Г1иллакхо х1иттайо

Къонахчо юхкуш, я оьцуш яц стогалла,
Я воцчух къонах веш, молха а дац.
Вайн дайша литтина г1иллакхаш дарбанна,
Лелочух к1иллойн ун кхета йиш яц.

Б1е шерийн цецех чекх даьхна и г1иллакхаш,
Бакъонан олалла шаьш лелош ду.
Муьлххачу къийсамехь, толам шаьш баьккхинарш,
И дарба шайн кийрахь карийнарш бу.

Лаккхарчу даржашкахь ма леха стогалла,
Я г1ийлачуьнгара ма къийзае.
Яхь йолчуьнгахь хуьлу и къаго говзалла,
Йоцчуьнга цуьнан мукъ ма кхийдабе.

Карзахе къоналла, доьналлийн зама,
Къаьстича мехалчу дахарах д1а.
Сих хьаьрчаш, амалах д1аийна лелла,
Г1иллакхо х1иттайо г1ортораш схьа.


Рецензии