Сан каш т1ехь
Ницкъ бац - кха, дагчуьра д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу ас безам сайн,
Сан каш т1ехь б1аьстено ц1ен зезаг деллахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог цадаьгна,
Довза ирс хиларна йоккхайе со.
Дуьненан сатийссам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо.
Хьо тешаш хилалахь, сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха са лелош, веллашшехь ша.
Свидетельство о публикации №213021400846