Нохчийн шовда, на чеченском языке
Ша дилха-гергарло стагна ло,
Шех къурдбан - даймахке хьагаво,
Къурд бича, стаг парг1ат 1арше хьо.
Сийдолчу къонахчийн Безамах
Дуй буу, тешалла ша ду, бах,
Т1аьхьенах церан хьо вуй-те бах,
Велахь – ша кана хьой, къурд бие бах.
Къонахчийн ялсманин 1аьмнаш чу
Сурт эцна чухьаьжчун, доьдачу
Шех къурд бан къонахча ша воцчун,
Д1а лахахь палс битта - доьду ц1ун!..
@
Свидетельство о публикации №212040900062