Ткъа суна- м
Хуур дац цхьанне а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьа дега дозанахь.
Хуур дац цхьанне а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбана
Хьа безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьа б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанне а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьа дега бодашкахь.
Сатосуч седана
Серлонца къага...
Хуур дац цхьанне а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстена 1алам а,
Хаздечу зезагех,
Хьан дахар кхала.
Ткъа суна-м лиънера,
б1аьстена 1алам а,
Хаздечу зезагех,
Вай дахар кхала..
Свидетельство о публикации №213021201732