Оьшурш, на чеченском языке
Т1аьххьавар нисделча,
Ахь, ца тешаш хотту:
«Хьуна оьший со?»
Хьуна ен ойланна,
Сайна хьо езарна,
Ас,дог соьцуш, хотту:
«Хьуна оьший со?»
Вовшашка вай хьовсу,
Кийрех дегнаш ловзу,
Вай цхьатерра олу:
«Оьшу-оьшу хьо!»
Хиш лекъаш, я десташ,
Вовший хил а дезаш,
Ц1аьххьана барт оьг1у:
«Эшац-эшац хьо!»
Иштта дахар доьду,
Безам ба’рна кхоьру,
Даим дегнех доьку:
«Еза-веза хьо!»
@
Свидетельство о публикации №212040300395