Куьце аларш...
2) Стогаллин бен бу яхь, яхьан куьзга ду, эхь.
3) Къонахалла йолчу стеган амал хийцалур яц цхьаннига а, хьашалур ю, осалаллийца.
4) Дай-наний лоруш волчу доьзалхочунна тоьшалла,
т1аьхьено дийр ду.
5) Эхартан не1 йоьллуш долу дог1а, 1ожалла ду.
6) Жималло ша лелаво, воккхалла лелодезаш ду.
7) Г1иллакх долуш волучо, бераца а леладо и.
8) Т1ом а бина баьккхиначу толамал а мехала бу,
собарца баьккхина толам.
9) Шен махкана дина дика а доцуш вахар, вахар а дац,
дайн кешнашкахь барз боцуш дерг, валар а дац.
10) Ла дог1а ца хуучунна, хьехар дан а хуур дац.
11) Хьанал детий мехала ду, хьарамчу дешил а.
12) Селхане йиц а ца еш, таханалера хила веза.
13)Дика лулахо бахам, вон лулахо бохам.
14) Мотт г1айба набаран доттаг1а, могшаллин мостаг1а ду.
15) Адамашца лераме хилар, шен сий лакха даккхар ду.
16 )Иман, собар,хьекъал долуш волу стаг шен махкахь кхиар,
Дала цу махкана дина совг1ат ду,и совг1ат лерина мохк декъала хилла бу.
17) Вон лара цахуучунна, диканах ирс эца хуур дац.
18) Дуьненачохь ваха г1ирс оьшу, вала ирс оьшу.
19) Валарал а хала ду, эехьаца ваха.
20) Дуьне к1ордош волучунна, эхарт а к1ордор ду.
21) Деган кораш, б1аьргаш ду.
22) Деган, хьекъалан барт иг1ина хан ю, деган г1ора кхачийча.
23) Даш санна язъелла заманан ч1ург,
Т1е керчи дахарна охьата11ош букъ.
24) Шен синлаамна маршо ялар, стаг ледара хилар ду.
Шен г1алатна къера хилар, са ц1андар ду.
25) Хьекъал долчу стагца мотт бийца хала дац,
и ду моьттуш волчуьнца ду хала.
26) Дахар дуьненан дагчухула болуш, эхарта боьду некъ бу.
27) Г1уллакх деш волу стаг, шен дахарах кхеташ ву,
Г1уллакх ца деш верг, шен дахарах леташ ву.
28) Буьстича дахаре безам,
яьккхинарг к1еззиг хан хета.
Яханчу заманан хьехам,
схьалаьцчи йохаллех кхета.
29) Хьо ю сан тешаме г1айре,
Баланех со лечкъа ц1а.
Ас хьоьга юьйцу сайн къайле,
Ненан дог, сан мерза са.
30) Делан дуьхьа лелаш верг,
Сина парг1ата хуьлу.
Йолан дуьхьа лелаш верг,
Сингаттамца вуьсу.
31)Шен са х1аллак а ца деш, кхечуьнан са доккхур дац адамо.
32)Бай хазбан зезагаш оьшу,
Гергарло лело адамаш оьшу.
Свидетельство о публикации №213022801264
Чулацаме,говза ду аларш.
Дала т1аьхье беркате йолда!
Лерамца
Петимат Абубакарова 27.06.2013 10:15 Заявить о нарушении
Жоп доцуш хье яларна бехк ца биллар доьху, дукха хан ели со кху чу хьажанза. Баркалла, Дела реза хуьлда хьуна, сан х1усам чу х1оттарна, сан дагна гергара Пет1амат. Лерамца Айза.
Айза Резванова 13.07.2013 09:05 Заявить о нарушении