Ваша сан, на чеченском языке

Ваша сан,
Ма жима бер ду хьо дагна.
Ахь берахь санна човхийча,
Халахетна, велха-кха – аганахь - хьуна ,
Д1атен-кха - нанас вакхийча!..






Ваша сан,
Юха а бер хилла хьох ткъа?
Со, ненан некхах тасавелча,
Яхь суна ца яла, дийлинарг сох цкъа,
Амма сахьаьвзинчу б1аьргашца…






Ваша сан,
Ма воккха 1у ву хьо дагна!
Дов дечу - хьан б1аьра хьаьжча,
Суна ма хьох х1инца ч1ог1а эхьхета,
Хьоьгара баккхарна накха...

              @


Рецензии