Къайлах мах на чеченском языке

Соьга - Лолас - тховса езо,
Мах байта бах молле,
1арби санна, эмкалх воссо
Ойланх, еззал б1е сте…

Бода бехьа тхуна, молла,
Ч1об бен, теш ца лоцуш,
Тхо кху Г1алин петарх довда
1уьйррехь, де ца доькъуш!

До1а дехьа, хьехам бе'хьа -
Г1амарш хьешчу элийн,
Со а, долахь йолуш, ве'хьа -
Г1арбаш Макка-Медин!

Сан болх бийца боху ахьа? -
Лелоза г1улкх диснац, -
Мисарера г1ина аьхьна,
Жерошна-м ас дохкац.

Руман баьччийн банеш а яц,
Зовкх дег1ана дохкац,
Хуталан безамаш бохкац,
Синан дургал йохкац.

Ткъа сан мах бан сом дуй бах ахь? –
«Долларш» лолахь, Лола…
Ткъа со ван а мила, бах ахь? –
Йо-раббана молла!

Молла ву хьо, я ву нохчо?
Вина ву хьо зен нах?
Ломе ю хьан, я ю 1инчоь?
Лечих ву, я берзах?

Лола, моллига ахь алан,
Сан са мичахь лела…
Хьоьца, молла, - сан а «амин», -
Ма хила-кх вайх Шема!..


           @


Рецензии