Обарг, на чеченском языке

               (Паччахьан Думе яздинчу Зеламхин кехатна)

             
              Обарг бохург х1ун ду хаьий шуна, господаш?
              Хаьа суна – ца хаьарий, - х1инца-м хуурий,
              Дуьйцу шуна, сихмалолаш, - вара со вехаш,
              Дай баьхначохь ц1а-керт доьг1на серах-хьокхаххий.

              Хьаьжк1ийн йоьш беш, лелаеш и сискал хиллалца,
              Дайх бисинчу ломан цанехь дебаш уьстаг1ий,
              Шун законийн барам болу ясакх такхарца,
              Бала боцуш Петарбухехь лела г1уллакхийн!

              Кху тхайн мехкан, тхайн г1иллакхийн нахца дош лелаш,
              Б1аьхон т1аьхьен – тхан ц1е оьзда яккха вехарий.
              Жимчохь дуьйна б1аьргна езнарг кертахь сайн хьийзаш,
              Доьзал кхуьуш, г1улкх деш Далла - хан д1аэхарий…
 
              Харачоьра бу уьш, бохуш, нохчийн к1енташа, -
              Гушмацин и ши к1ант, - ц1ершца, дийца даккхалца, -
              Зезаг-ц1е, шайн нускал даьхьнарш жимах вешера
              Юртден к1анта, дош ца хеташ Б1аьхон т1аьхьен ц1а.

              Эхь т1едеънарш шаьш боллушехь - вен цхьаъ висинарш, 
              Цу пурстопа шаьш д1алецна, харц хуьлуш суьдхой,
              Паччахьа йовссаршна йинчу набахтехь лийраш:
              Деда - д1алеш, да – буржалца, Сибрех леш шичой!

              Иштта «маржа-я1» т1ех1оьттаний шуна, господаш,
              Саца кечлун даго кийрахь чоко йиланий,
              Дела воцург накъост воцчехь йиний ойланаш,
              Ден г1ийлачу б1аьра хьаьжча ойла йожийний?

              Набахти чохь да шайн хилча эхьан къурдаш деш, -
              Ч1ир д1аекхна - сий схьадерзо, пурстоп карчаван, -
              Ч1аг1о йина цунна, дог цо эхьах дассадеш, -
              Шу г1ур дарий, пенех девлла, хиларх уьш тархан?

              Нускалан шайн сийсазхошна х1ун дийр дара аш? -
              Дегнийн п1ендарех чекхйохур ярий шокъалеш?
              Шаьш харцдина, эцна кхаьънаш, Сибрех шаьш дигнарш
              Хьоьстур бара аша, т1аккха, доттаг1ий уьш беш?

              Хилча хьо хьуьн чохь борз санна лелаш (хьо бахьнехь,
              Бехк шайн боцчу хьан г1уллакхийн), нахах ка детташ,
              Леладоьлча и цхьа йовссарш, 1едалан даржехь, -
              Х1ун дийр дара аша царна, алал, господаш?

              Доьхур дарий 1адбитар нах, шайца т1ом кхехьар?
              Дог1ур дарий йилланче цо, шаьш цунах лата
              (Нах-м ца хуьлур эпсарш шун кху лаьмнашна к1елахь:
              Дош деллачо – дош ца лардо, дарж лоьху антах)?

              Х1ун бехк хуьлу т1аккха сан, - цуо аьллаче веъчахь,
              Ван везаче ша, цо салтийн к1ело яйтинчехь,
              Ахь мохь тоьхча цу салташка, - шуьца вац т1амехь!
              Шун эпсарца тхаьшшиъ ваьлла! – тоьпаш евличахь?

              Хьо вен бог1учу йовссарийн гоно гатвичахь,
              Хьалха лаьцнарг шокъалино говрара воьжчахь?
              Х1ун бехк хуьлу сан, Веданахь, г1антахь, шен г1опехь,
              Иштта воьлу хьох ямартхо тоьпах хьан керччахь?

              Г1излар-г1ала вог1у де-сахьт шайна хаийтча, 
              Банк яхьийтанчийн бу бехк я банк яьхьначу сан?
              Пурстоп хуьлу бехке - оьцург кхаъ ийдан ахча,
              Я схьадаьккхинарг цуьнгара, байшна дакъа дан?

              Обарг бохург х1ун ду хиин шуна, господаш?
              Вешшехь ца вой нанас барзах кхехьаян хьаннаш?
              Хьоладайн 1едало воккхий,  кхахьпанах лелаш,
              Шайт1а лендал аьттон шена даьхна законаш?

              Ас ца боьху шоь къинхетам - ву - хаа хьоьгуш:
              Мичхьара тевнара кхуьйлу эпсарш аш кхуза,
              Муьлха хьоза хир т1ехуьйшуш, лестадеш х1оаш,
              Тоьар дуй те суна молха, патармаш дуза?


                @



   


Рецензии