Къаналлин олхазар на чеченском языке
Когаш т1е егалуш, охьахаа,
Яьссачу аренгахь махо эрз чехош,
Этт1ачу лаьттаха астаг1 яха.
Къаналлин эшар ю дуьненан къаналлин:
1аждарбуц бухйоккху механ шедаг,
Седанах б1аьрг сегаш, буьйсанан яхаллин -
Генара хьозан аз, д1адоьхург дог.
Ладуг1у къаналло - эшарах б1аьрг бешаш,
Лаьттахь шен дег1 дисарх – дог стигланийн:
Ц1е йоцчу махкара - бенара шен месаш
Хьерчаеш к1орних шен, хир шен к1орни…
@
Свидетельство о публикации №212040200667