Оьрсийн мохк, на чеченском языке
Т1уналлина тесна матар.
Г1аьтнийн мархех сецна дохк.
Малх ца тоьъна телхна патар.
Д1ахьаьжначохь ю к1отар,
Лаьттабуха ихна ц1енош,
Д1атосийлехь ду мотта,
Ягорг йоцу хинкеманаш.
Винарг-динарг хен-хенан,
Д1адаьлла, бисначу къанойх,
Б1аьргех - 1аьнех - мохк пешан,
К1айн дакх-йо1 дечиг-йовхонах!
Дог д1адедда дуьне дуьлле,
Вайнчу ден х1ур, хир д1а каш,
Дохк к1уьре серсаш, къуббане,
Наггахь дохкуш зезагаш…
Свидетельство о публикации №212040300014