Кхо дош, на чеченском языке
Хьох къурд бан - замзамах Маккар,
Ца вахьарх ала со - леян кхин вер ма ву,
Аьндерг кхо дош г1азкхин маттар…
Эх1, суна г1енаш го - ловзаргахь борг1ал 1аш,
Элашна шуьна х1оттийна,
Самаха-м суна го - и борг1ал йиънарг 1аш,
Хинкоьрте хьуна х1оьттина.
Сох йоьлуш лела хьо, саийзо - къадоцуш,
Хьоь бийца бицбина мотт а.
Ас муха хааден, хьо езий - мотт боцуш,
Аьлча ас - атта ца мотта?
Бакъ дуй и, бакъ дуй и, аьлла бах суна ша
Г1андолчо - кхо дош хьан лерах?
Бакъ дуй, ахь жоп далар, – ловзаран шуьнан, ша
Борг1алх и хьайна хетарах?..
@
Свидетельство о публикации №212040601872