Лайлаъ, на чеченском языке
Даге яьлча хазалла,
Ца хаьар-кха, ца хаьар-кха и -
Хьо йинийла - со вала...
Лайлаъ, Лайлаъ,
Лай вара - хьо лаа,
Виса байлахь,
Еза кхин ца лаа.
Д1аг1ур ву-кх со гена – юха ца ван,
Хьоьга аьлла: «Безам сан!
Безам, безам, безам…» - мотт сацан,
Хьох сахьаьгна, валар ган…
Мила тешнац - хьо ца хилла-кх сан,
Оццул хилла ирс - со вац!
Сийна-сийна зезаг - б1аьргаш ган
Охкош ахь, хьажа хир вац…
Х1ай, хьо, Лайлаъ,
Аьллехьара хьоь цхьаъ:
Г1айг1а яра сан цхьаъ,
Бала бара хьо цхьаъ!..
@
Свидетельство о публикации №212040600582