Маликан т1ам на чеченском языке

               
               


      Г1ан хилла - я хьуна кхин вара
      Цхьан хенахь луург хьалхахь ган,
      Бохь буьйг1уш дегалчу буьхьара,
      Хелхарехь хьийзош ас гонан?



      Со - вара!.. Кхетацара х1етахь:
      Доттаг1а, везашверг вешел,
      Хьан езарг хазахеташ велахь,
      Цхьаццаверг вохкало дешел.



      Хьо бердах г1ахь – хьо хьалавохуш,
      Хьо велча – валаволчо ша,
      Дуьххьарчу безамах хьо воккхуш,
      Хьо мерза езар хьоьгара.



      Диццало маликера т1емаш,
      Жималлехь хьакхаделларш хьох,
      Кхин каро царах тера лелаш,
      Хьеделлехь дахар хьо д1ахьош.


      Стиглара цкъа бен зов хьоь даг1ац,
      Цу зевно лекхадоккхург дог
      Хиланза дуьне хьуна ваха –
      Хьан диъна мерза дуьне хьо!


Рецензии