
Дуьзна дог боьха ц1ийх нахаха даребеш,
Хьаьвза, худар кхехкош, 1едал, ян диларш.

Догтовжар къолане – 1едалан буьйране,
Накъзара лаппаг1не – маржан-г1алане,
Селханналц салпале – назбар мотт-г1айбане -
Йоттало нохчех 1едалан т1е-к1еле.

Тхов аьчкан ца сеттар цхьанненчу б1ешарла,
Бошмашка ялсманин т1аусаш диссча,
Т1ехьийзчу самаха дуьненан мехкаршла,
Нохчаша ракеташ шайга ца кхиссча…


                @


Рецензии