Дадин бен, на чеченском языке

Моьжалго мажйина мангалан аренаш,
Ц1ар-ц1арнехь цаьпцалгаш хьийза, деш маренаш,
Хьуьнчохь 1а хенакъорш, етташ шайн вотанаш,
Г1айг1ане кхокхашна  хьийзало куьйранаш,
Кесаршка буц юьллуш, воккхастаг оьху д1а,
Мангало шок етташ, лекъарчий лоьхку д1а,
До1ане ийъало хьалхахьа оьпанаш,
Воккхастаг оьху т1е, коьрте цхьа ойлаеш:
Йоккхастаг кхобур ша дуьненах хиларх пеш!..


Делкъана кхура к1ел ламазна х1оьттина,
Мелачу мехашлахь деле шен кхайкхина,
Дуьнен т1ехь г1ийлаверг мелане озийна,
Сискалах шурин кад бацала биллина,
Бисмилла даьккхина, пхьор т1е и лахвелча,
Гаьн т1ера гезг-маша кеда т1е лахбелча,
Шури чу юьйжира цхьа нана-йоккха гезг,
Кхаьллира дадас и, ялсманин шурехь ерг,
Аьлла: «Бу-кх хастам хьуна, латториг юург-мерг!


«Хастаме дела я1, массо, ахь са делларг
Дуьзча бен, самукъа ца дала ма делла!
Алхьамдулийла, вуьзна со – вац-кха 1еса…» -
Аьлла, шен мангалан д1аваха и кеса.
Бетта цо мангал, малх суьйренга лестина,
Оьпанийн баьрзнаш, ткъа, тоххарехь цистина,
Лекъаш шайн х1оьаш т1е хийшар кхузахь ца хир,
Цаьпцалгийн кху арахь маренаш кхин ца хир:
Бабица боцу бен - дадина бен ца хир!..


                @


Рецензии