Шунан дов, на чеченском языке
Арауьйзуш бошмийн шунаш, хьекхий детташ,
Дов-герз хьедеш, девнна уьдуш,
Нохчех, х1ета, юрт а хуьлу.
Мегадоцург цадайта г1урш бу нах цига,
Хьекъалдолчо даладан цхьа шира кица,
Йохьен дашо шайн юьхь яйта,
Дов-герз ле1о къамел дайта.
Сонтачуьнан «ас-со» кхочу, амма, юкъа,
Гергарлон дукъ ийа волчун валлалц мукъа,
Цунах долий царна зулам,
Чуччахьоду тайпа-тукхам.
Зударий хьовду деле кхайкхамашца белха.
Бераш довлу довхойн гуонийн ларех лелха.
Вог1у цига юьртан къеда,
Волу иза дегнаш ледан.
Делан дашах – лаьтте г1ончуьра са доьхий,
Хьекхий лаьтта хоьций, бовлу г1илкхе нохчий:
Динах ца вехачу къеданан
Нийсха нисло некъе эвлан.
@
Свидетельство о публикации №212040600621