Декъаза букъ на чеченском языке

«Ассалам 1алейкум!»- хьоьга, 
«Ва1алейкум ва саламан»,
Дезарна х1ар дуьнен бога
Даа вай жижиг-галанан…

Дех йо1ахчу ненан х1усман
Цаца леста текхе шуьйра,
Ахь, да волчу х1усман цуьнан,
Шаьшшан дахарх дина туьйра.

Эмкалш хир хьан лела Россе,
Дабаг1анах кхоьхьуш дермат,
Дала ийман беркат доссо
Хьуьнар делла хилла хьо стаг!

Ма хуьлда хьан дег1на хьама,
Хьан дикаллах йише-веше,
Хьацар доцу нах ма 1алда
Хьан дикане воне иэше.

Лоьчун доцурш – хьог1анчуьнга,
Цуьнгара д1а къоланчуьнга,
Вина волчу нехан цуьргна,
Хадо наха шолг1а ц1онга…

Ч1ег1аг даьлла, боху, хьаьжц1а,
Мотт ца лебан тоба даре,
Гена далле ц1а дирзин-ца:
«Жа т1ехь 1у вац – хьан аьр барзе?..»

«Декъаза букъ» - гена хьалхар,
Гира мохь дегара к1анте:
Доьзал хуьлда хьуна – цхьа к1ант!
Биснарш бойла цунна муьт1хье!

               @


Рецензии