Вевзарий хьуна
Евзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ю со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ю со.
1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
Бес – бессара шакаршца, эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.
Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.
Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со яьккхира.
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Евзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан йо1 ю со.
Даймохк! Хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчи ю со.
Свидетельство о публикации №213022300536
Сайд-Эмин Мартанхо 02.11.2017 20:12 Заявить о нарушении
Иштта аьлчи хазахета...
Айза Резванова 15.03.2018 22:49 Заявить о нарушении