Со ирсах ца хьаьгна
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.
***
. Резванова Айза
Хьекъал долучахь - кхетам хуьлу.
Кхетам болучахь - ийман хуьлу.
Ийман долучахь - собар хуьлу.
Собар долучахь - барт хуьлу.
Барт болучахь - г1иллакх - хуьлу.
Г1иллакх долучахь - безам хуьлу.
Безам болучахь - марзо хуьлу.
Марзо йолучахь - ирс хуьлу.
Ирс долучахь - дахар хуьлу.
2005 - 06 шш.
Свидетельство о публикации №213021201750