О жизни

  Хала ду ирс доцуш ваха,

Хала ду дуьненахь 1аба.

Хала ду шен рицкъ а леха,

Безам сатийсарехь кхаба.


Ду хала дезачух къаста,

Нийсачу новкъа д1алела.

ду хала б1аьрхиш ца гайта,

Дог 1ийжо лазам шен къийла.


Ма хала ду цхьалха виса,

Ю къиза обаргийн ойла.

Ма хала ду луург къийса.

Шен 1ожал аренца гойла.


Дай атта дуьненчохь ваха,

Ирс-аьтто боданехь леха.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →