К1уо нах, на чеченском языке

       (белам)


Сирла йогу бабин куьрк.
Дехко цоьсту к1ожахь 1уьрг.
Арахь лергаш 1ийжадо,
Мерах седа оллабо.

Ц1ахь дан г1улкхаш дитина,
Зуда, бераш дицдина,
Стака тухуш стаканах,
Кху чохь ловзу кехатах.

Чертан маьнга ц1ийзаш бу,
Лаккха ойуш стака бу,
К1ентийн дегнаш дохлуш ду,
Маларан дош лелаш ду:

«1аьржа х1ордал дехьарчу,
1аьржа кемсех 1аьвдинчу
Муттанах начч1аз динчу
Моллин хьийза мату чу!»

Моллин к1анта, 1умара,
Олу: «Т1аккха-м 1енвара
Дада, боккхуш к1айн стака,
Х1уп бохуш, молуш чорпа».

Церг Хьумайдан, ткъа, гежна:
«Т1аккха Райса хьан - йижна
1ийр яцара, - мардена
Тас ца дуьллуш ламазна…»

1умара олу: «Сан зуда -
Эмгар хьан! Шу – ши зуда!..»
Ирах оьккху Хьумайд: «Зуд!
Хьо зуьдца ду шу кхо зуд!..»

Юкъаоьккху ша Лема:
«Совца, 1овдал ма лела!»
Г1отту Хьусайн: «Со виган-кх,
Сайн зудчуьнца маре ган-кх!..»

Велар оьккху Бухарна:
«Шаьшшиненнаш д1аяхна
Виса-кх шуьшиъ Хьусайнна,
Тас текхехьа 1еттаршна!..»

«Х1ах1, 1умар, хьо моллин ж1ар,
Моллин т1о боу 1ахар,
Т1уз бели сан Райсин т1е -
Газа хили хьох цу т1е!..» -

Баьлча бал, бах, Хьумайда:
«Дара моллин шен хьаьвда,
Керта яллалц нус Райса,
Беркат дедда и виса.

Нах саг1анца схьаоьхуш,
Жижиг, т1уо шена кхоьхьуш,
Райсас - шен чу уьш кхоьхьуш,
1ен-кха корехь, и хьоьжуш…»

«Цхьаъ ца хаьа, - бах Лемас, -
И шиъ ший хир молланаш:
Хьенан жайнах догдохуш,
Лела нах, мела лоьхуш?..»

«Аша хьор те хьанна т1уо?» -
Хотту Хьусайна, юьхьк1уо…
«Хьан зудчунна хьур ду ас
Нелхан шар!» – олу Лемас.

«Д1адовла! - бах Билала, -
Ала, 1овдалш, биллала…»
Бухарас бах: «Бузалаш!
Дуззе кехат тасалаш!..»

Сирла йогу бабин куьрк.
Дехко лоьху х1инца 1уьрг…
Цунна ластийна этка
Моллин к1антана кхетта…

Мерах деъна боьха ц1ий,
Цо д1амолу чаг1арций,
Логах стака ластабеш,
Тосу кехат, тата деш.

Бухарухь ерш ю козарш:
Салти, йо1, паччахь, - бу т1уз!
Белш т1е йохку ялх б1аьргаш,
Моллин к1ентан, Бухарус:

«1аьржа х1ордал дехьарчу,
1аьржа кемсех даьккхинчу
Чаг1арх къа ден лоьхчу жуз 
Моллин т1е т1уз - Райса нус!..»

           @


Рецензии