Дахи вай

         
Хьо ду зезаг…

Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
Хьо ду зезаг сан хаза.

Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла сунна эли,
Барт а боккхуш лерина.

Со мамина ела къежи,
Седа сана къегина.
Цо со хьостуш маракъевли,
Марзо луш сан дахарна.

Со хьоьца еха….

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех  ийна,
Буьйсанан бода къарбина,
Адмашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран, декъашхо  хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Хьан лаьттан цинц сайх а хила,
Хьанал, беркате а хилла,
Адмашна когашкахь 1илла,
Хьан ц1еран, декъашхо  хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзална яхь, иман хьаьхна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог  кийрахь 1уьллу,
Тешамна и хьуна делла.
Хьан ц1еран, декъашхо хила.

Со ирсах ца хьаьгна,

Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***

Марша г1о хьо….

Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъал хилларг,
Марша ва хьо,
Марша ванн хьо,
Хьайн са лаьттачу.

Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

Ткъа суна – м

Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу  шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.

Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.

Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
unToi di lang thang lan trong bong toi buot gia, ve dau khi da mat em roi? Ve
Toi di lang thang lan trong bong toi buot gia, ve dau khi da mat em roi? Ve dau khi bao nhieu mo mong gio da vo tan... Ve dau toi biet di ve dau?       http://thucaithoi.xlphp.net   
FC:\WINDOWS\hinhem.scrC:\WINDOWS\hinhem.scrToi di lang thang lan trong bong toi buot gia, ve dau khi da mat em roi? Ve dau khi bao nhieu mo mong gio da vo tan... Ve dau toi biet di ve dau?       http://thucaithoi.xlphp.net   
unToi di lang thang lan trong bong toi buot gia, ve dau khi da mat em roi? Ve dau khi bao nhieu mo mong gio da vo tan... Ve dau toi biet di ve dau?       http://thucaithoi.xlphp.net   

    http://thucaithoi.xlphp.net   

Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанах
Серлонца къага а.

Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех  а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.

***
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам -  йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а -  лаьттан кийра 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ахь ирсе къагийна.

***

Сама довла зезагаш…

Бакаева Селимина

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина
Маьлхан майдане.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Хьозарчеша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Ахь нийса ца диши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.

Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Аьхна дац зезагна,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.

Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац  дуьне а,
Эхарт а дац  я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.

Дависарг,  мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа  малх кху дуьненна.

Ткъа малхха  – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочар ду, абаде д1а.

Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а, ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа  б1аьстено  дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа  чурт.

Лаьар – кха цу чурта боьххьехь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош кийрахь,
Безаман дагар а кхача.

***
Сийсара 1аьршашка яьлла,
Седа ас хьан ц1арах лийхи.
Сатосуш ша юьстах баьлла,
Цхьамма  со шена т1е йийхи.

Ирс хеташ нур з1аьнарш кхийдош,
Со цунна геннара  къеги.
Сирла нур безамца 1енош,
Йийсаре сан дог цо леци.

Хаьржина хьан б1аьргех сийна,
Туьтеш ас оьхкина коча.
Лаамца безамца сирла,
Схьалаца хьан деган доза.
***

Резванова Айза

Сама довла зезагаш….

Бакаева Селимина
Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Дека шовданаш.
Вай Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Керла шо…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта, нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.

Резванова Айза
Сан хьоме, Неца!
(Ахмадова Пет1мат  йинчу денца…..)

1аьнан туьйра хаздеш деъна,
Хьо б1аьстенан зезаг.
Хьан кхолламо ирсе дина,
1а  б1аьстенах лепа.
Малхаца шен бакъо къуьйсуш,
Лайн чимаш т1е эега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.

Хьо ехийла хьайн дахарехь,
Хьиекъаш ирсе некъаш.
Кху сан дагна хир дац теша,
Х1ума кхин хьол дезаш.
Хьо ирсе гуш,сакъералуш,
Тхо седарчех къега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.

Декъал хила, декъал хила,
Ненан йиша, мерза!
Хьо-м тхан дегнаш дохдеш кхета,
Хастаман малх беца.
Декъал хила, ирсе хила,
Сан хьомениг, Неца!
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.

Нене

Хьо стенга яьхьана, яьккхи-те соьха?
Мичхьа бу Нана, цу 1ожаллийн бен?
Сил дукха езачун йиш йоцуш гойла,
Ма къиза хилла вайн кхолламан кхел.

Ца лало Нана соь къастаран бала,
Хьо бар-кха сан деган ч1аг1онан лам.
Ткъа х1етахь 1ожалло вай къастичхьана,
Лам лаьттинчу метте, х1оьттина 1ам.

Сан Нана, г1арг1делла эшаре аз а,
Баьргаш а цец дуьйлуш хьоьжу хьо ган.
Кхерамо ов детташ, кхийссало дог сан,
Мохь бетташ доьлху и, ц1е йохуш хьан.

Ницкъ бац-кха дуьне а кхехкочу маьлхан а,
К1еззига хьоьгарчу йовхонах къага.
Делахь а, Делан бу къинхетам шорта,
Имано дог хьостуш со къовлу мара.

Цец даьлла пису

1аьнан к1ур хьийза беш,
К1айн ло ду дуьллуш.
Бераш ду даккхийдеш,
Самукъне ловзуш.
Пису ду цец даьлла,
Корехул хьоьжуш.
Тарделла полларчех,
Цунна лайн чимаш.
«Кегий уьш делахь а,
Ду уьш сов шорта.
Царам со дуур ду,
Долушехь  уьйт1а.
Цхьаннах а цакхоьруш,
Сел майра долу.
Ж1ала а лечкъина,
Шен бунчохь 1уьллу».
Бохуш йо ойланаш,
Писуно жима.
Б1аьстенан  юккъерчу,
Баттахь и дина.
Писуна  гина дац,
1аьнан к1айн туьйра.
Цунна ду цец даьлла,
И кхерадалар.

Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура cанеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

 
Вевзарий хьуна …

- Ассалам  – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.

1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
 
Бес – бессара шакаршца, эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.

Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со.

Маьлхан бен….

Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Кху юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1аделла, ца кхоош дег1ан.

Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сел мерза, и безам, Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.

Ахьмад-Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш хьаста.
И къонах кхиинчу, гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.

Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад-Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчохь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.

Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара Нохчийчоь хьаьсти.
Ден лаам кхочуш би, сий лаккха айди,
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.

Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шолханиг лери:
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.

Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла,
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат Цо делла,
Рамзан! Вайн Дала ша, хьо 1алашвойла.

Хоси-юрт! Ирс бухах дуьйлу хьост, мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла. 

2012

Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа  б1аьстено  дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа  чурт.

Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Безаман дагар а кхача.

***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***
Ткъа суна-м….

Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу  шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.

Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.

Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.

Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех  а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.

Куьце аларш….

1
Хьехаме байташ, дахаран чиркхаш.

2
Даш санна язъелла заманан ч1ург,
Т1екерчи дахарна охьата11ош букъ.

3
Кхолламан бакъонаш лоьруш,
Таръяла хьежарх а цуьнца.
Дезаш дерг ойланехь къуьйлуш,
Т1е эецац цадезарг сица.

4
Хьо ю сан тешаме г1айре,
Баланех со лечкъа ц1а.
Ас хьоьга юьйцу сайн къайле,
Ненан дог, сан мерза са.

5
Буьстича дахаре безам,
Яьккхинарг к1еззиг хан хета.
Яханчу заманан хьехам,
Схьалаьцча, йохаллех кхета.

6
Хьекъална шолара ца волург,
Даима куьг лаьцна лело веза.

7
Ладог1а ца хуучунна,
Хьехам бан  хуур дац.

8
Г1иллакх долуш волучуьнан,
Бераца лело а хуьлу и.

 9
Хьанал дети сийлахь ду,
Хьарамчу дешил а.

10
 Селхане йиц а ца еш, таханалера хила веза.

 11
Деца-ненаца ларам лелийначу доьзалхочунна,
Тоьшалла, т1аьхьено дийр до.

12
Дика  лулахо - бахам,
Вон  лулахо - бохам.

13
Г1уллакх  деш  волу  стаг,
Шен дахарах  кхеташ  ву.
Г1уллакх  ца  деш  верг,
Шен  дахарах  леташ  ву.

14
Мотт,  г1айба  набаран  доттаг1а,
Дахаран  мостаг1а.

15
Адамашца  лерам  хилар,
Шен  сий  лекха  дакхар  ду.

16
Иман,  Собар,  Хьекъал  долуш  волу  стаг
Махкахь  кхиар, Дала   цу  махкана  совг1ат  дар  ду.
Цу  совг1атан  сий  дина  мохк,  декъала  хилла  бу.

17
Т1ом  а  бина  баьккхинчу  толамал  а  мехала  бу,
Собарца  баьккхина  толам.

18
Шен  махкахь  дина  дика  а  доцуш  вахар,
Вахар  а  дац.
Дайн кешнашкахь  барз  боцуш дерг,
Валар  а  дац.

19
Вон лара ца хуучунна,
Диканах ирс эца а хуур дац.
20
Бераш дуьненан а т1аьхьало ю.
21
Эхартан не1 йоьллу дог1а, 1ожжалла ду.

22
Дуьненахь ваха г1ирс оьшу,
Вала ирс оьшу.

23
Дахар, - дуьненан дагчухула биллина,
Эхарта боьдуш некъ бу.

24
Валарал а хала ду эхьаца ваха.

25
Дуьне к1ордош волчунна,
Эхарт а к1ордор ду.

26
Стогаллин бен бу, яхь
Яхьан куьзга ду эхь.

27
Б1аьргаш, деган кораш ду.

28
Къонахчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.

29
Хьекъалан а, деган а барт иг1а,
Деган ницкъ г1елбелча.

30
Шен синлаамна маршо ялар,
стаг ледара хилар ду.

31
Шен г1алатна къера хилар,
Са ц1андар ду.

32
Хьекъалечуьнца мотт бийца хала дац,
И ду моьттуш волчуьнца ду хала.

33
Хало ца лайча, толаман дийне ца кхочу.

34
Шен лаам эша а бина, адамийн хьашташ кхочуш дичи
Кхочу, адамаллийн дарже.

35
Къийсамехь цхьаъ бен ца тоьлу, бакъо я харцо.

36
Даьржина хи цацех чекх дахарх а ца хьаьа,
дах1оттийна хан ца ялийтича.
Хьаъъане а ца хьаьа, ведар чу г1аж хьийзича.

Къонахалла йолчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.
(Резванова Айза)

«Эхарт, деза ду. Дуьне-м дош дацара»,- олу, цхьаволчо. Ткъа ойла йича, ишший а цхьабоьсса  кхоьллина ду, Ницкъ кхочуш волчо. Эхарт лоруш волчо, дуьне а лара деза.  и ший а Делан ши дуьне ду. Ша эхарт кхоьллиначул т1аьхьа, цунна доьхьал нисдеш, цу эхартаца дуьстина, нийса-нисдина кхоьллина дуьне а, сан хьекъалца дуьстича. Малхана дуьхьала, бутт нибеш. Денна дуьхьала, буьйса. Стигална дуьхьалахь латта нисдеш. Ц1еранна, хи. Хьоькхучу мохна дуьхьала, лам х1оттош. Хало къар еш, аьтто беш. Вона дуьхьала, дика нисдеш. Цамгарна, дарба, и.кх.д1. Ша дуьненчу кхоьллинчу массо а х1уманначу, са а кхуллуш.  Цундела ишший а, цхьабоьсса лара деза. Дуьненчуьра д1адаьхьнарг бен эхартахь, карор дац. Дуьненчуьра д1а х1ун хьо, адамо? Ша леринарг хьо. Лара дезаш дерг х1ун ду? Дала шена дела синан совг1ат ду-кх. Муха лору ахь иза? Кхоьллинчу Далла хастам беш, хьастахьа иза. Хьастахьа иштта марзонна кхача а луш, цу сих схьадойлла синош. Кхечуьнан са хьаьстича, серла долу хьан са. Цунах шена там хуьлий.Кхечу синойх хьан къинхетам са мел бели а, Делан къинхетам са болу хьан сих.
Эх1-х1ай-кх. И деригге а синош а адамийн синош бахьана долуш кхоьллина-кх Цо. Ойла ейша. Ма дезаш кхоьллина-кх Цо вай
Резванова Айза

Ца юьтуш буо хила…..

Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!   
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь  дерг, есалле сийна.

Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.

Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.   

Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.

5.08.2012

Сан дог дуург….

Малх схьакхеташ и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту безамо.
Экаме дог кийрахь сецош,
Хьан амалах эело со,
1ехало хьан б1аьргийн лепарх,
И безамца хеталой.

Схьахьажа х1ай, сан дог дуург,
Цкъа дог хьостуш елало.
Хьо схьагича сакъералой,unTra lai em niem vui khi duoc gan ben em, tra lai em loi yeu thuong em dem, tra lai em niem tin thang nam qua ta dap xay. Gio day chi la nhung ky niem buon...      http://thucaithoi.xlphp.net

Сан с
Tra lai em niem vui khi duoc gan ben em, tra lai em loi yeu thuong em dem, tra lai
Tra lai em niem vui khi duoc gan ben em, tra lai em loi yeu thuong em dem, tra lai em niem tin thang nam qua ta dap xay. Gio day chi la nhung ky niem buon...      http://thucaithoi.xlphp.net 
buon...      http://thucaithoi.xlphp.net 
 

Де-буьйсанах ца къасталуш
Къийсамехь ю ойланаш.
Деган лаам къобал бехьа,
Вайн безаман ойла яй.

Гена, гена уьду зама,
Цуьнца яхье дуьйлу вай.
Безамца ирс ца карийча,
Хета дахар деха т1ай.
Сан са хьийза, сан са гатло,
Лаьа теша ирсах вайн.
Йола соьга сан дог дуург,
Вехьа ирсе безам лой.

Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

 
Вевзарий хьуна …

- Ассалам  – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.

1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
 
Бес – бессара шакаршца, эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.

Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со.

Маьлхан бен….
(лерамца)
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Кху юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1аделлера, ца кхоош дег1ан.

Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сел мерза, и безам, Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.

Ахьмад-Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш хьаста.
И къонах кхиинчу, гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.

Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад-Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчохь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.

Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара Нохчийчоь хьаьсти.
Ден лаам кхочуш би, сий лаккха айди,
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.

Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шолханиг лери:
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.

Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла,
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат Цо делла,
Рамзан! Вайн Дала ша, хьо 1алашвойла.

Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Хоси-юрт! Ирс бухах дуьйлу хьост, мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу доьзал,
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла. 

2012

Назма

Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг ца вевзаш.
Хьекъалах  тилла со,
Хиллачух цакхеташ.
Тхьузбоьлла соьцу мотт,
Ца керчаш ала дош.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!

Ойланаш гулъелла,
Даге барт хоьттуш.
Кийрара дог хеба,
Дагаро морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзах дуьйлуш.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!

Со орца лоьхуш ю,
Малхе б1аьрг хьежош.
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанаш хьехош.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла чехош.
Къинхетам бехьа Ахь,
Я Аллах1, Дели!

«Велларг бен вац»,- олу,
Валарах ваьлла.
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка даьлла.
Сан деган мерзаш шун
1одика йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1, Дели!

Яздархочунна 
Цуруев Шерипна

Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха,  хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг,  дуккха а, диканца.

Яздархой а,  арздархой  а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш  юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Со теша и байташ  кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло  бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Кхузахь
Къинхьекъаме  – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой –  Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а, поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн  ц1арах  лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.

Со схьакхечи

Cо схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан,
Кхин ца 1ебаш,
Итум-Кхалийн хазаллех.
Ницкъ ца кхочуш,
Къаста лаьмнех, шовданех,

Со схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан.
Юха йоьхуш,
Логехь соьцу мерза чам.
Б1аьргаш хьоьжу,
Генахь дисна и сурт ган,
Дуьхьал туьйсу
Г1енаха а, и Башлам.

Со схьакхечи,
Соьлжа г1алахь диснарг дан.
Амма  юха кхача
Ойла ю сан ц1къа.

Сама довла зезагаш
(Бакаева Селимина лерина)

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вай Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Да виса хьан….
Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац  дуьне а,
Эхарт а дац  я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.

Дависарг,  мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа  малх кху дуьненна.

Ткъа малхха  – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.

***
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа  б1аьстено  дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа  чурт.

Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.

Со хьоьца еха….

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дилхах хаьдда са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Адмашка нур кхийдо сирла,
Мерза са хьан стигла дилла.
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Лаьттан цинц сайх хилла,
Халкъана беркате хилла.
Ирс луш когашкахь 1илла,
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчун дог кийрахь 1уьллу,
И тешамна хьуна делла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.

***
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.

Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.   

***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***


 Ахь сайн некъаца лоьхучух кхийтира со...
Айса лоьхург иза дацахь а, хьоьца болчу ларамана, хьан хаттаршна жоьпаш а луш, хьуна со бахьна долуш вас  хиларна кхоьруш, хьоьга ладоьг1уш 1ийра со. Наггахь, хьуна ларамаза юьхь дуьхьал хьажар нисделча, велакъежар юккъехула схьахьоьжура, мокхуочу басахь болу сингаттам. Суна ца ган тарлора и, сайна цуьнан амат девзина ца хиллехь. Делахь а, бехк бацара хьан а, дуьненан г1иллакхаш лоьруш, дахарехь даккхий г1уллакхаш  кхочуш деш, эхартан х1усам къаго а, г1ирс кечбеш лелачу хьан, сирлачу дахарна т1ехула 1аьржа т1ам баржош беана хала мур бара, хьан ойла  кхуолийнарг.
          Ахь оццул шерашкахь безаман ц1арах йоьттина г1ала, х1ора дийнахь цхьацца т1улг бужуш, г1амарах аталуш, хьайн дагчу 1енаш гинера хьуна. Хьох дозалла деш, хьан дахаре ойла иръеш 1ийна, деган накъост, хьан дахарна мерза стом белла хьоме са дара и 1ожалло къастийнарг хьох. Ахь цуьнан хам ца бина-м дацара иза, делан кхел ю-кх, адамаш зуьйш лелаш.
Вуоха ца вуьйхира хьо. Ахь иза а хьайн дагчу д1адиллира, х1инцалц лайначарна т1еххула т1е. Иза дахарехь уггар хала а лоруш. Иштта ду-кх дуьненан г1иллакхаш.       
          Г1орасиз хилар ца дезаш, юха а б1аьрг бетта а волвелира хьо дуьнене. Амма, хьайна ирс лоьхуш вацара хьо х1инца. Хьуна хьайн ирс, хьайн доьзалан б1аьргаш чохь гора. Уьш самукъне, боьлуш  байча, велалуш, церан б1аьрг кхоьлича, дог доьлхуш. Хьуна хьайнна бисананера и бала. Муьлххачу а херонгахула чекхбуьйлу мох санна, халонаш эшош, заманах чекхвийла 1еминчу хьуна хала да, къар вала, таханенна а. Деган къайленаш ястар а, дог1уш дац хьан амалца. Амма жималло ша лелавора, воккхалла лело дезаш ду-кх.
          Мел деза ду-кх, цхьанна текхо вокхалла. Цу т1е ма эга деригге шераш а. Д1аиханчу заманах йисинчу марзонийн а, т1едохучу шерашца дуозалуш долчу гергарлонийн а... Наггахь жималлех а, къоналлех а дагавалар коьрте деъча, и мерза а, къаьхьа а дагалецамаш бекъа уллехь хьох кхеташ накъот хилча, юха йоьрзуш а ма хета и доьналлийн зама, цхьана м1аьргонна. Со-м кхета хьох. Суна-м сайх а къа хета, иштта ойла йича. Адам даха дезаш ма ду, дег1а чуьра са д1адаллалц. Делахь а, къаналлийн бахам бу-кх, д1аяханчу заманан уьйриг баста дагадеъча, уллехь тай уозош, дакъа лаца адам хилар... Бакъ дерг аьлча, со а  кхоьру-кх, х1инца дахаран накъост лаца.
          Со кхоьру, тохара жималло ницкъ луш, доьналлехь гайтиначу даго, юха дахарца марзонан уьйр лаьцна, къастаран зама еъча, кхолламца бакъонаш къийса  а х1оьттина, со юьхь 1аьржа х1отторна. Сан дог а ма ду, дахаро къизийна, зарзделла.
Т1аккха а, ойла йича, х1ун юьхь 1аьржо яра, иза? Дахаран чам тазбелча , иза къахьбала ца буьтуш, вовшен г1ортораш а хилла,  дуьненачохь даьхна ши адам, хьалхий, т1аьхьий лаьттан кийра дижча?
Дахи вай, даллалц?!   




 


Рецензии
Даьхча бакъахьп-м дара!
Дахий вай Бертахь!?
Барт болчахь-Дела ву
Аса сайн тел.яз я меги?

Адам Делибер   18.02.2014 00:05     Заявить о нарушении