Нана реза яй

               
Хьайн нана резаяй, Валалахь хьо новкъа,
И хьастий, даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза.
Делера пурбанца,
Кхаъ бахьаш шаьш бовха,
Стиглара маликаш дуьссур ду, хьо вовза...

Даггарчу безамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам эеша бай, ненан дош айалахь.
Цуьнгара даьллехь а, г1алат ма ларалахь,
Вайн Далла хьалхахь хьо, юьхь к1айн хир ву хьуна...

Мерзачу безамца, хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро, кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дилла, шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.

Шен нана хьистинарг, дахарехь толийнарг,
Шен нана елхийнарг, дахарехь эешийнарг.
Шен ненан сий динарг, сийлаллехь къагийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь!!!
Р.А.


Рецензии
Айза!-дойла хьа Дала сий!
лерамца -Беттси Алиева.

Адам Делибер   21.02.2014 08:32     Заявить о нарушении
Бехк ма билла, ас тел. лоьмар .
Беттси, МЯув-мяув бохуш ерг берийн эшар ю "Даймохк" телеканалехь денна иза локхуш йолу жима йо1, сан вешин йо1 ю Аминат. Цуьнан ялх шо ду. Ткъа эшар ас язйина ю.

Айза Резванова   23.02.2014 22:30   Заявить о нарушении