Зингат на чеченском языке
К1ур хьанбина ц1ийша, т1ом хьербаьлча,
Вог1у, Туьйлиг, хьуна сатедан,
Хьоьжуш хьоьга, масалшца леран.
Хьажал - дохьу чемхалдиг тхаьш изза!..
Шуьниг – хууш, - ца дохьий къу вуза.
Зирх тасабен адам а, ткъа, аша -
Зорба зирх т1е: паччахь, г1ашсалт, паша…
Къинхьегамна т1ера ду шун синош.
Зовкх хьегарна совдевлла тхан къинош.
Т1амна дуьхьал майра ду хьо, Зингат.
Дойъу хьу ерг лоьху оха сирхат.
Ц1ен, 1аьржа – шун хьенан хьожа мерза?..
Деха шуьшиъ шаьшшин хьожанашна.
Г1епел чоьхьа дуьне шаьшшин мазехь,
Арадаьлча – хьожанха бен т1амехь.
Т1ом болий аш…1аьржа - ц1ечух летта.
Нийсо йо ас: 1аьржан т1еш охьадетта.
Бухабоккху т1ом, - шу диси денза:
Зингат нисдан адаман ка эшна?..
Иштта хилчахь вовшех халкъаш летча,
Хьежа сох цхьаъ, чуччахахкаделча,
Сацо сиха т1ом цхьана п1елгах,
Д1акхоьссина т1ай шун ч1ешалгах…
Ч1ог1у, Зингат, ахь Туьйлиган г1епаш -
Чекхцабийлла царех адамийн аьшпаш…
Хуур дац - шен мила хилла Ц1инц1олг,
Т1ом сацийнарг, дукхаезаш Минц1олг…
@
Свидетельство о публикации №212040101201