Гуци кулуб на чеченском языке

        Мацца цкъа, 1ай, шаш бина таьллаш, т1ехуьйшучу къийгаша 1арж а деш, к1айниг а, 1аьржаниг а, – ши ницкъ къийсалучу 1аламехь, Хоси-юртан хьаннаш чу талла вахна вог1ура къена стаг Гуца. Цуьнан белшех тийсина дара таьлсаш а, герз а. Тужурки юкъ 1овдуш, йихкина, патармийн г1ап  яра. Аьхна хечин когаш - голлец хьала а карчийна, когарчу не1армачашкара к1айн-хьаьрса настарийн пхьидаш  - гуш  яра.
         Шега хьоьжуш, де-буьйса, ша а чохь даьккхина хин йолу, шен х1усамнана, йоккхастаг Хьава шена дуьхьал йог1уш, кертахь яйча, йовха хьолт1амаш дага а яьхкина, хаъал кийра бохбала вог1у хир вара иза ц1а…
         Хьавас ахьар а хьоьй, налха санна к1еда хиллалц мижарг, шина куьйга д1асхьакхуьйсуш, т1аккха кераяккъийн таммаг1аш т1едетташ, яй чу кхийссича - сихха схьаяьхна, т1ера мерза 1аь  г1уьтту хьолт1амаш - хьан ца йиънера цаьргахь!
        Кхузткъе итт шарал т1ехъяьлла хан ю Гуцас хьолт1амаш йоург а…
Шуна моьтту хир - жижигца йоуш ю уьш Гуцас, саьрамсекхан берамала а 1уьттуш. Х1ан-х1а, т1уо-к1олдан берамца йоу уьш Гуцас. Цундела цхьаъа пхьар-церг а талхаза ма ву, берийн цергийн бага а йолуш.
        И т1уо-к1алд латто цунна - Гуцин-м, къуръанора, бу газа санна, жима хиларх, лаьттахула ц1ога текхадарх, шура алсам луш, суьлийн дохнах, к1арула-1аьржа етт!
        Ткъа, хууш ма ду - хьолт1аман хьаьжк1а лело, даима нохчочун доьналла кхаьчнийла, шен бешан лаьтта т1ехь иза ца вита, цунна арахьара ницкъ ца беш, ихначу заманашкахь.
        З1аран мекха баьккхина ша ваьлча, бухахь йисаелла г1орза - куьйга а йохайой, т1аккха волало и лаьттан стаг, хьекхаца даьхначу к1аьгнашна чу хьаьжк1ийн буьртигаш тийса.
Х1уьйн хьаьжк1ийн т1оьрмиг коча а тосий, ирачу юьхьиган хьокха - кара а лоций, шен беша волуш волу Гуца, х1ора б1аьстенца, нана-лаьттах д1аэн санна, во'луш хир, х1инца а шех берийн х1уьмалгаш д1адовлаза йолу - Хьава къинт1ера а йоккхий:
      «Дуй хьуна, зуда, тахана сан беша хьан къуьрдиг ялахь - я иза, я со, тхойшиннах цхьаъ сарахь чу дог1ург ца хиларна - суна къинт1ера елин хьо?» - шен стага шега хаьттича, нохчийн зударийн доьналлин забарца, шена дуьхьала ала:
      «Хьо воьллахь вайшинан буьна, стаг»…
Беша хьаьжк1аш йоьчу х1орачу б1аьста, шен г1орзанах лазийна - урс хьаькхна къуьрдаг карах а оллайой, шех а, шен зудчух а лаьттачу "буьне" вог1ура саррахь Гуца…
    



      
      Миклийн-паччахьан заманахь, ярташна дозанаш детта йийг1инчу туьркийн а, додамийн а асанца, гуьнаш т1е вуьйлуш, хьуьнчуьра охьавог1у Гуца т1е1оттавелира суна.        Арахь лайн алчаш а яталуш, ц1еххьашха хьокхучу, юьхь къовзочу дорцан махо, декъачу баь11ийн кенийн х1уьйн чкъоьргаш а идош, царах муьрг етта уьстаг1ий махна баккъаш хьийзош, це еттачух кхачо ян г1ертара – со сайн ден кхакха тиллачу бекхах а хьаьрчина, сайн жена гена воццуш, букарвоьлла 1аш.
     Аьхкенан бовхачу маьлхо а, 1аьнан дарцан мехаша а чахчийнчу майрачу юьхь т1ера шуьйра, сира шимекх ларга а, цхьацца чо морзаг1ца бухбоккхуш, жимачу куьзганан б1аьрган хьалхахь кечвала а, сих-сиха, кадолуш вара Гуца. Гуцас шен дег1 серлоне лерина леладора. Х1ора к1иранах цкъа тхан керта а вог1ий, цкъа хьалха тхан дега деха, парг1ате къамел а дой, хьаьжк1аш эвсаре лелаярах а, г1апакхаш мел х1у к1ога тосуш ен езарах а, я бежан дежийлаш куьпех д1акъийларах лаьцна, цо тхан дега т1аьххьаре олура: «Х1ан, Дуьра Ча, ирдел хьайн урс а, яккхийтал соьга сайн коьрта т1ехула чопа а, - куж башал меъна т1ера!» Дукха ца 1аш, шен д1абаьшначу, аьнгали санна, шерачу коьртах, тхан нене кечбойтий, туьха-берам хьокхура цо, корта да1 санна, ц1ий а беш:
     «Х1ара ду хьуна дош! Х1инца хьолт1ам – къонах вуй хууш, эхьцахеташ кхаллалур ю!» - ша 1овжош хиларах б1аьрнег1ар ца тухуш, Гуцас аьлча, ела а лой, туьха-берам чуьра кад карахь, цунна т1ех1отталучу тхайн нене, ца тешарца хьожура со, цо хих туьха тохарах шек хуьлий.
    Лекха, зоьртала дег1 дара Гуцин, кхузткъе итт шо чуьрчу хено охьата1оза, цуьнга хьаьжнарг ткъаях шо гал а вер волуш. Ткъа цуьнан забаршший! Гуца берашна дукхавезуьйтуш хуьлура.
    Х1инца, иза охьавог1ура хьуьнчуьра, ша а х1оьттина, белшийн цхьана аг1онах – шуьйра, йоккха, юьзна сумка а, вукхунах – цо цуьнан йоккхучу ц1арах, «йилбазг1ар» топ а кхозуш.
   - Дебийла хьан! – уьстаг1ашна а, суна а юккъехь сецира иза, шегара сумка лаьтта а х1оттош.
   - Гуца, х1умма йийний ахьа? – хаьттира аса, цуьнан сумка стомма яйча.
   - К1ант, сан «йилбазг1ар» т1ехьажаден экха са дала бен, ког хьалхахьа таса хилац! Б1аьргаш дика делхьара вайшиннан, Хумп1ар-г1ала а йоккхур яра вайшимма! Дуй хьуна, лайн т1ера ларш евзачу иччархочунна акхаройн дагахь дерг ша-дерриге хаьа; ахьа йоьшучу киншканах, ларш йоьшу цо а, - туп йинчу газетах, цкъа схьаоьзна деък1ов кехат а даьккхина, пха бузуш тегначу кисетара махорка т1е а йиллина, цигаьрка хьарчийра цо. Тамехь, балда балдах а тоьхна, ша боккха баьккхина к1ур мерчухула д1а а хецна, дийца велира иза:
      - Дуй хьуна, цхьогал ду-кхе доккха х1илла долуш экха, сан г1оьнча волу Вадуд санна. Ша цхьогало дакхийначу адаман берах иза а вацахь, х1ара дуьне а 1овдала хеттал - хьекъале со а волуш!- аьлла ша къежча, б1аьргех куьг хьаькхира цо, оццул хастаме Вадудах аьллачух жимма вухавала делахь а, я к1уьро б1аьргаш 1овжийна хиллехь а. Гуцас вуьйцург - кхуьнан доттаг1а, иччархо вара, кхул ткъаях шо жима а волу, кхунна улле х1оьттина иза гича - попан к1елара ц1улла сара санна хеташ волу дег1ана, юьхьна эг1азе, маккхалан хьаьвзинчу з1акарах, шен мерах а берашна беламе верг. Цкъаллиг цкъа а, цхьа а 1едалан болх, шен шовзткъе итт шо кхочуш а, бина вац бохуш, ша вуьйцург. Ша толлуш доьн экха – шен ижу долуш даа-мала, ваьхна а, вехаш а. Ша йойъу неларчий йоучарна д1айоьхкича хилла ахча – шен алапа долуш. И, Вадуд, даима хьуьнчохь лелар марзделла висна верг, иттех коьртан, шен доьзал стенах кхобу, - нахана къайле йолу.
       - Тхан ма еца, - дуьйцура Гуцас, - тхешан лаамехь вовшахтоьхна мехкаиччархойн тоба. Хьаькам цуьнан - со ву, иштта, ша Вадуда алларх - поллак1овниг! Хоржуш ду-кхе тхо, т1аккха, сол шолг1аниг, дуй хьуна, лурчахчул хьалха, Лекхачу дукъа к1елахь ши лергаяхар ерах шовкъ а еана, кхид1а а талла дагахь дохкуш, ши ц1ий даккха каяьлллларг - со а волуш… Ялх къонах ву тхо! Х1окхарех соьца «диване» охьахиъна, мехкаиччархойн законаш х1итто, тобано векал вийрг ву - и Вадуд а, кхин цхьа 1абдул-Вадуд а! Ткъа, и 1абдул-Вадуд - муьлхачу стагера таллархо ву хьуна аьлча, - нал з1еца къовлуш, йихкича а, цунна т1е ца ваха, генара топ кхуьссур йолу - стешхалла йолучу! Экхана кхеттарг - хьенан тоьпахула яьлла шовкъали хилар къовсучохь хьалха лелхарг а! Делахь а, х1ун дер, топ дукхаезаш-х вай х1ара, олий, резахуьлу со, къовсамна юкъаваийта иза а. Къовсам кху т1ехь бу: хьалха ц1ий даьккхинарг! Д1аволало и шиъ, ц1еш даха, синош каро.1абдул-Вадуд х1айт-аьлла хьийза! Лаьа цунна хьаькамаллехь хила - тхуна законаш даха! Вадуд, ткъа, ша хьалхара хирг хиларх цуьрриг шеквоцуш, мерк1ел шакар-эшарца, 1абдул-Вадудана т1аьхьах1оьттина воьдуш ма веца. Хьалий-охьий - Вадудегахьара озабезам бу сан: талларшкахь, ц1ера гонах мижаргаш цхьаьна дукха деттина ву тхойша, цхьацца х1ума вовшийн чуьра далхийна а ву; хьуна хаа оьшуш дац изза х1уманаш… Цуьнан, и сесаг а ю-кхе зуд-ж1аьлел башха, цхьана шеран чохь - цхьа бер деана 1ийр йоцуш! Цу бераша, иттех гено, садукъдина ву сан доттаг1а… Дуй хьуна, сайн озабезам гучу ца баьккхича 1енваланц со, - аса боху, т1е а хилла: «Ма толийталахь 1абдул-Вадуд. Суна хаьа хьуна, и стенна хьалхатеттина, вай ца дезачу Бух1адиг1ара: ишпион вайна ван!»
      «Шек д1а ма вала, баьчча, - парг1ате хазадо суна Вадуда, - цу 1овдало экха лоьхур ду, ткъа аса - ц1ий доккхур ду». Дуй хьуна, со т1аккха а кхетац  парг1атчу цунах. Эххар, лергаяхарна цхьогал хааделлачу, чучча-морзах йийлинчу лараш т1е 1оттавеллачух куц долуш, букъа т1ехьахула тхоьга куьг ластадо, «шена т1аьхьара довлалаш» - бохучунна, цу 1абдул-Вадуда. Тхо совцу. Иза ларца волавеллачу, хьаьмцийн кондарш евллачу басенна т1ехула маккхал а хьийза, цкъа чухьодуш, шолг1а - хьалахьодуш, лайн к1айдаргна т1ехула, 1уьргара – 1уьрга боьдучу дехкана теба-кхе иза! Тхуна дагахь доццург дира х1илла долчу сан Вадуда: цхьана кулан к1елара хьажийна топ тоьхна, дехках з1ок йолла лууш, хьийзинарг, гап-аьлла, лайла йожийра! «Ц1ий – аса даьккхи, вайн баьччел шоллаг1верг хила, х1инца, парг1ат экхана талла а мегар ду-кх», - олуш, оцу некха к1ела, т1ам ойбуче шокъали яхна маккхал, яхьа а яьхьна, 1абдул-Вадуданна хьалха кхоьссира цо! Э-х1е-х1е-е!.. - г1адвахна, велавелира х1инца дуьйцуш волу Гуца. - 1абдул-Вадуд ирхъиккхира, ямартло ю шена йинарг, бохуш. Т1аккха аса, дуй хьуна, д1а куьг ластийра-кх, - «Сан наиб, цхьогал санна, мекара хила везаш ву!» - аьлла. Хьуна дийца г1ертий со-м, цхьогал моццал х1илла  долуш экха ду а, цо санна, кхечарна дага дог1ун доццург дар карадойтур долуш - Вадуд вуй а. Лайн т1ера цхьогалан ларашийн суьртерачу  хьожанна т1аьхьадодуш долу эр-ж1аьла 1ункара лелхош, юханехьа дададала - 1уьнц1алгаш дахуьйтуш, юха а хьалхалерчу ларх дадуьйтуш, юха а изза дойтуш, к1аддой,  охьадожадо цо! Цхьогалийн болх суна дика бевза, сайн накъосташкахь беза а беза… Хьо а суна цкъа накъост хила - йилбазмохе эккхалахь, сан вешин доттаг1чун вешин к1ант! - элира Гуцас, цуьнан сумки чохь цхьаъ-м хьовха, масийтта цхьогалан ц1ока хиларах со тешавалла:
     - Дукха хала дийрий ахьа? Х1ун бос болуш ду? – хаьттира аса, таьлсашна т1е а хьаьжна, цо уьш д1аястаре сатесна.
     - Х1ун? Х1ун бос?.. - цецвелира Гуца.
     - Хьан таьлсашна чуьрниг цхьогалан ц1ока яц, ткъа?
     - Корсамех саттийначу цхьана кхора т1е 1оттавеллера со… Яьсса сумка ц1а ца ян, гезаршна а хир-кх аьлла, корсамаш дохьура аса-м, дуй хьуна, - аьлла цкъа чуоьзна чекхъяьккхинчу цигаьрканах п1елг тоьхна, сан жена улло йожийра Гуцас. Цхьана кхакха тиллачу къеначу уьстаг1о, т1ебеъна, хьожа йохуш, берг йиттина, 1ийша яьккхира цигаьркан юьхьиг. Юха цо тоьхначу йовхарша - марш кхоссийтира цуьнга. Цул т1аьхьа иза корта а хьийзош, хинк1аш а оьхуш, уьстаг1ашна юкъахь ч1уг тийса белира.
     - Х1инца шен кара жирг1а елча, жирг1а а тухур яра цо, - элира Гуцас.
     - Х1унда? – цецвелира со.
     - Шен куй к1айн болудела! - аьлла велавелира Гуца. Аса д1а тидам бича, цу уьстаг1ан хьен т1ехь - кхакханан куйнахь иза хета, - гонд1ара тилла, шуьйра, лекха, к1айн т1арг1а бан а бара.
     - Жирг1атухучара куйнаш к1айниш х1унда леладо, Гуца? – аса шега хаьттича,  меттабуьхьера санна элира Гуцас:
     - Оцу уьстаг1е хаттахьа иза…
     Иштта, соьца и къамел а дина, юьртехьа охьаволавелира Гуца. Иза гучураваллалц, цунна т1аьхьа хьаьжна висира со, дог-ойла - мехкаиччархошкахьа а яьлла, ч1аг1ъяла.



        Тхан дас, Сибарехара ц1а кхелхаш, таллархочун бакъонца еана шалготоп яра ламаз дечу чохь пенах оьллина. Кхойтта шо хьалха хирриг - Сибреха дуьзначу патармийн г1ап а яра тоьпана к1елхула кхозуш. Тхан да балха а вахна, и чоь яьсса юьсуш, ненера бакъо а йоккхий, т1е чархан даьтта хьоькхуш, т1оьхларий – чухаларий ц1анйой, сих-сиха къагайора аса топ, иза цкъа сайн ги а тесна хьуьнчу яхьачу ойланна суо б1арзлуш хиларе терра. Амма, и бакъо суна тхайн дас лур йоций а хаара: ша а вацара иза талла кхерстачу нахана реза. «Болх ца бан луурш бу уьш, - олура цо цхьа Гуца воцчунна. - Ткъа Гуца къанналц къахьегна ву куьйгийн белхашкахь Сибрех а, ц1ахь а, - цунна х1инца самукъаненна п1елгаца лаг ийзош, чаччамаш къийгашна кхисса а мегар ду. Х1оъ нийса бахийта цунна хаа а ца хаьа. Талларшкахь дукха зейтина ву ша: шена т1етеллинчу жарг1ина кхоьссинчу х1оьанх яла чов йолуш, иза  яхна хилар, ша къийсинчул т1аьхьа, стоммачу попан юкъ лаьцна бахначуьра х1оъ схьабаккхийтина а  ву хийла тхоьга…» Иштта нийса топ тохарах хаставора Гуца-таллархо тхан дас. Делахь а, суна теша хала дара иза: тхан юьртахь мел волу таллархо Гуцица бен талла ца воьдура, цуьнца бен жарг1ина к1ел хаа а ца ваьхьара.
     Сайна а лууш дерш, - таллархойх лаьцна дуьйцуьйтур-кх аса аьлла, вахара со цхьана сарахь Гуцаьрга.
    Юрт шина декъе екъочу боьлакан басахь, малх делкъенга болучу аг1орхьа жима кораш а дирзина ю Гуца веха х1усам. Юккъехь кор а доцуш, бодане сени а йолуш, дехьий-сехьий шина чоьнан, нохчийн ширачу бараман ц1а ду Гуцийниг, поппаран пенойн д1ах1оттам - б1аьлланган серашца дуьйцинчу з1арийн хуьлушболу. Чуьра ц1аьнкъанаш а, арара пурхе а пистиг етташ батийначу сацкъаран ду, сих-сиха к1аьгнаш довлу меттигаш д1ашаръеш а хуьлуш х1усамнанас Хьавас.
    И, ц1а, дукхе-дукха хьалха Гуцин дас, шен кхозлаг1чу зудчунна - Гуцин нанна дийг1ина хилла ду бохуш, дуьйцу хезна ву со Гуцигара, «со вина ц1аьмзе буьйса, сан нанас жинашца чохь текхна, сан х1усамаш ю х1орш», - цо безамца аьлла. Цу ц1ийнал хьалха цу декъа т1ехь хилла олура - махкахь а г1араваьлла хиллачу къуьнан х1усам, коканан кондаршкахула гечо девзарг бен т1е а ца валуш. Г1араваьллачу къуьнна т1ебог1урш а к1езиг г1арабевлла къуьйш а ца хилла: Г1оба-хи т1ера хьеший а цунна т1ебог1уш хилла бохуш хилча!
    Цара тонка узуш а хилла, самукъадаккха - къаьркъа молуш а.
Кока кхарзалун де а лехна, имам Шемалан буьйранца ц1е тесна боху къуьйн г1еран меттаматтах. Цул т1аьхьа  жинаша шайн эскар д1ах1отто буьйсанан майда йина хилла боху цу овкъарийн декъа т1ехь, юрт егон, эскаран когийн тата а хезаш…
    Сан б1аьштигаш чуччаийзалуш хиллехь а, со теша хала дара-кх цу аьшпех! Бакъду, Гуцас, и дийцадолийначу маьрк1ажехь, буьйсана цу чуьра ара а ваьлла, кхо керт а хадийна, тхайн ц1а ца ваг1архьама, шайт1а къахкаден синбилгалонан н1аьна кхайккхалц Гуцин чаккхе йоцчу хабаршка ладег1а лиъна-м хилла вара со цу хенахь. Т1есерсачу  гуьйренан ц1аьмза денойн 1аьржа буьйса а х1оттаяла дезарий-ца, цо жинех лаьцна дуьйцуш, сан ирс дацарна, суна т1е! Дийнахь а тап-аьлла тийна меттиг ма еца - дуькъачу дитташлара хьозан к1орни ека а ца хезаш, - Гуцин ц1а д1ахьулдина йолу меттиг, гурахь, т1аьххьа хуьлучу стоьмийн беш.
   

    Гуцина хьалхахь, ц1аьнкъа тесначу истанга т1ехь, можачу ахьаран хьолт1амех дуьзна, доккха текх дара. Гоьлаш т1е а хиъна, текха т1е 1ункар а воьлла, иза воллуш, чувелира со. Чухуладухучу, к1айчу боьзан барзакъахь, боданен чохь, юьхь ц1ий а елла, мера т1е а, шалхачу ч1енги т1е а - инзаре, 1аламехь а ца хуьлучу, боккхачу т1адаман хьацар а тоьхна, ж1аьло - доьшанчул сиха, хьолт1амаш чоьхьа лестош доллура «шара-ч1ебарлойн ламанан экха» - цуо ша-шех ма-аллара. Адамийн б1аьргашна бодане чуьра, мустъеллачу диларан хьожа йог1ура. Вуьйхира со. Шен буьн чохь парг1ат доьша доучу ж1аьлин чу ваьлча санна хийтира суна суо: «беа кога т1ехь» схьахьоьжура соьга Гуца…
    - Суьйре дика хуьлда хьан, Гуца. Со хьалхе веан те моьтту суна…
    - Хьо ву иза?.. Далла духъхьара а ма хетийла, - х1ара доьша даа г1ерташ доллу хьуна со! Кийро цхьа шатайпанара т1е ца лоццушехь, хала, Делан балийца, х1ара дао сайна г1ертош, доллу хьуна со. Дош-м дацар-кхе - кху суна чухаларчу шогачу т1ингарна, ножан шелиг чу санна, къонза а доьттина, къонзин дика соз баллалц сени чу х1ара  х1оттийна ца латтийча! Делах эхь дац! Х1ун оьшу х1окхунна! Ц1енна, ламарочун ахьарх йина хьолт1амаш а ма ю, машенах баьккхина боцуш, етшурина т1ех1оьттина баьккхинчу т1айх бина берам а ма бу, - уьнахц1ена кхача бу-кха!
Цунна а бухъхьабаьллачу кийранна топ дера йог1ура – со къонах велхьара!.. - ша-шена  кхийссарш а еш, амма, йоучух х1умма догдаьллачух тера ца хеташ, ялта д1атухуш воллура Гуца. – Схьа т1ехилахь хьо а, вайшинне яъал а яй х1орш-м, - дийхира соьга Гуцас.
     Юьртахоша акха стаг лоруш вара Гуца: нахцабезарг. Шен хенарчаьрца «дуьненан а, къемат-дийнан а 1илманца» 1оттавелла ван а вара Гуца: иза вешаш дацара - къеначийн цхьацца х1уьмалгаш, кицанна, шо мосса дели юьртан молла (къеда) х1ора вирдах векалбинчу верасаша керла хоржуш цахилар. «Цкъа ваьлла къеда - валлалц лаьтта юьртана, нийсаниг вацахь – ца леш хье а луш, 1аламан х1уьттаренна санна. Г1еза т1ера хи санна, шена т1ера къинош а эгаш, балеволу ишттаниг, ворх1 стигална к1ел, ша даржах вохо цхьаъа бусалба ницкъ цхьаьнгге бог1ур боций хууш!» - олуш хезнера суна цкъа Гуцас.
    Оцу шар1ан «политикана» т1ера вара иза. Кхоччуш, 1арбашха дешнастаг - шех кхайкхо ваьхьар волуш, х1инца а ша вацарх а, жимма д1акъадийна вара: «хьеран т1улг, шен коьртана а хьийзаш хилар цхьанхьа…» Жимма хьалхо г1овг1а яккхийтинера цо «дешнанахе», ша бахьанехь: зуькаршкахь, томат тоьхна чорпа яар - къилахьхилар кхайкхийнера цо: «Х1унда аьлча, дуй хьуна, юургана томато 1аламат дика чам бо, ткъа, юурган дика чам хилча – иза-м ге эккхал яа дог а дог1ий, яа дог деъча - бусалба верриг генехьа волу, генехьа ваьллачу бусалбана, ша юха мацвелча бен, Дела дагавог1ург цахиларах - делах биъначу дуйнаца ала ваьхьар волуш ма ву со: со а ма ву айса вуьйццург!» - аьллера Гуцас. Цу тайпанара хьехам т1е ца лаьцнера «1илманан вежарша». «Мила ву Гуца? Адамах а доцуш, аьлча? Таллархо. Таллархочо, шен кадаьлча, нал юьйр яра я яцара? Юьйр яра - и мел ерстана хиларх-м! Жижигана тилор а яр-кха цо иза, ша иза йоуш вацахь а, шена сом деллачунна, йохка? Вай-м и дуьйцу, нах, вайна юкъахь стешха стаг а хир вац: «Ж1аьла а дац вайн, иза санначо кешнашка д1адоллийтина лаьтташ?.. Хьакха тилийна куьйгаш, ткъа, до1анна д1алаьцна молла – х1ун молла хир вара, нах? Цу т1е - ца хууш а хилча, кхин доьхнарг а: жайно бусалбанашна баа магийна боцу хьакхин аг1о иза боуш велахь?.. Дала лардойла вай - толлу нах а, церан ижу а цадовзарах! Бусалбачу хьехамашна хьакъдоцчу стеган багах девлла дешнаш ду уьш: томат тохийта деза чорпанах…»
     Цхьана кедара масех 1айгахь оьцучу меттигашкахь, хьалха санна, томат тухуш дара чорпанах. Цул т1аьхьа, цу меттигашкахь, 1айг бага бахьа - юьхь яцара Гуцин, иза хаъал вухавелира зуькаршка кхойкхучу воьдучуьра. Ийг1ина вара иза, шена «б1обайтинчуьнца» тайначу нахаца. «Харц бу х1ара сан хенара яьсса геш йолу цхьа нах, х1инццалц цаьрца зуькаршкахь цхьаьна кедара, томат тоьхна чорпа мийлина, со масална царна - харцонна вало а мегар долуш…» - аьлла сецнера Гуца.
      
       
    
    - Дуй хьуна, к1ант, - аьлла велира Гуца соьца шуьнара, - д1алаца ши куьг, адамана  рицкъа мурстанашкахь д1ахецначу Далла до1ийна!
      Дехха, ша до1а динчул т1аьхьа, дерза а дина, шен шуьйрачу дечиган маьнги т1е аркъалвелира иза,  гай горг а луш.
     - Хьастаха цхьа хазо де деар-кх вайна, оцу стигланашкара охьа, - 1уьйранна, Далла г1уллакх динчул т1аьхьа, араваьлла, со беша а вели, д1ахьаьжча, д1о лахачуьрчу, Пахрудди – ц1е йолчу х1уьмалган «ишлангар» ю-кх сан бешахь йолаелла лелаш, шена луъ-луъуче пхьаж а божош – беш бехъеш! Аса боху-кх т1аккха, д1а мохь а тоьхна, и шен сакхте цхьа г1ог1 а детташ, шен уьйт1ахь йолаелла лелачу, цу Пахрудди-х1умане: «Х1ай, х1уьмалг, ца го хьуна и хьайн вир сан бешахь? Д1айига иза - хьайна а, цунна а, аса шозза бердаьнга йожаялле!» Со тергал а вой, хьажахь, цу х1уьмалго! Боху-кх х1окхо, шена улле яьлла лелачу мер1уьрге: «Кура-бек, хьада вало, схьаялае». Дуьйцу хезна а, я лелла а х1ума дуй иза саннарг! «Кура-бек аьлча а, и пашбукъ ма яийталахь суна схьа беша!» - д1акхайкхий-кх аса т1аккха, дуй хьуна. Ц1енчуновкъа, и шен г1ог1 а детташ, ша а цо иза д1ацайигнехь, нахана а, 1едална а гергахь - цхьа стаг а, цхьа вир а дийнарг хуьлур-кх со, дийнарг - ши вир бен хир доццушехь! Хьа-хьа-хье…- аьлла, ша бинарш - бегаш хиланчу, веларчу вахара Гуца.
     Лохачу, шуьйрачу маьнги т1ехь, чухулаюху боьзан к1айн хеча голашна к1ел а карчийна, хьаьрсачу чоьйн стаммийра настарш д1а а хоьцуш, Гуца хона т1е вижира, горга, баьшна, к1айн корта куьйга т1е а товжош.
     - Схьайтал, «кийчаг1али» юй хьоьгахь? Аса магадо хьуна... Хьо сан доттаг1чун вешин к1ант ма ву, дала цунна гечдараг, хьалхе д1авахи иза а! - лерганчу, сирчу мекхан  балдах - тарг1ано мочхалх - мотт а хьокхуш, инзаре доккхачу куьйган кераюкъ схьакховдийра соьга Гуцас, цигаьрка йоьхуш.
     - Дуй хьуна, Хасавюьртарчу базарахь, маларна т1е яа, хьаькамаша оьцучу, кхерзинчу москалах 1ожалла хилла, велла бохийца и Пахрудди!.. Москалх д1авш а даьлла… Цуьнца йиънарш, ткъа, вож хьаькамаш (москалца бен мердоцурш а ма хилла хьуна, цхьаццанхьа хьаькамалле г1ертарш, ц1ен беснеш горганаш), до1анехь латтийца тезетахь, шек д1а а боцуш оццу москалах… Делавазлора, кийрашкара хьерийн т1улгаш а ма ду адамийн тайп-тайпанара, хиш т1ера хьерийнаш санна, дика охьурш а, жуьйр кхуссурш а! – Аса шега, эхь а хеташ, елла хиллачу цигаьрках боккха баьккхина к1ур чууьйзира Гуцас, довхачу чайнах мох санна.
    - Валлах11азмора, ч1ог1а ч1аг1 а ма делла 1едал! Кху цигаьркан буьххье латийнчу можачу муштакхе хьажахь цкъа! – чим бахбелла цигаьрка, цецваьлчух, сан б1аьргаш к1ел яьхьира цо. – Мах а беза хир бу кхеран, буй?
    - Ахсом бу…
    - Остог1пирлах1! Ши «бурка» туьканан бепиг! Х1аъ, нах баха х1иттина кху т1аьххьаре а. Вайн юьртахь а карор ма бу, д1алахавоьлча, т1оьрмиг ахча шайн хир долу, дагахьбоццу цхьа тайна нах, шайн белхаш а, балабезар а хууш. Х1ун олу оьрсаша кху можачу муштакхах?.. - вела а луш сох, механа езачу цигаьркийн дех, хаьттира Гуцас.
    - Фильтр - олу.
    - П1илт1ар… Хьаяхь, хьаяхь!.. П1илт1ар… - г1оддах велавелира иза х1инца. - Вайн матте карча а лойша хьаха иза?
     - Луьттург - бохург санна - хуьлу-кх иза.
     - Ц1енна бакъ ма бах ахьа иза! Кхин х1ун эр дара х1окхунах - луьттарг а ца аьлла! Горлера оьрси я1, цо тиллинчу ц1аре хьажахь! - резахилла, велаваларца, шена там бира Гуцас. – К1ур луьтту-кх х1окху х1умано делахь… Хьажий со кхуьнан кийрахь х1ун доллу. Кагъян магадой х1ара цигаьркан г1одах? – хоттуш, назбаран г1айба шена к1ел а хьош, настарш т1е хиира Гуца.
     - Х1унда ца магадо!
     - Делахь х1ета! - аьлла фильтр цигаьрканах каг а йина, д1асаяржийра Гуцас.
    - Хьажахь, басмин туп санна, хьарчийна еца. Гора 1едал я1, да хьакхийца воллийла хьан, хьо ч1ог1а дац бохург - хьакха а йолуш! Х1ара, т1ех кхихкинчу г1апакхан хударх терачу, кхунна т1елеттачу г1ирах х1ун олу теша оьрсичо?  Иза а хьуна хууш делахь – хьо корта болуш-м ву... - цецвала кийчча хилар – корта хьовзорца а гойтуш, хаьттира цо.
    - Никотин…
    - Ни-к1а-т1ин! Ни-к1а-лай… Ц1ерашка хьажахь! Хьии-ийт! Оьрсийн к1ант я1! Хьо говза вац бохучун корта - оззийна схьабаккха-кха! - олуш, маьнги т1е буй туьйхира Гуцас. - Суна хаара шовзткъа шо хьалха а, шайгга, шайн стерчех ворданаш а йожийтина, эпсарша, тапчанийн маккъаш яь1нешна а детташ, шайн дошкара хьаьжк1аш, нахе Гуьмсе-станце охьакхоьхьуьйтуш а - кху 1едало цкъа мацца х1арасаннарг х1ума йийр юй!.. Кхин ма дийцахь, еккъа, церан ц1ерашка ладог1ахь! Муштакх т1ера ягаръехьа, аса 1арбийн йозанца, сайн цхьана «х1уманна» д1аязйийр яра уьш, сайн «тептар» т1е, сайн къоламан юьхьиг а лехна.
    - Фильтр а, никотин а…
    - Х1аъ, п1илт1ар, ник1ат1ин… Зуд я1 Ник1алай!.. – маьнги т1ехь, чехка когаш т1е х1уттуш, хьаланисвелира Гуца. Шен голашка кхочучу, к1айн бой оьллинчу, жимачу кора т1е а волавелла, кира 1аржбеллачу сонехь кхозу к1адин т1оьрмиг караийцира цо.
   - Х1окху деласохьта! - т1оьрмигара ийцира, мужалташ йоцу, киншканан коьчал а, п1елггал къолам а, куьзганаш а. - Х1окху меттиге д1аязйо аса и ц1ерш. - Охьавижира юха а бертал. Д1асаяржийнчу киншканахь, дуьххьар гучудаьллачу суьрте хьаьжира.
   - Собардел цкъа, х1ара-м хьаха имам Шемалан сурт ма ду хьуна, - цо а олуш, со а хьаьжира суьрте. Киншка – масех иттанаш шераш хьалха араяьлла, историн учебник йолчух тера дара: юьхь йолочохь - мужалт а,  кехаташ а ца тоарна, кхетацалора, зорбанера яларан дуьхьах. Имам Шемалан суьртан гуо, цу аг1о т1ехь киншка дуккха д1асайиллина хиларна, т1ундеш хиллачу п1елгаша, муттанах болорна, мажбелла бара.
    - Шемалан суьрта к1ел-м язйойла а дац цигаьрка… Муха хета хьуна, к1ант, вайн имам! Хила-м хиллийца хьо бакъене Дег1астан бусалба динан эла! До1анна куьйгаш лацалахь! - до1а дан хьалаг1аьттира иза. До1а а дина, «па-а-т1ихьа» дахдарца, чекхваьлча, - эх1! - аьлла доккха садаьккхира цо.
    - Х1окху меттиге мегар ду… - кехаташ д1ахаьрцира. - Дела оьг1аз хила шайт1анна! Хьажахь, - ерзана ю-кха х1ара зуда! Зударшца йолу эвхьазалла йиталац-кха Ник1алайна… - цхьана суьрте а хьаьжна, къажаме, д1атеттира цо киншка. - Ма хьажалахь, ца оьшу хьуна, - соьга б1аьца йира. Туй тохар а дина, юха а суьрте хьежавелира ша. - Хьо-м жима а ву… Х1умма а Бесирин йо1ачух тера хетий хьуна цуьнан некхаваз а, белшаш ойъуш, 1аьвдина г1одаюкъ а!.. – цалиънехь а аладелира цуьнга. Цуьнан воккхалех эхь лаьцна, суьртах б1аьрг кхетта бен, цахиллехь а, антични культурера суьртех иза дуйла хаара, историн учебникахь хиларна.
    Цу суьрте Гуца дуьххьара хьожуш цахилар хаийта – п1елгийн томмаг1а дара цу к1ел а. Иза лачкъацаделира Гуцина а:
    - Дукха хан ю х1ара киншка аса ларъен… Шемалах лаьцна а ма ю х1ара… Х1оккхузара мужалт соьга кхачале а, Сибрехдуьйна йоцуш яра. Хьо суна т1елела дуккха хан йолдера, жима хили хьуна со хьоьца, хаъал хьекъалх талхор волуш, шайт1ано бен дуьллур доцуш, вайн дешнанаха хьажа вайна ца магаден сурт ду х1ара. Дала лардойла… -                кхин масех кехат д1а а хаьрцина, йозанан кехата т1ехь сацавелира иза.
    - Хьажахь, суна хиллачуьнга: коьртаниг дагарадаьккхи-кх цу иблисо!.. Х1оккхуза яздо аса, - х1ун яра и ц1ерш? - Сан багара уьш юха а яьхна, язъян вуьйлира иза ц1ерш.
    - Бакъ ма бах ахьа. П1а-п1и…п1ил-т1ар. 1арбийн йоза жимма бен ма хаац суна. Нун-нан… Нун-к1а-нан-к1а… Нин-к1а… ни-к1а-т1а… т1ин. Х1аъ, х1инца хуур ду. Кху шина дашца цхьа нах цецбохур бу аса! Хьуна-м стенна хоуьйтур иза – цхьа къайле ю тхан, масех стеган, дукха гена хьалхара схьалелаш… Аса хьоьга и къайле йийцича, ц1енчуновкъа, кхаа дийнахьий-бусий хьолт1амийн бовха яй кхучуьрчуьнга сайна баккхийтар дохор ма дара аса! Тхан тхешан «набахти» ю, мичахь ю - ахьа ца хиттичхьана. Тхайн къайленан коьртаниг - со воллушехь, к1ажин пхенаш дегош бен, х1инца хьоьга дуьйцуриг а дийцамалац!
     Берталваьлла волчуьра ха а хаьрцина, шен когашка хьаьжира Гуца, когийн п1елгаш меттах а хьедеш…
    - Со тхьамда велахь а, соьга-сайга далур долу г1уллакх дац хьо тхуна юкъа д1аэцар: куьйгаш айбар – законехь ду тхан… - юха а соьгара цигаьрка а латийна, к1ур чуозаро юсийна ч1ишталш - доьлаш т1е яьхьира Гуцас.
    Гуцин х1усамнана Хьава ц1ахь яцара. Хан яьлла  хан хиларна, дукха ца11еш иза чу ер юйла хууш, д1аваха хьалаг1атта - ойла хилла волу со, стенна делахь а, соьцура. Хьанна хаьа, Гуцин ойла хийцаелла, шайн къайленах лаьцна х1инццалц со цакхеташдерг - кхетадеш, шайна юкъаэцар магадечух, некъ буьту къамел олурий а цо!
    - Шуна юкъавархьама х1ун дан деза? – хаьттира аса.
    - Делахь дика ду. Кханачулт1аьхьа хьан дехарх лаьцна, дан дезачаьрца къамел дер аса; амма хьуна д1ахаийла, хуьлучуаг1ор хьан г1уллакх доьрзург хилар суна х1инццедуьйна хууш цахилар. Вайшиъ гергара ши стаг велахь а, цхьаъ хьоьга ца хаьттича валац со, сайн декхарца: х1унда лууш ву хьо тхуна юкъаван, хьо-х жима ву, ишколера дешнаваьлла а вац, хьайна зудаяло гуьйре – лаххар, шиъ бен, хьалхахь лаьтташ а вац, ткъа тхо дешаза кхиарца, 1овдала некъашца леларца, цхьанхьа а дикачу д1акхаьчна доцуш, со санначунна Дала доьзал а ца луш, важасаначунна - и доьзалш хьекъал чохь а ца луш, Дала кхузахь а, цигахь а - шозза ч1ир тхох эцча мукъне, - шен лааман кхетаме даладан, сачохь а, сачохьза а ледан лелош ду?.. – иштта тамашийна хатта а хаьттина, сан дехарх лаьцна къамел дойла кхин шена ца лаьий хоуьйтуш, пхьуьйраламазна тохавелира Гуца.
    Тхов лохачу, шуьйрачу ц1а чохь, г1амаран ц1аьнкъа к1аг х1оьттинчу 1индаг1 латтош, г1ийла йогура мехкадаьтта даго милтанан лампа.
    - Гуца, хьуна ма-хаъара, хьоьца самукъадолу сан. Соьгара пайда бен - зен хир дацара шуна, варшахь экха т1еталларан г1уллакх айса лелийна а…
    Аса аьллачун ойла а йина, - Дера, иштта-м ма ду иза; дика ду, «диване» дуьллур ду ас хьан г1уллакх, - аьлла, ведарара хи доьттира чуьйнан г1уммаг1и чу цо. - Ламазана корта а тоьхна, д1адуьйшу хан ю моьтту суна…
   - Вайна шийтта долуш ду. Делахь, дика ду, буьйса декъал хуьлда хьан а, - со а хьалаг1аьттира.
   - Со а волу хьуна т1аьхьа ара, - ца эшахь а, – керлачу ц1анонна а хир…
Со кех араваллалц т1аьхьавеара Гуца.





      Ламасарахь, бода къовлалуш, цхьана бере, ша волчу д1акхайкхийтира со Гуцас. Цу кхоэ сатийсина волу - со чехка кхечира Гуцера пурхене. Ург1ал санна, лекха, гужумвоьлла воккха стаг вара арахь, ц1ийнан не1арехь лаьтташ, ги тесна топ а йолуш. Иза - Гуцин лулахо, ханна цулла воккха волу, - Саь1дин Адам вара, ша дагавеанчо - «Ланк1азар» ц1арах вовзуьйтуш. Колхозехь стерчий лелош вара иза, бераша - «Ланк1азар» ц1е яьккхича шех, мохайог1ий, нийсачу боларх галълелхаш, астаг1а т1аьхьаводуш. Дедика а дина, - «Хьо лаа латтарий?..» – «Ланк1азар» т1етоха ца ваьхьаш, хаьттира аса цуьнга. Ша, стерчашна ханера хьалавалавайтина кху чуьрчу «къанделлачу ч1ебарлочо» - берех ловза, тховсенна «иштабан» хане д1ах1оттийна ву-кх, «поллак1овниг» ву ша, бохучу, шун, берийн доттаг1чо... – цавешаш велаваларца, сени чу не1 а йиллина, цкъа боданан чухула 1ункара ша д1асхьа а хьаьжна, беданна чу санна, со  «чухийцира» цо.
      Тонкин к1уьран чохь, паднарахь,  г1айбеш т1е тевжина 1ен Гуца а, цунна дуьхьала - лохийчу г1анташка охьахевшина, «кулубан декъашхой» хилар - суна хеташ, сан шайца вовший хьаштхиларан хьасаналла лела - кхоъ стаг а вара, Гуцас вийцина, хьастаха, шена наиб хила къовсавеллачу шиннах хьалха «ц1ий даккхаделла» - Вадуд  юкъехь а волуш. Ткъа уьш кулуба декъашхой хилар –  цкъа а суна дагадог1ур а дацара: х1инццалц шайн къайленаш суна йовзийначарех вара царах шиъ…
      Салам а делла, царна т1ехьарчу г1анта охьахиира со а. Со чу вале а, ша ден къамел д1адахдира Гуцас:
      - ... цундела, дуй хьуна, массо зудчо вина вай – вог1удела… Зудчун маса шо долуш - цунах веана а… хьайн, х1инца маса шо долуш а ву хьо а к1ант?..  – хаьттира соьга а хьаьжна Гуцас, цаяьлла вича санна а, ца винехь - дикахо хирг долуш санна а со а «зудчо», соьга и ца хаьттича - ша а цаваьлча санна, хало а г1оьртина...
      - Со нанас вина ву!.. – деро алар хилира сан. – Шен вуьрх1итта шо долуш!.. Вуьрх1итта шо хьалха…
      - Иза – дика ду! – парг1ата элира х1инца Гуцас. – И хан - тоъал ю, зудчух - нана хила. Тоъал юй, наиб? – Вадудигахьа вирзина, хаьттира цо. Каттоьхна, шен мерах, бете яьхьначу шокахула санна, бека а бина, элира Вадуда:
      - Т1ехдукха тоъал - сов а!..
      - Ладог1а хьуна хаахь, к1ант, - аьлла д1адолийра Гуцас, - ирча х1ума ду - адам дуьнен т1е далар! Цкъа делахь – хьоьга хаьттина, хьо резахилар-цахилар доцуш, хьуна хийрачу шимма, цхьанхьахь, шаьшшинна вина караво хьуна хьуо, - шаьшшиннах хьуо вешарвоцчу шимма а!.. Шолг1а делахь – къен бен бу, яа яц, т1е1отта дац, бакъонца - хьо лаьцна ву, мотт ца хуучу беранна т1ера - жимстаг лела валлалц! Г1елалла т1е мел ихи а  - цаьршиннах хьуна къахеташ хиларан бала а ма беца хьоьга Дала луш! Хьуна эшнерий иштта ирча хилар хьайн дуьненчу валар, х1ай сан наиб?.. – юха а Вадудига хаттарца, ша волчуьра карчавелла, лохачу паднара к1ел 1ункар таь1начу Гуцас, шат яьккхира теса.
      - Дера, ма нийса боху ахьа! – декийра Вадуда, иттех са, ша а цу «бена», дуьненчу далош, г1одина волчу. – Ойлайийр ю аса а…
      - Т1аккха, дуй хьуна, - аьлла к1айн гата хьоькхуш, да1 санна, юьхь ц1ен а йина, соьга а хьаьжна, хаьттира Гуцас:
      - Вуьрх1итта шо ду боху ахьа хьуо а «бена» лаьцна?..
      - Гуца, сан дай дика бевза хьуна - хьан дай бовзац-кх суна! – муьлххачу а нохчичунна халахето 1оттар еш аьн дерг элира аса.
      - Эх1-х1е-х1ей, делдахьа ма дика элира ахьа! – боьчки чуьра долучух - велар иккхира Гуцих. – Со вара - хьуна сайнаш бевза моьттуш! Тхан да д1аваьлла а ма ду, х1ета, ахьа йоккхучу хенан шераш-м. Хьо ваха иза валлац!.. хьан деден доттаг1а вара сан да. Цундела ма ду вай цхьаьна куьпахь, улл-уллохь, керташца даьхна. Хьан деден да вара шорта даьхни долуш стаг. Сарахь, дежийлашкара даьхнин юьхьиг юьрта охьакхочуш, т1аьхье - кхо-йиъ чакхарма генахь юьсура. Жен-ж1аьлеш хуьлура, некъабахалла, юкъара бежан далуьйтур доцчу юкъаметтигашка х1уьттий, пурстоьпех кортош а ойбий, некъ буззий, охьаоьхуш. Царна дуьхьала хьалаихна бер ду со, сайчу ж1аьлийна т1екхаччалц. Дерриг даьхний ц1а кхаьчча бен, сан Барза суна хьаста а ма ца лора. Ма ж1аьлеш дара уьш – адамаш санна, кхеташ! Ткъа сан да – шун ж1аьлийн да вара… Хьан дайшна оьшуш стаг вара. Цхьа уьстаг1а а гал ца болура цуьнан. Тхан кхьуьй да а (хьалхарниг шунчунна т1евоссарх) - хьан кхуьй а деца баьхна бу, царна доттаг1ий а хилла. Дика нах хилла хьан дай! Цкъа хьалха - керта-куьпарчу берашна яй ца баьккхича, шаьш пхьор а ца деш. Х1ора денна уьстаг1ий тиладойтуш хилла. Ж1аьлешна даь1ахкаш а, ахьаран чорпеш а луш. Х1инцалерачу г1еххьачу колхозан болх хилла д1абоьдург. Цундела, къуръанора, х1окху 1едало шайх кулакаш а бина, байа а ма байи! – ша аьлча, стоммачу, хьаьрсачу пхьаьрсах хьерчош, ша ловзаден гата б1аьргех д1асахьаькхира Гуцас:
      - Ткъа х1инца хьуна х1ун хуур дара - х1инцца вайна дика дан? – хаьттира цо соьга. Суна х1умма ца хаьара – тасалуш йоза деша а, г1алаташ довлуш, яздан а бен. Амма Вадуда г1одаьккхира сан, оьзда ву бохуш, наха вуьйцуш ву х1ара, - аьлла.
      - Оьзда бераш - дешарх кхета 1амо ишкол яц вайниг, - элира т1аккха Гуцас, - харцлоь адамаш, харц х1унда лоь а хиъна, ваьшна х1унда магадац – кхетта, - царал тоьлудолу некъ каро безачеран кулуб ю. Кицанна, со – шун 1едал ду. Хьо, Вадуд – сан 1едалан г1уллакхаш д1акхоьхьу, сан наиб ву. Х1ара Яраг1и – сан 1едалан нийсонан низам вайга массаьрга лерийта - пулкулор ву, х1ара Хьамсуркъа – сан нийсонна къийсадаларшкахь, шу низамга дохку кхелахо ву, - ткъа х1ара мила хир? – сох хаьттира Гуцас.
      - Поллак1овниг! – карзахе элира Вадуда. - Вайн 1едалан геланча оьшу вайна! Ишколе воьдуш-вог1уш, кху вайн кулубхула а ваьр велахь, хьоьца д1ах1оьттина, ламаз а дийр делахь, хьан буьйраш деша, тхуна сихха т1е а кхачор делахь, - хьан векал хир х1ара!
      - Кхуьнан г1уллакхан нийса ц1е муьлхарниг хир ткъа? – хаьттира Гуцас.
      - Суьрташ а, яздарш а деш ву боху х1ара, - элира Вадуда, - хьовсал, п1елгаш а ду кхуьнан басарша бехдина. Коьртаца къахьоьгуш ву, т1аккха. Кхунна ц1е муьлхар хир ю, - ала говзачо аша а… - накъосташка хьаьжира Вадуд.
      - Суртдиллар магадац бусалбанна! – дуьххьарлера «кхел» йира суна «суьдхочо».
      - Бусалбанан ч1аг1онан 1алашонах - диллар сурт а, цуьнга хьажар а - магадо сан 1едална к1еллахь, - шен «законан» цхьа мог1а бовзийра суьдхочунна Гуцас, - Буракъ-говр суртах тера дерг! Магадац – ах ерзина… зудчу сурт, Ник1алайс… диллинарг. Бакъду, б1аьргаш шега хьовса лиънарг - х1ун дара хааза – къалатар данзаниг ца хир я со а… - олуш,  тхойшиннан «къайленна» - соьга хьаьжира Гуца. – Имам Шемал лацарах сурт а, - керстано бусалба эшавар гойту басарш хьекхна ду, шайт1анера. Дала ларвойла хьо а, к1ант, шайт1анан къолам кара оьцучух!
       - Иза муха хуьлу хьан, поллак1овниг! – очча элира «пулклоро». – Ткъе пхеа шарахь бусалба а, керста а вовшах а летийтина, шел т1аьхьа а леташ, беллачу бусалбанех – цхьа Шемал (керстанна каравахнарг, шен са доьзалшца а дезна), ша са чохь мел ву - бусалбаналла керстаналла тола некъ баьхьна лору ахьа?..
      - Вайна - хаа йиш яц и къайле, пулкулор, - жоп делира Гуцас, - цхьа Аллах1 воцчунна! Динан х1ижадатехь валар хиллачуннах 1осалла лоьху дош ала вахьавала ца веза Делах тешарг! Хьешан карах чайнан довха стака дожжарах – массеран юьхь1аьржо ю 1ожалла… Ткъа, ахьа х1ун дийр дай, к1ант! - ц1еххьашха соьга элира цо, - вай охьаховшучу къолам а, тетрад а дохьуш хир хьо! Тхан 1овдала къамелаш д1аяздеш, тептарш дер ахьа. Совета 1едалан киншканийн чоь санна, тептарийн бух болуш хила еза вайн кулуб а!.. Х1ун олу оьрсаша, пулкулор, шира киншка йоучу н1аьнах?.. – хаьттира цо.
«Пулкулор» - Яраг1и дешна а, кхеташ а вара, цо ешаза йиса - киншка ца хила юьртан библиотекан. Юьртабахаман аьчкийн говзалла 1амо дешар а дешна, аьчкийн балхахь а вара колхозехь. Оьрсийн маттарчу «Дон Кихот» романан цхьацца беламе яккъаш, йозане а хьоьжуш, нохчийн маттахь шерра д1аешалуш ву боху а хезнера тхуна, берашна. Цундела, цо ойла ца еш ала а, дера, элира:
       - Шира тептарш – архив лерча, дешан т1едеана маь1нан, тептаран н1аьна - «белхало» а лерча, киншка йоучу н1аьнах эр: «архивариус».
Шена юххера схьаэцна, «Махнон» куй тиллинчу Гуцас, шен берзинчу, баккхийчу когаш т1е паднара а х1уттуш, хьалатаь1на, куй тховх а г1ортош, карзахваьлла, элира:
      - Шен метта эли ахьа! «Аьрхий варраш йоьн т1уз»!.. К1ант! Хьо мила хир вай - беламе дош вайн кулубах олу стаг - схьалаца, т1уз вайн буолу кехат тосург хир ву хьо! Хьан г1уллакхан ц1е – «аьрха вир лоцург» а мегар ю!.. –   охьахиъна, т1аккха, д1атевжира Гуца. Цу юккъехула, тхан чу не1 а йиллина, 1ункара корта чухула лело ваьллачу Ланк1зара элира къоро, к1оршаме «оь» аз а дуьйлуш:
      - Стоьр-чоьй!.. хьоьжу соьга!..
Оцу хиламо - паднарара - г1ум хьаьхначу ц1енкъа охьаваьккхира Гуца. Ланк1заран лелачу коьрте хьоьжуш, цкъа къежна, човхийра цо иза:
      - Дела оьг1аз хуьлда хьуна, аьрха вир!.. Хьайн ворх1е а дех стерчийн яь1нашна т1е даккъаш те1на ворда йисинчу! Х1ара тховсе а стерчийн гихь, сонтачу хьох чекх ца ялийта, хьукма лехна пулкулоро, д1а арара сан ханнийн бедана волла - кхел йина кхелахочо, хьуо наиба хьалхаваккхале – д1авала чухулен не1арехула арахьарчух!
     - Оьсс… юьртдоьга… д1аоьр ду, Соьв-воьт 1едал доьхо… шу гоьл-лоьш ду! – легашкара олуш, не1арах вухавелира Ланк1зар т1аккха.
Теса т1ехула, шен когех хи а кхерзина, паднара хьалаваьллачу Гуцас элира соьга:
     - К1ант, цу Ланк1зарна т1ера д1аболабел хьайн болх! Цунна та1зар – шаъ тилийна москал цуьнгара! Аравалий, д1ахаийтал цуьнга: кхана сарахь, х1оккху хенахь, цо цхьа москал ян езар, цхьа мас а т1ома к1елахь караяхь – кхана1ийна а, х1оккху хенахь, шолг1а москал а ян езар!
     - Ца яхь – муха яийта? – хаьттира аса.
     - Цкъа та1зар д1ахаийтале цуьнга – «хьан топ йолуш юй хьажа воллу поллак1овниг», - алий, топ закъалтана иэца, схьа чу а я-й, юха аравалий, д1ахаийта та1зар: "Тоьпана дуьхьал – айхь тилийна москал"!
     Аса, иштта, Ланк1зарера схьаэцна топ - чу а еана, юха араваьлла - д1аэлира цунна дан дог1у та1зар. Со д1атоттуш, не1арехула, 1ункар чухьаьдча иза – чохь топ йолу хезира. Чуьра араиккхина Ланк1зар а вахара, г1овг1а а еш, астаг1 а лелхаш, кех ваьлла. Со чу ваьлча – даьгначу тоьпамолхан хьожа а йог1ура, нохчийн пеша а хьуьйсуш, боьлуш, х1инца  кулубан сан декъашхой а 1ара.
     Топ д1аеха, Ланк1зар чу вер вуй хууш, чу патарма билларах йолу топ не1аре а хьажийна, 1еш хиллера Гуца, дуьхьаларчу нохчийн пеша чу тоха кеч а велла. Башха б1аьрсина дика а воцчу Ланк1зара не1 ма-йилли тоьхна хиллера топ. Тоьпан 1алашонах кхетта воцу Ланк1зар ц1а чу ваьлла а ца хиллера… Еттина кибарчиг, хьахаршций, пешара д1акхоьссинера, тоьпара баьллачу х1оьо…

-Х1инцадуьйна д1а тхуна юкъехь хьо а вуйла хаийла хьуна, к1ант, - элира Гуцас. – Алапа луш доцийла а д1ахаийла хьуна, амма хьайн болх дуккха хирг хилар а хууш хила. Дуйхьуна, х1инца ахьа д1аяздел кху сан тептарна т1е таханлерчу денца билгалдеш, дуьххьарлера сан буьйр, хьалх-хьалхара пачхьалкхийн меттанийн - нохчийн маттахь.  Шен шира тептар а, къоламан юьхьиг а, цкъачунна аьлла, схьаделира соьга Гуцас. Цуьнан бартара, аса д1аяздира:
    «Маьршачу хенахь а, диване кулубхой  охьахевшичахь, тIамехь санна, тешнабехкана гергга хилар стешхалла - бакъдо аса.
Тахана, б1аьстенан юьхьигца, ц1аьмзе еанчу нохчийн мехкан суьйренца, кулубхой диване охьахевшичахь, арахь ха дан шен гийзигна д1ах1оттийна волу Са1дийн Адам, кулубан декъашхо ша волу, стешхалла шех ялийтина ву:                Советан 1едал дохо вовшахкхетта кулубан декъашхой хилар  а, юьртдега, Тимарбига д1ахаадар дийр долуш ша хилар а даре дарца.
    Цхьанна а нахана айкхбевлла шен дай а хиллабоцу, кулубана новкъахьовзам бийр болуш цахиларх а Са1дин Адам (х1унда аьлча, суна иза ша ма варра вовза 1аламат дукха хан яьлла; со тешна ву цуьнан муьт1аллах нийсаллин г1уллакханна, кулубо Сибрехара дуьйна, дикачу адамашна схьадохьучу), иза вайн Аллах1ана мостаг1 вацарх а, та1заре валаво аса, еккъа цуьнан бага бахьанехь:  зударша санна, ша а тилийна, т1ехь цхьаъ а мас юьсур йоцуш, тоьллашха москал, г1иллакхе г1уллакхана, кхана сарахь х1оккху хенахь, кулубана г1удийна ялар цунна т1едожош!
    Амма, вайн Аллах1ера, шен лайшка охьаболчу къинхетамца - иза санначарна а! -  нохчийн х1усамда шен х1усамнанна а, берашна а хьалхахь юьхь1аьржонах ларван лоьручу г1иллакхца, шен лаамехь, оццучу москалан мехе хьаьжжина, цуьнан метта тоьпан х1оъ-молха далар, я шисту боьжначу ворданахь 1умар-хьаьжа моллина дечиг дахьар, магадо аса».


    Шолг1ачу сарахь кулубехь, малхбуза ламаз Гуцийца а дина, дагахь - селхана Са1дийн Адам кулубана к1елх1отто - айса а - йинчу ямартлонна, до1адарехь ялсамани ехар сайна бакъазхьара хетарца, лохачу г1анте охьахиира со, Гуцина дуьхьала. Голаш т1е диллира айса деана стомма тетрадь, караийцира  шекъадутту ручка. Цхьана х1уманна тидам бар дагахь а долуш, Гуцига хаьттира аса:
    - Топ закъалтана схьаэцна хилар буьйре ца диллина вай, Гуца, юха яздой буьйр?
    - Цхьана а кепара мегар дац! – цамагийра Гуцас. Топ – сан иза, цуьнан, хьан дениг – хьеннаниг а, – 1едалан герз ду, 1едалца г1уллакх хьан галморзахалле ма-делли, хьоьгара схьадоккхур долу. Амма Са1дин Адаман герз лело 1едалера бакъо яккха карахдаьлла хир доцийла хаа - кхетамца ву со цкъа х1инца а. Вайн буьйр, оцу тайпанарчу стагера топ т1еязйина а хилла, нагахь цхьанна хьаштхилла, 1едалан карадахна а хилча – ц1енна, тешалла дара иза, Са1дин Адам 1едална зуламхо хиларан. Т1аккха, цуо-ха, д1а пешан аьрта маь1иг сана, ша волчу, д1а пеша т1е схьабалор ма беца! Цундела, х1уманна башхалла ялуш хила. Хьан йоза т1ера кехат – хьан доттаг1а, оцул сов – мостаг1а ду.
    Гуцига дийхира аса сайгара тетрадь доладайтар буьйрашна лерина, селханера буьйранна т1ера д1а. Цо мага а дина, цуьнан тептарна т1ера схьа а яздина, цуьнга буьйрана буха куьг а та1адайтина, тептарца т1оьрмиге диллира тетрадь.
    Селхана сарахь Са1дин Адама дийцинарг, тхан тептар схьадаллар оьзда боцчу бухах хилар, Гуцига д1ахьедан ца х1оьттира со, цунах къамел товш ца хетна.   
    Х1аъ, буьйр довзо ваханера со Са1дин Адамна…
Цкъа а вахна вацара со оццучу г1уллакхана цхьана а керта, тоьпо лоццучу экха гергадог1учу санна…
    Йистахочу даьхникертахь, бежанашна т1ехьийза йоккха стаг а гуш, уьш чохь 1ачу ц1еношна чувахара со. Г1ехьа ц1а чохь, дуьхьалчу нохчийн пешахь, лелхаш, дечиг догура. Пеша т1ехь 1аьнаре яй кхоьхкура, чуьра х1аваъ мерзачу кхоьйн хьожано дуьзна. Тахтанна т1е тесначу къожан йодар т1е коьртаца голашка букарвоьлла, до1анца техка Са1дин Адаме маршалла делира аса Гуцера, - «Со вайн кулубан ден буьйр хьуна д1акхайкхо хьажийна, шуьга кхаьчна ву-кх х1инца», - олуш. Барта буьйр д1адовзийира.
    Хезначо тохавина, «оь» т1е делира цуьнан лер: «Боьйр схьалоьл! Схьалоьл кехатоь яздина йоьза! Т1оь коьг йоьздина, йоь п1оьлг та1ийна хила доьза, - т1аккха доь иза боьйр! Воьшта – шоьн берахлоьвзарш!»
    «Буьйр сайца лело йиш йолуш дац, - хаийтира аса, - х1унда аьлча, Гуцин ширачу тептар т1е д1аяздина долудела. Хьо кулубе д1авеъчхьана, хьан б1аьргашна гойтур ду».
    «Гуцин шира тептар – бохура ахьа?! – кхахь-кхахь дохуш, велавелла, г1адвахара иза, дешнаш «оьне» лелхар а дайра.  Аса эр ду хьоьга иза х1ун тептар ду-м! Сибарех, буса ишкола керта ха деш, балхахь со волу хан ю-кх иза. Бераш ц1анонна лела чоьнехь, чу дахна-дахначу беро, цхьогало бад санна, хьокхучу кехатна тилийна, киншка-х яцийца ахьа юьйцург, патармаш дуза оьшучу кехатна аьлла, аса Гуцина яьхьна?!»
     Аса хаьттира:«Ахьа цунна луш, т1оьхула мужалт ярий цу киншкан?»
«Мужалт - т1ера яьккхина, 1уьллура боьхалца. Мужалтах киншка-х яцарийца Гуцина оьшург, ишколе ваха!»
    «Ахьа елларг – патармаш дузуш, кхачаелла хила дог1у».
    Оццучу киншканах хила дацар лиира суна Гуцин кулубан тептар.
«Гуцин тептара т1ехь мужалт а ю, иза киншканах яьккхина а яц цхьана цкъа а, – ца даьлла харц д1ахьедар дира аса, - Нахе ма хьахаделахь цунах лаьцна.1аламат лераме тептар ду хьуна иза кулубан декъахошна! »
    Кулубан тептаран сий дан дезар а д1ахаийтира
Кху Са1дин Адамах, Гуцица 1оттавелла хеталуш, дуьххьара гуш вара суна стаг. Юьрто а лоручу Гуцица.
    Шен тобанна юкъа х1ара муха ваийтина хилла теша Гуцас? Говро гаьллаш 1уьйшу амал - кхуьнан а ца евзаш хилла-х хир  ваций иза?
    Кхета хала х1ума дара суна иза, цу хьокъехь, аса лен ваккхалца х1ара.
«Кулуб а, цуьнан да а хьайна оьшуш ца хилча, уллолестарш х1унда леладо ахьа?» -хаьттича, цо дийцадаьккхира , Сибарехара дуьйна ижуна таллар, х1онцана тебар, шен ц1ийха даллар.
    Х1орш белла д1абаха, 1едало охьакхийсинчу казахийн г1отанийн кутанехь - аренийн  а, лахьа-маша лело а белхаш беш колхоз йоллушехь, дерг т1амна д1аоьзна, мацдина бухара халкъ а хилла, мацаллах баларш дукха хилла, х1окхарна муххале.
    Цу хьолера нах цабала рицкъана, циггахь вовшахтоьхна Гуцас «цадаларан» тоба. Цуьнца хилла х1айт-аьлла, нохчийн, г1алг1айн кегийра нах.
    Хехо чуьра ара вер воцу, дог1а дог1у я дарц хьокху буьйса а хоржий, арабовлий, тхов т1ера эрзан кепаш д1асхьа хилайой, колхозан ялташ чуьра амбарана чубовлий, аракхийсина ялтех кескаш г1ийлачу нахана цу буссехь чулош хилла.
    Цу т1е,  ц1ерадохуш, шеца къайладаьккхина деанчу дешица Карагандахь жоьлгаца хийцина,  юьхьигаш хедийна, жима калибрш йолу ши топ а, царна вуно дукха патармаш а деана хиллера Гуци тобана юкъарчу цхьана доттаг1а г1алг1ачо.
    Цхьанахеннахь талларш а долийнера. Акха котам, бад, г1аз а шокъалина карадог1уш хилла цу казахийн буц-аренгахь. Нура-хин бердийн эрзашлара 1аьмнашна т1е хуучу олхазарна шокъали йохуьйтуш хилла.  Ехачу, ирачу з1акаран ч1ерийлоьцург бен олхазар иза дацахь а - мегаш хуьлуш, могушвоцчунна чорпа яккха д1адала.
    Амма ша-тайпа таллар дара бохура Са1дин Адама, казахаша «байбакх» олучу д1амана дерг. Цуьнан 1уьрга т1ехула буьллу шаьш, бохура, шерша шед бинчу чуханах х1оз.
    Чуха д1атаса, гондхьарчу аренгахь кондар ца карайора, бохура, я коьжалг лаьттах тоьхна, экханна тата даккха а йиш яцара. Цундела, иттех метр еха чуха кара къевлина, 1уьргана т1ехьахь берталвижна 1ан везаш хилла.
    Д1ама 1уьргара долуш, сихха араэккхар доцуш, хьалхара т1одаш лергаш т1е а дохкий, ах дег1 1уьргах ара а доккхий, тидамна дог1алуш хилла.
    Коча еанчу х1уманах къаьхкина, юханехьа 1уьрга охьадахале, хьалхарчу т1одашна к1ел кхаьчна чуха схьатоьхна, шед къевлина, шена т1еийзо дезаш хилла экха.
    Оццехь кхечо, жижиг 1аржцадан, коьртах бен г1аж ца кхетуьйтуш, дожо дезаш.
    Гуцас, байбакхашна коьртех даимна г1аж етта билгалваьккхинарг ша вара, бохура Са1дин Адама.
    Г1аж кхетча, ц1ог1ане цкъа делхаозадой, юха беран озанца ч1е1ара, бохура цо, байбакх-д1ама. 
    Ша царна дукха йиттинчу г1ожанна, х1инца а г1енашкахь г1аж етташ а ву ша царна, ткъа самаха, карахь г1аж  йолу бер гича ца мегаш, цунна г1аж етта догдог1уш а ву, цунна т1е а шена деънарг дан кхеравала. 
    Гуцина оьг1азъэхар а ду шен оцу т1ехь, бохура цо. Оцу хенахь, шайн нах 1алашбаран 1алашонехь, шайн низам ч1аг1дан, ткъаях стага векал винчу Гуцас, къизаллин г1уллакхна хаьржинарг шайлахь ша хилар х1унда хиллера, дага оьхуш, тем бац шена, бохура цо, х1унда аьлча, ца лууш дуьхьалваьлла ша хиллашехь, луурш а болуш!
    Цу ханналц, ша вацара, бохура, махана дуьхьала х1уп-аьлла, цхьанна а халахетар дина.
    Ша г1аж йиттина, йоьжначу экханан к1орнина урс хьакха  т1евог1ура, бохура, Гуца,  шена лен а луьш, - «Хьуна уллехь-м набаре тховсо а ваьхьар вац къонах», - бохучу кеппара.
    Иштта, цу Сибрех дуьйна, оьздангаллин 1аткъам беш хилла ву шена Гуца, бохура цо, стерчий лохкуш, тоха, цаваьлла лелабо ша сариг а буткъаниг х1инца… 
    Цу бесса Са1дин Адаман дийцаршкара - Сибрех къаьхьа бала хьегначу хенарлера д1а ца евллачу тахана а х1окхеран амалех суртх1оттор исбаьхьаллийца коьрте хьийзаш, - со Гуцица 1аш, тхан кулуба чу велира, схьаваре тхо шега хьоьжу Са1дин Адам, не1 еллале  п1елг тухуш:
    -Чохь дуй хьо, къанделла ч1ебарло? – хаьттина.
Салам вовшашка лучух юкъаметтигалла йоцчух тера дара кху шиннан: цхьана тайпанара, шича-маьхчалара гергарлонца вара х1ара шиъ.
    -Хьайн ког т1аьхьа чоьхьабаьллаче латта, сацал, меттах ца хьеш! – човхорца элира Гуцас. – Байбакхан 1уьрг дац х1ара, 1ункар хьо чухьежна! Т1ех диканиг мехкаиччархо диване вог1у кулуб ю!
    -Вайъ-вайъ, - элира Са1дин Адама, - соъ ма ву мехкаиччархо!
- Мехкаиччархо - хьо вац! Хьо - пашбукъна г1ожна да ву! Эрна багна къийсамаш бан кхайкхина вац хьо! Сан буьйр селхана д1адешний хьуна?
    - Цхьанхьа яздина ду бохучу т1ера схьааьлла-кх х1окху к1анта.  Схьагайтий!.. дешийша, буха та1ийна куьг долччу т1ера…  Хьан тептаре яздина а, ахьа куьг та1ийна а делахь, айса т1елоцудерг ала веъна со…
    Гуцас т1оьрмигара схьаэцна, схьаделла тетрадь д1асадиллина, йоза а, бухе та1ийна куьг а гайта, Са1дин Адамна мерк1ел уьйхьира аса.
    -Х1ара Сибарехара тептар дац! Х1арра тетрадь-м тхан берехь а карор ду! – аьлла тетрадь схьатеттира соьга. Цунна ган луург Сибрехара киншка ярий хаара суна, иза йовза а евзина, иза схьаяьлла хьаштаг1а йийцина, Гуци кулубан г1уллакх х1окхуметта сийсаздаккха.
    Гуца-м, тептар схьа эца, т1оьрмига т1е кхевдина вара, аса сацийра-кх, - Гуца! – аьлла. Цкъа хьалха, вайн кулубан тептаре хьажа йиш ерг т1евазвина буьйр хила деза хьан! Шолг1а – х1оккху хенахь, тептара т1е хьаьжнарг ву х1арра, аьлла, т1ехьаьжначо та1ийначу куьгах йина билгало а хила еза кхечу тетрада т1ехь! Т1ехула т1е, - Гуцас боху, – аьлла шега, аса хьох д1ааьллачух тешаш а хила веза вайна юкъара стаг… 
    - Цхьа бакъ ду, галволур-кх со маь11аргона! – олуш, шовкъе веара Гуца. Х1ай Са1дин Адам! Хьуна д1ахеззий сан законо бохург?
    - Схьа-м хези. Со а хир вуй тептар ган йиш йолчу буьйранахь?
-Хьо а хила там бу. Х1инца, к1ант, нисса дуьхьал х1оьттина цунна, д1адешал тетрада т1ера буьйра цунна! - т1едиллина Гуцас, эххар д1адийшира аса - шозлаг1а а - буьйра цунна.   
    -1умар-хьаьжина, сайна - мелана… дечиг дахьар хаьржи-кха аса! - элира Са1дин Адама.
    - Хьуна - мелана ца хуьлу иза, хьуна та1зар дайтанчу, со кхоьручу  Советан 1едална мелана хуьлу!  Дечиг хаьржинехь, дуйхьуна, кхана 1уьйрре хьуьнчу г1уо! Юьззина йоьттина дечигах хьан ворда сарахь 1умар-хьаьжа моллин керта яларций, тхо бухахь карор ду хьуна. Х1ора г1ад теллина бен, дечиг ворданара охьадуьллуьйтур а дац. Дерриг попан, пхонан хила а деза дечиг. Варийлахь, айхьа х1уъа лелийчий бен доцчу ойланза, эвсаралла хир йоцу б1аьллингаш ма ялахь, пашбукъашна г1ожамашна!..
    Закъалтана схьаэцна топ юха а елла, д1авахийтира Гуцас Са1дин Адам.


    Масла1ате молла вара тхан массеран гергара адам долу 1умар-хьаьжа. Къамел мерза, меллиша долуш.
    Моллалла дан шина декъе екъначу тхан юьртан лакхаюкъарчу нахана 1итталу зераш бусулбалле д1алиста д1ах1оьттина вара иза.
    Амма доьзалехь боьрша т1аьхьенах цхьа 1умар-ц1е йолу «даджал» доцург, вуьш зудабераш дара цуьнан.
    Цу 1умарца цхьана классехь доьшуш вара тхойшиъ ишколехь. Йоза-дешарна коьртана ницкъ бийр болуш вацара шена. Классерчу – тхуна массарна т1ехула хьежа, Дала айана деллашехь дег1 шена, урокана г1аттийча, багахь г1уьлгаш дохкура цунна. Мехкарий а боьлура шех.
    Оха, классхоша, «муьжги» олура цуьнах.
И ц1е яханера цуьнах ишколехь, лахарчу классера, «Баххьаший, баххаший» - ц1е йолу оьрсийн халкъан туьйра 1амор урокехь д1адоьдуш.
    Цу туьйранахь муьжгичо ча 1ехайо, цуьнца юкъахь ша д1адийна хорсамаш декъа бинчу бартаца, шена – баххаший, цунна – баххьаший кхачош. Шолг1ачу шарахь к1а доь цу шимма. Стохка хиллачу бартана резайоцчу чено х1инца ша а 1ехайо, шена баххаш а кхачабой…
    И туьйра д1адийца г1аттийна 1умар воьхна хьаьвзинера, толкха лоьш, «муж… муьж» - юх-юха бохуш, сецца.
    «Д1авала д1а, охьахаа, хьайх класс ца елош. Хьоьга 1ехалур яцара ча: хьо муьжги вац…» - берашца велавелла, 1оттар ян езарий-ца хьехархочо!
    Оццехь дарвелла 1умар хецавала дезарий-ца, - «1ехалур ю соьга-м ча а, цуьнан нана а! Со муьжги а ма ву!» - ала.
    И Муьжги, чуьра араваьлла, нанна дечиг даккха лууш а вацара.
Цуьнан нана – Хьасент, ткъа, сатоссучу 1уьйрехь а, молла везачу г1уллакхана ков тоьхна, ахьа самаяьккхана, араяьккхина хилча а – хьаьрсачу т1едарчийн юьхь елалуш, хеталуш яра, хьайга беана бала бицбала.
    Моллина т1е нах эхар соцуш дацарна, хьокхамаш даттар дукха хиларна, экъа алуга хьийзо дукха нохчийн пеша чу корта эхьаро еттина, коьртера охьа ц1аста бесан яра иза.
    Гуттар 1умар-хьаьжа хуьлура дечиг доккхург, керта оьхучу 1умаран накъостех цхьамма шегара диг схьаэцна, хьал ца х1оьттича. Хетарехь, 1умар-хьаьжин везийра вара боьршаниг т1аьхье шен цхьаннах лаьтта верас.
    1умар-хьаьжера ишттачу ламастан керта д1ах1оьттина Гуци кулубахо массой, малхбузучу хенахь тахана, Са1дин Адаман ворданара дечиг охьадуьллуш дара тхо. Тидаме т1ех1оьттина тхуна Гуца а вара, 1умар-хьаьжа а вара, - «х1ай-х1ай, иштта-кх!» - сих-сиха олуш, резахилла тхуна, х1оранца схьалоцуш охьадуьллург дечиган г1ад. Ворданан дакъарийн кочмех парг1атбаьккхина ши сту а лаьттара беданан аг1ор хьаьжк1ийн г1одамийн такхорах луьйдигаш 1уьйшуш, мочхалш к1ел чопа а 1ийдалуш, шайн хьацаран хенаш т1е Са1дин Адама сих-сиха кахьокхий, юха шен юьхьах хьокхуш.
Ц1аьххьана, тхан «пуркурора» Яраг1ис, цхьа дечиган г1ад оьлане ца дуьллуьйтуш, йистах охьадиллийтира:
- Гуца! Х1ара дечиг тахана хадийна дечиг дац! – аьлла. Тхо т1ехьаьвсира дечигна. Лерина Гуца а хьаьжира дечиге. Д1адайна, шира хадор дара дечиган.
- Ишттачуьнан ша а оьла йе. Дезар дале, аса нахе кхайкхадийр ду. – Элира 1умар-хьаьжас. Са1дин Адамна х1ара д1а ма хаийта: ша динчу диканан чам цунна ма байъа.
- 1умар-хьаьжа, - элира цуьнга Гуцас, - тхан тхешан мехкаиччархойн закон ду бохуш, хезна хир ду хьуна. Хьан шар1ан ханбалин мазхьабан бакъоно, шайн леллачу зуламашна бусалбанаш дохкохбийларца дуьстина, тардалийта йиш ерг – тхан, мехкаиччархойн, массой адамийн зулам цхьанна суран – «Аль-Исра» т1ера ду: иблисо адамна массо муьрстаца куралла хаздийриг. Керл-керла юкъайолу куралла кагъян дезарг ду. Жопдог1учун бехказлоне хьаьжжинчу кепа – амма, та1зар ч1ог1аниг дог1ург а ду. Иштта ца хиллехь, Сибрехахь дуьйна дагалаьцнарг, таханенга даьлла а хир дацара тхан…
- Вайшиннан чукере ма йохарг, – иза а хаьа суна!- вистхилира 1умар-хьаьжа. Къор1ан т1е воьжна, мацаллах велла карийна суо шуна хир варий а хаьа цу сийначу Сибрехахь, д1аман думеш даош, аша дола ца динехь. Цхьана хенара кегий нах вай цигахь долу, со а шайна ижунна т1аьхьатасавелча, айхьа аьлларг дагадог1ий хьуна: «Велларг д1аволла, еса деша хууш стаг а хила веза вайх»? Бусулба д1аволла, бусулбанаша бакъо еллачу бусулбан бакъо яц, ткъа, х1инцца кхалха магар хьанна а шайна т1ехь дерг, ша велча д1аволла веззачу некъа дийна лелийта, хьехамаш бан а?
- Гой хьуна, молла, - жоп делира Гуцас, - и д1а-а лаьттачу Са1дин Адама сох бакъ айкхамаш хьайга барх, цкъа а, айхьа х1инца ма-аллара, «ша велча д1аволла веззачу некъа дийна лелийта», тхойшинна юкъахь нийсо ян, соьга дош аьлла вац хьо Сибрехахь. Хала хан яра иза, - эр ахьа соьга. Т1аккха, хьан 1илма муьлхачу некъана хуьлу: меца молла – нийса, вуьзна – гомий? Наха хьуьнхахь кечдина, охьадиллина, ц1а дан цкъа аьтту боцу дечиг, Са1дин Адама лачкъийна тахана хьайна деанарг, нахе ахьа кхайкхийча, доларниг ваьлча, моллин - хьан кертара д1ахьор шен дечиг доларчо, хьуьнхара юьрта дан хьегначу къинна кхо сом а делла Са1дин Адамна?  Ца хьор цхьамме а, делавазлора, - шена моллин мелана дуьтур-кха! Резаволлуший? Х1ан-х1а, хьан къор1анора, - резавоццушехь, дегабаам шен лаьттар боллушехь, хьаьнг-хьаьнгга а, ша, и харцо юьйцур йоллушехь! Хьо, 1умар-хьаьжа, нана-хьозано шен бага банчу н1аьне сатесначу к1орнин кхетамах ву х1инцаъ.
Тхан законо х1ун боху? Ша т1едоьттинче, и дечиг охьадиллийтар Са1дин Адаме – делах а, шех а тешазачуьнга! 
   
               


Рецензии